Исаков Наврдин Бирлант,
нохчийн меттан, литературин хьехархо
Муниципальни бюджетни йукъардешаран хьукмат «Гимнази № 5»
11 класс.
Урокан тайпа: ийна
Урокан Iалашо: йаздархочун кхоллараллица доьзна дахаран некъаш билгалдахар.
Кхочушдан лору жамIаш:
Личностни: хьалхахӀиттийна декхарш кхочушдан Ӏалашонца жигара дакъалацар, йешаран а культура карайерзор, талламаш бар Ӏамар.
Метапредметни: хьалхахӀоттийнчу декхарна оьшучу хаамийн дефециташ къастор; хиламаш а, процессаш а Ӏаморехь бахьанин-талламан уьйраш къастор.
Предметни: Ошаев Халидан кхоллараллица доьзна дахаран некъаш билгалдахар.
Коьрта дешнаш: роман, поэзи, драматурги
Базови кхетамаш: информаци, мотт, литература
Урокехь дан лерина гIуллакхдаран некъаш:
Хаарш зер (хаарийн актуализаци)
Iаматца болх бар
Текстаца болх бар (инсерт технологех пайдаэцар)
Таблица тIейузар
Хаттарш, тIедахкарш
Маххадоран кехаташца болх бар
БЛОЧНО-МОДУЛЬНИ УРОКАН СУРТХIОТТОР.
БЛОК 1. Мотивацин-Ӏалашонан мур. Темина тIе вар, керла материал синкхетамца тӀеэцаран хьелаш кхоллар.
Модуль 1.1. Проблемни хьал.
Мамакаев Iаьрбис доккха гIо-накъосталла дина хилла … (мила?) набахти чувоьллинчу хенахь. Сибрехарчу набахтешкахь йоза-дешар хуург хьун хьакха ца вохуьйтуш, кехаташца болх бан, набахтин кертахь вуьтуш хилла. И аьтто баьлла хилла Iаьрбин а. Иштта цхьана дийнахь керла бахкийначу тутмакхашна йукъахь цунна вуьткъа, лекха цхьа стаг гина. Йуххехула ша тIехволуш меллаша, хьо лор ву хьуна, аьлла Iаьрбис цуьнга. Ша тIекхайкхича, кхо ша лоьран говзалла карайерзийна ву аьлла. Иштта кIелхьараваьккхина хилла иза халачу балхах Iаьрбис. Амма набахтерчу лазаретан коьртехь йолчу набахтин хьаькман хIусамнанна гучудаьлла кхуо дийцина харцдерг, амма цо кхин гучу ца воккхуш, витина иза. Иштта карайерзина хилла цо лоьран говзалла.
Хьанах лаьцна йу хIара статья?
Мила ву Мамакаев Iаьрбис кIелхьара-ваьккхинарг? (Ошаев Халид)
Хьанах лаьцна дуьйцур ду вай тахана?
Модуль 1.2. Ӏалашо хӀоттор.
ХIун Iемар ду вайна таханлерчу урокехь?
Ошаев Халидан кхоллараллица доьзна дахаран некъаш билгалдаха.
БЛОК 2. ГӀуллакхан мур.
Модуль 2.1. Актуализаци йар, хаарш карладахар.
ХААРШ ЗЕР (ТЕСТ)
- 1. Маца вина Шима Окуев?
1) 1910-1973 шш.
2) 1920-1992 шш.
3) 1937-1986 шш. +
4) 1909-1972 шш.
- 2. Окуев Шимин «Лай тIехь цIен зезагаш» романехь коьрта Iалашо хIун йара?
1) къеггана къоман амалан сурт хIотто +
2) барта кхолларалла йовзийта
3) мискачу нехан дахар гайта
4) муха йехар йу нохчийн йукъаралла
- 3. «Лай тIехь цIен зезагаш» романехь нохчийн къоман литературехь хIетталц ца хилла керла литературин билгалонаш гайтина Окуев Шимас. – Кхин хIумма ца хилча, романан цIаро гойту говзарехь хила тарлун лирико-романтически а, импрессионистически нуьцкъалла. Нохчийн литературехь иза дуьххьарлера масал дара говзарна метафорин цIе тиллар» - мила ву дешнийн автор?
1) Ирезиев Сайд-Хьамзат
2) Джамбеков ШаIрани +
3) Расумов Ваха
4) Хазуева Барет
- 4. «Лай тIехь цIен зезагаш» романан маса книга йу?
1) пхиъ
2) йиъ
3) кхоъ
4) шиъ +
- 5. Хьан йаьккхира «Лай тIехь цIен зезагаш» роман дуьххьара оьрсийн маттахь зорбане?
1) Мусаев Сулеймана +
2) Сулейманов Ахьмада
3) Ахмадов Мусас
4) Петирова ПетIамата
Вовшийн белхаш таллар. Маххадоран кехаташ тIе баллаш йахкар. (хIора тIедилларна нийса жоп - 1 балл)
Модуль 2.2. Керла материал карайерзоран дешаран гӀуллакхаш кхочушдар.
Хьехархочун дош
Ошаев Дудина Халид вина 1898-чу шеран кхолламан беттан 1-чу дийнахь Йоккхачу АтагIана гена йоццуш хиллачу Чахкара-ГIалахь (крепость Воздвиженская) хьуьнан белхахочун Дудин доьзалехь. Цуьнан бералла Нохчийчоьнан башхачу Iаламна йукъахь дIайахна. Боккхачу безамца ладугIуш хилла цо баккхийчара олучу нохчийн халкъан иллешка а, иштта дуьйцучу дийцаршка а. Хинволчу йаздархочунна боккха тIеIаткъам бора барта къамело.
Поэтан дахарх, кхоллараллех лаьцна йолу учебник-хрестомати тIера статья йешар, таблица тIейузар.
|
Мила ву Ошаев Халид? |
|
|
Дахаран шераш |
|
|
Вина меттиг |
|
|
Белхаш бина |
|
|
Ошаев Халидан документально-исбаьхьаллин произведенех лаьтташ йолу йоккха книга |
|
|
Цуьнан произведенийн цIераш |
|
|
Йаздархочо къаьсттана стенна тIебахийтинера тидам? |
Хила мега жоп:
|
Мила ву Ошаев Халид? |
Йаздархо, драматург, публицист, |
|
Дахаран шераш |
I898 – I977 |
|
Вина меттиг |
Йоккхачу АтагIана гена йоццуш хиллачу Чахкара-ГIалахь (крепость Воздвиженская) хьуьнан белхахочун Дудин доьзалехь. |
|
Белхаш бина |
РКП(б)-н Соьлжа-ГIалин комитетехь нохчийн секцин инструктор, Нохчийчоьнан ревкоман председатель … |
|
Ошаев Халидан документально-исбаьхьаллин произведенех лаьтташ йолу йоккха книга |
«Слово о полку Чечено-Ингушском» |
|
Цуьнан произведенийн цIераш |
Дийцарш: «Туьйсина дегнаш», «БIаьсте йолуш»; пьесаш «Дайн Iедал», «Веччалг», «Мила ву бехке?», «Асланбек Шерипов» … |
|
Йаздархочо къаьсттана стенна тIебахийтинера тидам? |
Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман тематикехула говзарш йазйарна |
Дешархоша вовшийн белхаш толлу, баллаш хIиттайо. ХIора нийсачу жоьпана 1 балл.
Хьехархо:
Вуно чIогIа къахьегна цо Брест гIап ларйеш турпала эгначу вайн махкахойн цIераш лохуш, царах лаьцна материалаш гулйеш, дIайазйеш. Оцу мехалчу белхан жамI хилира «Брест – орешек огненный» цIе йолу книга. Халахеташ делахь а, и книга зорбанера арайаьлла ца гира авторна.
«Слово о полку Чечено-Ингушском» цIе йолу книга арайаьккхинарг мила вара?
Йаздархочун кIанта Ошаев Майрбека кеч а йина, 2004-чу шарахь арахийцира «Слово о полку Чечено-Ингушском» цIе а йолуш, Ошаев Халидан документально-исбаьхьаллин говзарех лаьтташ йолу йоккха книга.
Турпалхо даим ца хуьлу топ каралаьцначух. Шен халкъан а, мехкан а дуьхьа вехаш верг ву Турпалхо. Дош – мел ницкъ бу цуьнгахь, шераш д1аэххарх бовр боцу ницкъ, цуьнан тоьшалла ду Ошаев Халидан культурин т1аьхьало.
БЛОК 3. Рефлексивно-маххадоран мур. ЖамӀ дар, цӀахь бан болх.
Модуль 3.1. Ша шен маххадор, ойлайар.
«ХIаъ, хIан-хIа».
Ошаев халид вина 1989-чу шарахь. (хIаъ)
Мамакаев Мохьмада йазйина роман «Алун шераш». (хIан-хIа)
Ошаев Майрбека кеч а йина, 2004-чу шарахь арахийцира «Слово о полку Чечено-Ингушском». (хIаъ)
Ошаев Халида йазйина роман «Зедамха». (хIан-хIа)
Нохчийн а, гIалгIайн а литературашкахь дуьххьара роман-эпопея йазйинарг Ошаев Халид ву. (хIаъ)
Вовшийн белхаш таллар. ХIора нийсачу жоьпана 1 балл.
Модуль 3.2. Урокан жамӀийн маххадор. ЦӀера болх.
Хьехархочо берашна билгалонаш (оценка) йохку, дуьйцу иштта билгало хIоттайаран бахьана а.
Дешаран гӀуллакхийн рефлекси.
Дешаран Iалашо: Ошаев Халидан кхоллараллица доьзна дахаран некъаш билгалдахар.
ХIун Iеми вайна?
ЦIера болх (инструктаж)
- 1. Ошаев Халидах лаьцна статья йешар, хаттарш, тIедахкарш кхочушдар.
- 2. «Исторехь Ошаев Халида дIалоцу меттиг» доклад кечйар.


