ХIетал-метал хаийла хьуна:
Мукъачеран, мукъазчеран,
Нагахь йукъахь далахь дов,
Машар барца дехьа, сехьа,
Кхуьйсу оха, даккхий ков.
Алал, доттагI, дов дIадерзош,
ХIун дан деза сиха ахь?
(Къасторан хьаьркаш)
ХIетал-метал хаийла хьуна:
Ша букъ хьаьвзина лаьтташ йу,
Ша хIоттийнчохь, жоп доьху,
Хьава, йогIий ишколе...
Алал, цигахь хIун хьаьрк йогIу?
(Хаттаран хьаьрк)
ХIетал-метал хаийла хьуна:
Ша тIеда санна лаьтташ бу,
Цо гойтуш берг хилам бу.
Вайгахь даима хьеший бу
Алал, цигахь хIун хьаьрк йогIу?
(ТIадам)
ХIетал-метал хаийла хьуна:
Ша мара санна латташ йу,
Шена бухахь а тIеда бу.
Со инзаре цо цецвоккху,
ДIахьовсийша, сан доттагIий
Ма хаза бу, хьо сан Даймох...
Алал, цигахь муьлха хьаьрк йогIу?
(Айдаран хьаьрк)
ХIетал-метал хаийла хьуна:
Лакхара хьоьжу соьга чу,
Шен духарца бухь гуш бу.
Аьхка бежнаш оьце воьду,
Инзаре генахь хеташ воьду,
Воьдуш кIадлой хеда са,
Алал, стенга воьду со?
(Лома)
ХIетал-метал хаийла хьуна:
Кетарх хьерчаш, когаш шершош,
Беснеш зийзош, мохо идош,
Берийн йаьххьаш къагайеш,
ДогIу, латта ша кIайдеш.
(Iа)
ХIетал-метал хаийла хьуна:
Нанас йина йац,
Дена йина йац,
Йу сан йиша,
Динехь йеза.
(Шурин йиша)
ХIетал-метал хаийла хьуна:
Йуьхьанца лахахь,
Ткъа денна генахь.
Охьа ца йоьду,
Ткъа хьала йоьду.
(Хан)
ХIетал-метал хаийла хьуна:
Цхьанна хуьлу со,
ТIулга тIехь зезаг,
Вукхунна хуьлу со,
Ша тIехь гIала.
(Ирс)
ХIетал-метал хаийла хьуна:
Хилла доцуш дика, вон,
Iенадо цо бIаьрхиш вайн.
(Хох)
ХIетал-метал хаийла хьуна:
БIаьста тIедуху духар,
Гурахь дIадоккху духар.
(Дитт)
ХIетал-метал хаийла хьуна:
Куьркахь кхерзина,
Хьерахь аьхьна,
ЦIергахь йеттина,
Шурех ийна.
(Сискал)
ХIетал-метал хаийла хьуна:
Могуш хилча иза эшац,
Цомгуш хилча, дагайогIу.
Цуьнца иза хьалайолу,
Метта веъча, охьайолу.
(Градусник (дагар дустург)
ХIетал-метал хаийла хьуна:
Ломал дехьа Ислам ву,
Ломал сехьа Бислан ву,
ЧIогIа къуьйсуш ши кIант ву,
Ша-ша нийса хеташ ву,
Алал царах бакъ муьлха ву?
(Ислам)
ХIетал-метал хаийла хьуна:
Йац ас и кхиийна,
Кхиийна схьайелла.
Диканиг нислахь, йу иза йоI,
Ткъа вониг нислахь бу иза баI.
(Нус)
ХIетал-метал хаийла хьуна:
Са тесча йоду,
Са дайча йогIу.
Нана уллохь ца хилахь,
Бераш чIогIа кхоьру цунах.
(Буьйса)
ХIетал-метал хаийла хьуна:
Нехийн мостагI,
ЦIано йезаш.
Зудрийн доттагI,
Куьйгах леташ.
(Нуй)
ХIетал-метал хаийла хьуна:
Цхьаъ, шиъ, кхоъ, диъ, пхиъ, йалх,
РагI ца йухуш дIауьду,
Цхьаъ цхьаннал сов ца дуьйлу
Хьалха тIаьхье ларйеш йу.
(Терахь)
ХIетал-метал хаийла хьуна:
Йаахь шийла ахь морожни,
Хьайна тIехь шийла лелахь хьо.
ЙогIий йестий и схьакхочу,
Йоккха хуьлий буьрка шех,
Къурд ца балуш, хIума ца йаалуш.
Мел чомехь, и хиларх мерза.
Дагаро ша цIергахь вотту,
Туьйсуьйтуш хьан дегIах цIе.
(Ангинаш)
ХIетал-метал хаийла хьуна:
Аьтту агIор валахь,
ДIачIогIу сайн ков.
Аьрру агIор валахь,
Доьллу ас сайн ков.
(ДогIа)
ХIетал-метал хаийла хьуна:
Араволуш аранехьа,
Чуволуш чоьхьанехьа.
(ТIам)
ХIетал-метал хаийла хьуна:
Шарахь цкъа бен догIуш дац,
Шеца беркат шортта ду.
Берахь дуьйна туьйса са,
Хиларе дуьнен чу са.
Йуххе йохке бедарш хуьлу
Араэккха кийча хуьлу.
Алал, доттагI, и хIун де ду?
(Марха досту де)


