В Грозном открылась ледовая арена

В Грозном открылась ледовая арена

Раиса Тимаева Ледовая арена «Ахмат» – современный спортивный объект, который призван дать новый импульс развитию зимних видов спорта в Чеченской...
Маленькими шагами уверенно к мечте

Маленькими шагами уверенно к мечте

Иман Хамдиева За каждой большой наградой стоят не только сцена и аплодисменты, но и будни: споры, поиски, поддержка и моменты, когда хочется всё...
Новая эра в спортивной истории ЧР

Новая эра в спортивной истории ЧР

Милана Итиева Совсем скоро начнется новая эра в истории спорта Чеченской Республики: состоится торжественное открытие первого современного...
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины

«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины

Раиса Тимаева В рамках реализации нацпроекта «Молодежь и дети» в Грозном и районах республики прошел масштабный фестиваль «Кросс Единства».
Образование детей – в приоритете

Образование детей – в приоритете

Иман Хамдиева В Чеченской Республике уже более 240 семей воспользовались средствами материнского капитала для оплаты образовательных услуг своих...
Лучшие в спортивном туризме

Лучшие в спортивном туризме

Лалита Дэниева В Чеченской Республике состоялись республиканские соревнования по спортивному туризму, посвященные Году единства народов России.
В Грозном открылась ледовая арена
В Грозном открылась ледовая арена
Маленькими шагами уверенно к мечте
Маленькими шагами уверенно к мечте
Новая эра в спортивной истории ЧР
Новая эра в спортивной истории ЧР
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины
Образование детей – в приоритете
Образование детей – в приоритете
Лучшие в спортивном туризме
Лучшие в спортивном туризме

– Тахана дадин кIант воккха хуьлуш ма ву, дадин кIентан йалх шо ма дуьзи. Дала могаш-маьрша дукхавахавойла хьо, дадин кIант!

Кху шарахь ишколе ваха ма деза дадин кIентан.

– Дада ишколехь хIун до, цига хIунда воьду?

– Дера воьду деша.

– Дада, деша муха доьшу?

– Деша дера доьшу элпаш, аьзнаш довзуьйтуш, йозанца йаздан, деша Iамадо.

– Дада, и хьан Iамадо?

– Хьехархочо Iамадо.

– Дада, хьехархо мила ву?

– Дешархой Iамош верг ву.

– Дада, дешархой муьлш бу?

– Уьш хьо санна бераш ду, деша даха дезаш а, доьшуш долу а.

– Дада, со маца ваха веза?

– Товбецан беттан хьалхарчу дийнахь ваха веза.

– Дада, товбецан бохург хIун ду?

– Иза вайн нохчийн маттахь аьлча, гуьйренан хьалхарчу беттан цIе йу.

– Дада тIаккха хьалхарчу бохург хIун ду? Со мичхьа хьалха вала веза?

– Иза дера ду беттан дуьххьарлера де.

– Дада, сан хьехархо мила хир ву?

– Иза ишколе вахча бен хуур дац. 

– Дада, ишколехь моццул Iа?

– Дарсаш чекхйовллалц Iа.

– Дада, дарс хIун йу?

– Иза дера йу урок, шен цхьа хан ларйеш хьехархочо берашна луш. Шен-шен цIе йолуш урокаш хуьлу дийнахь масийтта, йеша а, йаздан а, дагардан а, йа дуьненан хиламех лаьцна, иштта дахарехь адамана хаа дезаш мел долу хIума Iамош.

– Дада, йоза-дешар муха Iамадо?

– Дуьххьара элпаш а, аьзнаш а Iамадо. Элпаш вовшах хIитта Iамадо,  аьзнаш  вовшах тухуш деша Iамадо. Цунах олу йоза-дешар.

– Дада, болх баран дарс и муьлханиг йу, оцу дарсехь хIун до?

– Оцу дарсехь болх бан Iамадо, балхе безам кхиабо.

– Дада, тIаккха сурт дуьллучу дарсехь хIун до?

– Оцу урокехь хьехархочо сурт дилла Iамадо бес-бесара къоламашца, басаршца, хьайн Даймахках, гуонахарчу Iаламах иштта дIа кхечу хIуманех лаьцна. Ткъа и суьрташ дахка хьуна оьшур болу гIирс: сурт дилла альбом, бес-бесара къоламаш, басарш.

– Дада, гIирс бохург хIун ду?

– Иза вайна муьлхха а болх бечу хенахь оьшуш йолу коьчал йу.

– Дада, эшар локхучу дарсехь хIун до?

– Оцу дарсехь эшар локху, цхьана поэто дешнаш йаздо, уьш мукъам йазбечо и дешнаш мукъаме дерзадо, цул тIаьхьа и дагахь Iама дой, мукъамца дешнаш олуш дIалокху эшар.

– Дада, поэт мила ву?

– Иза дера ву дешнаш йаздеш, исбаьхьаллин сурт хIоттош верг. Цо хеста бо вайн Даймохк, Даймехкан Iалам, ненан мотт, нана, хьехархо иштта дIакхин а.

– Дада, со а хир ву воккха хилча поэт.

– Дала мукъ лахь, дукхаваха хьо, дадин кIант!

– Дада кхин цхьа хIума хатта мегий?

– Дера мега.

– Iаламан дарсехь хIун до?

– Оцу дарсехь Iаламах лаьцна дуьйцу. Вайн пачхьалкхехь долу дитташ, олхазарш, дийнаташ, бецах, диттех, уьш муха Iалашдан деза а дуьйцу. ЦIечу книги тIе йаздина долу дийнаташ а, олхазарш а, бецаш а, дитташ а, сагалматаш а йуьйцу. ЦIечу книги тIе девлла дийнаташ, олхазарш, сагалматаш, дитташ, коьллаш уьш дуьнен тIера дIайолуш йолу хIуманаш йу, уьш ларйеш Iалашйан йеза аьлла, вайга даьккхина гIо-орца ду и ЦIен книга. Цундела, вай деккхарийлахь ду уьш хIаллак ца йеш Iалашйан.

– Дада, и ЦIен киншка стенгахь карор йу-те?

– Иза вайн йуьртарчу библиотекехь хир йу.

– Дада, библиотека хIун йу?

– Шортта киншкаш йолуш, вайна гIоьнна кхоьллина цIа ду, цу чохь хьуна йезза киншка хуьлу. Хьуо библиотеке вахача, цу чохь болх беш волчуьнга де дика деш, йоккхур йу ахь хьайна йезачу киншкин цIе а, автор а. Цо и хьуна кара а йина, шегарчу журнала тIе хьо а, ахь йеша схьаэцна йолу киншка а дIайазйийр йу.

– Дада, ма дика ду и. Ахь вайша кхана вохуьйтур вуй и ахь йийцина йолу ЦIен киншка йан библиотеке!

– Дала мукъ лахь.

– Дада, дада, хьуна набба-м ца кхетта?

– ХIааа, ца кхетта.

– Дада, тIаккха и киншка йайахь, йа йатIахь хIун хир ду?

– Вайшинна гIуда тухур ду.

– Дада, гIуда хIун йу?

– Лар хIунда ца йина, аьлла тухуш йу-кх, ахча дала дезар долуш.

– ХIаа, вайшиммо и йайъахь йа йатIайахь ахча дала дезаш ду-кх дуй, ишттаниг кхин эца.

– Нийса, боху нийса боху (корта ластабо дадас).

– Дада, дийнаташ, олхазарш, сагалматаш, дитташ, коьллаш, бецаш хIун йу?

– Дийнаташ шина тайпанара хуьла: цIера а, акха а. ЦIеран дийнаташ: бежанаш, говраш, уьстагIий, гезарий, гомашаш... Акха дийнаташ: борз, ча, цхьогал, оьпа, зу... Сагалматаш: зингат, чхьаьвриг, гезг, цаьпцаьлг, нIаний... Олхазарш: хьоза, кхокха, къиг, куьйра, маккхал, чIегIаг, хIуттут, тIаус... Диттташ: наж, бIара, поп, акхтарг, балл, хьач, кхор, Iаж... Бецаш: Iаждарбуц, оччам. Коьллаш: хьорам, мангалкомарш... иштта дIа кхин а шортта йу уьш, тахана вайша йийцина ца валлал.

– Дада, суна уьш массо ишколе вахча Iемар дуй?

– Дера Iемар ду. Ишколехь дуккха хIумнаш Iемар ду хьуна, ахь дика ладогIа соьга а, ас дуьйцучуьнга а. Дадас йуха а дуьйцу хьуна доцца ишколах а, хьехархочух а лаьцна, цуьнца муха хила веза а.

– Ас лакхахь ма-аллара, хьехархочо йеша а, йаздан а, гIиллакхе-оьзда хила а кхетош-кхиаво, цул сов, ваха а, Iен а, дика хила а Iамаво.

Хьехархочуьнца дика хила веза, иза масийтта шарахь деша дешна, берашца муха хила веза а хууш, берийн амалш йевзаш веана хьехьархо ву, шегахь шортта Iилма, хьекъал, кхетам, гIиллакх-оьздангалла, собар, лерам болуш. Хьехархочуьнга дика ладогIа деза дарсехь, иза лара а веза.  Доккха совгIат ду хьехархо, цо хьуна дуьххьара Iамадо, ишколана чуваха, аравала, къолам схьалаца, нийса букъ нисбеш  оьхахаа,  аьзнаш, элпаш йаздан, уьш дагахь латто, дийца.

Цул тIаьхьа хьехархочо Iамадо элпаш  шен йаздаран бакъонашца вовшех  хIитта, тIаккха иштта деша Iамадо дуьххьара дешдакъошца, тIаккха дешнашца, йуха предложенеш, текст. Терахьаш Iамадо, примераш йан Iамадо: тIетоха, дIадаккха, декъа, эца. Гонахьара Iалам довзуьйту, сурт дилла Iамадо, эшар лакха Iамадо, ша доллу хIума Iема хьуна хьехархочун беркатца. Дикка вай ойла йича, ма доккха хIума ду и цхьа элп, цхьа аз, къолам схьалаца ца хууш долу бераш, йуьхьанцарчу классан хьехархочо Iамадой, арахоьцу. Цундела ву-кх хьехархо веза а, лара везаш а. Цундела, хIора а вайх декхарийлахь ву цуьнан ларам бан, цуьнан сий-пусар дан. Дала латта бойла вайна иштта дика хьехархой.

– Дада, со хила мегар дуй, воккха хилча, хьехархо?

– Дера мегар ду, Дала мукъ лахь, дадин кIант хир ву хьехархо, массарна а пайден волуш, дика хьехархо!

– Дада, со ваха. 

– Хьо мича воьду, дадин кIант?

– Со бераш Iамо воьду.

Къолам, тептар, киншка, схьа а эцна,  шен жимах волу ваша Iамо волавелира жима кIант, со хьан хьехархо ма ву, бохуш. Цаьршинга хьоьжуш лаьтташ волу дада, воьлуш Iа, жимачу хьехархочух.

Зайтемиров Сайдик

  • 1

Письмо солдату

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1