ХIун юуш ду вай?
- Подробности
- Опубликовано: 04.05.2023 17:43
Вегиева Макка
ТIаьхьарчу иттех шарахь вайн республикехь чIогIа даьржина Iамаркахойн «Fast-fооd» (сиха кечдина) даар. Фаст-фуд дукхахболчийн кхетамехь хьежа а ца везаш, сихха кхалла аьтто болуш а, механа дорах а кхачанан сурсат ду. Делахь а, цо могашаллина вуочу агIор беш болу тIеIаткъам хууш наггахь а бен вац. Баттахь цкъа йа шозза йаарх башха кхераме ца хила мега иза, амма хIора дийнахь цунах кхача бина лелаш верг шен могашаллина зен деш ву.



