В Грозном открылась ледовая арена

В Грозном открылась ледовая арена

Раиса Тимаева Ледовая арена «Ахмат» – современный спортивный объект, который призван дать новый импульс развитию зимних видов спорта в Чеченской...
Маленькими шагами уверенно к мечте

Маленькими шагами уверенно к мечте

Иман Хамдиева За каждой большой наградой стоят не только сцена и аплодисменты, но и будни: споры, поиски, поддержка и моменты, когда хочется всё...
Новая эра в спортивной истории ЧР

Новая эра в спортивной истории ЧР

Милана Итиева Совсем скоро начнется новая эра в истории спорта Чеченской Республики: состоится торжественное открытие первого современного...
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины

«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины

Раиса Тимаева В рамках реализации нацпроекта «Молодежь и дети» в Грозном и районах республики прошел масштабный фестиваль «Кросс Единства».
Образование детей – в приоритете

Образование детей – в приоритете

Иман Хамдиева В Чеченской Республике уже более 240 семей воспользовались средствами материнского капитала для оплаты образовательных услуг своих...
Лучшие в спортивном туризме

Лучшие в спортивном туризме

Лалита Дэниева В Чеченской Республике состоялись республиканские соревнования по спортивному туризму, посвященные Году единства народов России.
В Грозном открылась ледовая арена
В Грозном открылась ледовая арена
Маленькими шагами уверенно к мечте
Маленькими шагами уверенно к мечте
Новая эра в спортивной истории ЧР
Новая эра в спортивной истории ЧР
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины
Образование детей – в приоритете
Образование детей – в приоритете
Лучшие в спортивном туризме
Лучшие в спортивном туризме

Муртазалиева  Гульзара

 Бекалахь, ненан мотт, тахна,

Дуьнене машаре кхойкхуш,

Лаьтта тIехь Къинхьегам, Нийсо,

Вошалла, Ирс, Машар кхайкхош.

А. Айдамиров

«Мотт» бох дош аьлча хIор адаманкоьртехь тайп-тайпана ойланаш кхоллало. Сан кхетамехь, «мотт» из Даймахко адамана цуьнан дахарехь делла уггаре а   деза совгIат ду. Маттаца доьзна ду адаман дерриге а дахар: уьйраш, болх, гергарло, синмехаллаш, сий,йахь, хьекъал. Мотт вайлар ца бахь, цуьнан сий ца дахь, вайн къоман сий дужур ду. Ткъа хаьий теша вайна Дала делла ниIмат лардан? Стага, шен мотт безаш велахь, бийц хууш велахь, ша къам лоруш, йахь йолуш хилар гойту.

Масаллина вало луур дара вайн Нохчийн Республикин хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа.  Цо нохчийн мотт буьйцуш кхетийра нохчийн къам, тIеман къизачу шерашкахь, нийса некъ харжа. Иштта, нохчийн матте  шен ден  хилла ларам  болуш,  меттан  сий-пусар деш схьавогIуш  ву  Нохчийн  Республикин Куьйгалхо, Россин  Турпалхо  Кадыров  Рамзан. 

ХIора доьзалехь  нохчийн  мотт  бийцаре  терра  бен,  цуьнан  ларам  баре терра  бен,  вайн  къоман  гIиллакхаш, Iадаташ,  оьздангалла,  халкъан  ламасташ,  къоман  истори   ларалур  йац.

Кху доккхачу дуьненахь бац аьлла хета суна, адамийн маттах «ненан мотт» олуш вайн нохчийн маттах санна. Тхан доьзалехь даимна бекаш бу нохчийн  мотт. Нанас цхьа тамашийна кIедачу  озехь  буьйцу  и  мотт,  делахь а цо  меллаша  аьлла  долу  муьлхха  а  чолхе  дош  дагахь  кхета.

Со ишколе  йахача  йевзира  суна  меттан  кIоргалла. Хиира,  нохчийн  мотт иза  бух  боцу  хIорд  буйла. Нохчийн  маттахь  йевзира  халкъан  бартакхолларалла,  цуьнан  исбаьхьалла.  Доггах, чIогIачу лаамца тIеийцира ас нохчийн мотт Iамор. Нохчийн маттахь  дуьххьара  сайна  туьйра хезча,  инзараллица  цуьнан   чулацам  дуьхьалхIоьттира  суна.  Оццул тамашийначу, исбаьхьачу маттаца хIоттийна долчу суьрто со гIан-набаршкахь а, туьйранехь латтайора. ХIетахь дуьйна библиотека шолгIа цIа хилира сан.

Лакхарчу классашкахь суна вевзира Бадуев СаьIид,  цуьнан  Бештой,  Бусаний. Цара шовдан йистехь белхийна безам. Муха хир бара сан эсала, аьхна нохчий мотт и дагардийцар доцуш?   Вевзира Айдамиров Абузар, шен «Йехачу  буьйсанашца»,  воккхачу  стеган  доIанашца, шайн  Даймахках  бевллачу  мухIажаршца. Муха хир бара сан нохчийн мотт Абузаран произведенийн исбаьхьалла йоцуш?  Сан даг чохь дуккха хан йаьлча а декара   Яшуркаев Султанан «МаьркIаж бодана тIехь кIайн хьоькх» повестан коьртачу турпалхочун Мадин аз: «ХIан-хIа, тхо цкъа а лийр дац!  Массо   баланех чекхдевлла, сеттина баккъаш нисбеш, майра, оьзда лаьттар ду сан нохчийн халкъ, цу халкъан ондда гIортор хилла лаьтташ болу сан нохчийн мотт а.

Наггахь хеза вайна: «Вовшийн кхеттал хууш хилча-м тоьур дара меттан хаар». Иза бакъ дац. Меттан кIоргене хьо кхачавоьлча, хьуна дукха хIума хаа долало, мотт хазло, цIанло. Ма-дарра аьлча, и бохуш волу стаг шен къомана йа махкана пайденна вац.  Иза йа дIадахнарг, йа хиндерг доцу стаг ву. Цу дакъазаллах Дала лардойла вай!

Бевзаш болчу оьрсийн йаздархоша, поэташа, кхечу къаьмнийн Iилманчаша  а хестийна  вайн  нохчийн  мотт, и хесто  хьакъболу  дела. Хьалха ма-аллара, йуха а боху ас, ду-кх и нохчийн мотт догIа, дуьненан массо неI йоьллу догIа.  И догIа луш ду массо стагана, дуьнен чу волучудийнахь. Йоьллу-кхоцу догIано массо а неI, адамийн деган неI а.

Вайга весет деш санна, дека бевзаш болчу нохчийн поэтийн дешнаш: «Варийлаш, меттан сий ларделаш, шайн кхерчийн дай хилалаш, варийлаш, шайн мотт биц ма белаш боху цара вайга хIоранга а.     

Чекхйолуш суна Ахматов Мусан байташ йало лаьа:

Кхераме дац суна мехаш, 

Къизачу зуламан ор а –

Нохчийн мотт соьца мел беха, 

Ондда бу сан лаьттахь орам.

  • 1

Письмо солдату

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1