В Грозном открылась ледовая арена

В Грозном открылась ледовая арена

Раиса Тимаева Ледовая арена «Ахмат» – современный спортивный объект, который призван дать новый импульс развитию зимних видов спорта в Чеченской...
Маленькими шагами уверенно к мечте

Маленькими шагами уверенно к мечте

Иман Хамдиева За каждой большой наградой стоят не только сцена и аплодисменты, но и будни: споры, поиски, поддержка и моменты, когда хочется всё...
Новая эра в спортивной истории ЧР

Новая эра в спортивной истории ЧР

Милана Итиева Совсем скоро начнется новая эра в истории спорта Чеченской Республики: состоится торжественное открытие первого современного...
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины

«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины

Раиса Тимаева В рамках реализации нацпроекта «Молодежь и дети» в Грозном и районах республики прошел масштабный фестиваль «Кросс Единства».
Образование детей – в приоритете

Образование детей – в приоритете

Иман Хамдиева В Чеченской Республике уже более 240 семей воспользовались средствами материнского капитала для оплаты образовательных услуг своих...
Лучшие в спортивном туризме

Лучшие в спортивном туризме

Лалита Дэниева В Чеченской Республике состоялись республиканские соревнования по спортивному туризму, посвященные Году единства народов России.
В Грозном открылась ледовая арена
В Грозном открылась ледовая арена
Маленькими шагами уверенно к мечте
Маленькими шагами уверенно к мечте
Новая эра в спортивной истории ЧР
Новая эра в спортивной истории ЧР
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины
Образование детей – в приоритете
Образование детей – в приоритете
Лучшие в спортивном туризме
Лучшие в спортивном туризме

Умхаева Iалет, 

Гуьмсе гIалин № 3 йолчу

Дадагова Данин цIарахчу

гимназин дешархо

Нохчийн мотт – иза хIора а нохчичун синпхенашца лела цIий ду. Массо а кепара коьрте оьхучу ойланаша дагана гилгаш а дохуш, йазйан йолало-кх со сайн дозаллех а, доккхачу ирсах а лаьцна. Зезагал хазачу а, мазал мерзачу а сайн ненан маттах – нохчийн маттах лаьцна йазйо-кх ас.

Дала тхуна дина цхьа дика ду-кх хьо. Тхан къоман тептар – нохчийн мотт, хьайна чохь тхан селхане а, тахане а, кхане а йолу. Тхан дайн а, дедайн а, ворхIе дайн а багара йийлина маслаIатан Iаь йу-кх хьо.  Коьчал йу-кх хьо, Ненан мотт, хьо бахьана долуш хийла адамашна йуккъехь барт латтийна йолу, доьзалашна йуккъехь марзонаш чIагIйина йолу.  ХIора нохчичун бехк бу-кх хьо, бицбахь, гечдийр доцу. Болатал чIогIа чIагIделла долу дог даста ницкъ кхочу-кх хьан. Ахь мел йерзийна чов, ахь мел дерзийна дов…

Хьоьца йолу сайн зIе лахйаларна йа иза хаьдда дIайаларна ма чIогIа кхоьру-кх со. Суо нохчийн къомах йу баха, йахь хир ма йацара сан, хьо доггаха а, хьо даггара а безаш со йацахьара. Хьан дуьхьа вала а, хьан дуьхьа вага а, хьо Iалашбеш шен са дIадала а кийча воцучунна, кху къоман лаьтта тIехь ког биллал меттиг хьакъ йоций а хаьа хьуна суна, нохчийн мотт!

Цхьаболчара хьох лаьцна доцург дийцахь а, йа хьо дIатесна битахь а, хьо массо хенахь дагахь болуш, синпхенашца дIаийна болуш нах буйла хьуна дIахаа а лаьара суна.  Ма доккха зен дацар-кх хьо ца хуучо хьо ца бийцар, хIунда аьлча, нохчаша хьо даиманна а буьйцур бу. Ма бакъ дацар-кх хьо дIадолучу меттанийн могIарехь бу бохург. Хьан маттахь нанас деш хьехарш мел ду, дадас беш хьехамаш мел бу, хьан тIекхуьучу чкъурана хьан маттахь гуш гIенаш мел ду, ма бакъ дацар-кх хьо йукъара дIабер бу бохург. Цхьа а чаккхе йоцу, бохь лекхачу ломах догIу шийла, мерза шовданах тарло-кх суна хьо. Со тешна йу-кх, цу шовданна чукхоьвдинарг хьогах вуьсур вац йа иза чаьмза хетта хьала а тоIур вац аьлла.

Массо а кепара долучу, хазачу ламасташца бухдуьйлу хьоста ду-кх хьо, сан хьоме нохчийн мотт. Кхечара санна, ма дукха тоьхку-кх ас хьуна цIерш. Бехке ма ларалахь, оха хьо массо а кепара бийцарна. Дерриге бахьана хьуна хьайна чохь ду хьуна: мел дийцича а дешнаш ца кхачало хьан, кIорда ца до хьо бийца. Цхьана дашца алалур дарий-техьа соьга?! Хаац суна-м хьан сийлалла муьлхачу дашца ала... Дахар ала-те аса хьох, исбаьхьа, мехала дахар! Суна-м хаьа хьуна, хIуъа аьлча а хьох кхачаме хир доцийла. Хаьа массо а хаза дош хьуна догIийла.

Дависа, йаздархошкахь болу дешан ницкъ белара соьгахь, ховхачу а, довхачу а дешнашца нохчийн исторехь хьан сийлаллин цIе йита. Кхачор дац сан хьох лаьцна дийца, хьан хазалла йийца, хьан сийлалла хесто, хьо даггара хьеста…

Цундела сайн къамел дерзадо аса сайн байт йукъара дешнашца:

Мотт, хьо хилар ду сан ирс,

Сан къамелан говза гIирс.

МостагIчунна – ира урс

Йезначунна – зезагийн курс.

  • 1

Письмо солдату

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1