Соьлжа-ГIалин йуккъера йукъардешаран ишкол № 10
Нохчийн меттан а, литературин а хьехархо
Байраев Iарбин Заира
11 класс, нохчийн литература
- 1. Урокан тайпа: ийна урок
- 2. Урокан Iалашо: «Нохчийн хIусам», «Суна лаьа» байтийн анализ йан.
- 3. Кхочушдан лору жамIаш:
Личностни: кхолламах жоьпалле хилар, цуьнца цхьаьна, литературин масалш тIехь кхетош-кхиор; дуьне довзаран гIирс санна меттан а, йешаран а культура карайерзор.
Метапредметни: цхьаьна болх баран Iалашонаш тIеэцар, уьш кхочушйан гIуллакхаш вовшахтохар а, царна куьйгалла дар а; хьолан мах хадо, исбаьхьаллин произведенеш тIера масалшна тIе а тевжаш, нийса дерг къастор.
Предметни: «Нохчийн хIусам», «Суна лаьа» байтийн анализ.
- 4. Коьрта дешнаш: Дада, хьаша, кхача, дош.
- 5. Базови кхетамаш: мотт, хIусам, текст
- 6. Урокехь дан лерина гIуллакхдаран некъаш:
Хаарш зер (хаарийн актуализаци)
Iаматца болх бар
Меттан суртхIотторан
Текстаца болх бар (инсерт технологех пайда эцар)
Таблица тIейузар
Хаттарш, тIедахкарш
Мах хадоран кехаташца болх бар
БЛОЧНО- МОДУЛЬНИ УРОКАН СУРТХIОТТОР.
БЛОК 1. Мотивацин-Iалашонан мур. Темина тIе вар, керла материал синкхетамца тIеэцаран хьелаш кхоллар.
Модуль I.I. Проблемни хьал.
Дела ва хьо могуш-маьрша,
Ма гIелвелла хир ву хьо!
Кху тхан тишачу хIусамех вашахь,
Даккха тхоьца дийнна шо!
Олий, йоьлуш дуьхьалйолу
Нохчийн сийлахь цIийннана.
Шарахь цаьрца Iан дог догIу,
ДIавоьддушехь со кхана.
ДIайеша, даста маьIна.
Хьаша-да тIеэцарех лаьцна хIун хаьа шуна?
Муха тIеоьцуш хилла хьаша хьалхарерчу заманахь?
Кхузаманахь муха тIеоьцу хьаша-да? (проблема)
Модуль I.2. Iалашо хIоттор.
Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана? (хуур ду, Iемар ду)
«Нохчийн хIусам», «Суна лаьа» байтех.
БЛОК 2. ГIуллакхан мур.
Модуль 2.I. Актуализаци йар, хаарш карладахар.
ХААРШ ЗЕР (ТЕСТ)
- 1. Халкъан йаздархочун Айдамиров Абузаран цIарах библиотека йу:
1) Соьлжа-ГIалахь +
2) Нажин-Юьртахь
3) Лаха-Неврехь
4) Гуьмсе-ГIалахь
2.Муьлхачу стихотворени йукъара ду хIара могIанаш? Мила ву автор?
Кечлуш бIаьста аьрцнаш, духуш
Сийна холхазаш,
Нохчийн маттахь эшарш лоькхуш
Хуьлу олхазарш.
1) «Къонахе» Алиев ГIапур
2) «ДIалакха кховдийра пондар» Шайхиев Iалвади
3) «Ненан мотт» Арсанукаев Шайхи
4) «Нохчийн махкахь, нохчийн маттахь» Ахмадов Муса+
- 3. Дикаев Мохьмад вина ... -чу шарахь ... цIе йолчу йуьртахь йа гIалахь.
1) 1954-чу ш. Олхазар-КIотара
2)1903-чу ш. Хьалха-Марта
3)1941-чу ш. БердкIела+
4)1910-чу ш. ТIехьа-Марта
- 4. «Стеган цIе» байтехь гойтург хIун Iадат ду? Нийса жоп харжа
1) Хьаша тIеэцар
2) Воккханиг тIевеъча хьалагIаттар
3) ЦIе къовсар +
4) Мотт кхабар
- 5. «Стеган цIе» байтан автор билгалваккха.
1) Ахмадов Муса
2) Сулейманов Ахьмад
3) Дикаев Мохьмад +
4) Бексултанов Муса
Вовшийн белхаш таллар. Мах хадоран кехаташ тIе баллаш йахкар. (хIора тIедилларна нийса жоп – 1 балл)
Модуль 2.2. Керла материал карайерзоран дешаран гIуллакхаш кхочушдар.
Iамат тIера «Нохчийн хIусам», «Суна лаьа» байтийн анализ йар. Стихотворенеш дIайоьшу, дешнаш тIехь болх бо.
Дешнаш тIехь болх:
Суй – искра
Кхача – пища
Карадерзо – овладеть
Чам – вкус
Верта – бурка
ГIап – крепостная ограда, застава, патронташ
Йамартло – коварство
ЭПИТЕТ йу – эпитеташ йу; (гр. epitheton – йуххедиллар) хIуманан мухалла билгалйоккхуш йа цуьнан цхьа агIо исбаьхьаллин, поэтически кепехь гойтуш йолу дош.
Хаттаршна жоьпаш далар.
Нохчийн муьлха гIиллакх довзуьйту «Нохчийн хIусам» цIе йолчу байто?
Байтан коьрта маьIна хIун ду?
ХIун довзуьйту «Суна лаьа» байто?
«Нохчийн хIусам» цIе йолчу байто вайна довзуьйту хьаша-да тIеэцаран гIиллакх. Ша барамна йоккха йацахь амма кIорггера маьIна долуш йу байт. Цкъа а ца веана хьаша веача мел хазахеташ хилла берашна гойту авторо хьалхарчу бIогIамалгехь:
Суьйре шийла, шийла йеъча,
Дадас, тухий, дечиг доккху;
Цкъа ца веана хьаша веъча,
Водий, нене ас кхаъ боккху
Вайн дайша даима веза лерина хьаша. Вайн кица а ду: «Хьаша ца вогIучу хIусамехь иман а, беркат а хир дац». Цо гойту мел чIогIа лоруш хилла нохчаша и Iадат.
Къаьсттана доьзална хазахетарг хьешо дуьйцу дийцарш хилла. Ша новкъа вогIучу хенахь шена хилла халонаш, йа мацах цкъа хилларг.
|
Говзаран литературин тайпа билгалдаккха. |
|
|
Говзаран жанр билгалйаккха. |
|
|
Маса стихах лаьтта хIара говзар? |
|
|
ХIора стихан дешдакъойн барам билгалбаккха. |
|
|
Маса строфа йу кху говзарехь? |
|
|
Маса стихах лаьтташ йу хIора строфа? |
Вовшийн белхаш таллар. ХIора нийсачу жоьпана 1 балл.
«Суна лаьа» байт йуккъера меттан суртхIотторан исбаьхьаллин гIирсаш схьалаха. Таблица хьалайуза:
|
Меттан исбаьхьаллин суртхIотторан гIирсаш |
Масалш |
|
Эпитеташ |
|
|
Фразеологизмаш |
|
|
Гиперболаш |
|
|
Йух-Йуха аларш |
Вовшийн белхаш таллар. ХIора нийсачу жоьпана 1 балл.
БЛОК 3. Рефлексивни мах хадоран мур. ЖамIдар, цIахь бан болх.
Модуль 3.I. Ша шен мах хадор, ойла йар.
Хаттарш, тIедахкарш
Муха тIеоьцуш хилла нохчаша хьаша?
Нохчийн хIусам муха гайтина байтехь?
Бераша хьеше сатийсар стенца доьзна хилла?
Дийца байтан цIе «Суна лаьа» хIунда тиллина поэто?
Вовшийн белхаш таллар. ХIора нийсачу жоьпана 1 балл.
Модуль 3.2. Урокан жамIийн мах хадор. ЦIера болх.
Хьехархочо берашна билгалонаш (оценка) йохку, дуьйцу иштта билгало хIоттайаран бахьана а.
Дешаран гIуллакхийн рефлекси.
Дешаран Iалашо: «Нохчийн хIусам», «Суна лаьа» байтийн анализ.
ХIун Iеми вайна?
ЦIера болх (инструктаж)
1.194–197-гIа агIонаш тIехь болх бар. Цхьа байт дагахь Iамор.
- 2. Эссе «Веза Хьаша».


