В Грозном открылась ледовая арена

В Грозном открылась ледовая арена

Раиса Тимаева Ледовая арена «Ахмат» – современный спортивный объект, который призван дать новый импульс развитию зимних видов спорта в Чеченской...
Маленькими шагами уверенно к мечте

Маленькими шагами уверенно к мечте

Иман Хамдиева За каждой большой наградой стоят не только сцена и аплодисменты, но и будни: споры, поиски, поддержка и моменты, когда хочется всё...
Новая эра в спортивной истории ЧР

Новая эра в спортивной истории ЧР

Милана Итиева Совсем скоро начнется новая эра в истории спорта Чеченской Республики: состоится торжественное открытие первого современного...
Образование детей – в приоритете

Образование детей – в приоритете

Иман Хамдиева В Чеченской Республике уже более 240 семей воспользовались средствами материнского капитала для оплаты образовательных услуг своих...
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины

«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины

Раиса Тимаева В рамках реализации нацпроекта «Молодежь и дети» в Грозном и районах республики прошел масштабный фестиваль «Кросс Единства».
Лучшие в спортивном туризме

Лучшие в спортивном туризме

Лалита Дэниева В Чеченской Республике состоялись республиканские соревнования по спортивному туризму, посвященные Году единства народов России.
В Грозном открылась ледовая арена
В Грозном открылась ледовая арена
Маленькими шагами уверенно к мечте
Маленькими шагами уверенно к мечте
Новая эра в спортивной истории ЧР
Новая эра в спортивной истории ЧР
Образование детей – в приоритете
Образование детей – в приоритете
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины
Лучшие в спортивном туризме
Лучшие в спортивном туризме

Зайтемиров Сайдик

 4-г1а класс

Нохчийн мотт

Урокан ц1е: «Билгалдош».

1алашо: Билгалдешнийн   болу хаамаш  шорбар, билгалдешнийн  хаттарш а, маь1на а  довзийтар;

1амийнарг карладаккхар; йозанан а, барта а къамел кхиор; г1иллакх-оьздангалла 1амор.

Урокана оьшу г1ирс: Билгалдешнех  лаьцна  кечйина презентаци, тептарш, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жам1 даран г1ирс.

Йукъара дешаран ардам (УУД):

Предметни: дешархошна 1емар ду билгалдешнаш къасто а, церан хаттарш х1итто, церан меттиг дашехь йовза а. Дешархошна 1емар ду учебникаца а, тобанашкахь а болх бан, оьшург лаха, цунах пайдаэца, 1амийнарг карладаккха, г1иллакх оьздангалла 1ама.

Метапредметни:

Регулитивни: хьехархочун г1оьнца урокан коьрта 1алашонаш, т1едехкарш билгалдаха; уьш кхочушдарехь нийса  некъаш каро; хуур ду шайн белхан план х1отто.

Коммуникативни:  1емар ду хьехархочун  хаттаршна нийса жоьпаш дала; шайн хаарш масалшца т1еч1аг1дан; 1емар ду шайн оьшург хатта,  вовшашца  къамеле бовла.

Х1ума довзаран: 1емар ду учебникаца болх бан, оьшу г1ирс (материал) каро, цуьнах пайдаэца; ойлайар, тидам бар кхуьур ду.

Личностни: нохчийн меттан башхаллаш  йевзаш, нохчийн мотт дика 1амо лаам кхуьур бу дешархойн.

Урок д1айахьар.

  1. l. Догдаийтаран мур.

- Де дика хуьлда шун!

- Диканца дукха вехийла хьо!

- Охьаховша бераш, х1инца вай нохчийн меттан йиллина урок йу. Вайна урокехь оьшу г1ирс схьаоьцуш кечамбе урокана.

  1. ll. Ц1ера болх таллар.

- Муьлха шардар дара шуна ц1ахь кхочушдан делларг?

- Тхуна деллера 144-г1а шардар.

- Муха кхочуш дира аш и шардар?

- Т1адамийн метта оьшу элпаш а дохкуш, схьайазйийра.

- Муьлха элп йаздийра аш хьалхарчу дашехь?

- «Й» элп.

- Д1адешал и дош.

- Шуьйра.

- Шолг1ачу дашехь муьлха элп йаздийра аш?

- «Й» элп.

- Д1адешал и дош.

- Тийна.

- Кхоалг1ачу дашехь муьлха элп йаздийра аш?

- «Й» элп.

- Д1адешал и дош.

- Мархийн.

(Иштта дисна дешнаш толлу хьехархочун г1оьнца).

(Дешархоша бакъо схьайуьйцу).

Тобанашкахь болх.

Т1едиллар: «Дайна элп караде».

Х1ора тобано т1адамийн метта  дайна элп каро деза и каро дика хаа йеза вай хьалха 1амийна бакъо.

1-ра  тоба:

…га

…езам

…ерх

2-г1а  тоба:

…уьйре

…иркх

…ептар

3-г1а  тоба:

…ам

…ан

…ен

4-г1а  тоба:

…орга

…орг1а

…ре

- Д1адеша аш йаздина дешнаш.

- Оцу дешнашкахь муьлха элпаш дихкина аш?

- Муьлха къамелан дакъош ду уьш?

- Уьш ц1ердешнаш ду.

- Шуна муха хиира уьш ц1ердешнаш дуй?

- Хатаршца хиира.

- Аш муьлха хаттарш х1иттира?

- Мила? х1ун хаттарш х1иттира оха.

 -Муьлхачу ц1ердешнашна х1оттадо вай мила? муьлш? боху хаттар?

- Адамаш билгалдечу ц1ердешнашна х1оттадо вай.

- Муьлхачу ц1ердешнашна х1оттадо вай х1ун?

- Дерриге а вукха дешнашна х1оттадо вай х1ун? хаттар.

- Х1инца д1айаздо вай терахь, классера болх.

lll. Ц1енайаздаран минот.

Суна тахна деъна дага,

Дагарна т1е тоха  … (дага)

Болх ца бича хилац атта,

Эца можа хьелийн  … (даьтта)

Мало ца йеш, каде, чехка

Писус лоцу шена … (дахка)

- Дага, даьтта, дахка  бохучу дешнашна  хьалха муьлха аз а, элп а хеза вайна?

- Ткъа тахана вайга хьошалг1а муьлха элп деана?

 Д д

- Мукъа ду и йа мукъаза ду?

- Мукъаза ду?

- Х1унда ду и мукъаза?

- Багахула олучу хенахь хецна д1а ца алало, х1аваана новкъарло хуьлу, цундела ду иза мукъаза.

(Хьехархочо йаздаран бакъонаш гойту. Дешархоша тептарш т1е д1айаздо).

lV. 1алашо  йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.         

Уьн т1е д1айаздо.

Ц1ен, горга,  жима,  мерза, 1аж.

Бовха,  можа, боккха,  малх.

Шийла, г1айн, семса, ло.

- Караде совнаха дош х1ора  мог1анехь.

- Муьлха дош  ду  совнаха   хьалхарчу  мог1анехь?

-1аж ду.

- Муьлха дош  ду  совнаха   шолг1ачу  мог1анехь?

-Малх ду.

- Муьлха дош  ду  совнаха   кхоалг1ачу  мог1анехь?

- Ло ду.

- Х1унда ду и дешнаш совнаха? 

- Уьш ц1ердешнаш ду, дисина дешнаш  билгалдешнаш ду.

- Х1ун 1амор ду вай тахана?  Д1аеша   урокан  ц1е.

- Муьлха хаттар ду вай тахана  талла  билгалдаьккхина?  Д1адеша. (Х1ун 1алашо йолуш пайдаоьцу билгалдешнех къамелехь).

- Бераш, тахана вайн урокан тема х1ун йу аьлла хета шуна?

- Тахана вай урокан тема йу «Билгалдош».

- Бераш, аш нийса боху, вай тахана урокан тема йу «Ц1ердешнийн дожаршца хийцадалар».

  1. V. Керла тема хьехар.

1) Бакъо таллар.

- Д1айеша 78-г1а аг1он т1ера бакъо.

- Билгалдешнаша х1ун гойту?

- Билгалдешнаша х1уманан билгалло гойту.

- Муьлхачу  хаттаршна  жоп  ло  билгалдешнаша?

 -Билгалдешнаша жоп ло муха? муьлха? муханиг? муьлханиг? хьенан? стенан?  хаттаршна.

- Билгалдешнийн предложенехь муьлхачу къамелан декъаца уьйр хуьлу?

- Ц1ердешнашца.

- Даладе масалш.

  1. 2. Билгалдешнийн тидам бар.

- Д1адеша 146-г1а  шардаран т1едиллар.

- Муха кхочуш дан деза вай и шардар?

- Предложенешкахь билгалдешнаш каро дезаш ду, т1аккха  царна х1аттарш х1иттош, к1ел тулг1енан сиз хьакха дезаш ду.

- Муьлхарнаш ду  уьш?

- К1айчу, вайн, ц1ечу, к1айн, мерза, 1аьржа, ц1ен.

- «Мерза» дашна муьлха хаттар х1оттийна аш?

- Муха хаттар х1оттийна.

- «Вайн» дашна муьлха хаттар х1оттийна аш?

- Хьенан хаттар х1оттийна.

- Уьш муьлха къамелан дакъош ду?

- Уьш билгалдешнаш ду.

- Шуна муха хиира уьш билгалдешнаш дуй?

- Хаттаршца хиира.

- Майданаш, дийцарш, кхораш, некъаш, шичой, наной, мархаш…

- Билгалдешнаша х1ун гойту?

 -Билгалдешнаша х1уманан билгалло гойту.

- Муьлхачу  хаттаршна  жоп  ло  билгалдешнаша?

- Билгалдешнаша жоп ло муха? муьлха? муханиг? муьлханиг? хьенан? стенан?  хаттаршна.

- Билгалдешнийн предложенехь муьлхачу къамелан декъаца уьйр хуьлу?

- Ц1ердешнашца.

- Даладе масалш.

(Уьн т1ехь кхочуш йо. Цул т1аьхьа дешархоша шайн тептарша т1е д1айазйо).

Vl.Сада1аран минот.

Жима Ваха г1отту

Малойоцуш хьала.

Мел хан йаьлла, хотту,

Т1аккха йо зарядка.

Охьа-хьалате1а,

Ирх акхиссало,

Цхьана меттехьводу,

Х1уммаъ к1ад ца ло.

Пхьаьрсаш, накха башош,

Сихха кхорзу хи,

Дег1е «зузз» доуьйтуш,

Хиларх шийла и.

Цергаш, йуьхь-куьг дила

Цунна диц ца ло.

Морса гата хьокхуш,

Иза вакъало.

(XIapa байташ а йоьшуш, цу т1ехь дуьйцург до бераша хьехархочуьнца цхьаьна).

Vll. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

а. Тобанашкахь болх.

Мила ву тидаме.

- Бераш, вай х1инца тобанашкахь болх бийр бу. Ц1ердешнашна  хьалха маь1ница дог1у билгалдешнаш йаздеш, кхочуш де шайн тобанера т1едиллар.

1-ра  тоба:

Лекха к1ант

Дика да

Хаза нана

2-г1а  тоба:

Можа г1а

Жима дитт

Лекха лам

3-г1а  тоба:

Хаза дийцар

Дика дешархо

Жима олхазар

4-г1а  тоба:

Шийла хи

Шера аре

Беха некъ

- Х1ора тхьамдано шаьш девлча  шайн тобано йаздина  билгалдешнаш схьадийца.

- Муьлха билгалдешнаш йаздина аш?

- Билгалдешнаша х1ун гойту?

- Билгалдешнаша х1уманан билгалло гойту.

- Муьлхачу хаттаршна  жоп  ло  билгалдешнаша?

- Билгалдешнаша жоп ло муха? муьлха? муханиг? муьлханиг? хьенан? стенан?  хаттаршна.

- Билгалдешнийн предложенехь муьлхачу къамелан декъаца уьйр хуьлу?

- Ц1ердешнашца.

аь) Шаьш бен болх.

- Д1адеша 148-г1а шардар.

- И шардар муха кхочуш дан деза?

- Т1адамийн  метта маь1ница дог1у билгалдешнаш а дохкуш, схьайаздан дезаш ду.

- Нийса боху, х1инца шайн тептарш т1е д1айазде шардар.

- Муьлха билгалдешнаш йаздина аш?

- Билгалдешнаша х1ун гойту?

- Билгалдешнаша х1уманан билгалло гойту.

- Муьлхачу  хаттаршна  жоп  ло  билгалдешнаша?

- Билгалдешнаша жоп ло муха? муьлха? муханиг? муьлханиг? хьенан? стенан?  хаттаршна.

- Билгалдешнийн предложенехь муьлхачу къамелан декъаца уьйр хуьлу?

- Ц1ердешнашца.

Vlll. Рефлекси.

- Х1ун керланиг девзи шуна тахана урокехь?

- Х1ун хазахийти шуна тахана урокехь?

- Вай х1оттийна 1алашо кхочуш хилла аьлла хетий шуна?

- Т1ейог1у урок муха хила лаара шуна?

- Шайна урок хазахеттехь самукъане смайлик хьалаайба, шайна урок хаза ца хеттехь г1айг1ане смайлик хьалаайба.

lХ. Урокан жам1 дар.

- Билгалдешнаша х1ун гойту?

- Билгалдешнаша х1уманан билгалло гойту.

- Муьлхачу  хаттаршна  жоп  ло  билгалдешнаша?

- Билгалдешнаша жоп ло муха? муьлха? муханиг? муьлханиг? хьенан? стенан?  хаттаршна.

- Билгалдешнийн предложенехь муьлхачу къамелан декъаца уьйр хуьлу?

- Ц1ердешнашца.

- Даладе масалш.

Х. Ц1ахь бен болх.

150-г1а шардар, аг1о 79.

Байт д1айеша, шишша цхьаьна схьайазде ц1ердош а, билгалдош а. Билгалдешнашна к1ел тулг1енан сиз хьакха.

  • 1

Письмо солдату

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1