В Грозном открылась ледовая арена

В Грозном открылась ледовая арена

Раиса Тимаева Ледовая арена «Ахмат» – современный спортивный объект, который призван дать новый импульс развитию зимних видов спорта в Чеченской...
Маленькими шагами уверенно к мечте

Маленькими шагами уверенно к мечте

Иман Хамдиева За каждой большой наградой стоят не только сцена и аплодисменты, но и будни: споры, поиски, поддержка и моменты, когда хочется всё...
Новая эра в спортивной истории ЧР

Новая эра в спортивной истории ЧР

Милана Итиева Совсем скоро начнется новая эра в истории спорта Чеченской Республики: состоится торжественное открытие первого современного...
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины

«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины

Раиса Тимаева В рамках реализации нацпроекта «Молодежь и дети» в Грозном и районах республики прошел масштабный фестиваль «Кросс Единства».
Образование детей – в приоритете

Образование детей – в приоритете

Иман Хамдиева В Чеченской Республике уже более 240 семей воспользовались средствами материнского капитала для оплаты образовательных услуг своих...
Лучшие в спортивном туризме

Лучшие в спортивном туризме

Лалита Дэниева В Чеченской Республике состоялись республиканские соревнования по спортивному туризму, посвященные Году единства народов России.
В Грозном открылась ледовая арена
В Грозном открылась ледовая арена
Маленькими шагами уверенно к мечте
Маленькими шагами уверенно к мечте
Новая эра в спортивной истории ЧР
Новая эра в спортивной истории ЧР
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины
Образование детей – в приоритете
Образование детей – в приоритете
Лучшие в спортивном туризме
Лучшие в спортивном туризме

Карахь бер а долуш йогIу зуда, воккха стаг йа кхин шена бехке стаг дуьхьалкхетча, букъ тухий, соцу иза тIехваллалц (бер охьадилла а, кхечуьнга дIадала а тарло). Воккхачух бехклацаран, цуьнга болу леерам гайтаран гIиллакхан кеп йу иза.

Исмайлин Дуда хиллера шен новкъа воьдуш. Дуьхьалкхетта цунна жима зуда, карахь бер а долуш. И шена дуьхьалвогIу гича, нана, и бер охьа а диллина, йустахъйаьлла.

(Нохчийн фольклор)

Кхайкхаза ловзарга йа синкъераме йоьдуш дац нохчийн йоI. Леррина тIаьхьа а богIий, дегара-ненера пурба доккхий, йуьгу ишттачу мете йоI. ДIайиггинчо цIа а йалайо.

Шайн кертахь ловзар йа синкънрам хилча, гергарчу божарех цхьаъ вохуьйтура хIетахь, дега, шен йоI цо цига йаийтахьара аьлла, дехаре. ЙоI дIайиггинчо йуха а йалайора.

(А. Айдамиров. «Тхан эвлахь»)

Воккханиг чувеъча, кегийнаш хьалагIовтту, цуьнан пурббанца бен охьа а ца ховшу. Хенара, къена стаг вац вуьйцург, цхьа де бен вацахь а, шел воккхачуьнца лело догIуш гIиллакх ду иза. ХIусамда, мила чувеъча а, жима-воккха ца бохуш, хьалаайало доьзалал арахьарчу стагана. Стаг тIевеъча, зуда хьалагIоттуш ду. Бехке зуда (нана, зуда-хьаша, денйиша, ненайиша, стунйиша)  чуеъча, стаг а гIотту хьала. И гIиллакх лардан догIу йукъараллин меттигашкахь а, транспорта тIехь а, балха тIехь а.

– Хьамид, ма валахьа кетIа кхаччалц. Хьан могашалла дика а йац, цу тIе а тхо хьол дуккха кегий ма ду, – дехар дира Iусмана.

– ВогIур вар-кха, валлахIи-биллахIи, – хьалхавелира воккха стаг царна. – Нагахь ас а, СА санначара а дайх дисна иштта гIиллакхаш ца лелийча, кхана аш а лелор ма дац уьш.

(А. Идрисов. «Дешан да»)

Лаьттара схьаэца езаш хIума елахь, охьа ца таьIаш, охьа а лахлой, оьцу йоIа схьа.

ДIавоьдучунна тIаьхьа цкъа «хIей» аьлла кхайкхира Мушу, тIаккха шозза-кхузза шок а туьйхира. Амма Йага, йуха ца хьожуш, воьдура.

Ведда, цул хьалха а ваьлла, ши куьг хаьнтIе а хIоттийна:

– Ахь хIун до, хьайна ца хезачуха? Ма чIогIа дегабааме хилла хьо, хила-м ткъа, – элира цо.

– Нах санна, гIиллакхе кхайкхахь, хьоьга а ладугIур ду-кх ас, - жоп делира Йагас.

(Хь. Бурчаев. «Дегабаам»)

Оьзда дац йукъараллин меттигашкахь, вогIуш-воьдуш нох дохуш санна гайтар (сегIаз Iийшар, хIуш даар, хIума йаар).

Иштта вогIуш, воьдуш трамвай тIехь, автобус тIехь цигаьрка ийзар, хIуш даар, хIума йууш бага хьейар гIиллакхехь дац. Цигаьрканна ша воьдучу дIакхаччалц сатоха мегар ду. ХIума шен цIахь йа кафехь йаа еза. ЦIа кхача генахь а велахь, тIекхочехь и йаа меттиг а йацахь, нах кIезиг болу меттиг а лехна, йуьстах а ваьлла, йаа еза хIума.

(Х.-А. Берсанов. «ГIиллакхийн хазна – ирсан некъаш»)

Хийра нах йа бехке нах (цIийнан баккхийнаш, стунцахой, ненахой) болчохь гоьл тIе ког боккхуш дац вайн. Нохчийн зударшна-м гоьл тIе ког баккхар бехке ду.

Зуда гоьл тIе ког баьккхина охьахаар оьзда доцуш лору нохчаша. Иштта охьахиъначу зудчо шега хIуъу ала а, дийца а мегар ду бохучу маьIнехь боккху гоьл тIе ког.

(Х.-А. Кадыров, М. Заурбеков. «Исламан сирлачу новкъахь»)

Хьенех мичахь Iаш ву, аьлла, шайн йуьртарар воцчу стага шега хаьттича, куьйган ишаршца хьаша дIаса а ца хьийзош, ша хьалха а ваьлла, цо боххуче дIакхето веза иза.

– КIант, – элира Iалис, – со ирзу тIе хьалавоьду, ткъа хьо, хIара хьаша КъосамгIарга дIа а кхетавай, суна тIаьхьавола…

(С.-Хь. Нунуев. «Гезгмаша»)

Зударий а, божарий а цхьаьнаийна, гатте йолчу меттигашкахь зударшна (къаьсттана баккхийчу зударшна а, мехкаршна а) баьрччехьара, паргIата меттиг йуьту.

Масала, синкъерамехь зудаберашна баьрччера меттиг къастайо. Автобус тIехь кегийчу наха мехкарий охьаховшийтича нийса ду, царна ирахь мелла а хала хиларна.

Ловзаргахь хьалхарчу могIарашкахь хевшина Iара къона мехкарий, коьртехь хиъна шайн тхьамда а йолуш. Царна тIехьа ирахьлаьттара дейтта-пхийтта шераш кхаьчна йоIарий а.

(М. Алиев. «ЦIен шовда» дийцар»)

ДагадогIий ва хьуна,

Къуша къола къайлах дуьйцучу

Цу хьалха оти чохь,

Шу баьрччехь ва долуш

тхо духхехь ва долуш.

(«Дади-Юрт йаккхаран илли»)

Ши стаг цхьаьна новкъа вогIуш велахь, воккханиг аьтту агIор хуьлу. Иштта аьтту агIо кхачо догIу шена бехкечу стагана а, дешначу стагана а, муьлхха шега ларам хила хьакъдолчунна а.

Новкъахь шиъ цхьаьна вогIуш, воккхачунна (духар беркъа долчунна, гIоранца эшна волчунна, дешначунна, говзалла лакхара йолчунна, хьешана, ненахочунна, стунцахочунна) аьтту агIо луш ду.

(С.-М. Хасиев. «Даймохк» газет, №13, 2006 шо)

Цхьаьна новкъа вогIуш кхоъ хилахь, воккханиг, йуккъехь, цул жиманиг аьрру агIор, угаре жиманиг аьтту агIор хир ву.

Новкъа воьдуш кхоъ цхьаьнакхеттехь, воккхачунна (йа кхин шеца ларам хила хьакъдолчунна) йуккъера меттиг кхачайо. Цуьнан аьтту агIо кхочу царах угаре жимачунна. Иза хьадалчин меттиг ларалуш йу. Воккхачул жиманиг йуккъерачунна аьрру агIор хIоттош ву. Аьрру агIор хIоьттинчун декхар ду, зуламах иза ларварал сов, цхьацца къамелашца воккхахволчун некъ бацбар. Iилманчашна гучудаларехь, аьрру агIор волчуьнга ладогIа аьтто сов бу.

(С.-М. Хасиев. «Даймохк» газет, №13, 2006 шо)

  • 1

Письмо солдату

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1