(семейство лошадиные)
Говраш
(лошади)
Говраш хьалха заманахь дуьххьара хилла мохк Америка йу, боху. Варраш а хилла, боху, цигахь. Цу хенахь церан догIмаш, кху заманахь шаьш йеш йолчу бекъанел хиллехь, кхин даккхий ца хилла бохуш а дуьйцу. ТIаьхь-тIаьхьа Азе а, Европе а сехьайевлла, дебаш, йаьржина уьш, Америкехь йиса а ца йуьсуш. Цул тIаьхьа догIмаш даккхий хуьлуш, шалха бергех цхьалха бергаш хуьлуш, эволюцинах чекхйийлина а боху.
Акха говраш йа тIаьхьа акхайевлла говраш цхьаццанхьа хIинца а йу. Царах мустанги олу кхечу къаьмнаша, ткъа нохчаша эмалкаш олу. Монголаша тахи олуш церан махкахь а хилла акха говраш 1946-гIа шо кхаччалц. Цу хенахь Монголехь мацалла хIоттар бахьана долуш йайина дIайевлла уьш. И говр дуьххьара Европехь йовзийтина оьрсийн талламхочо Н. Пржевальскийс. ХIетахь дуьйна Пржевальски говр аьлла дIайахана цуьнан цIе (лошадь Пржевальского). Тахаш цхьацца мехкашкахь мела а йисна, наха лелош кхобуш. Уьш дIа а хоьцуш, акхайуьлуьйтуш, дебийта дагахь къахьоьгуш меттигаш йу. Иза чIогIа мехала гIуллакх ду. Тахаш вуно товш, хаза говраш йу.
Адамаша шайн Iилманца тайп-тайпана говраш кхийина: лекха, лоха догIмаш долуш, тайп-тайпана бос болуш, боларца а, чехкаллица а къаьсташ, виран, говран хIу эйтина, бIарзаш а кхиийна.
Чабол-дин (рысак), шатайпа тIахъаьлла дайн, беречунна луъ-луучу кепара хийца а хуьйцуш, болар долчу динах олу. Расха (скакун) идар тIех чехка долчу динах олу. ЙоргIа (иноходец), цкъа аьтту ши ког цхьаттера, йуха иштта цхьаттерра аьрру ши ког боккхуш, лела Iамийначу говрах олуш хилла. И болар кхиадо цунна бекъанан когаш говза бехка а боьхкуш, йоргIа лела Iамош. Цунна тIехь мел гена а дIасалелар дегIана атта хилла, цуьнан болар, кхийсадалар доцуш, шера хиларна. Говран кхело (кобыла) шен бекъа долу дика деш кхиайо АйгIар (жеребец), кхел шех латарх, цунна дуьхьал ца лета, цуьнан сте хилар лоруш. Алаша (кляча) ницкъ-гIора кIезиг долчу говрах олу. ЙаьIначу говрах Iаспар олу.
Варраш
(ослы)
Акха варраш вуно кIезиг дисна. Африкехь а, Азехь а мелла а ду уьш, цхьа эзар хила а, ца хила а мегаш. Акха вир телевизор чохь гина суна. Иза вуно чогIа тера ду цIахь лелочу вирах, цул жима хиларрий, тIергIан хьесапехь дегIа тIера чо хиларий бен, кхин башхалла йоцуш. Акха варраш карадерзо долийна 6 эзар шо хьалха Мисарехь (Египет). Цигара дуьйна массанхьа кхаьчна уьш дуьненахь, бовхачу мехкашка а, шийлачу мехкашка а, йовхо а, шело а лалуш хиларна. Лаьмнашкахь лелар а вуно каде ду церан. Вайн махкахь лаьмнашкахь бехачу наха дукха леладора уьш хьалха транспорт йоцчу хенахь. Кира гихь бIе кийлане кхаччалц лелало вире, вордан тIехь кхин а сов дIаузу цо. Иштта, адамашна дукхе-дукха пайдехь хилла уьш лелор. Цо буц йиъна ца Iаш, тIехь кIохцалгаш долу коьллаш а, курсаш а йуу.
ЗIебарш
(зебры)
Нохчаша шайн аларца тIеэцна оцу акха говран цIе, зIебар аьлла. КIайн-можа а, Iаьржа а моханаш йолуш, хаза ду цуьнан дегI. И схьайаьлла меттиг Африка йу. Уьш цигахь лахделла боху. Дуккха пачхьалкхашкахь зоокерташкахь лелайо уьш. ЗIебарш масех тайпа йу, мелла а вовшех къаьсташ. Церан доь ца хадийта, шайга далург дан гIерташ бу биологаш-Iилманчаш. Цунах моха-говр (полосатя лошадь) аьлча а нийса хир ду. Цхьаболчу оьрсаша а олуш хилла цунах хьалха заманахь полосатая лошадь. ЗIебарийн кхелаш реманашца лела, цхьана церан бекъий лела.


