В Грозном открылась ледовая арена

В Грозном открылась ледовая арена

Раиса Тимаева Ледовая арена «Ахмат» – современный спортивный объект, который призван дать новый импульс развитию зимних видов спорта в Чеченской...
Маленькими шагами уверенно к мечте

Маленькими шагами уверенно к мечте

Иман Хамдиева За каждой большой наградой стоят не только сцена и аплодисменты, но и будни: споры, поиски, поддержка и моменты, когда хочется всё...
Новая эра в спортивной истории ЧР

Новая эра в спортивной истории ЧР

Милана Итиева Совсем скоро начнется новая эра в истории спорта Чеченской Республики: состоится торжественное открытие первого современного...
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины

«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины

Раиса Тимаева В рамках реализации нацпроекта «Молодежь и дети» в Грозном и районах республики прошел масштабный фестиваль «Кросс Единства».
Образование детей – в приоритете

Образование детей – в приоритете

Иман Хамдиева В Чеченской Республике уже более 240 семей воспользовались средствами материнского капитала для оплаты образовательных услуг своих...
Лучшие в спортивном туризме

Лучшие в спортивном туризме

Лалита Дэниева В Чеченской Республике состоялись республиканские соревнования по спортивному туризму, посвященные Году единства народов России.
В Грозном открылась ледовая арена
В Грозном открылась ледовая арена
Маленькими шагами уверенно к мечте
Маленькими шагами уверенно к мечте
Новая эра в спортивной истории ЧР
Новая эра в спортивной истории ЧР
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины
Образование детей – в приоритете
Образование детей – в приоритете
Лучшие в спортивном туризме
Лучшие в спортивном туризме

– Вуу, хIара ма тамашийна хIума ду! ХIара вайн лулахойн керта йоьду хинан шланг хьан саттийна-те? Сел дакъаза ваьлларг мила ву-те?

– Дада, и сан болх бу.

– И бохург хIун ду, кIант. Муха хьан болх бу? Аса маца Iамийнера хьо и сетто а, сел дакъазвийла а? Эхь дац и! И ду-кх иза, йуьхьIаьржо когаш кIел йу бохург. Ма чIогIа ледарло йаьлла хьоьгара! Уггар гергара стаг лулахо ма ву! Дика-вон хилча йиша-ваша а, гергарнаш а схьакхачале хьуна орцах венверг хьан лулахо ма ву. Сихаллехь, вайн чуьра цхьацца кега-мерза хIума чекхйаьлча, масане хуьлу туьха, сирникаш, бепиг, иштта дIа кхин а, вай лулахошка йеха ма доьлху. Лулахо ца хилча йиш йац вайн. Дахарехь, хьо вехачу заман чохь, цуьнца кIеда-мерза, дика хила веза. Ахь буучу кхачанах дакъа кхачийта деза, вовшашца чу-каре йеш, вовшашна гIо-накъосталла деш хила веза. Лулахойн кертахь болх бечу заман чохь церан керта хIотта веза, хьанех, хьуна соьгара накъосталла оьший, со гIо дан веана-кх хьуна, олуш. ХIара дуьне кIеззиг хIума йу. Цундела, хьуо хIокху дуьнене Iеха а ца войтуш, дика хила хьажа веза массаьрца а. 

– Дада, и лулахо вайца дика ца хилча хIун дан деза?

– ТIаккха а хьо дика хила веза, хьайн дикалла дIагайта йеза, и цIенчу даггара а хила йеза! Массо хIуман тIехь собаре а, тешаме хила а веза. ОьгIазло дика йац, оьгIазваха ца веза цкъа а. ОьгIазлоно стаг стогаллех воккху, вовшашца долу гергарлонаш хедадо, вовшашка болу безам а, тешам а бойу цо. Цундела боху ас, массаьрца а хьо-хьуо цкъа хьалха дика хила хьажа! Ша Iад ца дитича, жIаьло а ма туху ка. Цундела, лулахошца, нахаца кIеда-мерза хила веза. Вайна бусалба дино а ма хьоьху лулахошца дика хилар а, лулахо лара везаш хилар а. Нагахь санна со хьайна къинтIера вала лаахь, хьада, вало, сихха оцу вайн лулахошка а гIой, ма-дарра дIа а диций, уьш хьайна къинтIера баха!  ТIаккха со а вер ву хьуна къинтIера. Кхин ишттаниг суна хьайгара даьлла ма гайталахь!

– Мегар ду, Дада, ахь бохург дийр ду ас! (КIант лулахошка воьду).

– Ваша, во ваша!

– ХIо-вай! 

– Де дика хуьлда хьан, ваша!

– Далла везийла хьо а, марша вогIийла!

– Делера салам-маршалла хуьлда хьуна а, ваша!

– Схьа, чоьхьа вала, чай мер ду вайша! 

– Дика догIийла, гIоза молийла! Со хьо сайна къинтIера ваккха веана. Суна къинтIера валахь, ваша, йоккха ледарло йаьлла соьгара. (Корта охьа а бахийтина, лаьтта хьоьжуш Iара жима къонах шегара йаьллачу ледарлонна). Селхана аса, хи ца догIучу хенахь, тхайна хи схьадаийтархьама, вайн йукъара хьан хин шланг саттийнера. Ваша, суна къинтIера вер вацара хьо, ма ледарло йаьлла-кх соьгара!

– Дукха ваха хьо, схьавола вашина йуххе! (Коьртах куьг хьокхуш олу). Дера ваьлла со-м хьуна а, массарна а къинтIера, со тешна ву-кх ахь ишттаниг кхин дийриг ца хиларх! Кху деношкахь вайн цхьанне а ма дац и хи догIуш. Со воккхаве хьо хьайн гIалатна къера хиларна! Массо ма Iема шен гIалаташна тIехь, кхул тIаьхьа хьуна масал ду-кх ишттаниг. Хьо Iемар ву-кх ишттачух ларвала.

– Дела реза хуьлда хьуна, ваша! Со хIинца ара волу. 

– Мегар ду. Амин, Дела реза хуьлда вайна массарна а!

– Дада, Дада, со вахана веа, ас и вайн лулахо сайна къинтIера ваьккхи.

– Со а вели-кх хьуна къинтIера! Кхул тIаьхьа ишттачух ларлуш ваха. Даимна диканна баккха айхьа бокхуш болу ког, диканна кховдаде айхьа кховдош долу куьг, хьоьжуш болу ши бIаьрг дикаче хьажабе, кхоллуш долу рицкъ хьаналниг кхалла, ладугIуш долчу шина лерга дикачуьнга ладогIа, диканиг схьаоьцуш хила, йеш йолу ойла цIена а, дика а хилийта! ТIаккха хьо кхуьур ву вуьззина къонах!

– Дала мукъ лахь, Дада!

  • 1

Письмо солдату

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1