В Грозном открылась ледовая арена

В Грозном открылась ледовая арена

Раиса Тимаева Ледовая арена «Ахмат» – современный спортивный объект, который призван дать новый импульс развитию зимних видов спорта в Чеченской...
Маленькими шагами уверенно к мечте

Маленькими шагами уверенно к мечте

Иман Хамдиева За каждой большой наградой стоят не только сцена и аплодисменты, но и будни: споры, поиски, поддержка и моменты, когда хочется всё...
Новая эра в спортивной истории ЧР

Новая эра в спортивной истории ЧР

Милана Итиева Совсем скоро начнется новая эра в истории спорта Чеченской Республики: состоится торжественное открытие первого современного...
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины

«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины

Раиса Тимаева В рамках реализации нацпроекта «Молодежь и дети» в Грозном и районах республики прошел масштабный фестиваль «Кросс Единства».
Образование детей – в приоритете

Образование детей – в приоритете

Иман Хамдиева В Чеченской Республике уже более 240 семей воспользовались средствами материнского капитала для оплаты образовательных услуг своих...
Лучшие в спортивном туризме

Лучшие в спортивном туризме

Лалита Дэниева В Чеченской Республике состоялись республиканские соревнования по спортивному туризму, посвященные Году единства народов России.
В Грозном открылась ледовая арена
В Грозном открылась ледовая арена
Маленькими шагами уверенно к мечте
Маленькими шагами уверенно к мечте
Новая эра в спортивной истории ЧР
Новая эра в спортивной истории ЧР
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины
Образование детей – в приоритете
Образование детей – в приоритете
Лучшие в спортивном туризме
Лучшие в спортивном туризме

Вегиева Макка

ТIаьхьарчу иттех шарахь вайн республикехь чIогIа даьржина Iамаркахойн «Fast-fооd» (сиха кечдина) даар. Фаст-фуд дукхахболчийн кхетамехь хьежа а ца везаш, сихха кхалла аьтто болуш а, механа дорах а кхачанан сурсат ду. Делахь а, цо могашаллина вуочу агIор беш болу тIеIаткъам хууш наггахь а бен вац. Баттахь цкъа йа шозза йаарх башха кхераме ца хила мега иза, амма хIора дийнахь цунах кхача бина лелаш верг шен могашаллина зен деш ву. 

XX-чу бIешеран 20-гIа шераш дуьйлалуш Iамаркехь сихачу боларца кхиа йолайелира машенаш йаран индустри. Цуьнца доьзна, хан кIезиг хуьлура кхача кечбан. Коьрта бахьана иза а долуш, йукъайаьккхира фаст-фуд. Цу хенахь йоккха мекарло йира сурсатийн хьаьрмахь къахьоьгучу бизнесменаша. Цара шаьш йукъайалийна «Fast-fооd» йууш гайта шайн тIе кIайн халаташ йуьйхина нах (клиенташ) кхайкхира. «Лоьраша йууш йелахь, вайна а мегар йу», – аьлла, нехан ойла кхоллайалийта, уьш шеконе ца бовлийта. Шовзткъе итт шарахь дуьненна гуо а тесна, 1990-чу шеран кхолламан (январь) беттан 31-чу дийнахь Москвахь дуьххьара схьайиллира «МакДональдсан» фаст-фудан кафе. ХIетахь дуьйна оцу дааре безам чIагIлуш, цунах дезар деш схьадогIуш ду вай, къаьсттина кегийрхой а, бераш а.

Адамаш дукха лелачу меттигашкахь, къаьсттина Соьлжа-ГIалин йуккъехь, ког баькх-баьккхинчохь ингалсан маттахь йозанашца билгалйаьхна а йолуш, фаст-фудан дуккха а кафеш йу. Кегийрхошна садаIа массо а кепара аьттонаш а  бу бина, маьхза интернет чу вала луучунна Wi-Fi зIе а йу. Цундела кегийрхойх дIайуьзна хуьлу кафеш. Фаст-фудан леррина йинчу керлачу технологин гIирсех кечйина йу йуург йеш йолу чоь. Оьцучунна йуург муха кечйо хьажа а, ган а  аьтто бина йу цхьаерш.  Цундела церан цхьа а шеко ца кхоллало фаст-фудо  могашаллина зен дийр ду бохучун. Амма иза йилбазалла ду, шайн мах хилийта лелош. Фаст-фудан  берриге а гIирс кечбина, гIорабайтина, лерринчу  Iалашдойлашкахь латтош бу. Оьцучун лааме хьаьжжина шина-кхаа минотехь йа йохйой, йа кхорзий, йа йоттий чам беш йолу бурчаш тухий кхача кечбо. Ткъа белхахойх дерг аьлча, кхача кечбаран говзалла  карайерзоран хьокъехь  тоьшалла дацахь а, хьеннан а йиш йу ишттачу меттигашкахь болх бан.

Ткъа вай сагатдийриг адамийн, къаьсттина тIекхуьучу чкъуран могашалла йу. Халахеташ делахь а, фаст-фуд йухкуш-оьцуш школашкарчу столовешкахь а хаало. Циггахь дуьйна  а оцу кхачане безам кхоллало берийн, уьш марзло цуьнга. И баарал сов, цу тIе молуш ду газ йолу а, йоцу а мерза хиш.

Фаст-фуд сих-сиха йааро талхайо зорх, чуьйраш, хьекъална а эшам бо. ДегIехь мохь гулйолуьйту цо, хан мел йели дилха дуьллуш дIавоьду стаг, тIаккха дагна а ницкъ хуьлу. Йуьйцуш ца хезна цамгарш гучуйуьйлу  вайна йукъахь. Къаьсттина лазаме ду къоначарна онкологин йа шекаран диабетан цамгар хилар. Уьш гучуйовларан цхьа бахьана, вай йуучуьнца доьзна ду алар харц а хир дацара. Могашалла дика хилийта уьнах цIена хIума йаа еза, вайна, бусалбанашна Дала йаа магийнарг, хьарам йинарг къастош, схьахаийтина хилча муххале а. Ткъа фаст-фуд пластиках, чам бечу химикатех бина кхача бу.

  • 1

Письмо солдату

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1