Вешан мотт Iамабахь, кхидолу меттанаш а дика Iемар ду вайна
Шахтамиров Рахим
Тахана нохчийн мотт кхиорна тIехьажийна вайн Iедало йеш йолу терго тоъал йу аьлла хетий хьуна?
Нохчийн мотт кхиорна а, иза баржорна а, иза Iамон луучунна а, бийца, лелон луучунна а Iедало йина терго а, хIора денна деш долу гIуллакхаш а тIех сов ду. Коьртаниг вайна ваьшна лаар ду, вайн йукъаралла дIадаханчу бIешеран чаккхенехь дуьйна лайначу халонаша Iадийна, йуха дегнаш човхийна, сингаттамаша гIелдина дара, Делан орца хьалха даьлла, ткъолгIа бIешо чекхдолуш, Дала Цуьнан гIазот къобалдойла, Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа орцаха ца ваьллехь кху дуьненара дIадолучу киртига тIе а хIоьттинера. Делан къинхетамца вай цу балех хьалхадевлира. Ахьмад-Хьаьжас, Дала Цуьнан гIазот къобалдойла, кху вайн къоман сирлачу таханенан дуьхьа шен дахар дIаделира. Тахана Цуьнан весеташ, Цуьнан доIанаш, сирла сатийсамаш кхочуш беш, вайн Мехк-Дас Ахьмад-Хьаьжин Рамзана массо хIума до мохк кхиийта, къоман дахар кху дуьненахь уггаре а тоьлла хилийта, кху къомана йукъахь шен мотт а, меттан йоза а хилийта, ненан мотт кхиийта. Иштта вайн Мехк-Дас Ахьмад-Хьаьжин Рамзана деш диканаш а долуш, хIора а нохчи декхар ву шен мотт шена Iамон а, шен тIаьхьене иза иштта цIена дIакховдон а. Дала мукъ лахь, иза иштта хирг хиларх тешна а ду вай.
Аш арахоьцуш долу газет дерриге а нохчийн маттахь ду. Ткъа хIинца, вайна хууш ма-хиллара, нохчийн йоза хууш берш а дукха бац, вайн маттахь йаздеш болчу белхахошна тIехь хало-м йац шун?
Бакъду, 1923-чу шарахь дуьйна нохчийн маттахь арадолуш ду «Даймохк» газет, иза боккха беха некъ а бу, йа, ма-дарра аьлча, цхьа оьмар йу. ХIара газет вайн къоман синкхетаман куьзга хилла ца Iаш, къоман меттан цхьа боккха хIоллам, хIара къам дийна, дехаш хиларан коьрта тоьшалла, паспорт ду аьлла, а хета суна.
ХIокху газетехула кхуьуш чекхбевлла бу кху махкара гIарабевлла хилла болу, хIинца болуш болу йаздархой, поэташ, журналисташ.
ХIокху тIаьхьарчу заманахь кху махкахь хилла тIемаш, бохийна, хьийзийна нах, цара лайна халонаш бахьанехь адамаш жимма херадевллера шайн меттан йозанна, хIинца, Дала мукъ лахь, тIебоьрзуш бу, кхуьуш къона йаздархой, журналисташ, поэташ а бу. Оха церан говзарш вайн бахархошна йовзуьйтуш гIуллакхаш а до. Иштта, денна, толуш дIадоьдуш хилча, суна вайн махкахь нохчийн маттахь йаздечеран къелла хIуттур йу аьлла а ца хета.
(ТIаьхье йеша рогIерчу номерехь)


