В Грозном открылась ледовая арена

В Грозном открылась ледовая арена

Раиса Тимаева Ледовая арена «Ахмат» – современный спортивный объект, который призван дать новый импульс развитию зимних видов спорта в Чеченской...
Маленькими шагами уверенно к мечте

Маленькими шагами уверенно к мечте

Иман Хамдиева За каждой большой наградой стоят не только сцена и аплодисменты, но и будни: споры, поиски, поддержка и моменты, когда хочется всё...
Новая эра в спортивной истории ЧР

Новая эра в спортивной истории ЧР

Милана Итиева Совсем скоро начнется новая эра в истории спорта Чеченской Республики: состоится торжественное открытие первого современного...
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины

«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины

Раиса Тимаева В рамках реализации нацпроекта «Молодежь и дети» в Грозном и районах республики прошел масштабный фестиваль «Кросс Единства».
Образование детей – в приоритете

Образование детей – в приоритете

Иман Хамдиева В Чеченской Республике уже более 240 семей воспользовались средствами материнского капитала для оплаты образовательных услуг своих...
Лучшие в спортивном туризме

Лучшие в спортивном туризме

Лалита Дэниева В Чеченской Республике состоялись республиканские соревнования по спортивному туризму, посвященные Году единства народов России.
В Грозном открылась ледовая арена
В Грозном открылась ледовая арена
Маленькими шагами уверенно к мечте
Маленькими шагами уверенно к мечте
Новая эра в спортивной истории ЧР
Новая эра в спортивной истории ЧР
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины
Образование детей – в приоритете
Образование детей – в приоритете
Лучшие в спортивном туризме
Лучшие в спортивном туризме

Йуьртарастагвелча, шенаьттонеа, шаохIлахилареахьаьжжинагIуллакх-балхехьожуш, тезетлардандеза.

Да йа ваша ваханера аьлла, тезета ца воьдуш Iан мегар дац. ХIоранна а тIехь ду тезета хIоттар.

– ЦIахь вуй Iелам? – хаьттира кетIа веанчо.

– ШолгIа де ду, иза кху йуьртара воккха стаг кхелхинчу тезетахь волу, – жоп делира зудчо.

– Iеламан гергарчарех вара и кхелхинарг? Со ваха везаш меттиг-м йац-те иза?

– Йуьртара хилар бен, кхин гергарлонех вацара. Ас цIа кхайкхийта иза?

(М. Алиев. «Мангалан хенахь»)

Йуьртахь тезет дальча, и дIадерззалц ловзар а, говраш хахкар а, кхин синкъераме гIуллакхаш а вовшахдетташ ца хилла вайн. Ур-аттала, вуон деанчу кертана говрахь тIехволуш, мелхо а говрара вуссий тIехволуш хилла. Тезет даьллачеран ков-кертахь дан долийна гIуллакх делахь – иза а, кха тIехь дан деза гIуллакхаш а йуьртахоша чекхдохуш а хилла.

Вайнехан уггар дикачу гIиллакхех цхьаъ ду веллачун сийдар. Оцу гIиллакхо нахана доьхкура стаг веллачу йукъана йуьртахь ловзар дар, синкъерам вовшахтохар, герзаш кхийсар, веллачун доьзал бехачу кетIахула говрахь дIасавалар.

(А. Айдамиров. «КIант веллачу дийнахь»)

Тезета тIе воьдуш, цкъа саца а соций, дIасахьожу, тIаьхьавогIург тIекхуьуьйту, воккханиг велахь, иза хьалхаволуьйту, верасаш мичахь бу, баккхийнаш мичахь бу, долийна хабар ду-дац хьожу. Цул тIаьхьа, доIа деш волчунна кхо-йиъ гIулч герга а воьдий, салам ло. Кадам биначул тIаьхьа, верасашна йукъа ца хIутташ, бегIийла йолчче йуьстахволу, охьахаа алахь, охьахуу.

Коьрта хIума тиллина воьду тезета. Берзинчу когаш тIе туьйдинчу мачашца а, спортивни бедаршца а товш вац стаг нахана йукъахь.

– Ассалам Iалайкум, – кадам оьцучунна тIекхача ши-кхо метр йисинчу хенахь салам а луш, куьйгаш хьалалецира БIахос а, кхуьнан накъосташа а.

(М. Бексултанов. «БIахон тезет»)

Тезетахь забарш йар, беламе дош алар догIуш дац. Бухахь йуьртара коьрта болчара шега ца аьлча, тIевеанчун хьехамаш бан бакъо йац.

Новкъахь дуьхьалкхетча доIадар догIуш дац. Веллачунна «Дала гечдойла» аьлча тоьар ду.

(Х.-А. Берсанов. «ГIилла-кхийн хазна – ирсан некъаш»)

Шайн стеган карах нехан стаг велча, бехкечуьнан гергарнаш (верасех берш), цIера бовлуш ду. Куьгбехке боцурш, йуьртах баьхна, тIе ца буьтуш, бахбалийтар гIиллакхе ца лору.

Тезет дIа ма-дирззи, баккхийчу наха, и дов кхин кIарг ца далийта, маслаIатна баккхийнах йукъабехира царна.

(М. Гадаев. «Вер-витар»)

 

Зуламна бекхам бийр буй-баций бохург нохчаша шеконе ца дуьллу, хIунда аьлча, хьан шеца гIуллакх деана стаг мел гIийла хеталахь а, муьлххачу нохчичун ницкъ цуьнан верасаллехь бу, цундела хан-зама йаларх хIума декхаза ца дуьсу. Амма, нехан дехарна жоп луш, маслаIат дар къонахалла лору, хIуьттаренна, гамонна доцчунна-м муххале а.

Амма, шен доьзалхо карах велларг а вуьтуш, цунна гечдеш ду вайнехан, нагахь иза даредарца (шен бехкана къерахиларца) а, гечдар дехарца а тIевеача.

(Н. Музаев. «Органан тогIехь»)

Тахана а нохчашна йукъахь лелачех ду чIиръэцар. Амма цуьнан а бу шен бехкамаш. Мегаш дац, чIир оьцу аьлла, карахь герз доцчу стагана герз тоха. Иштта магош дац нехан йуьртахь, нехан кертахь йа хийрачу стагана уллехь стаг вер а. Иштта дихкиначех ду охьавоьжначул тIаьхьа стагана тохар а.

Цкъа, кIело йича, карахь цхьа а герз доцуш нисвеллера (царна шайн мостагI – ред.) Себара тохийтина йацара, герз а доцуш волу стаг вийча, наха бехкбуьллур бу аьлла…

ШолгIа кочахь топ а, йукъах шаьлта а йолуш нисвеллера, амма цуьнца кхин стаг хиллера. Нехан стагана йуххехь вер а ца тарделла, тIаккха а витинера.

Оццу варшахь кхозлагIа кIело йина хIорш болуш, вогIуш хиллера Саьлмирза. Ша. Йукъах шаьлта а йолуш.

Шега тохийтахьара цунна топ аьлла, хьаьвзинера Асхьаб. Ткъа дас аьллера:

– Цуьнгахь топ йац. Тапча йац. Цуьнгахь йерриг тухур йу вай а.

(М.-С. Гадаев. «Вер-ваккхар»)

– Охьавоьжначул тIаьхьа тоха мегаш дац стагана. Дийна и хилча а. ЖIаьло жIаьла а дуьту охьадоьжча. ОьгIазвахарх йицъйан мегар дац адамалла.

(М.-С. Гадаев. «Вер-ваккхар»)

Шена тIехь чIир йолу стаг, цIийнах волий, дукхахьолахь нехан йуьртахь хьаша лоций Iа (шен карах стаг валар шен бехкенна хиллехь а, ца хиллехь а).

Дуьненан синкъерамах хедий, шен хьашт-дезарш дуьтий, шен мостагIашна товр доцург ца долуьйтуш, гIиллакх леладо цо цаьрца. Гечдина, ша тIевитча а, ша велла дIаваллалц, уггаре а бехкечу нахаца санна, гIиллакх леладо цо шен карах стаг веллачу нахаца.

ЧIирхо цкъа а нехан бIаьра ца хьожу, говрахь эвлахула ца лела, синкъерамашкахь ца хуьлу, ца хуьлу адамаш гуллучу меттигашкахь. ЧIирхочо корта ца бошу, маж, мIараш ца тоьду, керланиг тIе ца йуху, адамаш долчохь ца воьлу. ЧIирхо хьалагIотту жима бер, зуда тIехйолуш. Ишттачу чIирхочунна геч а до.

(С. Юсупов. «Хеназа хьаша»)

Ша, венза ца ваьлла, маьрша стаг вийна,

Валлал воцчу хенахь дех-ненах ваьлла,

Валлал воцчу хенахь

нийсархойх ваьлла,

Валанза ца ваьлла йуртах а ваьлла,

Шен хьалхарчу наха йуьртах

валар магийча,

Ша йуьртах велир, бах,

Таркхочун жима кIант.

(«Таркхочун кIентан, нохчийн кIентан илли»)

ЧIиръоьцу аьлла, куьг бехкевоцург вер нохчийн гIиллакхашца догIуш дац (Iадато и доьхкуш дацахь а), бехкениг дийна а волуш-м муххале а.

Эххара а шайн дегнаш оьгIазаллах даьстира Хьуьсин некъаша. Куьгбехкениг воцург, кхиболчарна массарна а шайн-шайн цIабахка а, маьрша дIасалела а бакъо йелира масех йуьртара гулбеллачу нахана хьалхахь.

(ХI. Цебиев. «Сихалла» дийцар)

Боьршачу стагана тIара тохар бехке ду. Иштта бехке ду, стаг атта хеташ, сийсазчу дешнашца цунна тIечовхар. Масала, «стаг вац хьо», «боьрша йоцу хIума», дена, нанна алар. Ишттаниг бекхам боцуш ца дуьту.

Хьерваьлла-х ваций хIара, нохчичун мекх озо! Уьш-х, шайна йаппарш йича а, шаьлта а йоккхий, чугIурту. Мекх озочул, тур йа тапча тоьхнехь гIоли ма йара цунна. Герзаца йина чов гечйо нохчичо. Амма ца гечдо шена буй, тIара, мийра тохар.

(А. Айдамиров. «Лаьмнашкахь ткъес»)

Цхьана бахьанина шен марха дацахь, мархийн баттахь йукъараллин меттигашкахь а, марха долчу доьзалан охIланашна а ша хIума йууш гайтар гIиллакхехь дац.

Шен накъостий а кхайкхина, уьйтIахь шун а хIоттийна, диллина ков а долуш, сакъоьруш кIант карийна да оьгIазвахара.

– Бусалбанийн мархийн бутт а болуш, кетIахула дIасалелачу царна а гуш, хIара шун хIоттийна царна гайтар нийса дац хьуна, сан кIант, – бехкбаьккхира цо.

(Нохчийн фольклор)

Нехан хIусамехь туьха-сискалх кхетар деза лоруш ду нохчийн, вуьшта аьлча, шена шун хIоттийначу доьзалан охIланаш стагана бехке ларало, цаьрца дов-чIир лело йиш йац, захало дойла йац.

Шахьбин шогачу дешнаша дог датIийначу МIаьчиган и човхо ойла хилира. Амма, ша цуьнан хIусамехь а, хIинцца цуьнан шуьна тIера гIаьттина а хилар дага а деана, сацавелира.

(А. Айдамиров. «Еха буьйсанаш»)

– Хи мел дезачарна доьзийла шу! – хин къурд бира Куржана. – Со хIинца кху цIийнан йоI хили-кх!.. ХIинцачул тIаьхьа со бахьанехь йуьхьIаьржо йогIур йац кху цIенна тIе!

(Н. Музаев. «Органан тогIехь»)

Шуьнан оьздангаллин коьртачу лехамех ду йуучунна тIех сутара цахилар, шуьнехь йоцург коьртах ца йохуш, шена хьалха йиллинарг йаар.

Оьздачу стага шен цIахь, хьошалгIахь санна, йуур йу хIума.

(Халкъан кица)

Тхан хилац берстана нах, стеган дегI дуткъа, элдара хила деза.

(А. Айдамиров. «Еха буьйсанаш»)

Бож-Iела. Даккхий хабарш ма дийцахьа, Сутарби. Гай тIе пIелг Iоьттича, гала Iуьллу меттиг а хаалуш хила йеза оьздачу стеган гIодайукъ.

(I.-Хь. Хамидов. «Бож-Iела»)

Таркхойн Шовхала Нохчийчуьра бу боху кIентий ша волчу хьошалгIа кхайкхина хилла. Iуьйранна уггаре дуьра кхача хьалхабиллийтина цо хьешашна. Хьеший, йаайеззачул хIума а кхаьллина, дIабевлла. Делккъехь уггаре чаьмза йуург хьалхайиллийтина, тохара санна, хьешо йуъучул хIума а йиъна, дIабевлла уьш. Суьйранна чомехь пхьор хьалхадиллина хьешашна. Iуьйранна а, делкъехь санна, кIеззиг хIума а йиъна, уьш дIабевлча, Шовхала хаьттина:

– Ма тамашийна хIума ду шена гинарг. Дуьра а, чаьмза а, чомехь а хиларх, цхьатерра бен ца йиъна-кх аш…

Эвтархойн Ахьмада жоп делла:

– Хьан шуьнехь чемаш хержа даьхкина дац тхо. Нехан шуьнехь къонах а верстар вац, нехан хьаьвди тIехь дин а берстар бац.

(Нохчийн фольклор)

Шуьнехь нах дIатар-баларан шен чIагIбелла кеп йу нохчийн. Баьрччехь Iачу тхьамдина дехьий-сехьий (хьаша тхьамдаллина хаош ца хуьлу вайн), йуьртара-арара, генара-гергара, воккха-жима хилар хьесапе оьцуш, охьаховшабо нах.

Тхьамдина аьтту агIор, хийр-хийраниг хьалха а хаош, дIанисбо хьеший. Тхьамдина аьрру агIор ховшораш йуьртара, лула-кулара нах бу.

Нагахь санна шуьнна гонаха хIусамден ненахой, дехой цхьаьна нисбеллехь, хьалхарниш аьтту агIор ховшош ду, аьрру агIор тайпанан (цIийнан) нахана йогIуш йу.

Бухарнаш кхузза кхачанах кхета кхиънехь, тIевеънарг, паргIат йолчу меттиге охьа а хиъна, кхачанах кхета везаш ву.

(С.-М. Хасиев. «Даймохк» газет, №24, 2006 шо)

Дика-вуонехь дуккха а адамаш вовшахкхеттачохь божаршна а, ткъа иштта хьешашна а кхача хьалха буьллуш, схьаоьцуш, жимхалла лелош кегий нах хуьлу. Шена хьалха биллина кхача дIасатеттар а догIуш дац, тIехIиттийначу кегийрхошна хуур ду шаьш дан дезарг.

Хьешашна кхача неIаре кхаччалц зударша бохьу, ткъа хьалха кегийрхоша буьллу.

(А. Айдамиров. «Калугера йийсар»)

Кхача хьалхий-тIаьхьий охьабилларан рагI иштта хила йогIу:

тхьамда;

тхьамдина аьтту агIорхьа хиъна волчунна;

тIаккха аьрру агIорхьа Iачунна, и дI.кх. а, цхьанаэшшара дехьа-сехьа кховдош, дуьхе кхаччалц;

(С.-М. Хасиев. «Даймохк» газет, №27, 2006 шо) 

Бехкечу стагаца цхьаьна шуьне а ца хуьйшу, синкъерамехь, ловзаргахь а ца Iа, цуьнан дош а ца хададо. Къонахчунна бехке бу шен цIийнан баккхийнаш, ненахой, стунцахой.

Массо агIор а цо гIиллакх лело дезаш, цунна бехке бара оцу йуьртара нах:

цкъа-делахь – ненахой,

шолгIа-делахь – стунцахой.

(А. Айдамиров. «Генарсолтин хьуьнарш»)

Стунцахойн йа ненахойн йуьрта воьдуш, геннара говрара вуссий воьдуш хилла, йуха дIавоьдуш, йуьртах ваьлча бен говра хууш а ца хилла.

Тахана, машенахь велахь, йуьстахо машен а сацийна, гIур ву шена бехкечу нехан керта.

Йуьрта чу шаьшшиъ волале, говрара охьа а воьссина, цуьнан йуьхь лаьцна дIаволавелира Йунус. ТIаккха невцан накъоста а дира изза.

(С. Цугаев. «Накъостий»)

Лулахо вешел а бехке лору нохчаша.

Шена цадезарг оцу лулахочунна дезар доций а хууш, шена ца дезачу вуонах и шен лулахо лар а веш, тарвалар ду-кх бусалба стагана тIехь.

(Х.-А. Кадыров, М. Заурбеков. «Исламан сирлачу новкъахь»)

Жимачо воккхачунна, зудчо стагана некъ буьтуш ду вайн.

Шел жима велахь а, некъ буьту хьешана, ненавешина, стунвешина. Божарша а берах йолчу зудчунна некъ битар гIиллакхехь ду.

Анзор Бетаран кIента кIентан хеннара вара, амма, и чоьхьаваьлча, шен дегI нисдеш, дIахIоьттира воккха стаг, шена стунвешин кIента кIант иза хиларна.

(А. Умарова. «Анзор»)

  • 1

Письмо солдату

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1