Зайтемиров Сайдик
Раиса: Во, Хьасипат, во Хьасипат!
Хьасипат: Во вай!
Раиса: Хьо чохь йуй?
Хьасипат: Дера йу-кх, схьа чоьхьа йала! Марша йог1ийла хьо, Раиса!
Раиса: Делера салам-маршалла хуьлда хьуна, Хьасипат!
Хьасипат: Могаш, парг1ат Iаш дуй вай, Раиса?
Раиса: Далла бу хастам, дика Iа вай. Вай, Забу, хьо ма хилла кхузахь.
Хьасипат: Массанхьарий вай дуй могаш, парг1ат Iаш?
Забу: Дера йу-кх, схьайоьллахьне.
Раиса: Далла бу хастам, дика Iа вай. Хьасипат, со хIунда йеана хаий хьуна?
Хьасипат: Дера ца хаьа, ахь дийцича хуур ду-кх.
Раиса: Хьо ма йара кортали дустуш – безам, цабезам, хьагIбаьрг бустуш.
Забу: Х1ееет йаI, бабина-м б1аьргиш ма хилла!
Раиса: Хила муха ца хуьлу (шена тIе хьожуш олу) веха ма вахарг, цхьа ши де хьалха шен боккхий сийна бIаьргаш къарзийна, бIаьрганегIар ца тухуш, соьга хьаьжжинчохь виснера, ша Iаш волу и вай йуьртара Хансолта. ХIетахь дуьйна йу-кх баба бIаьргаш хилла йала йоллуш.
Забу: ХIеет йаI, баба-м йу безамашка йахана.
Раиса: ДIайалахь дIа, Забу, иштта забарш ма йехьа, давлени хьала йоккху ахь сан, безамаш мичахь бара.
Забу: Ма кхета со хьох.
Раиса: Ас х1ара 1аса тоьхна букъ кагбо хьан, стенах кхета хьо?
Забу: Хьуна б1аьрг хиларх кхета бахар ас-м.
Раиса: Веха ма вахийла и Хансолта, соь хьежа х1ун г1уллакх дара цуьнан.
Забу: Иштта-м соьга а хьежар-кхи и, хьежа-м.
Раиса: Муха хьоьга хьоьжу и, цо соьга хьо йог1уш йу, ма элира.
Забу: Им соьга дийнахь кхузза алар цо.
Раиса: Вай, цо соьга хьан могашалла муха йу ма элира.
Забу: Хьо 1асанца йолу дела аьлла.
Раиса: 1аса мичахь йу, х1ара-м г1аж йай, борз дуьхьала кхетахь цунна тоха кара эцна.
Забу: И борз-м дуьхьала кхетта йаьллера вайшинна.
Раиса: Д1айалахь суна гучура, вай, со йала йоллу, во Хьасипат, кара ца до хьуна и кортали? Ва, суна цхьа вуо хуьлуш ду хьуна, схьада мала хи сихха.
Забу: Собар де, им кортали дустичи бен молуш ца хуьлий.
Раиса: Ахь х1уъу бахарх, хIетахь дуьйна баба корта лозуш-м йу, ши пхьарс, ши ност лозуш, ког ца баккха луш, давлени хьала-охьа йуьйлуш, даге лазар лелхаш, йала йоллу-кх баба, и бIаьргаш хилла.
Забу: Ахь схьадийцарехь, хьуна лор оьшу, лоьра дарба деза хьуна.
Раиса: ДIайалахь дIа, суна цхьа лор ца оьшу, суна бIаьргаш хилла. Лоьрах х1ун до ас, суна-м хаза нехан санна б1аьрг хиллий, вааа, со леш йоллу.
Забу: Ва Хьасипат, йадалахь, х1ара-м леш йоллу, кара ца до хьуна и кортали?
Хьасипат: Карий, карий. Вууу, хIар-м забар ма йац! Инзаре б1аьргаш хилла, тпу, тпу.
Забу: Ма деттахь, хIоккхехула схьа хьан и туйнаш, со ма йаций и б1аьрг хилларг, Раиса йу.
Раиса: ДIахилахь хьо суна йуххера, иза-м суна хилла безаман бIаьрг дIаэккхош йай.
Забу: Мича эккхош бу и (йелалуш олу), Хансолтин кертай. Хьуна х1ун хаьа и безаман б1аьрг буй?
Раиса: Дукха ма лехьа, Хьасипат галйоккхур йу ахь.
Забу: И-м галйаьлла йолуш йара. Ашимма кортали дустарх б1аьрг д1абер бац.
Хьасипат: Тпу, Тпу, г1овг1анаш ма йе, х1ара-м забар ма йац, цхьа куьг сов даьлла безаман б1аьрг ца го хьуна.
Раиса: Вааа, со леш йоллу, ва сан корта, ва сан дег1.
Забу: Дера ца го, ахь хьайн кортали т1ехьатеттина, ткъа куьг хьалхатетти, т1аккха сов муха ца долу, и бу-кх шуьшиннан безаман б1аьрг.
Хьасипат: Хьо дукха луьйш йу, йалол сихха сан б1аьргашна хьалхара дехьа йалал.
Раиса: Вааа, со йала йоллу, д1аэккхабе.
Хьасипат: Гой хьуна, цунна хилла б1аьрг? Тпу, Тпу. Хьажал шен метта д1адаха куьг, хилла б1аьрг йухабирзи.
Забу: Куьг т1ехьа теттина бохий ахь.
Раиса: Оффаай, ма хаза г1оли хили суна (хьалаг1отту Раиса).
Забу: Собар де, собар де хьала ма гIатта, хьан давлени, хьан настарш, пхьаьрсаш, когаш, дог мегар ма дац.
Раиса: ДIайалахь дIа, и бIаьрг-м дIабахара баби. Селхана деана пенси ду хьуна, схьаэцал хIара эзар сом, Хьасипат.
Хьасипат: Эша а, эшарий техьа.
Раиса: Дера оьшу, дависарг делира хьуна дала кхи эзар сом. Схьаэцал х1ара.
Хьасипат: Ахь иштта бахахь схьаоьцу ас т1аккха.
Забу: Дера хилла и Хансолта беркате стаг.
Хьасипат: Муха хуьлу и беркате, шен и б1аьргаш хьежош нах цомгуш беш хилча.
Забу: Дера, ахь-м айпон оьцур йу хьуна, и Хансота чохь ца сацахь.
Хьасипат: Д1айала д1а, и г1уллакх доцу х1уманаш ца дуьйцуш, ца го хьуна Раисина хилла г1оли.
Забу: Цунна-м х1умма ца хиллера.
Раиса: Х1ун бахар ахь?
Забу: Ма дика ду хьуна г1олий хилла, бахар аса-м.
Раиса: Со йаха д1а, 1одика йойла! Баркалла хьуна, Хьасипат!
Забу: Варийлахь, ларлуш хилалахь, хьанна хаьа, арахь Хансолта хилахь.
Раиса: Д1айалахь д1а, хилча х1ун ду, х1инца-м кхераме бацар и Хансолтин сийна б1аьргаш.
Хьасипат: Собар де, чай ца молуш-м ца йоьду.
Раиса: Х1инца ахь иштта хаза аьлча цхьа стака чай-м мер ду ас.
(Мохь туху цхьамма).
Жима къонах: Ц1ахь дуй шу?
Хьасипат: Дера ду-кха, схьачоьхьа вала.
Жима къонах: Могаш, парг1ат 1ай вай?
Хьасипат: Далла бу хастам, дика 1а вай! Вай дуй могаш, парг1ат 1аш?
Жима къонах: АлхьамдулиЛлах1, дика 1а вай!
Хьасипат: Хьо лаа варий, жима къонах?
Жима къонах: Со ву-кха корта лозуш, дег1 лозуш, бага г1еттош леш воллуш. (Аааа, бага г1етта йо).
Раиса: Хьаал хьайна, суна санна безаман б1аьрг хилла-кх.
Хьасипат: Дера хилла, охьалахло, безаман б1аьрг ду-кха хала х1ума йу. Дера бу вай и эккхийна оцу Хансолтин керта бохуьйтур.
Раиса: Собар, собар Хансолтин б1аьрг-м суна хилла бай. Массери и б1аьргаш оцу пекъаро ловр ма бац.
Хьасипат: Дукха ма лехьа, Раиса, хьуна х1ун ду и хьенаниг хилча.
Забу: Шу массо х1ара Хьасипат лор йолуш санна, кхунна т1е ма дог1у – дог лезнарг, корта лезнарг, безам бахнарг.
Раиса: И х1ун бохург ду хьан, сан хьаьнга бахана безам.
Забу: Оцу вай луларчу Хансолте бахна-кх.
Раиса: Ма дийцахь хьаштдоцург, х1ара жима къонах охьахаийна. Делахь ала, безам буьйцу хан йолуш йу, баба? Делахь х1ета, бабина б1аьрг-м хуьлу.
Хьасипат: Жима къонах суна хьо ма ца вевза, хьо хьенан ву?
Жима къонах: Дера ву, хьуна вевзар воцу, цкъа а вицлур воцург.
Хьасипат: И х1унда бахар ахь, жима къонах?
Жима къонах: Кортали дустина ца йалахь со леш ву бахар аса-м.
Хьасипат: Тпу, тпу жима къонах, х1ара-м забар ма йац.
Жима къонах: Забар хьа дера йац ахь лелориг, х1ара туйнаш детташ.
Хьасипат: Хьо, хьо мила ву?
Жима къонах: Дера ву х1окху йуьрта веана керла участкови. Йоло сихха, хьалаг1атта, полицин ц1ийне доьду вайша.
Хьасипат: Х1ара кортали дуьстар х1ума ас дитина ма дара, йеха ма йахарг, х1ара Раиса йу кхунна бехкенарг.
Раиса: Со-м, со-м йац цхьа бехке, хьо йу-кха и хьайн туйнаш детташ безаман б1аьргаш эккхош.
Жима къонах: Хьалха йала ший а, полицин ц1ийнехь луьстур ду вай. Цигахь туьрма чохь 1ер шуьша, шаьшшинан безаман б1аьргаш буьйцуш.
Раиса: Ткъа Хансолта? Иза вуй тхоьца вуьгуш полицин ц1ийне?
Жима къонах: Вац дера, и пекъар стен ву бехке? Йоло ший а сихха д1адаха вай полицин ц1ийне.
Раиса: Собар дехьа, жима къонах, т1аьххьар сан лаам д1ахаийта бакъо лохьа. Ваа Забу, оцу Хансолте д1ахаийталахь со полицин ц1ийне йигний?
Забу: Магне мегар дац йуха безаман б1аьрг хилахь х1ун хаьа.
Раиса: Хилчи дацар х1инци х1умма, суна йуххехь х1инцим Хьасипат йара (Хьасипатан пхьарс схьалоцу).
Хьасипат: Д1ахецахь сан пхьарс, со-м йац, ас дитина и х1уманаш.
Жима къонах: Йелин хьо? Дуьло д1адаха вай.
Забу: Дера ас баха ма бехара шуьшинга, ма леладе хьаштдоцург. Х1инца хир бу-кх шуьшинна, хаза нехан санна, Хансолтин безаман б1аьргаш (эшар локху).
1ад1е бехира, саца бехира, хаза дийцарх, аларх шуьша ца кхийти, шуьшиъ полицин, ц1ийнахь йиси, со кестта Хансолтин керта хьийза йиси.


