Легендарная комедия «Лулахой» вновь покоряет зрителей

Легендарная комедия «Лулахой» вновь покоряет зрителей

Иман Хамдиева День, когда сердца зрителей зажглись вновь, – так можно охарактеризовать долгожданную премьеру спектакля «Лулахой» («Соседи»)....
Выпускникам Чеченской Республики помогут в трудоустройстве

Выпускникам Чеченской Республики помогут в трудоустройстве

Милана Итиева Ежегодно учреждения среднего профессионального образования Чеченской Республики готовят к выпуску около 11 тысяч квалифицированных...
Каникулы с пользой

Каникулы с пользой

Летние школы города Аргуна дарят детям новые впечатления
Как агроклассы превращают уроки в практику

Как агроклассы превращают уроки в практику

Милана Тамаева В образовательной системе города Грозного последовательно внедряются новые подходы к профориентации школьников. Одним из таких...
Весенние ярмарки

Весенние ярмарки

Уроки щедрости и инициативы в школах
Лагерь «Радуга»

Лагерь «Радуга»

Летние каникулы, новые друзья и крепкое здоровье
Легендарная комедия «Лулахой» вновь покоряет зрителей
Легендарная комедия «Лулахой» вновь покоряет зрителей
Выпускникам Чеченской Республики помогут в трудоустройстве
Выпускникам Чеченской Республики помогут в трудоустройстве
Каникулы с пользой
Каникулы с пользой
Как агроклассы превращают уроки в практику
Как агроклассы превращают уроки в практику
Весенние ярмарки
Весенние ярмарки
Лагерь «Радуга»
Лагерь «Радуга»

Хунарикова Петмат Ароновна,

нохчийн меттан, литературин хьехархо,

Соьлжа-ГIалин МБЙХь «Гимнази № 4»

5 класс. Урокан тема:

ЦIердош карладаккхар, тIечIагIдар

  1. 1. Урокан тайпа: ийна урок
  2. 2. Урокан 1алашо: цIердашах Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар, цуьнан грамматически билгалонаш а, къамелехь, йозанехь нийса пайда эцар а.
  3. 3. Кхочушдан лору жамIаш:

Личностни: меттан а, йешаран а культура, йешаран говзалла дуьне довзаран гIирс санна карайерзор; ишколан меттан дешаран башхаллаш лоруш, лехаман гIуллакх даран коьрта хаарш карадерзор;

Метапредметни: шена хетарг а, кхечарна хетарг а бакъ хиларх лаьцна гипотеза кхолла, шена хетарг а, ойла а тIечIагIйан; хьехархочо йеллачу йа ша хIоттийнчу критерешца хааман тешаме хиларан мах хадор;

Предметни: цIердашах Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар, цуьнан грамматически билгалонаш а, къамелехь, йозанехь нийса пайда эцар а.

  1. 4. Коьрта дешнаш: цIердош, урок-туьйра, грамматически билгалонаш
  2. 5. Базови кхетамаш: биллам, халкъ, мотт
  3. 6. Урокехь дан лерина гIуллакх даран некъаш:

Текстаца болх бар

Хаарш зер (ролешкахь йешар)

Iаматца болх бар

Таблица тIейузар

Схемашца болх бар

Ловзаран кеп «ХIаъ, хIан-хIа»

Мах хадоран кехаташца болх бар

БЛОЧНО-МОДУЛЬНИ УРОКАН СУРТХIОТТОР

 

 БЛОК 1. Мотивацин-Iалашонан мур. Темина тIевар, керла материал синкхетамца тIеэцаран хьелаш кхоллар.

Модуль 1.1. Проблемни хьал.

Де дика хуьлда шун, бераш! Тахана урокехь вай дукха болх кхочушбан беза. Дикачу ойлан тIера дIаболор бу вай вешан болх. Ас шуна видеоролик гойтур йу «Велало!» Шун болх беркате хуьлда!

ДIадеша хIара могIанаш. Прием «ТIейуза текст».

Лаьмнаш, суьрташ, аренаш,

Дитташ, керташ, зезагаш,

БIаьргаш, дегнаш, хIусамаш,

Царах олу…    (ХIУМАНАШ)

Куйнаш, эткаш, каранаш,

Бецаш, хьаннаш, догIанаш,

Йарташ, гIаланаш, урамаш,

Йу уьш йерриш…  (ХIУМАНАШ!)

Ма хаза ду ненан меттан дешнаш,

Царах олу… (ЦIЕРДЕШНАШ!!!)

 

Дийца, муьлха къамелан дакъош ду алсам далийна хIокху могIанашкахь.

ХIун билгалонаш йу церан? (проблема)

 

Модуль I.2. Iалашо хIоттор.

Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана?

ЦIердашах Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар, цуьнан грамматически билгалонаш а, къамелехь, йозанехь нийса пайда эцар а.

 

Модуль 2.I. Актуализаци йар, хаарш карладахар.

Тахана вай дIахьур йу шатайпа урок-туьйра. Шуна массарна а йуьхьанцарчу классашкахь дуьйна девза «ГIургIезаш» цIе йолу туьйра.

Хаьий вайна гIургIаз хIун йу? ГIургIаз оьрсийн маттахь лебедь йу. ДагадогIий шуна, Машарна новкъахь дуьхьалкхеттарш хIун йара? (Бераша йагарйо: Пеш, Iаж, шурийн Татол, Жоьра-Баба чохь йолу цIа).

Нийса ду, дагадогIу шуна туьйра. Ткъа тахана цу туьйранан турпалхой роггIана вайга хьошалгIа богIур бу. Амма даьсса куьйгаш ластийна богIур бац. ХIорангахь а хир ду тайп-тайпана тIедахкарш. Уьш кхочуш ца дахь, вайга Машарна гIо далур дац, халонаш а лайна, шен ваша схьалаха.

Ткъа туьйранашкахь толам боккхург хIун йу? («Нийсо а, барт а!»)

Новкъахь дукха хир йу къайленаш.

Амма хир бу некъ чаккхе йоцуш,

Бакъонаш Iамоза волчунна,

Йеша а йешна, уьш йицйинчунна.

Суна, уьш хир бац аьлла, хета.

ДIаболор вай аьттонца некъ!

ДIайоьллур вай туьйране неIарш,

Амма новкъахь тила ца далийта,

Аш вовшийн куьйгаш лацалаш,

Халонаш вайга эшайайта.

Ролешкахь йешар. (Ненан къамел)

Iаш хилла дай-наний. Церан хилла йоIIий, жима кIанттий.

– Варийлахь, йоI, – элира нанас, – тхо балха доьлху хьуна, ваша ларвелахь. Кертара ара ма йалалахь, дика Iелахь, оха хаза йовлакх оьцур ду хьуна.

Да-нана дIадахана, ткъа йоIана шега баьхнарг дицделла: ваша бай тIе охьа а хаийна, ша берашца ловза дIайахана. ТIехула хьаьвзинчу гIургIезаша катоьхна схьаэцна жима кIант шайн тIемаш тIехь дIаваьхьна. Схьайеана йоI, дIахьаьжи, схьахьаьжи – вац ваша. Ураме йедда дIахьаьжча, цунна гена стиглахь гIургIезаш го дIайоьлхуш. ЙоI тIаьхьайедда царна. Уьдуш, уьдуш йоьдуш, новкъахь цунна пеш го. ЙоIа олу:

– Пеш, алахьа, стенга дIайахара гIургIезаш?

Пешо олу:

– Сан тIедиллар кхочушдахь, дIаэр ду.

Бераш, гIо дей вай Машарна?

Модуль 2.2.  Керла материал карайерзоран дешаран гIуллакхаш кхочушдар.

 Пешан тIедиллар кхочушдархьама вай цIердешнийн билгалонаш карлайаха йеза.

ТIедуза «КIайдарг» зезаган хIора патар, цIердешан морфологически билгало дIа а йазйеш. Тешна йу хIинца Пешан тIедиллар шуьга кхочушдалур ду аьлла.

Пешан тIедиллар:

ХIара цIердешнаш кхаа бIогIамалге декъа:

Жималла, Даймохк, тIехтохам, къовсам, жаIу, тIелатар, гергарло, йуьхьIаьржо, дIавадар, пондарча, тIоберам, тIеIаткъам.

Таблица йузар:

 

жималла

тIехтохам

Даймохк

къовсам

тIелатар

жаIу

гергарло

дIавадар

йуьхьIаьржо

пондарча

тIеIаткъам

тIоберам

 

Дийца, муьлхачу билгалонашца декъна аш уьш? (ЦIердешнийн кхолладалар кхаа билгалонца декъна ду: суффиксийн гIоьнца; дешхьалхенийн, суффиксийн гIоьнца; дешнаш (лардаш) вовшахкхетарца)

Пешо некъ гойту.

Уьдуш дIайоьдуш, йоIана лаьтташ Iожан дитт го.

– Iаж, алахьа, мича агIор дIайахара гIургIезаш?

– Сан тIедахкарш кхочушде, тIаккха дIаэр ду, – олу Iожо.

   ГIо дей вай, бераш, Машарна?

ХIинца хIора вариантан шен-шен тIедиллар хир ду.

1-чу варианто легадо дожаршца (гIайба, забар).

2-чу варианто (шовда, доттагI).

Нийса жоп:

Ц1. гIайба        забар          шовда            доттагI

Дл. гIайбин     забаран     шовданан     доттагIчун

Л.   гIайбина   забарна      шовданна    доттагIчунна

Др. гIайбо       забаро        шовдано       доттагIчо

К.   гIайбица   забарца      шовданца     доттагIчуьнца

Х.   гIайбех      забарх         шовданах     доттагIчо

М.  гIайбе        забаре        шовдане        доттагIчуьнга

Дс. гIайбел     забарал       шовданал     доттагIчул

Веа дешархочо уьн тIехь легадо цIердешнаш. Дийца, муьлха легар чу догIу цIердешнаш.

 

СадаIаран миноташ:

Ас дешнаш доьшур ду, ткъа шу охьаховша, шайна цIердош хазахь.

Суьйре, машар, тукар, Iалам, Iанайан, суьрташ, туьйранаш, дийцалаш, дешархо, ледарло, гергарло, суна ло.

ХIинца вай дика садаьIи. Хьовсур ду вай, мича кхаьчна-те Машар. Цунна гина охьаоьху шурийн Татолаш.

Машар:

– Татол, дийцахьа, мича дIайахара гIургIезаш?

– Сан тIедиллар кхочушде ахь, тIаккха дIадуьйцур ду ас, - аьлла Татоло.

Реза дуй шу Машарна гIо дан?

Хьовсур ду вайга хIун дало?

  Хьалха-тIаьхьа мила вуьсу?

Уггар сиха хьан йоьшур йу?

Совнаха дош хьанна карор ду?

Татолан тIедиллар. Схьакараде совнаха дош, дийца, хIунда ду иза совнаха.

Нийса жоп:

1) тукарш, забарш, бегаш, бераш.

2) Терк, Соьлжа, Шела, гIала.

3) доттагI, накъост, да, кIант.

4) адамалла, бIелиг, кхетам, хехо.

Кхочушди вай и тIедахкарш. Татоло некъ гайтина, дIайахара Машар. Дукха хьийзира иза аренашкахула, хьаннашкахула. Суьйре хуьлуш, йухайерза дагадеара цунна. Эццахь дIахьаьжча, цунна гира, котам кога тIехь хьийза а хьийзаш, лаьтта цхьа жима цIелиг.

Цу жимачу цIа чохь Iаш йу Жоьра-Баба, цунна уллехь Iаш жима кIант а ву, дашо Iежаш ловзош. Машар ган а гой, Жоьра-Бабас олу:

– Кхочушдой ахь сан тIедиллар, дIахоьцур ву хьан ваша.

ГIелделлий шу, бераш? Далур дуй вайга Машарна гIо?

Жоьра-Бабин тIедиллар

Бакъо дага а йаийтий, дIахIиттайе лач дожарийн чаккхенаш.

ЛадоьгIу эшар…, воккхаве маршо…, сатуьйсу бIаьсте…, вахара накъост…, элира нана…, гира хехо…, самукъаделира доттагI… .

Нийса жоп:

ЛадоьгIу эшаре, воккхаве маршонах, сатуьйсу бIаьстене, вахара накъостаца, элира нанас, гира хехочунна, самукъаделира доттагIчун.

Жоьра-Бабас дIахоьцу йоI шен вешица. Машар шен вешица йедда цIа йогIу. Дика ду цIа йан кхиъна, балхара да-нана а цIа кхечи.   Вай а туьйранан чаккхене дIакхечи. Аш дика болх би, Машарна гIо а ди. Со шуна чIогIа реза йу.

БЛОК 3. Рефлексивно-мах хадоран мур. ЖамI дар, цIахь бан болх.

Модуль 3.I. Ша шен мах хадор, ойлайар.

Ловзаран кеп «ХIаъ, хIан-хIа»

1) ЦIердешнаша вайна гонахарчу хIуманийн, Iаламехь хуьлучу хиламийн, са долчу хIуманийн а цIераш билгалйо.      (ХIаъ)

2) Нохчийн маттахь цIердешнийн 6 класс йу.    (ХIаъ)

3) Са долу хIума билгалйечу цIердешнаша МИЛА? бохучу хаттарна жоп ло.  (ХIан-хIа)

4) ЦIердешнийн легар цIерниг дожарехь, цхьаллин терахьехь къастадо.  (ХIан-хIа)

5) Вайн меттан дерриге а цIердешнаш шина а терахьехь лела.    (ХIан-хIа)

6) ЦIердешнаш долахь а, йукъара а хуьлу.   (ХIаъ)

7) Билгалдешнех, хандешнех кхоллало цIердешнаш.   (ХIаъ)

8) ХIуманан жималла гойтучу суффиксо дешан маьIна ца хуьйцу.   (ХIаъ)

ХIинца вовшийн белхаш толлур ду. ХIора нийса йаздинчу дашна 1 балл хIоттайо.

Модуль 3.2. Урокан жамIийн мах хадор. ЦIера болх.

Хьехархочо берашна билгалонаш (оценка) йохку, дуьйцу иштта билгало хIоттайаран бахьана.

Рефлекси

Дешаран Iалашо: цIердашах Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар, цуьнан грамматически билгалонаш а, къамелехь, йозанехь нийса пайда эцар а.

ХIун Iеми вайна?

ЦIера болх.

1)  Учебник тIера шардар 286-гIа.

2) ХIора легар чу догIу цхьацца дош йазде, царна хIоранна синквейн хIоттайе.

3) БIаьстенан Iаламан сурт хIоттош йолу масех предложени йазйе. Цу йукъарчу цIердешнийн дожарш, легарш билгалдаха.

  • 1

Письмо солдату

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1