В Грозном открылась ледовая арена

В Грозном открылась ледовая арена

Раиса Тимаева Ледовая арена «Ахмат» – современный спортивный объект, который призван дать новый импульс развитию зимних видов спорта в Чеченской...
Маленькими шагами уверенно к мечте

Маленькими шагами уверенно к мечте

Иман Хамдиева За каждой большой наградой стоят не только сцена и аплодисменты, но и будни: споры, поиски, поддержка и моменты, когда хочется всё...
Новая эра в спортивной истории ЧР

Новая эра в спортивной истории ЧР

Милана Итиева Совсем скоро начнется новая эра в истории спорта Чеченской Республики: состоится торжественное открытие первого современного...
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины

«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины

Раиса Тимаева В рамках реализации нацпроекта «Молодежь и дети» в Грозном и районах республики прошел масштабный фестиваль «Кросс Единства».
Образование детей – в приоритете

Образование детей – в приоритете

Иман Хамдиева В Чеченской Республике уже более 240 семей воспользовались средствами материнского капитала для оплаты образовательных услуг своих...
Лучшие в спортивном туризме

Лучшие в спортивном туризме

Лалита Дэниева В Чеченской Республике состоялись республиканские соревнования по спортивному туризму, посвященные Году единства народов России.
В Грозном открылась ледовая арена
В Грозном открылась ледовая арена
Маленькими шагами уверенно к мечте
Маленькими шагами уверенно к мечте
Новая эра в спортивной истории ЧР
Новая эра в спортивной истории ЧР
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины
Образование детей – в приоритете
Образование детей – в приоритете
Лучшие в спортивном туризме
Лучшие в спортивном туризме

Сочинени

Гагаева Мелхазни,

Энакхаллан йуккъерчу ишколан дешархо

Цхьана а деших, ахчанах эца а, терзанца оза а йишйоцу хазна йу ненан мотт. Дуьненан къаьмнашна йукъахь вайх къам дийриг а – иза нохчийн мотт бу. Цунах доьзна ду вовшийн уьйраш, гергарло, хазахетар, халахетар, халкъан сий, къонахчун йахь, хьекъал, кхетам...

Халкъан кица ду: «Мотт бу – къам ду, мотт бац – къам дац». Ненан маттал деза хIума хила йиш йац къоман кхолламехь, хIунда аьлча, мотт байча къам, дуьненан букъ тIера дIадов. Даймохк а ца буьсу цуьнан – къоман бен хуьлуш бац Даймохк. Ткъа къам матто латтош ду. Ненан маттахь долу йоза-дешар ца хаахь – иза доккха сакхт ду. Халахеташ делахь а, и санна сакхт долуш берш вайна йукъахь хIинца а хаалуш бу. Стаг мел оьзда, гIиллакх долуш йа лакхарчу даржехь хиларх ненан мотт кхоччуш ца хаахь, цуьнан мах хадабойла дац. Нийса ца лоь аьлла хета нохчийн мотт къен бу, бийца хала бу олуш хезча. Шен синан кхача лоруш волчунна цкъа а хилла бац бийца хала йа чолхе. Къайле йац, нохчийн мотт сийлахь-баккхийчу Iилманчаша, йаздархоша шена тIе тидам бахийтарца теллина а, хьалдолуш лерина а хилар.

Мотт вай лар ца бахь, цуьнан сий ца дахь, вайн къоман сий а дужур ду. Ненан мотт xlopa къоман, халкъан а культурин бух хиларе терра, иза мелла а кIорггера дика Iамор вайн хIоранна а декхар ду. Оцу хьокъехь нийса йаздина ненан маттах лаьцна йаздархочо К. Паустовскийс xlapa дешнаш: «XIора стеган а шен маттаца йолчу йукъаметтиге хьаьжжина, цуьнан культурин барам къастийна ца Iаш, цуьнан граждански мехалла кхоччуш нийса къасто мегар ду».

Шен махке бакъ болу безам хила йиш йац матте безам боцуш. Муьлхачу а къоман коьрта билгало а, къам шена мехаллех, гIиллакхех, эхь-бехках, Iадатех ца долуьйту мокхазан чIагIо а йу мотт. Цуьнах херадаьлла адам, лакхахь хьахийначу сийлаллех хер ца луш ца дуьсу. Ткъа мотт биц бинчо шен кхерч, ша схьаваьлла бух, дайн мохк бицбо. Цунна шен селханлера де а, кханенга боьду некъ а ца хаьа. Цундела ларамаза дац вай тахана дуьйна Iадаташ, эхь-бехк, ийман меттахIоттор ненан мотт кхиорна, марзбарна тIера дIадодала деза бахар а. ГIиллакх, оьздангалла, йуьхь-йахь йовзуьйту цхьаъ бен боцу гIирс бу иза.

Нохчийн мотт – иза деккъа йоза-дешар хилла ца Iа. Ненан мотт – иза гIиллакх ду, культура йу, тезет лелор, зуда йалор-йигар ду, илли, литература, ловзар-синкъерам бу, халкъан йуьхь, куьзга, адамал йу. И мотт вайн ца хилахь, орам боцчу диттах тарлур ду вайн къам, йа пачхьалкхе а хир йац. Ненан маттал деза хIума стеган дахарехь хуьлийла дац. Иза Iамор а, цунна богIуш болу тидам тIебахийтар а – иза вайн нохчийн коьрта декхар ду. Масала: литературин урокашкахь дешархошка шайга бойтуш болу болх вовшах тохар – иза йоза-дешар Iаморан уггаре а мехалчу гIуллакхех цхьаъ ду. Дешархоша шаьш бечу балхаца кхочушдо программни материал жигара карайерзор, берийн хьекъал, кхетам, тидам бар кIаргдо, лакхадоккху. Л. Н. Толстойс цу хьокъехь Iаламат нийса аьлла: «Нагахь дешархо школехь ша ойла йан, хIума кхолла а Iамийна вацахь – иза дахарехь а даима дуьххьал дIа кхечарах тарвала гIерташ, кхечо динарг дан гIерташ хир ву». Нохчийн меттан, литературин хьехархойн декхар ду программа йуьззина карайерзоре кхаьчна ца Iаш, дешархошна ойла йан, шен дагахь дерг нийса, гIиллакхийн дазонаш лардеш, уьш вовшашца цхьаьна дузуш дийца а, йаздан а.

Литературин урокашкахь билгал йолчу Iалашонца, кIорггера кхио йеза дешархошлахь дика ойланаш, гIиллакх, оьздангалла, дуьнене хьежам, шен къоме, шен халкъе, Даймахке болу безам, доттагIалла. Муьлхха а цивилизованни къам, пачхьалкх беа богIам тIехь лаьтта – дешарна, могашаллина, культурина, экономикина. Царах коьртаниг – дешар, Iилма ду. Дешаро, Iилмано кхиадо къоман хьекъал, кхетам кIаргбар, шорбар, эзарнаш шерашкахь кхоьллина, гулдина диканиг, пайдениг, оьзданиг, хазаниг. Iилма, истори, мотт, культура, говзаллаш тIекхуьучу тIаьхьенашка дIалуш ларйо, кхитIе а кхиайо, дуьне довзуьйту, дахарна Iамадо. Вайн къоманна тахана а, кхана а гуттаренна а оьшург ши Iилма ду – къам ийманехь кхио бусалбачу динан Iилма а, къоман дахар кхолла – дуьненан Iилма а.

Дуьненан Iилма ца Iамийча, вайн къоманна дуьне а девзар дац, шен дахар кхолла а хуур дац. Хьехархочо урок дIахьош, хуьлийла и нохчийн меттан йа литературин урок, цунна хаа деза гуттар а ша кхочушдан дезаш долу декхар: иза доьзна ду вайн меттан сийлалла, хазалла, культурин мехалла йовзийтарх. XIара дерриге а дуьне дуьзна ду Делан къинхетамах. Дала къинхетам бо Ша мел кхоьллинчу хIуманах: адамах, Iаламах. Дала лар дойла вай Цо Шен къинхетамах дахарх.

Мах хадо йиш йоцуш деза ду Кунта-Хьажас аьлла дешнаш, цо бина кхетам а. «Ас диъ хIума дуьйцур ду шуна, – аьлла цо. – Царах шиъ аш диц дан дезаш ду, ткъа важа шиъ гуттар а дагахь латто дезаш ду. Шаьш нахана дина дика дицделаш; иза аш дийцахь, и динера аьлла, Делера йал хир йац шуна. Шайна наха дина вон а дицделаш; иза диц дарца шу цунна генадовлу, иза шух дIакъаьста. Ткъа цкъа а диц ца деш, аш дагахь латто деза ши хIума: вай Далла дезаш хилар а, Далла дуьхьал хIитта дезаш хилар а ду».

  • 1

Письмо солдату

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1