Ма тишделла хьо ков-кертий
Дадий, бабий кертахь доцуш.
Ма гIелделла гIиллакх, гIуллакх,
Дадий, бабий кертахь доцуш.
Ма генахь го уьйраш, марзо
Дадий, бабий кертахь доцуш.
Йац кхин хIусам беркат даржош,
Дадий, бабий кертахь доцуш.
Чукаре, йа тIекаре йац
Дадий, бабий кертахь доцуш.
Вайн ненан мотт буьйцуш хазац,
Дадий, бабий кертахь доцуш.
Ма хIу дай хьан шира кхача
Дадий, бабий кертахь доцуш.
Со муьлхачу ирсе кхача?
Дадий, бабий кертахь доцуш.
***
Iуьйранна са тосучу хенахь,
Сан коре догIу цхьа хьоза.
Мерзачу набарха волий,
Ас цуьнга ладугIу лорий.
Кийрара дог ловза доккхуш,
Хьан аз а сан дагах хьерча,
Мел хаза дека хьо, хьоза,
Мерза са ша тIома доккхуш.
****
Дика нус йу олу йоI,
Вон нус иза ира баI.
Массо ненан дика йоI,
Марненан иза ира баI.
Нагахь хилахь хьоьха баI,
ДIаьвше, ира хир бу баI,
Нагахь хилахь дика йоI,
Хьох хир йу-кха хьоме йоI.
Ойла дика хьан хилахь,
Хир бу безам хьоь нахехь.
ДIаьвше баI ма хилалахь,
Дика йоI хьох хилалахь.
****
Хьонка мерза кхача бу,
Гена хьуьнчохь кхуьуш бу,
Шеца дарба долуш бу,
Массарна и бевзаш бу.
Муьлха ун цо эккхош ду,
ХIораммо а баа безаш бу.
***
Мискачух кхаьрдаш верг,
Ву хьекъалх тилларг.
Дешийлахь хьо кхаларх,
Ца хаьа хиндерг.
****
БархIалгIачу мартаца, дезачу денца,
Ас даггара декъалбо, йижарий, наной,
Малх санна лепийла шун сирла ойланаш,
ХIора де хуьлда шун кхаъ бохьуш догIуш!
Доьхна дог
ХIумма дац, тахна сан доьхнехь а дог,
Цхьана ханна мер бу ас къастаран хIорд.
Цу хIордо дIахьур бу хьоь болу безам,
Кхул тIаьхьа Iемар ву кхин хьоь ца хьежа.
Бехк хьуна биллац ас, сан дагна йезнарг,
Хир вукха хьан даго хаьржина везнарг.
Хир дукха хьан дог а хьесталуш цхьанна,
Безамо Iехийна карзахе даьлла.
Делахь а собар ду, лам санна соьгахь,
Ирс хир ду кхолламо хаьржинчу дегахь.
Хьан даго кхин боху, безамна дело,
Со виси безамна кхин некъаш лело.
****
Ма мазал мерза бу, хьо Нана Даймохк,
Сан дагна совгIат ду хьан лаьттахь вахар.
Йиш-вешин уьйрашца сов зовкхе хилар,
Сайн махкахь халкъана, пайденна кхиар.
Шичой
Массо а Iуьйранна, дог ловзадолий,
Шичошка маршалла ас кховдадо.
Могуш буй хиъча, самукъадолий,
Суьйрене сатосий, хуьлу Iаш со.
Сих-сиха цхьаьна тхо хуьлу ломахь.
Вовшашкара хьал хуий, доьрзу тхо цIа.
Йух-йуха а, сагатлой, сатосу оха
Хилларш а, гинарш а дийцаре дан.
Генара, гергара - дац иза хьесап.
Вовшашкара дика-вуо йукъахь ду вайн.
Со йуххехь эшначохь хаийта соьга,
Дуьненчохь йоккхуш йерг йу йоца хан.
Даима дикане хьийзаш вай Iойла,
Вовшийн барт боьхна вай цкъа а ма гойла.
Со генахь ву, алий, гена ма довла.
Вовшашна эшначохь со кийчча Iа.
****
Малх схьакхеташ дуьне ду хьо,
И чубузуш дуьне ду хьо,
Хийла безнарш вовшех къестош,
Къахьлуш, къаьсташ дуьне ду хьо.


