В Грозном открылась ледовая арена

В Грозном открылась ледовая арена

Раиса Тимаева Ледовая арена «Ахмат» – современный спортивный объект, который призван дать новый импульс развитию зимних видов спорта в Чеченской...
Маленькими шагами уверенно к мечте

Маленькими шагами уверенно к мечте

Иман Хамдиева За каждой большой наградой стоят не только сцена и аплодисменты, но и будни: споры, поиски, поддержка и моменты, когда хочется всё...
Новая эра в спортивной истории ЧР

Новая эра в спортивной истории ЧР

Милана Итиева Совсем скоро начнется новая эра в истории спорта Чеченской Республики: состоится торжественное открытие первого современного...
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины

«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины

Раиса Тимаева В рамках реализации нацпроекта «Молодежь и дети» в Грозном и районах республики прошел масштабный фестиваль «Кросс Единства».
Образование детей – в приоритете

Образование детей – в приоритете

Иман Хамдиева В Чеченской Республике уже более 240 семей воспользовались средствами материнского капитала для оплаты образовательных услуг своих...
Лучшие в спортивном туризме

Лучшие в спортивном туризме

Лалита Дэниева В Чеченской Республике состоялись республиканские соревнования по спортивному туризму, посвященные Году единства народов России.
В Грозном открылась ледовая арена
В Грозном открылась ледовая арена
Маленькими шагами уверенно к мечте
Маленькими шагами уверенно к мечте
Новая эра в спортивной истории ЧР
Новая эра в спортивной истории ЧР
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины
Образование детей – в приоритете
Образование детей – в приоритете
Лучшие в спортивном туризме
Лучшие в спортивном туризме

Зайтемиров Сайдик

3-гIа класс

Урокан цIе: «ЦIердош»

Iалашо: цIердашах болу хаамаш шорбар, вайн дахарехь цIердешнийн маьIна довзийтар;

Iамийнарг карладаккхар; йозанан а, барта а къамел кхиор; гIиллакх- оьздангалла Iамор.

Урокана оьшу гIирс: цIердашах лаьцна кечйина презентаци, тептарш, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жамI даран гIирс.

 

Йукъара дешаран ардам (УУД):

Предметни: дешархошна Iемар ду цIердош стенах олу, цуьнан хаттаршна жоьпаш дала, уьш хIитто а, церан меттиг дашехь йовза а. Дешархошна Iемар ду учебникаца а, тобанашкахь а болх бан, оьшург лаха, цунах пайдаэца, Iамийнарг карладаккха, гIиллакх-оьздангалла Iамо.

Метапредметни:

Регулитивни: хьехархочун гIоьнца урокан коьрта Iалашонаш, тIедехкарш билгалдаха; уьш кхочушдарехь нийса некъаш каро; хуур ду шайн белхан план хIотто.

Коммуникативни: Iемар ду хьехархочун хаттаршна нийса жоьпаш дала; шайн хаарш масалшца тIечIагIдан; Iемар ду шайн оьшург хатта, вовшашца къамеле бовла.

ХIума довзаран: Iемар ду учебникаца болх бан, оьшу гIирс (материал) каро, цуьнах пайдаэца; ойлайар, тидам бар кхуьур ду.

Личностни: нохчийн меттан башхаллаш йевзаш, нохчийн мотт дика Iамо лаам кхуьур бу дешархойн.

Урок дIайахьар

  1. I. Догдаийтаран мур

– Де дика хуьлда шун!

– Диканца дукха вехийла хьо!

– Охьаховша бераш, хIинца вай нохчийн меттан йиллина урок йу. Вайна урокехь оьшу гIирс схьаоьцуш кечамбе урокана.

 

  1. II. ЦIера болх таллар

– Муьлха шардар дара шуна цIахь кхочушдан делларг?

– Тхуна деллера 74-гIа шардар.

– Муха кхочуш дира аш и шардар?

– Оха текстан цIе тиллира, текст дакъошка а йийкъира, текстан коьрта ойла схьа а лехира.

– ХIун цIе тиллира аш текстана?

–  Оха текстана цIе тиллира «Шеран заманаш».

– ХIунда тиллира аш текстана «Шеран заманаш» цIе?

– Оцу текстехь шеран заманех лаьцна дуьйцуш дара. Оцу текстан массо а предложенеш маьIница йогIуш а йара. Цундела оха цунна тиллира «Шеран заманаш» аьлла цIе.

– Стенах олу текст?

– Текст – иза маьIница а, цхьана темица а вовшах йозайелла предложенеш йу.

– Текстан тема бохург хIун ду?

– Тема текстехь дуьйцург ду. Текстехь предложенеш цхьаьнатуху темано.

Даладе масалш.

 (Дешархоша бакъо схьайуьйцу).

Тобанашкахь болх

 

ТIедиллар: «Дайна элп караде».

ХIора тобано маьIница йогIуш цхьацца предложени хIоттайе, хIоккху дешнашца зезагаш, поп, буьйса, да, и предложенеш йазйан дика хаа йеза вай хьалха Iамийна бакъо.

1-ра тоба:

Дешархоша ишколан бешахь зезагаш кхиадо.

2-гIа тоба:

Поп хьех гIа долу дитташ ду.

3-гIа тоба:

Буьйса йекхна йу, ткъа йовха йац.

4-гIа тоба:

Сан да вара хьуьнхахь хехо.

– ДIайеша аш йазйина предложенеш.

– Муха йазйина аш и предложенеш?

–  МаьIница йогIуш?

– Стенах олу предложени?

– Предложени – иза кхочушхилла ойла гойту маьIница дозаделла дош йа масех дош ду.

– Стенах олу текст?

Текст – иза маьIница а, цхьана темица а вовшах йозайелла предложенеш йу.

– ХIинца дIайаздо вай терахь, классера болх.

 

III. ЦIенайаздаран минот

Йетт дIаиккхи суна гуш,

Хадош тесна беха… (муш)

Стиглахь йац уьш сецош архаш,

ДогIа дахьаш йогIу… (мархаш)

Бац и буьйцуш болу мотт,

Бу дIавуьжу кIеда… (мотт)

– Муш, мархаш, мотт бохучу дешнашна хьалха муьлха элп хеза вайна?

– Ткъа тахана вайга хьошалгIа муьлха элп деана?

 «Мм»

– Мукъа ду и йа мукъаза ду?

– Мукъаза ду.

– ХIунда ду и мукъаза?

– Багахула олучу хенахь хецна дIа ца алало, хIаваана новкъарло хуьлу, цундела ду иза мукъаза.

– Маса меженах лаьтта «М» элп?

(Хьехархочо йаздаран бакъонаш гойту. Дешархоша тептарш тIе дIайаздо.)

 

  1. IV. Iалашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар

Хьехархочо дешархошка интерактивни уьн тIехь дIагойту суьрташ.

– ХIара мила ву? 

– Иза кIант ву?

– ХIара мила йу?

– Иза йоI йу?

– Муьлхачу хаттарна жоьпаш ло цара?

– Мила бохучу хаттаршна жоьпаш ло цара.

– ХIинца муьлш го шуна?

– Тхуна го доьзал.

– Царна муьлха хаттар хIоттадо вай?

– Муьлш боху хаттар хIоттадо.

– Цара муьлш билгалдо?

– Адамаш билгалдо.

– ХIинца хIун го шуна уьн тIехь?

– Тхуна го цициг, котам, дитт, къолам.

– Царна хIун хаттар хIоттадо вай?

– Царна (хIун?) боху хаттар хIоттадо.

– ХIун билгалйо цара?

– Цара хIуманаш билгалйо.

– Уьш муьлха къамелан дакъош ду?

Иштта дисина суьрташ тIехь болх бо хьехархочо.

– Бераш, тахана вайн урокан тема хIун йу аьлла хета шуна?

– Тахана вай урокан тема йу «ЦIердош».

– Бераш, аш нийса боху, вай тахана урокан тема йу «ЦIердош».

  1. V. Керла тема хьехар

 Бакъо таллар.

– ДIайеша 45-гIа агIон тIера бакъо.

– Стенах олу цIердош?

– ХIума билгалйечу къамелан декъах цIердош олу.

– Муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло цIердашо?

– Мила? муьлш? хIун бохучу хаттаршна жоьпаш ло цIердашо.

– Даладе масалш.

Мила? – кIант, нана, да;

муьлш? – кIентий, наной, да;

хIун? – жIаьла, цициг, зезег.

 

  1. 2. ЦIердешнийн тидам бар

– ДIадеша шардаран тIедиллар.

– Муха кхочуш дан деза вай и шардар?

– Билгалдина дешнаш муьлха къамелан дакъош ду?

– Уьш цIердешнаш ду.

– Шуна муха хииара уьш цIердешнаш дуй?

– Хаттаршца хиира тхуна.

– ХIун хаттарш хIиттира аш оцу дешнашна?

– Мила, хIун боху хаттарш хIиттира оха оцу дешнашна.

– Стенах олу цIердош?

– ХIума билгалйечу къамелан декъах цIердош олу.

– Муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло цIердашо?

– Мила? муьлш? хIун бохучу хаттаршна жоьпаш ло цIердашо.

– Даладе масалш.

(Уьн тIехь кхочуш йо. Цул тIаьхьа дешархоша шайн тептарша тIе дIайазйо.)

 

  1. VI. СадаIаран минот

Карзахдаьлла гаки вайн,

Олилай-болилай!

Ага тахко деза дайн,

Олилай-болилай!

Дижий дала, жиманиг,

БIаьргаш хьаббе, хазаниг.

Амма гаки дижац дIа,

БIаьргаш бетташ иза Iа.

Собар, собар! ГIар ма йе!

Шабарш ца деш, IаддаIе,

Дита кIорни дижа аш,

Наб йу цунна тIегIерташ.

Дазлуш лаьта гакин бIаьргаш,

Бага йу цо шуьйра гIиттош.

БIаьргаш хьабби, наб озий,

Эххар гаки дIадижи.

 (XIapa байташ а йоьшуш, цу тIехь дуьйцург до бераша хьехархочуьнца цхьаьна.)

VII. Iамийнарг тIечIагIдар

а) тобанашкахь болх

Мила ву тидаме.

– Бераш, вай хIинца тобанашкахь болх бийр бу. МаьIница догIу цIердешнаш йаздеш, дIайазде дешнийн цхьаьнакхетарш шайн тобанера.

1-ра тоба:

Хаза йоI

Дика кIант

Шийла мох

2-гIа тоба:

Дато сахьт

Йеха буьйса

Дуьра туьха

3-гIа тоба:

Мерза шекар

Муьста хьач

ГIиллакхе нус

4-гIа тоба:

Шийла

Шера ша

Хаза мотт

ХIора тхьамдано шаьш девлча шайн тобано йаздина дешнийн цхьаьнакхетарш схьадуьйцу.

– Муьлха дешнаш йазди аш?

– Цара муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло?

– Мила, муьлш, хIун.

– Уьш муьлха къамелан дакъош ду?

– Уьш цIердешнаш ду.

– Стенах олу цIердош?

– ХIума билгалйечу къамелан декъах цIердош  олу.

 

аь) шаьш бен болх

– ДIадеша 78-гIа шардар.

– Муха кхочуш дан деза иза?

– ЦIердешнаш схьакарийна царна хаттарш а хIиттош къовларшкахь  дIайаздан дезаш ду.

– ЦIердешнашна муьлха хаттарш хIиттадо?

– Мила, муьлш, хIун?

– Мила, муьлш муьлхачу цIердешнашна хIиттадо вай?

– Мила, муьлш вай адамашна хIиттадо.

–  Нийса боху, хIинца шайн тептарш тIе дIайазде шардар.

 

VIII. Рефлекси

– ХIун керланиг девзи шуна тахана урокехь?

– ХIун хазахийти шуна тахана урокехь?

– Вай хIоттийна Iалашо кхочуш хилла аьлла хетий шуна?

– ТIейогIу урок муха хила лаара шуна?

– Шайна урок хазахеттехь самукъане смайлик хьалаайба, шайна урок хаза ца хеттехь гIайгIане смайлик хьалаайба.

 

IХ. Урокан жамI дар

 – Стенах олу цIердош?

– ХIума билгалйечу къамелан декхах цIердош олу.

– Муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло цIердашо?

– Мила? муьлш? хIун бохучу хаттаршна жоьпаш ло цIердашо.

– Даладе масалш.

 

Х. ЦIахь бен болх

79-гIа шардар, агIо 46.

ЦIердешнаш кара а дай, цIердешнашна кIел сиз хьакха.

  • 1

Письмо солдату

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1