Iилманан кхерч
- Подробности
- Категория: Архивные статьи
- Опубликовано: 14.06.2018 10:22
Мележ Ивана чIогIа нийса аьлла дешнаш ду: «Мотт – иза халкъан йоккха хазна ю. Иза ца лара йиш яц, шен халкъ ца лара йиш цахиларе терра». Мотт а, халкъ а вовшашца доьзна ду, буьйцуш бацахь, мотт дIаболу, шен ненан мотт ца хилча халкъан культура а, къоман шатайпаналла а дIа ма-яллара, эххар а, ша халкъ а дIадолу.
Нохчийн Республикин Iилманийн академи Iилманан Талламийн туш ларалуш ю, кхузахь кхочушйо Iилманан тайп-тайпана проекташ. Шаьш муха болх бо а, нохчийн мотт кхиоран декъехь муьлха проекташ кхочушйо а тхуна дийцира академин вице-президента, физикин-математикин Iилманийн доктора, профессора Дадашев Райкома.
– Вайна ма-хаъара, нохчийн мотт кIезиг буьйцу, цул а оьрсийн мотт бегIийла хеташ. Академехь хIун гIулчаш йоху нохчийн мотт юкъараллехь баржорна лерина?





