Исаков Наврдин Бирлант,
нохчийн меттан,
литературин хьехархо
Соьлжа-ГIалин МБЙХь
«Гимнази № 5»
Нохчийн литература. 11 класс.
- 1. Урокан тайпа: ийна урок
- 2. Урокан Iалашо: романан дакъойн чулацам бовзийтар, коьрта проблемах кхетам балар.
- 3. Кхочушдан лору жамIаш:
Личностни: идейни догтешар, Даймахкана гIуллакх дан а, ларбан а кийча хилар; эхь-бехкан кхетам, лелахаар кхолладалар.
Метапредметни: исбаьхьаллин произведенехь авторо хIоттийнчу дахаран исбаьхьаллин суьртах кхетам хилар; кхузаманан йешаран амалш карайерзор, исбаьхьаллин текст тIеэцаран а, кхеторан а культура, барта а, йозанехь а йоьшург ша-шех дозуш тидаран хаарш кхоллар.
Предметни: романан дакъойн чулацам бовзийтар, коьртачу проблемах кхетам балар.
- 4. Коьрта дешнаш: роман, дакъа, чулацам
- 5. Базови кхетамаш: мотт, дахар, текст
- 6. Урокехь дан лерина гIуллакхдаран некъаш:
Хаарш зер (хаарийн актуализаци)
Iаматца болх бар
СуртхIотторан гIирсаш схьайазбар, тайпанаш билгалдахар.
Текстаца болх бар (инсерт технологех пайдаэцар)
Таблица тIейузар
Хаттарш, тIедахкарш
Маххадоран кехаташца болх бар
БЛОЧНО- МОДУЛЬНИ УРОКАН СУРТХIОТТОР.
БЛОК 1. Мотивацин-Iалашонан мур. Темина тIе вар, керла материал синкхетамца тIеэцаран хьелаш кхоллар.
Модуль 1.1. Проблемни хьал.
Адамна синтем беш дерг хIун ду? (Шен долуш долчунна, иза вон делахь а, дика делахь а, Далла хастам бар дагна синтем беш дерг ду.)
Стенна оьшу собар? (Собар оьшу цIаьххьана Iоттаделчу карзахечу вочу хIуманна гIаьттина оьгIазло сацо, Iоттаделла гIуллакх, кхолладелла хьал довза а, цуьнан ойла йан а, гIалат ца волуш, дикачу агIор дерзо сацам тIеэца а.)
Ткъа собар ца тоьъча хIун хуьлу? (проблема)
Исаева Марьяман романан муьлхачу дакъойх лаьцна хир ду къамел? («Воха мегар дац». «Дог ца Iийна».)
Модуль 1.2. Iалашо хIоттор.
Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана? (хуур ду, Iемар ду)
Романан дакъойн чулацам бевзар бу, коьртачу проблемах лаьцна дуьйцур ду.
БЛОК 2. ГIуллакхан мур.
Модуль 2.1. Актуализаци йар, хаарш карладахар.
ХААРШ ЗЕР (ТЕСТ)
- 1. «Ирсан орам» романан чулацамехь ду:
1) нохчийн къам +
2) оьрсийн къам
3) гIалгIайн къам
4) даьргIойн къам
- 2. «Воха мегар дац», «Дог ца Iийна» дакъош ду:
1) хьалхарчу киншки тIехь +
2) шолгIачу киншки тIехь
3) кхоалгIачу киншки тIехь
4) йоьалгIачу киншки тIехь
- 3. ОьгIазваханчохь сихалла сацош дерг хIун ду?
1) собар +
2) беркат
3) са
4) синтем
- 4. Исаева Марьям Казахстанехь Iийна:
1) Джамбульски областехь +
2) Актюбински областехь
3) Костанайски областехь
4) Акмолински областехь
- 5. Исаева Марьяман байташ оьрсийн матте йаьхна:
1) Александр Пушкинс, Исаак Бабельс
2) Михаил Зощенкас, Николай Лесковс
3) Асанов Николайс, Тарковский Арсенийс +
4) Максим Горькийс, Михаил Булгаковс
Вовшийн белхаш таллар. Маххадоран кехаташ тIе баллаш йахкар. (хIора тIедилларна нийса жоп – 1 балл)
Модуль 2.2. Керла материал карайерзоран дешаран гIуллакхаш кхочушдар.
Хьехархочун дош: Хьалхара киншка йазйеш Марьяма шена хьалха хIоттийна Iалашо йара Фосфоритогорск а, гIишлошйархой а гайтар, Бет-Пак-Далан район карайерзорехьа, керлачу адаман культура кхиорехьа, нахана йуккъехь коммунистически йукъаметтигаш чIагIйарехь, могашалла тайарехьа (къаьсттана Вассин) вайн башхачу кегийрхоший, оьздачу зударший оцу халачу шерашкахь доьналлица латтийна болу къийсамаш гайтар.
Исаева Марема шен роман-дилогехь къеггина гайтина къинхьегамхойн васташ. Казахийн аренашкахь къахьегначу вайн къоман дахар ма-дарра гайтина цо. Цуьнан проза – иза халачу хенахь къахьегначарна «хIоллам» бу.
Терминаш карлайахар:
Персонаж – (лат. persona – йуьхь, адам) – исбаьхьаллин говзар тIехь гайтина адам. Говзар тIехь коьрта а, коьрта йоцу а персонажаш хуьлу. Коьрта йоцчарах персонажаш олу, коьртачарах турпалхой олу.
Публицист – публицистикин говзарш йазйинарг.
Символ (йу) − символаш (йу); (гр. symbolon – билгалонан хьаьрк) – говзарехь цхьа хIума цуьнан билгало шеца йолчу кхечу хIуманца исбаьхьаллин кепехь билгалйар.
Хрестомати тIера «Воха мегар дац» дакъа дешар. Таблица тIейузар.
|
№ |
ТIедахкарш |
Жоьпаш |
|
1 |
«Воха мегар дац» романан декъехь муьлш бу турпалхой? |
|
|
2 |
Дарья Петровнин корматалла (говзалла) муьлха йара? |
|
|
3 |
«Цкъа а дог дилла а йа воха а мегар дац!» – хьенан дешнаш ду? |
|
|
4 |
«Хьаьрса човка» цIе хьанна тиллинера? |
|
|
5 |
Лоьро Вассех лаьцна аьлла дешнаш дIайазде |
|
|
6 |
ХIун бахьана дара лоьро Дарья Петровнин шолгIа операци йан йеза алар? |
Хила мега жоп:
|
№ |
ТIедахкарш |
Жоьпаш |
|
1 |
«Воха мегар дац» романан декъехь турпалхой муьлш бу? |
Васса, Дарья Петровна, Ахмед Абдурзакович, КосолаповаТамара, |
|
2 |
Дарья Петровнин корматалла (говзалла) муьлха йара? |
Архитектор |
|
3 |
«Цкъа а дог дилла а йа воха а мегар дац!» –хьенан дешнаш ду? |
Дарья Петровнин |
|
4 |
«Хьаьрса човка» цIе хьанна тиллинера? |
Тамарина |
|
5 |
Лоьро Вассех лаьцна аьлла дешнаш дIайазде |
«ХIинца кхоччуш тайала магар доллу кхунах! ХIокхунна кхетта наб, шел дарбане хIума хила йиш йоцуш, дика йу» |
|
6 |
ХIун бахьана дара лоьро Дарья Петровнин шолгIа операци йан йеза алар? |
Цуьнга, шена сил дукха беза, архитектор болх бан лург цахилар. |
Текст йукъара схьайазбе суртхIотторан гIирсаш:
Эпитеташ - коьмарша серло, бовхачу безамца, эсала бIаьргаш, ирча цIогIа, хьаьрса човка …
Метафораш – йуьхь озийна (волу); хьаьжа тIехь боккха шад беш; (йуьхь) сингаттамо кхолийра; докъан басе йирзина; дестийна дуьйцу; (куьйгаш) эсала кара а дерзийна; ойла йекхайалийта …
Дустарш – сирдиллича санна; чIегIардиг санна, йекаш; бIаьстенан малхехь денло зIийдиг санна; пиллиг санна; Iай лай кIел дахкаделла, макхделла ча санна; пхьагалша ирчу цергашца цистича санна; гIунжара бIаьргаш санна; беза тIулгаш санна; кIохцалийн буьрка хуьлуш дIахIутту зу санна …
Фразеологизмаш – деллачу жIаьлел башха; велларг денван; дийна а, йелла а йоцуш; дуьненах догдаьлла; дош ма дацара; йелла йала …
Афоризмаш – Лоьрашна жижиг доручул башха ца хета-кхи адам этIош! Цкъа а дог дилла а йа воха мегар дац!..
«Дог ца Iийна» дакъа дешар. Анализ йар.
Васса хенал хьалха госпиталера дIайахар хIун бахьана дара?
Дийца, муха гойту вайна йаздархочо Вассин духар? («Иза тIехь сов беркъа йара: бамба биллина тиша тужуркий, иштта зарзделла корталий, тиша коччий йара цунна тIехь. Когахь-м тIергIан пазаташ йара. Ткъа мачаш, айра дааделла хиларна, йоцчу новкъа йара.»)
ХIун бахьана дара Васса сел дакъаза йаьлла хилар?
БЛОК 3. Рефлексивно-мах хадоран мур. ЖамIдар, цIахь бан болх.
Модуль 3.1. Ша шен мах хадор, ойла йар.
Хаттарш, тIедахкарш
Мичахь хуьлуш бу оцу декъехь хиламаш?
Дийца, дархойх лаций?
ХIун бахьана ду Васса кестта цIа йахийта йиш цахилар?
Уггар хьалха та а йелла дIа мила йахара?
Тамарера деанчу кехат тIехь хIун хаам бара Вассин дог тоха далийтинарг?
Вовшийн белхаш таллар. ХIора нийсачу жоьпана 1 балл.
Модуль 3.2. Урокан жамIийн маххадор. ЦIера болх.
Хьехархочо берашна билгалонаш (оценка) йохку, дуьйцу иштта билгало хIоттайаран бахьана а.
Дешаран гIуллакхийн рефлекси.
Дешаран Iалашо: романан дакъойн чулацам бовзийтар, коьртачу проблемах кхетам балар.
ЦIера болх (инструктаж)
- I. Исаева Марьяман «Ирсан орам» романан дакъош дешар, анализ йар.
- 2. «Васин васт» сочинени.


