НовкъадогIушстаг, зудийцхьаьнанисделлехь, шенцIийнахзудайелахь, изааьрруагIорйолуш, бехкезудайелахь, изааьттуагIорйолуш, стагахгIулчхьалхахирву.
Нагахь санна, къонахчуьнца арайаьлларг цуьнан йиша, шича-маьхча йелахь йа хIорш цхьана цIийнан нах белахь (царах тухуш йу хIусамнана а), иза шеца волчунна ах гIулч тIаьхьа, аьрру агIор хIутту. Нагахь санна йогIург йоккха стаг, йа гергарло херадаьллачарах, йа йевзачарах хилча, царна аьтту агIо ло. Дуьхьал йа тIаьхьа нисвеллачунна цаьрга вистхиларан кеп муха хила еза гойтуш хаам буи за.
(С.-М. Хасиев «Даймохк» газет, № 13, 2006 шо)
Чу-ара волуш дуьхь-дуьхьал нисвелларг цхьаьна хеннара (могIарера) ши стаг велахь, араволучунна некъ буьтур бу. Бакъе иштта йелахь а, шеца ларам хила хьакъверг (воккханиг йа бехкениг) дуьхьалнисвелча, цунна некъ буьтуш, йухавалар гIиллакхе хир ду. Лами тIехула хьала-охьа волуш а воккханиг хьалхавоккхур ву.
ЧувогIуш-араволуш, араволучунна йала йезаш йу хьалхе, хIунда аьлча чувогIург мел кIадвелла хилча а, схьакхьачна ларалуш ву, араволучо бан безачу некъах дерг хууш дац.
(С.-М. Хасиев «Даймохк» газет, № 13, 2006 шо)
ВогIуш-воьдуш, автобус тIехь, дукха адамаш гулделла, гатте йолчохь, ша хийрачу зудчунна йуххе нисвелча, зудчунна паргIат хуьлу агIо лаха йеза стага.
Воьдуш-вогIуш зуда йуххе нисйелча, иза йевзаш йацахь, цунна генна хьалхавала веза йа генна тIаьхьа саца веза стаг.
Зудчунна тIехьаша тIевирзина латтар а, хьалхаша нийсса дуьхьалвирзина латтар а гIиллакхехь дац.
(Х.-А. Берсанов «ГIилла-кхийн хазна – ирсан некъаш»)
Мараэккхар а, куьг кховдор-лацар а ду шен бехкамаш болуш. Салам дала ца догIучуьнга (уллерчу ненахошка, стунцахошка, ханна шел тIех баккхийчаьрга, зударшка) куьг лур дац, царна мараэккхар ву (стунцахой боцчарна). Мараэккхаш дац шен цIийнан нахана а (дена, вежаршна).
Тахана долуш долчу хьолехь, воккхачун аьрру куьг-пхьарс лакхахь буьтуш, шен аьтту белш хьалха йолуш, охьа а таьIна, мараэккха везаш ву жиманиг.
Гуо бина лаьтташ болчарна тIекхаьчначохь, нагахь санна уьш дIакховдош долчу куьйган пIелгел сов белахь, куьг кховдорах кIелхьарволуьйту нохчаша салам луш вверг.
Дихкинчу доьхкарал лахахь куьг дIа ца кховдадо, дIа а ца оьцу.
(С.-М. Хасиев «Даймохк» газет, № 13, 2006 шо)
ДIахIоттар а, охьахаар а хила деза оьзда. Шен дегIана паргIато лоьхуш, ваьржина хиъна Iар товш дац.
Ирахь латтар оьзда лерина, нагахь аьрру когана тIе вазвелла, аьтту паргIат боккхуш, цуьнан кIажа аьрручун хьорканца нисбеш, когийн буьхьигаш цхьа буй биллал дIасатесна, дIахIоьттина хилча.
ГIанта тIехь йа лекхочу меттехь цхьа ког вукхул кIеззиг хьалха тетина, голаш бертиг санна, йаьржина йоцуш, охьахаар ду магийначех.
(С.-М. Хасиев «Даймохк» газет, № 13, 2006 шо).


