Как агроклассы превращают уроки в практику

Как агроклассы превращают уроки в практику

Милана Тамаева В образовательной системе города Грозного последовательно внедряются новые подходы к профориентации школьников. Одним из таких...
Весенние ярмарки

Весенние ярмарки

Уроки щедрости и инициативы в школах
Особенности детского лагеря «Горный ключ»

Особенности детского лагеря «Горный ключ»

Иман Хамдиева Летний период играет особенно важную роль в организации отдыха, оздоровления и занятости детей и подростков. В это время акцентируется внимание на социальной...
Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики

Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики

Иман Хамдиева Для тысяч выпускников прощание со школой – один из самых волнительных и одновременно грустных моментов. В честь завершения учебного...
От прошлого к будущему

От прошлого к будущему

Школьники приняли участие в праздновании Международного дня музеев
Обучение в ЧГУ – начало большого будущего

Обучение в ЧГУ – начало большого будущего

Иман Хамдиева Чеченский государственный университет имени Ахмата Абдулхамидовича Кадырова – федеральное государственное бюджетное образовательное...
Как агроклассы превращают уроки в практику
Как агроклассы превращают уроки в практику
Весенние ярмарки
Весенние ярмарки
Особенности детского лагеря «Горный ключ»
Особенности детского лагеря «Горный ключ»
Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики
Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики
От прошлого к будущему
От прошлого к будущему
Обучение в ЧГУ – начало большого будущего
Обучение в ЧГУ – начало большого будущего

Мележ Ивана чIогIа нийса аьлла дешнаш ду: «Мотт – иза халкъан йоккха хазна ю. Иза ца лара йиш яц, шен халкъ ца лара йиш цахиларе терра». Мотт а, халкъ а вовшашца доьзна ду, буьйцуш бацахь, мотт дIаболу, шен ненан мотт ца хилча халкъан культура а, къоман шатайпаналла а дIа ма-яллара, эххар а, ша халкъ а дIадолу.

Нохчийн Республикин Iилманийн академи Iилманан Талламийн туш ларалуш ю, кхузахь кхочушйо Iилманан тайп-тайпана проекташ. Шаьш муха болх бо а, нохчийн мотт кхиоран декъехь муьлха проекташ кхочушйо а тхуна дийцира академин вице-президента, физикин-математикин Iилманийн доктора, профессора Дадашев Райкома.

– Вайна ма-хаъара, нохчийн мотт кIезиг буьйцу, цул а оьрсийн мотт бегIийла хеташ. Академехь хIун гIулчаш йоху нохчийн мотт юкъараллехь баржорна лерина?

– ХIаъ, халахеташ делахь а, иза бакъ ду. Говзанчийн хаамашца догIуш, хIора баттахь шишша мотт дуьнен чуьра дIаболуш бу. ДIабовла кхерам болчу меттанашна юкъахь вайн мотт а бу, цундела, тхуна хьалха лаьттачу коьртачу Iалашонех цхьаъ ю-иза юкъараллехь шуьйра баржор. Вайн мотт дIабалахь, къоман шатайпаналла а дIаер ю, ойла яйша, нохчийн мотт а боцуш нохчи муха хир ву. Масийтта шо хьалха академис хьехийнера вайн школашкахь юьхьанцарчу классашкахь ерриге а предметаш нохчийн маттахь дIаяхьар декхар деш закон тIеэцар. Амма дукха дай-наной дуьхьал а бевлла, цунах гIуллакх ца хилира.

– Нохчийн маттахь бечу белхийн хьокъехь хIун ду? Масала, арахоьцуш леррина книгаш юй?

– Iилманан академехь болчара хIокху тIаьхьарчу шерашкахь шайга далург деш ду. Дерриге а дина бохург бакъ дац, амма тхайн ницкъкхочург дан гIерташ ду тхо. ХIинца пхийтта шо кхаьчна оха «Нохчийн меттан академин книгина» тIехь болх бо. Цуьнан цхьа том арахецна, кхаа томах хила езаш ю иза, важа ши том кестта арахеца дагахь ду тхо. Иштта, тхан сайта тIехь оха хIоттийна электронни дошам а ю. Нохчийн маттахь Берсанов Мусас арахецна Анатомин атлас ду, цу тIехь медицинин ерриге 1500 цIе (термин) ю нохчийн маттахь. Иза чIогIа пайдехь хила мега вайн лоьрашна. Вайн яздархоша чIогIа доккха дакъалоцу ненан мотт кхиорехь. Цхьа эзар сов нохчийн дешнийн цхьаьнакхетарш тIехь долуш книга а ю оха арахецна. Иштта, зорбане яьхначу книгашна юкъахь ю фразеологизмийн а, физикин, географин терминийн а дошамаш. Дукха хан йоццуш, зорбане яьлла Даудов Рамзана гулйина ноташ а, нохчийн шира иллеш а тIехь долу книга. Иштта болх бу вайн академикаша а, яздархоша а беш.

– Мухха делахь а, технологеш а яц цхьана меттехь лаьтташ. Нохчийн мотт кхиорна, баржорна лерина муьлха инновацин проекташ юкъайоху аш?

– ХIинца берриге кегийрхой телефонаш чохь, компьютерш чохь «Iаш» бу. Кегийчу наха телефона чохь нохчийн маттахь косташ яздеш гинера суна цкъа, амма телефонаша а, компьютерша а нохчийн дешнаш тIе ца лоцу. Тхан къоначу говзанчаша, филологаша-программисташа хIинца кхуллуш программа ю, аьлча а, компьютершна нохчийн мотт «Iамош» бу уьш. Тхан компьютерш чу хIинцале хIоттийна ю нохчийн грамматика, амма хIинца проблема и программа яржорехь ю. Майкрософт компаница барт бан Iалашо ю тхан, шаьш арахоьцучу компьютершна цара нохчийн грамматика чуйоккхур йолуш. Амма цу тайпа гIуллакхаш Правительствон тIегIанехь кхочушдан дезаш ду, цунна билггал хан оьшур ю.

Нохчийн маттахь, еша дог догIуш, Iилманан дуккха а литература хилла хилла-кх, хаа ца хууш. Уьш туьканашкахь юхкуш карор а яц атта, дешаран учрежденешка а, библиотекашка а дIасайоькъу уьш академис. Вайн кегийрхоша и книгаш еша а ешна, царах шайна пайдаэцарна сатуьйсу вай.

Ражапова Ася

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

  • 1

Письмо солдату

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1

Официальные ресурсы

Глава Чеченской Республики

 

Парламент Чеченской Республики

 

Министерство Чеченской Республики по национальной политике, внешним связям, печати и информации