Сила команды – в игре и характере

Сила команды – в игре и характере

На Всероссийских спортивных играх грозненские школьники продемонстрировали высокий уровень подготовки
Талант без границ

Талант без границ

В Грозном прошел региональный этап Большого всероссийского фестиваля детского и юношеского творчества
Бульвар имени Ахмата-Хаджи Кадырова: новое пространство для детства и семейного отдыха в Грозном

Бульвар имени Ахмата-Хаджи Кадырова: новое пространство для детства и семейного отдыха в Грозном

Пока взрослые любуются архитектурой нового района, дети осваивают свой город: покоряют горки, взбираются по канатным лестницам и находят друзей на...
Чеченские школьники соревнуются в лёгкой атлетике

Чеченские школьники соревнуются в лёгкой атлетике

Милана Тамаева В Чеченской Республике проходят муниципальные этапы спартакиады по лёгкой атлетике среди обучающихся общеобразовательных организаций. В октябре победители...
Город, который продолжает меняться

Город, который продолжает меняться

Раиса Тимаева За свою историю город Грозный пережил немало испытаний, но сумел сохранить свой характер и с каждым годом становится всё современнее и...
От школьного старта – к новым высотам

От школьного старта – к новым высотам

Милана Тамаева В Чеченской Республике стартовал школьный этап Всероссийской олимпиады школьников. Первыми в этом учебном году свои знания проверили участники...
Сила команды – в игре и характере
Сила команды – в игре и характере
Талант без границ
Талант без границ
Бульвар имени Ахмата-Хаджи Кадырова: новое пространство для детства и семейного отдыха в Грозном
Бульвар имени Ахмата-Хаджи Кадырова: новое пространство для детства и семейного отдыха в Грозном
Чеченские школьники соревнуются в лёгкой атлетике
Чеченские школьники соревнуются в лёгкой атлетике
Город, который продолжает меняться
Город, который продолжает меняться
От школьного старта – к новым высотам
От школьного старта – к новым высотам

  1. 1. ГIиллакх (этикет) – адамашна йукъара уьйр-марзо шарйеш, чIагIйеш лелош йолу, адамах адам деш йолу, кхийолчу садолчу хIуманех уьш къастош йолу йукъаметтигаш.
  2. 2. Оьздангалла (внутренняя культура; внутренняя энергия) – гIиллакхо тIехь гIа-маргIал, заза-стом кхио гIад. Адамашна йукъара гIиллакх лахдалар гайтам бу адаман кхетам, иман гомхадалар, царна тахане бен – кханенан ойла цайар.
  3. 3. Вадд (этика) – дика-вон къастон Дала адамана белла болу кхетам, къастийна болу некъаш.
  4. 4. Къонах – моссо aгIop шех масала эца догIу стаг ву. Цо шен гIуллакхал хьалха – нехан гIуллакх доккху дела. И декхар цо ша-шена тIелаьцна хиларна лора иза деза а, доккха а. Ша динарг мел даккхийчарах хиларх – буьйса Iуккъе йаххалц бен ца лора цо – xIopa де керла доладо. Цо гойту –нехан хастамаш оьший, цIе-дозалла дезашший лелош цахилар ша лелориг.

Тахана гIуллакх – болх оле къастам бо цу шина кхетаман. Тахана гIуллакх бохург кхета до мах боцуш дийриг, болх – мах оьцуш. Хьалхарниг деза лора. Амма, баккъал аьлча, цхьана хенахь шиа а цхьатерра дезачерах лерина ду. Цаьршинна йукъахь, вайна кхета хала долуш, цхьа къастам а бу. Мотт а, кхетам боцучу хIуманца беш берг – болх лерина иза, схьахIуттучу суьртаца беза а лерина, цунна хьалхе а йелла. ХIунда? Иза мотт а, кхетам а боцчу хIуманашца: лаьттаца, даьхница, дечигца, эчигца – боьзна хиларна. Церан шайна ца товриг – схьа ала таро ма йац!

ГIиллакхех дерг

Салам далар-эцар, маршала хаттар

Нохчаша зударийн бакъонаш талхайо, ур-атталла цаьрга луш салам дац, кхелхинчул тIаьхьа доккхуш долу каш а цхьа бел кIорга доккху бохуш газеташкахь а, радиохь а, телевиденехь а вай кхайкхош цхьа хан йеара. ЦхьамогIа «идеологаш» а схьалаца тIам а, дIахIотто бух а боцу «зударийн» санна долу цхьа гIуллакх йуьхьар а дерзадой, цунах «кампани» а йой, лелара. Даржашкахь чIагIбелчахьана, шаьш лелориг зуламе хилар хуъушехь, вайчунна тIе нехаш-м хьокхура цара.

Ишттачу гIуллакхашна тIехь цу хенахь а, хIинца а гуттар доьхнарг – муха, хIун маьIна, бахьана долуш тIелаьцна къомо тахана, цо лелош йолу йукъаметтигаш, бохучу хаттаршна тIаьхьакхиа ца гIортар, цуьнан ойла ца йар.

Адамашна йукъахь лелаш долчу хIуманех схьалаца мукъ боцуш цхьа а дац. Вай хьехориг а ду царах.

Салам далар-эцар, цхьацца болчу Iилманчаша дицарехь, нохчашна йукъа а деана дин-исламца. Хетарехь, Iаьрбий-жуьгтий Африкера Рахь хилла схьабовлале и кеп царна йукъахь лелла йац. Нагахь хиллехь, бухадисинчу гаршна йукъах лелаш хила йезара. «СА» бохучу дешан (нохчийн санна беза а, дукхе-дукха гена охьабоьдуш болу) кхетаман орам. Иза цигахь карош бац. Цо гойту и кеп цхьана генарчу хенахь вайн дайшна йукъахь лелла хилар. Вай тIеэцна бохуш лелла долу дешнаш, шайн орамашка кхийда воьлча гучудолу уьш вайна тIедеана доцуш вайн вешан хилар. Царах ду аьлла хета кхузахь хьехориг а.

Маршалла хаттаран кеп цара ма-дуьйццу вайна йукъа йеана хиллехь а, иза леларан некъаш церан а, вайн а тайп-тайпана ду. Iаьрбаша салам дас кIанте, вашас веше, бераша дега-нене, цIийнадас шен хIусамнене а ло, ур-атталла ара а ваьлла зоканара шийла хи молу йукъана, йуха чу веъча а. Мел боккха «тIом» латтабо вайн баккхийчара шайн гергарчу кегийра нахаца, салам хIунда ца ло шайга, бохуш. Далалой ткъа иза кегийчаьрга? ХIан-xIa, шайна иза хIунда ду а ца хуъушехьа, даго, сино, кхетамо тIе ца дуьту, баккхийчаьрга салам далар.

  • 1

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

Письмо солдату

Для участников СВО

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1