В Грозном открылась ледовая арена

В Грозном открылась ледовая арена

Раиса Тимаева Ледовая арена «Ахмат» – современный спортивный объект, который призван дать новый импульс развитию зимних видов спорта в Чеченской...
Маленькими шагами уверенно к мечте

Маленькими шагами уверенно к мечте

Иман Хамдиева За каждой большой наградой стоят не только сцена и аплодисменты, но и будни: споры, поиски, поддержка и моменты, когда хочется всё...
Новая эра в спортивной истории ЧР

Новая эра в спортивной истории ЧР

Милана Итиева Совсем скоро начнется новая эра в истории спорта Чеченской Республики: состоится торжественное открытие первого современного...
Образование детей – в приоритете

Образование детей – в приоритете

Иман Хамдиева В Чеченской Республике уже более 240 семей воспользовались средствами материнского капитала для оплаты образовательных услуг своих...
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины

«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины

Раиса Тимаева В рамках реализации нацпроекта «Молодежь и дети» в Грозном и районах республики прошел масштабный фестиваль «Кросс Единства».
Лучшие в спортивном туризме

Лучшие в спортивном туризме

Лалита Дэниева В Чеченской Республике состоялись республиканские соревнования по спортивному туризму, посвященные Году единства народов России.
В Грозном открылась ледовая арена
В Грозном открылась ледовая арена
Маленькими шагами уверенно к мечте
Маленькими шагами уверенно к мечте
Новая эра в спортивной истории ЧР
Новая эра в спортивной истории ЧР
Образование детей – в приоритете
Образование детей – в приоритете
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины
Лучшие в спортивном туризме
Лучшие в спортивном туризме

Нохчашна йукъахь салам далар-эцар шен маьIна, шен бух-тIам болуш а, деза лоруш а хIума ду. Нохчаша муьлхха а дешнаш мухха а дIасакхуьссуш дац, и санна сийлахьниг-м муххале а. Салам луш дац нохчаша тIом-чIир йукъа йан йиш йоцчохь. Ткъа тIом-чIир бохург нохчичо лелор дац цхьана а зудчуьнца; йукъ йехказа, гIеметта хIоттаза волчу кхиазхочуьнца; йукъ йаьстинчу, къанвеллачу стагаца; шен цIийнах волчу гергарчуьнца. Нохчийн оьздачу гIиллакхашца, салам кховдадо гIеметта хIоьттинчу къонахчо къонахчуьнга. Цундела саламан дозалло, цуьнан сийно, «гIарт» олий, дегI нисдойтуш, хьалагIаттаво салам дIаоьцуш верг.

Вай лакхахь хьахийначаьрга салам ца кховдор, уьш цаларар дац. Цаьрца болу безам-уьйр, ларам шатайпанчу тIегIантIехь хиларна.

Шегара салам дIа ца эцначунна ворхI лам хадош тIаьхьаволу вайн ширачу иллешкара турпалхо, шена тIедеанарг доккха эхь хетий. Цундела салам нохчаша мич-миччахьа а, хьаьнг-хьаьнга а кхуьссучу дешнех дац. Вайн бусалба воцчуьнга салам ма ло алар, хетарехь, важа бусалба цахиларна дац, «оцу дешан кIорггера маьIна а хууш вуй-те и салам тIеоьцун верг», – бохург шеко йолуш хиларна ду.

Салам далар-эцар нохчашлахь шен къаьсттинчу лоре дерзийна ду. Масала, казахийн, киргизийн санна салам даларна тIехь хьалхавалар толаме лоруш дац вайн. Нохчашна йуккъехь салам даларан хьалхе, жима-воккха бохург доцуш, тIевеанчуьнгаххьий, тIехволучуьнгаххьий йу. Иштта, говрахь, ворданахь, машенахь волчо хьалха кховдадо салам; ламтIера охьавогIучо – хьалавоьдучуьнга; малхбузерий, къилбаседехьарий вогIучо – малхбалехьарий, къилбехьарий вогIучуьнга; карахь (гехь) ларча йоцчо – мохь эцна вогIучуьнга; дешаза (Iилма) волчо – дешна волчуьнга, и.дI.кх. Масане нисло и санна дерш дахарехь. Дошлочо, хьаькамо, хьал сов долчо, бен-берса тIера барзакъ долчо салам хьалха луш ду. Иза шена бухахь доккха маьIна долуш а ду. Ша-шега тахана кхаьчначу бахамо, даржо, дикано, галваьккхина (даг тIе куралла йеана) вац, дуьненан хьал тахана дерг кхана ца хила тарлуш хилар хаьа шена, кхана хьан метта ша нисвала а мега, бохучу орамашна тIера йогIуш а, лелош а йу, тIелаьцна йолу кеп. Иштта долчо цунна некъ боккху, ша кхана ишттачу хьоле нисвелча, шеца ларам дIакхехьийта а.

МаьIна цхьаъ делахь а, амма буха биллинчу кхетаман орам къаьсташ бу кхузахь. Лам тIера охьа вогIучо, говрахь (машенахь) волчо, куьг (дегI) паргIат долчо салам хьалха даларан маьIна – лайна йолу хало ларарна тIедоьгIна ду. Кхузахь а го лараман орам. Тахана ша динахь хиларх, иза боьжна, ша кхана гIаш хилча – кхана ша-шена йуьхькIайн хилийтарна некъ боккху цо.

Анайисташций, дешначу нахаца дерг йуха а лараман тIедогIуш ду. Царах нахана хуьлуш долу, хиндолу а гIуллакх, аьтто гуш. Доцца аьлча, цу массанхьа вайна гучудолург «тахана шега кхаьчначу диканна Далла хастам беш ву ша, кураллина ша генахь ву», бохучу маьIнехь ду. Нохчашна йукъахь айина лелон мегаш долчу кIезигчарех цхьаъ ду вай хьехориг.

Йишин кIанта ненахошка, невцо стунцахошка салам кхиссар оьзда доцучех лоруш ду вайна йукъахь.

ГIеметта хIиттиначаьргий, йукъ йаьстиначаьргий Iуьйре, де, суьйре йа буьйса декъал йарца, маршалла хаттар зударшна а, кхиазхошна а тIехь ду. Йукъ йихкиначара (гIеметта хIиттиначара) вай кхузахь хьехочаьрга а маршалла хаттаран кеп изза йу. Хьалха-тIаьхьа маршалла хаттаран, салам даларан шен хотIе йаьлла кеп йу. Масала, хьаькамо, гIеметта ваханчу, боьршачу стага – зудчуьнга жимчу стага – тIехьийзачу йоIе маршалла хьалха хоттуш ду. Кхузахь билгалдаккха догIуш цхьа хIума-м ду: йоIа маршалла хьалха хаттар, иза кIантана реза хиларан гайтам бу.

Салам-маршалла дIакховдош Iедал ду вайн къахьоьгуш (болх беш) волчуьнга. «Хьокъийла, дебийла, гIоза доийла, тIаьхье беркате хуьлда» и кх.дI. а алар догIу цигахь. Иштта салам-маршалла хьалха дIакховдадо дика, йа вон тIедеанчуьнга.

Вайн гIиллакхашца ца догIучех ду – синкъерамана, ловзаргана, тезетана (ала дашна, собрани, конференци) «бал берзаре а ца хьоьжуш, тIевара, салам далар а. Шена тIе шуьйра тидам ца бохуьйтуш йукъавахана ладогIа дезар. ТIевогIучунна а, бухахь болчарна а хаа деза салам делча, массо а шайн догIмаш нисдеш хьалагIитта безаш хилар. Цундела тIаьхьа виснарг, тийна-таьIна, шен метте дIанисвелча, хаза а, товш а хир ду. Тахана дукхах болчарна хууш, лелочарах делахь а, карладаккха лаьа зударий, божарий цхьаьний болчу нисвелча, зударшка, берашка маршалла а хоттий, тIаккха ло салам.

Кхечу къаьмнийн векалш цу чохь нисбеллехь, хьалха цаьрга луш хилла салам-маршалла. Вовшех къаьсташ хьал хIоьттинчохь – изза кеп йу лелаш йерг – хьалхарчу декъана кхечу къаьмнийн векалшка и.кх.дI. а.

Куьг кховдор-лацар, мараэккхар лакхахь хьахийначуьнца доьзна а, догIуш а ду. Нохчийн дегIан чархан эрдагIаллех лаьцна кхузахь ца хьахийча ца довлу вай. Iилманехь билгалдаьллачех ду, кхечу хIуманашна тIехь а санна, дегIан чарх экама хиларца къаьмнаш вовшех къаьсташ хилар. Цхьадолчу къаьмнийн Iедал ду вовшашца къамеле ваьлла ши стаг хилча, ша аьлларг тIечIагIдеш, цхьаъ вукхунах хьакхавала везаш. Цул сов, къамел деш лаьтташ волчу шинна йуккъера меттиг а лараме йу. Масала, итальйанцийн къамел дечу шинна йуккъехь 45–50 см. хуьлу (комфортабельное расстояние олу цунах). Цаьрца къамел тасаделлачохь хьо дIахилахь, царах волу стаг хьуна тIе хир ву (цара дош цаалар дагалаьцчи, уьттазза куьг ца ластош, йухавалар сих-сиха нисло). Американцийний 1 метр гергга хуьлуш йу. Нагахь цунна хьо тIехилахь, иза йухавер ву.

«Ванах, къамел ма чIогIа мохь бетташ до-кх аш», олий цец волуш вайдолчу веана хьаша кIезиг ца нисло. Цуьнан бахьана, вай лакхахь хьахийначу хабаре тасавеллачу шина стагана йукъахь хила йезаш йолчу йукъаметтигах (расстояние) доьзна ду. Ткъа иза йалх гIулч ларалуш йу. Цундела, «ты меня уважаешь?», бохучу кепара лаьттахь а, 5-6 метр генахь, йа дуьхьал лаьттарг къора волуш санна йолу къамел деш волчуьнан кийрара Iаь. Ишттаниг миччанхьа а ган тарлуш ду.

Цуьнца цхьаьна тахана нислуш бу хьо мел дIагIертарх, ша дуьйцург мерах-мара тухий бен ца дуьйцуш берш а, йа муьшка ца йича хьуна наб кхетарна кхоьруш санна, хIора дош моссаза олу ворхIазза куьг ца Iоьттича, са ца туьйш берш а. Вайн дайша маьттаза леринчарех ду уьш. Делахь а, иштта Iедал долуш бу-кх цхьаберш. Iаьнарх Iаь хьерчаш хабар дийцарх а, вовшех хьакхаваларх ларлуш а вайн дай лелла хилар боккъал а бакъдерг ду ала йиш йу тахана. Дага лацал куьйге вахийтаран маьIна, цуьнан чулацам. Йоккха тIаьхье йолуш, доккхачу декхарийла вуллуш гIуллакх хилла куьг далар. Вовшашка куьг далар тIаьхьа бен йукьадаьлла дац вайн дайшна. Маралелхар-м гуттар а дастаме хIума лоруш хилла, ислам дин йукъадогIуш, «вирдан вежарий» боху кхетам баьржича бен йукъадеана а дац иза.

Тамашийна хетадала тарлуш делахь а, вайн дайшна дика хуучарех хилла-кх, вовшийн маралелхар-м, хьовха, куьг далар а, вовшашна улле гIертар дуьйцур дац вай, сина-дегIана вуно хала-бале гIуллакх хилар (гигиена бохург а хьеха ца до вай). Тахана Iилманчашна гучудаьлла ши стаг вовшашна маракхеттачу хенахь цу шимма вовшашкара ницкъ-гIopa дIаоьцуш хилар. Туьйранашкахь делахь а, шех хьакха вел-веллачуьнгара иза цIубдечарах вампираш олу.

Нохчашна йукъахь лелаш куьг кховдоран а, иза дIалацаран а хIоьттина йаьлла кеп йу. Йуккъехь ши гIулч йиссинчу хенахь кховдадо салам деллачо куьг, геннара куьг кховдийна тIегIертар, осалчу аматех лерина ду. Бакъду, хьаькамо иза дарх, цунна бехк ца буьллу, мелхо а дог дикаллин, адамаллин гайтам лору, хIунда аьлча, ишттачу (даржехь болу нах бу буьйцурш) стаган улле гIерташ, цуьнан тидам тайна тIебахийта гIерташ, уьш совцон, куьг лаца гIерташ нах хуьлу. Цу тIе, вай лакхахь ала а ма элира, дарж долчо, алсамчу хьал-бахамах хIоттавеллачо, ницкъ-гIоранца тоьллачо салам далар а, куьг кховдор хьалха дан деза аьлла. Иза иштта хIунда хуьлуш хилла те, аьлла тIаьхьакхиа гIоьртича, гучудолург цкъа делахь, иза «лай» ву, цунна иза дийнахь-бусий дагахь латта дезачех ду. Цунна иза дагара даьлча, дагадаийта дезаш лору. ШолгIа делахь, цуьнан ницкъ-гIopa, хан цуьнан шен долахь йоцуш лору. И кочахь долу дукъ хала а, деза а хиларх массо кхеташ хила везаш хIума ду. Цундела иза вогIуш-воьдуш тIенисвелча, ша тIевеана, цо шена хьоьгара оьшург схьааллац (шен эшамаш хьалха а баьхна, тIегIертар хаза ца хеташ) иза Iадвуьтуш хилла. Нохчаша, чолакха вацахь, куьг дIа ца кховдадо, дIа а ца лоцу дихкинчу доьхканна лахахь, голехь саттийна а ца хуьлу.

Го бина лаьтташ болчу нахана тIекхаьчначохь, йа чохь болчарна тIехIоьттича, нагахь санна дIакховдош долчу куьйган пхеа пIелгал уьш сов белахь, хIоранга а шег-шега куьг кховдорах кIелхьара волуьйту тIевеанарг. Нагахь санна, бухахь берш пхиъ, йа цул кIезиг белахь, воккха вуй, хьаькам вуй бохуш го ца цоьстуш тIенисвеллачуьра аьрру агIора аьтту агIор (аьтту белш хьалха йоккхуш) куьг луш чекхвала веза.

Вайн дайшна оьзда ца хеттехь а, тахана лелачарах ду мар-мара веттавалар. Мацца а цкъа иза йукъара дIадер долуш-м ду (масала, США-хь иза йуккъера дIадаккха Iалашо йолуш ткъех шо хьалха йукъаралла кхоьллина). Нис-м ло мара ца кхетча ца волуш меттигаш (зударшна мара лелхар-м хьехочохь дацийца). Делахь-хIета, воккхачуьнан аьтту пхьарс хьайн белшана тIехула а болуьйтуш, хьайн аьрру бесне цуьнан аьтту белшах (хьайн Iаьнарца цуьнан Тарам-малик меттах ца доккхучу кепара) хьакхайолуьйтуш охьа а таьIна, эккха веза мара.

  • 1

Письмо солдату

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1