В Грозном открылась ледовая арена

В Грозном открылась ледовая арена

Раиса Тимаева Ледовая арена «Ахмат» – современный спортивный объект, который призван дать новый импульс развитию зимних видов спорта в Чеченской...
Маленькими шагами уверенно к мечте

Маленькими шагами уверенно к мечте

Иман Хамдиева За каждой большой наградой стоят не только сцена и аплодисменты, но и будни: споры, поиски, поддержка и моменты, когда хочется всё...
Новая эра в спортивной истории ЧР

Новая эра в спортивной истории ЧР

Милана Итиева Совсем скоро начнется новая эра в истории спорта Чеченской Республики: состоится торжественное открытие первого современного...
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины

«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины

Раиса Тимаева В рамках реализации нацпроекта «Молодежь и дети» в Грозном и районах республики прошел масштабный фестиваль «Кросс Единства».
Образование детей – в приоритете

Образование детей – в приоритете

Иман Хамдиева В Чеченской Республике уже более 240 семей воспользовались средствами материнского капитала для оплаты образовательных услуг своих...
Лучшие в спортивном туризме

Лучшие в спортивном туризме

Лалита Дэниева В Чеченской Республике состоялись республиканские соревнования по спортивному туризму, посвященные Году единства народов России.
В Грозном открылась ледовая арена
В Грозном открылась ледовая арена
Маленькими шагами уверенно к мечте
Маленькими шагами уверенно к мечте
Новая эра в спортивной истории ЧР
Новая эра в спортивной истории ЧР
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины
Образование детей – в приоритете
Образование детей – в приоритете
Лучшие в спортивном туризме
Лучшие в спортивном туризме

Зайтемиров Сайдик

(туьйра)

Цхьана генарчу йуьртахь дехаш-1аш воккха стаг, цуьнан х1усамнана хилла. Гуттар белабелла, бекхабелла, самукъане 1аш хилла уьш. Церан цхьа хаза а, хьекъале а йолуш йо1 хилла. Ч1ог1а догц1ена хилла и йо1, дагахь х1ума доцуш.

Воккха стаг а, йоккха стаг а хьуьнах даха дезаш хилла дечиг да, х1унда аьлча, ц1ера дечиг кхачаделла хилла, ткъа пеша чу тилла кхин дечиг дисина ца хилла, цхьа к1еззиг ч1еш бен, шайна уллохь, кертахь гулдина долу.

Шаьшшиъ хьуьнах д1адахале оцу шимма хьехарш дира жимачу йо1ана:

– Ц1а чуьра ара ма йалалахь, цхьаммо не1 тохахь, не1 д1а ма йеллалахь.

Т1аккха йо1а хаьттира:

– Х1унда ца мега не1 д1айелла а, арайала а?

Цара элира цуьнга:

– Цхьа кхераме стаг хила мега цигахь, йа Жоьра-Баба. Цара ницкъ бийр бу, хьо 1ехор йу, тилор йу, йа лачкъор йу. Хьуна х1ума хилахь, йа хьо т1апъаьлла йахь, тхоьга и лалаур дац, тхойшиъ доьлхура ду.

– Дика ду, аш бохург дийр ду ас, со ара а йер йац, цхьанне а не1 йоьллур йац, арахь ловзуш лелар йац.

Цхьа сахьт д1адолу, шиъ...  Амма баба, дада ц1а ца дог1у йа новкъа д1ахьежарх и шиъ ц1а дог1уш ца го. Ша чохь 1аш сагаттало йоь1ан. Ма дукха хан йаьлла. Цхьа а ц1а вог1уш вац, йа Жоьра-Баба а, йа кхин цхьа а вац.   «Дера йеза ас не1 д1айелла», – олий ойла йо йо1а. Малх чубузуш бара д1абижа лууш. Кхин цхьа кхо сахьт даьлча малх хьуьнан т1ехьа къайла бер бу, д1алечкъар бу дитташна т1ехьа. Ц1енна гена доцуш йо1ана ж1аьлин нускалш гира. Йо1ана ч1ог1а хазахийтира шена ж1аьлин нускалш карийна, сихха ц1а чу а йахана, тускар схьаийцира цо. Т1аккха, ч1ог1а самукъадаларца йо1 уьш схьалехьо йолайелира, шен тускарчу а дохкуш. Ж1аьлин нускалш лехьо-о-ш, йиш а локхуш, хелха а йуьйлуш, генна хьуьнан йукъа д1айахара жима йо1, ша муха йоьду а ца хууш. Цхьа ж1аьлин нускал кхоллуш, важа тускарчу кхуссуш д1айоьдура иза ч1ога самукъадаларца. Ша дадина, бабина делла дош дицделлера цунна! Йицйелла йоьдура иза генна д1а.

 Ц1еххьана дагадеана д1асахьаьжира йо1, цецйелира иза, ша ц1енна гена йаьллий хиъча. Корта хьала а айбина д1ахьаьжча го цунна, гонаха го баьккхина луьста хьун, дитташ. Дукха кхерайаларна, меттах ца йалалуш йисира йо1. Йуха уьдура йо1, хьуьнхара арайала некъ лоьхура цо. Амма эрна дара ша-дерриг. Когаша аьлларг ца дора. Охьайуьйжира иза ша лаьттачохь, хилларг х1ун ду ца хууш, б1аьргашна хьалха 1аьржа бода х1оьттинера, иштта 1уьллушехь, наб кхеттера йо1ана. Схьадаьхна долу ж1аьлин нускалш д1аьвше хиллера.

Йо1 сама йолу. Кхета иза, ша охьайожарх, наб кхетта йоцийла. Ладуьйг1ира йо1а, коьллашна йуккъехь цхьа г1овг1а хеза цунна, цхьа х1ума меттах йолуш санна. Ц1еххьана гучу йолу йоккха ча. Цо олу йо1е:

– Йуур йу ас хьо! Бабас, дадас бохург ца дира ахьа! Йуур йу ас хьо!

Йелха а йоьлхуш доьху цо чане, ма йаахьара ахь со, бохуш.

Жимма ойла а йой олу чано:

– Д1айахуьйтур йац ас хьо, соьца 1ийр йу хьо, суна йаах1ума а йеш, чохь г1уллакхаш а деш. Ахь ас аьлларг ца дахь – йуур йу ас хьо!

Кхин ца йилхира йо1. Шен йаккхий цергаш а гайтина, д1айахара ча.

Малх чубуьзира. 1аржйелла д1ах1оьттира хьун. Кхераме дара. Ша кхузара муха йодур йара, муха к1елхьара йер йара-те, бохуш ойланаш йора йо1а. Т1аккха дагадеара цунна: вордан чу д1алечкъар йу ша, т1е ча а тесна, иштта са хиллалц 1ийр йу ша, аьлла.

Ц1а дог1у дадий, бабий.  Кхойкху уьш йо1е, амма гуш, хезаш а йац иза цхьанхьа а. Герз схьаэцна хьуьнах воьду дада йо1 лаха. Воьдуууш хеза дадийна дитташ т1еха цхьа г1овг1а. Д1акхочу дада цхьана шерачу метте.  Лаьтташ ворда хуьлу, чохь ча а долуш. Цунна гонахьа йедда лелаш йоккха ча го дадина.  Вордан чохь йо1 хаайелла гонаха уьдуш хилла ча, амма шен хенахь мохь туьйхира дадас:

– Х1ай, ча, хьо ма дера уьду?

– Цо бабас аьлларг а ца дора, йа хьоьга ла а ца дуьйг1ира! Йуур йу аса иза!

 Т1аккха дадас чана т1е герз хьажийна, элира:

– Хьо кхузара д1а ца йодахь, ас йуьйр йу хьо!

– Д1алур йу ас хьуна хьан йо1, ма йехьара ахь со!

Дадас къинхетам а бина, ца туьйхира цунна герз.

– Сан букъ т1е довла, ас д1адуьгур ду шу шайн ц1а.

Дадас, чане д1ахьожуш, йо1е мохь туьйхира:

– Хьалайала вордан чуьра.

Йо1 хьалайелира вордан чуьра, шен дадица чанан букъ т1е йелира и, уьш ц1а бахара, хьуьнан йуккъехула. Дада шен хьоме йо1 а эцна чувоьссира чанан букъ т1ера. Корехула арахьоьжуш баба йара. Баба арахьаьдира, хазахетарца маракъевлира цо жима йо1. Ч1огIа хазахеттера цунна и шиъ дийна дисарна а, могаш-маьрша ц1а кхачарна а! Ча сихха хьун йолчу аг1ор д1айедира, церан тидам шена т1ебахле. Уьш вовший гина, церан хазахетар совдаьлла лаьтташехь, ча шен хьуьн чу д1айахара.

Уьш шайн ц1а чу бахара, шайна мерзаниг х1ума а йиъна, уьш д1абийшира.

1уьйранна самаволий, араволу воккха стаг. Цунна го шайн не1арехь массо тайпа ц1азамаш, цу хьуьнчохь мел болу мерза стом. «Мичара йаьлла-те х1ара мел йолу х1ума, х1ара мел долу беркат кху вай х1усаме?» – олий, ойла йо воккхачу стага. Т1аккха кхета иза, и совг1аташ динарг ча йуйла. Буса са хиллалц кхехьна хиллера цу чано и совг1аташ дадина, цо ша дийна йитарна, топ ца тухуш. Цул т1аьхьа а йеххачу хан кхехьара чано иштта совг1аташ царна а, цу йуьртарчу нахана а.

Ча кхеттера, жима йо1 кхера а йина, иза ша йолчохь шена г1уллакхаш а дойтуш, сацорна, ша бехке хиларна. Шегара и г1алат даьлла дохко йаьллера ча. Иза г1иллакхе доцийла, кхеттера ча. Жимачу йо1о дийхира шена къинт1ера довлар бабега а, дадега а. Кхин шегара г1алаташ далуьйтур цахилар хаийтира цо. Уьш цунна къинт1ера боьвлира.

  • 1

Письмо солдату

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1