2023-гIа шо къаьсттина мехала а, шатайпана а ду нохчийн къомах волчу муьлххачу а стагана. Нохчийн мотт кхиоран, Iалашбаран, баржоран Iалашонца Нохчийн Республикин Мехк-Дас, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана шен Указаца хIара шо Нохчийн меттан шо ду аьлла дIакхайкхийна дара. ХIинца, иза чаккхене доьдучу хенахь, массарна а хаа лаьа мотт кхиоран а, баржоран а декъехь баьхначу кхиамех лаьцна.
Вайна хууш ма-хиллара, ненан мотт лаккхарчу тIегIане баккхархьама боккха болх бу республикехь дIахьош. Оцу йукъа шайн доккха дакъа диллина регионан шуьйрачу хаамийн гIирсаша. Царах цхьаъ ду Республикехь нохчийн маттахь арадолуш долу йукъараллин-политикин «Даймохк» газет а, цуьнан коьрта редактор Шамсудинов Бувайсар а. Тахана цо дуьйцур ду вайна Нохчийн меттан шеран жамIех лаьцна.
Бувайсар, дийцахьа, нохчийн мотт Iалашбарехь а, кхиорехь а муьлхачу кхиамашка кхаьчна республика 2023-чу шарахь?
Цунна Дела реза хуьлда, Нохчийн Республикин Мехк-Дас, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана вайн «Даймохк» газетан кху шарахь бIе шо кхачарна тIе а доьгIна, нохчийн маттахь долчу газетан сийнна хIара 2023-гIа шо Нохчийн меттан шо ду, аьлла дIакхайкхорца кху дуьненахь нохчийн мотт оьшуш а, лелош а мел волчу нохчичунна доккха совгIат дира. ТIаьхьарчу бIешарахь а, ткъолгIа бIешеран чаккхенехь а вайн халкъана а, халкъан синкхетамна а тIеэгна, нохчийн халкъо лайна халонаш, баланаш бахьана долуш, вайн ненан маттана хилла зен меттахIотторан, иза адамийн синкхетаман иэсана гена цабалийтаран Iалашонца, доккхачу маьIница йаьккхина гIулч йара иза вайн Мехк-Дас Ахьмад-Хьаьжин Рамзана. Цунах вайн къоман амална, къоман кхетамна, маттана, меттан йозанна боккха пайда а хилла, денна шен локхалла хьала йолуш, кху шеран, Нохчийн меттан шеран, кху шаро вайн къоман къоначу тIаьхьенна дина диканаш гучудуьйлуш, цхьана йоккхачу локхалле кхочуш а ду.
Бахархойн тидам нохчийн маттана тIебахийтарна а, цуьнга безам кхолларна а лерина муьлха проекташ а, дIадолораш а дара Республикехь кхочушдан лерина?
Нохчийн мотт а, меттан йоза а вайн бахархошна йукъахь даржоран Iалашонца, хIара шо долалуш, дIаболийна инзаре баккхий белхаш бара. Уьш берриге а, тIех беш, кхочуш а бина, цу тIехь севцца боцуш, меттан а, меттан йозанан а говзанчаша беш хIинца а денна баккхий белхаш бу. Вайн Мехк-Ден хIокху Нохчийн меттан шарна гонаха долу тIедахкарш а, цуьнан лаамаш а кхочушбеш, дукха белхаш бина нохчийн меттан говзанчаша а, царна накъосталла деш, кху республикерчу цхьана а нохчичо йуьстах ца соьцуш, хIорамма а. Ткъа къаьсттина цу балха тIехь къахьегнарг а, нохчийн мотт кхиоран Iалашонца Iилманчаша деш долу гIуллакхаш нахана дIадовзуьйтуш, цу гIуллакхийн маьIнех хIора а кхетош, и вайн Мехк-Ден сийлахь дош хIораннан а хIусаме дIакхачош боккха болх бира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Дудаев Ахьмад коьртехь волчу, вайн пачхьалкхан берриге а хаамийн гIирсаша. Кхечу маттахь болх беш болу хаамийн гIирсаш а бацара цхьана а денна йуьстаха сецна. ХIорамма а доггаха, ша Нохчийн махкана, нохчийн къомана, нохчийн маттана болх беш хилар, цу ша бечу белхан ша доггаха сий деш хилар дара хIора а хаамийн гIирсо кху махкахь динарг. Дела реза хуьлда царна.
Вайна ма-хаъара, Нохчийн меттан шеран гурашкахь дIахьочу белхан уггаре а коьрта Iалашо – иза вайн бахархошна нохчийн маттахь ойла йан марздар, Iамор йара. И Iалашо кхочушхилла аьлла хетий хьуна?
Нохчийн маттахь къамел дар, нохчийн маттахь йаздар шардар хилла ца Iаш, вайн Мехка-Дас Нохчийн меттан шо дIакхайкхош коьрта билгалдинарг а, Цо шен коьрта тидам тIебахийтинарг а, ахь билгал ма-даккхара, хIора а шен ойла а нохчийн маттахь йеш хила Iаморна коьрта тидам тIебахийтар дара.
Цунна лерина дукха белхаш бина, и белхаш севцца боцуш, беш бу, Дала мукъ лахь, хIара шо чекхдаларх бийр болуш а бу. Вайн Мехк-Дас билгал ма-даккхара, хIара карара 2023-шо чекхдаларх, хIора шо а, нохчийн халкъ мел деха, нохчийн халкъан шо а, нохчийн меттан шо а хилла дIадаха дезаш ду, иза иштта, Дала мукъ лахь, хир а ду. Вайн халкъана коьртаниг – вайн тIекхуьуш йолу кхане йу, и кхане вай нохчийн маттахь ойла йеш, нохчийн маттахь муьллхачу а хIуманан маьIна деш, кху дахаре бакъволу нохчи санна дIахьоьжуш, хIора а шен Даймохк беза а, шен мотт беза а доьналла долуш, кхетам болуш Iамош ву, хIора а лаа а лууш Iемаш а ву.
Нохчийн мотт Iаморехь цхьа а хьашто хаайеллий хьуна вайн тIекхуьучу чкъурана йуккъехь?
Делан боккха къинхетам бу, вайн къонанаш иштта сема а, иштта шайн халкъах баккхийбеш а хилар. Вайн Мехк-Дас Ахьмад-Хьаьжин Рамзана Нохчийн меттан шо дIакхайкхийча, шуна массарна а дага а догIуш, дуьххьара «Даймохк» газето ша дечу кхечу гIуллакхашца цхьаьна нохчийн маттахь Даймахках, Нохчийчоьнах, Нохчийн маттах, дех-ненах байт йоьшуш болам дIакхайкхийра, и болам хIинца а дIабоьдуш бу, дукха бу цу йукъахь дакъалаьцнарш а, хIинца а дакъалоцурш а, дакъалаца луурш а. Цу боламан дакъалацархой беккъа цхьа вайн Нохчийчоьнан бахархой хилла ца Iаш, дуьне мел ду бехачу нохчийн халкъан къона а, баккхий а векалш бара, бу, хир а бу. Нохчи ша Нохчи велахь, Нохчийчохь а, кху дуьненан кхечу муьлххачу маьIIехь а цхьаъ ву. Шен Даймохк безаш а ву, шен мотт безаш а ву, шен халкъ дезаш а ву. ХIара шо а, хIора шо а Нохчийн меттан шо дIакхайкхорна вайн Мехк-Дена Ахьмад-Хьаьжин Рамзанна даггара баркалла бохуш ву. Коьртаниг – лаам бу, лаам, безам шен матте, шен Даймахке болу. Иза Дала мукъ лахь, вайн хIора а къоначу а, хенарчу а нохчичуьнгахь болуш бу инзаре боккха.
Нохчийн мотт цIена бийцарехь цхьа а хийцам хетий хьуна? ДIадаханчу шерашца дуьстица алсамдаьллий мотт нийса а, цIена а бийцар?
ЦIена бакъ долуш, ишттаниг а долуш дара, хIинца а хила мега. Амма цхьаъ ду коьрта, вайн Нохчийчохь дукха нийса йаздаран а, дукха нийса мотт бийцаран а гIоьнна жайнаш а, бакъонаш а, дошамаш а оьшучунна тIехьажа кхидолу билгалдахарш а арадаьхна, цул сов, хIора дош муха аьлча, муха дIайаздича нийса хуьлу, бохуш, газетехь а, интернетехь а дуьйцуш ду «Даймохк» газето, Iама луучунна тIехьажа хIума долуш ду, Iамон меттиг а йу, ткъа цалуург, бахьанаш лоьхург, Далла хьалха а, йуха шен доьзална хьалха а йуьхьIаьржа а хIуттур ву, шен хенахь шен маттана тIецаверзарна.
Нохчийн мотт баржорехь шаьш бинчу балхах лаций дийцахьа.
Лакхахь билгал ма-даккхара, «Даймохк» газетан кху шарахь бIе шо кхаьчна. Иза дийнна цхьа оьмар йу, цхьа мур, цхьа дахар. Кху бIешарахь хIара газет нохчийн маттахь, нохчийн маттаца болх бан луучу хIора а нохчичунна коьрта пхьалгIа хиларал сов, дика а, тешаме а накъост хилла лаьттина ду, лаьтташ а ду. Кху газетехь болх бина чекхвалаза цхьа а вайн дIабевллачарна йукъара йаздархо а вац, цхьа а журналист а вац, цхьа а Iилманча а вац. Цундела ду вайн махкахошна кху газетан цIарах ара мел даьлла хIора дош иштта мехала а. Цунах кхеташ, «Даймохк» газето а, иштта вайн республикерчу берриге хаамийн гIирсаша а Iаламат дукха белхаш бина нохчийн мотт вайн нохчашна йукъахь баржорна а, мотт царна марзбарна а тIехьажийна. Интернетехь дукха белхаш дIабаьхьна боламаш беш, хаарш толлуш къовсамаш беш, нохчийн маттахь цхьацца нийса аларш, нохчийн меттан нийсайаздаран керла бакъонаш йовзуьйтуш. Тахана вайн газетан йешархой, электронни гIирсаша гIо дар бахьана долуш, дуьненан массо маьIIехь а бу. Нохчийн дош, Нохчийн маттахь вайн Мехк-Дас Ахьмад-Хьаьжин Рамзана мел олуш дерг, Нохчийн мотт кхиорна цо мел деш долу гIуллакх, цуьнан вайн маттах мел йолу ойла дуьненан массо а маьIIе кхочуш йу, адамаш даккхийдеш ду шаьш нохчий хиларх, Нохчийчоь иштта денна кхуьуш хиларх, Нохчийчохь нохчийн мотт иштта Iалашбеш, ларбеш, сийдеш кхиош хиларх, шаьш миччахь делахь а, шаьш нохчий хиларх, Нохчийн Республикин Мехк-Да Ахьмад-Хьаьжин Рамзан иштта, де-буьйса ца лоьруш, Нохчийчоьнан а, нохчийн меттан а верас хилла лаьтташ хиларх.
Нохчийн меттан башхалла а, цуьнан аьхналла а, иза цIена бийцар а шен дахаран коьрта декхар лоруш схьавогIучуьнга хIун эр дара ахь?
Дала Цуьнан гIазот къобалдойла, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дIаболийначу, кху Нохчийн халкъ бIешерашкахь шена тIехь лаьттинчу бохамех, Iазапех кIелхьардаккхаран новкъахь уггар а коьртачех цхьаъ дара Нохчийн халкъ шен эзарнаш шераш генара схьадогIуш шен хилларг а долуш, шен мотт а, меттан йоза а долуш къам хилар. Цу башхачу, ондда Делах тешар, нохчийн халкъ доггаха дезар шен цIийца хиллачу Ахьмад-Хьаьжас, шен са дIаделира вайн халкъ шен мотт а, мохк а, шен хилларг а, дерг а, хиндерг а долуш йуха меттахIотторан новкъахь. Тахана цуьнан весеташ, цуьнан доIанаш, цуьнан сирла ойланаш кхочушйеш, де а, буьйса а ца лоьруш схьавогIуш ву вайн Мехк-Да, Россин Турпалхо, Ахьмад-Хьаьжин Рамзан. Вайн Нохчийчоьнан гIаланаш, кIошташ, йарташ, кIотарш денна серлайовлуш, хазлуш, толуш, шайн цкъа а ца хиллачу гIаланашца дIахIуьттуш йу. Дерриг а дуьне ду тахана вайн маьршачу Нохчийчоьнах хьоьгуш. Нохчи мила ву а ца хиъна болу кхечу пачхьалкхашкара нах оьху вайн махка, церан цецбийларан цхьа а доза ца хуьлу шайна гуш долчух. Нохчийн халкъан дуьне мел ду йоьжна хилла цIе, кху дуьненал а боккха болу лам санна гIаьттина тахана кху лаьтта тIехь хIара машаре, беркате, къинхетаме, орцанна кхача кийча болу Ахьмад-Хьаьжин (Дала Цуьнан гIазот къобалдойла!) некъ бахьана долуш, вайн Мехк-Ден Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан гIуллакхаш бахьана долуш. ХIара дерриг а, Ахьмад-Хьаьжин Рамзана шен дешнашкахь гуттар а билгалдоккхуш ма-хиллара, вайн нохчийн халкъана деш ду, нохчийн халкъан диканна деш ду, нохчийн халкъан кхин а сирлачу кханенна деш ду. Цундела, вайн нохчийн халкъан хIора кIант, хIора йоI шен мотт а, меттан йоза а, шен къоман гIиллакхаш а, ламасташ а хууш, уьш лардеш, уьш лелош даха декхарийлахь а ду. Иза вайн халкъан хIора а кIентан, хIора а йоьIан уггар хьалха Везачу Далла хьалха а, Ахьмад-Хьаьжина хьалха а, вайн Мехк-Дена Ахьмад-Хьаьжин Рамзанна хьалха а, вайн Нохчийчоьнна хьалха а декхар ду, аьлла а хета суна. Дала мукъ лахь, оццул шайн и дерриг а лелон, латтон, тIаьхьене дIакховдон Ахьмад-Хьаьжин Рамзана шайн аьтто бича, иза вайн къоначара схьаоьцур ду, схьаэцна, цкъа а дIатаса шайн бакъо цахиларх кхеташ, дIакхоьхьур ду, аьлла а хета. Дала диканца дукха дахадойла вайн халкъ кху вайн Нана-Нохчийчохь диканца, маьрша, шен маттаца, шен инзаре доккхачу доьналлица, къинхетамца. Дела реза хуьлда хIара карара шо Нохчийн меттан шо ду, аьлла дIакхайкхийначу вайн Мехк-Дена Ахьмад-Хьаьжин Рамзанна а.
Товсултанова Мадина


