В Грозном открылась ледовая арена

В Грозном открылась ледовая арена

Раиса Тимаева Ледовая арена «Ахмат» – современный спортивный объект, который призван дать новый импульс развитию зимних видов спорта в Чеченской...
Маленькими шагами уверенно к мечте

Маленькими шагами уверенно к мечте

Иман Хамдиева За каждой большой наградой стоят не только сцена и аплодисменты, но и будни: споры, поиски, поддержка и моменты, когда хочется всё...
Новая эра в спортивной истории ЧР

Новая эра в спортивной истории ЧР

Милана Итиева Совсем скоро начнется новая эра в истории спорта Чеченской Республики: состоится торжественное открытие первого современного...
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины

«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины

Раиса Тимаева В рамках реализации нацпроекта «Молодежь и дети» в Грозном и районах республики прошел масштабный фестиваль «Кросс Единства».
Образование детей – в приоритете

Образование детей – в приоритете

Иман Хамдиева В Чеченской Республике уже более 240 семей воспользовались средствами материнского капитала для оплаты образовательных услуг своих...
Лучшие в спортивном туризме

Лучшие в спортивном туризме

Лалита Дэниева В Чеченской Республике состоялись республиканские соревнования по спортивному туризму, посвященные Году единства народов России.
В Грозном открылась ледовая арена
В Грозном открылась ледовая арена
Маленькими шагами уверенно к мечте
Маленькими шагами уверенно к мечте
Новая эра в спортивной истории ЧР
Новая эра в спортивной истории ЧР
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины
Образование детей – в приоритете
Образование детей – в приоритете
Лучшие в спортивном туризме
Лучшие в спортивном туризме

Байташ

Дог ца хилла

Масех шарахь веза бохуш,

Дахар, дуьне хеташ со...

Дог ца хилла берта догIуш,

Iодика ахь соьца йо.

«ДIа ма гIохьа, дIа ма гIохьа» –,

Бохуш, дог хьоь кхойкхуш ду.

Вайн безамна тухуш догIа,

Ов ду дагна даьтташ чу.

Хьо йац амма дог Iовжийна

 Аьлла сох къинхетамбеш,

Сан безамо са дуожийна,

Дуожарх  са и бац кхин леш.

БIаьргаш  хийла лоьху сурт хьан,

Къайлахчу шен хьежамехь.

Ойла йуьллуш цу хьан керта,

Ахь со ваьккхи безамах.

«ДIа ма гIохьа, собардехьа» –,

Даго баьтта хьоьга мохь.

Амма цIе йу дагчохь летта,

Хьан цIе йолуш шена чохь.

Iуьйре, суьйре вайна йеъча,

Сингаттамо лоцу дог.

Тийналлехь со охьахиъча,

 ГIайгIанашна сийсаш бог.

«ДIа ма гIохьа, собардехьа» –,

Орца лоьху даго сан...

«Хьайн цIарца со ирсе вехьа,

Дуьтуш дахар хьайца ган».    

Шовданехь

ВогIу со шовданан коьрте,

Сатуьйсуш йезнарг хьо ган...

Дог дуззий, ойланаш гIовттий,

Сайн безам хьоь балхо дIа...

Шовданехь хьох бIаьрг ца кхетча,

Дог кийрахь тохало сан...

Виси-те со дагца къийса?

Хаттаро йетташ сих ка...

Малх боьлу сан ойла хьоьстуш,

Цо дагна хьох тешам ло...

Хьо йогIу некъ серла буьйлуш,

Сатийсам сан кхоэе бо...

ХIиллане йоцу хьан къайле,

Беснеш тIехь цIийелла го...

Хьан дега аз хезна даге,

Безаман кхечи йовхо

БIаьсте       

БIаьсте кхечи, хаза бIаьсте,

Шеца гIиттош зезагаш,

Лаьмнаш, аьрцнаш бецех кхалий,

Самадохуш шовданаш.

Олхазарша, зевне гIовттий,

Аьзнех Iалам декадо,         

Ховхаллица дегнаш хьостий,

Адамийн йаххьаш йекхало.

Яракх-су догIу, сирла тулгIеш

Шен тогIийчохь керчаеш.

Ломахь аьгна горга тIулгаш

Кондарш санна текхадеш.

Йуьртахь бошмийн заза Iена,

Урам буьзна бераш ду,

Самукъане аьзнаш дека,

БIаьсте шеран туьйра ду.  

Аганан йиш

Вай дIадуьйшу хан кхаьчна,

Дуьло бераш дийша дIа.

Iоьхкуш маьнга дIалецна,

Нанас хьоьстуш бераш Iа.

ГIиллакх долуш кхиалаш,

Воккханиг аш ларалаш.

Iилма Iамош дахалаш,

Сан хьехамна Iамалаш.

Дийнахь девдда леларна,

Шу го чIогIа кIадделла

Шу ду тIера деларна,

Туьйранашна марзделла.

Делах кхоьруш хилалаш.

И ду шуна доккха ирс.

Вовший ларам хилалаш.

 Нанас царна локху йиш.

Ийманехь шу кхуьийла,

Дуьне мерза доийла.

Хьоме бераш дийши дIа,

Нанас шен йиш йарзий дIа.  

Сан корехь

Iуьйренна са тосучу хенахь,

Сан коре догIу цхьа хьоза.

Мерзачу набарха воле,

Ла дугIу ас цуьнга лоре.

Кийрара дог ша ловза дуьйлуш,

Хьан аз-м сан дагах хьерча,

Ма хаза дека хьо, хьоза,

Дека хьо, сан дагна там беш. 

Зезаг

Зезаг ду бацалахь лепаш,

Цу маьлхан зIаьнарша къегош.

Бацалахь эсала техкаш.

Сан даго къастийна хоьржуш.

Ду иза дог карзах  дохуш.

Безаман цIе кийра  летош.

Сан даго къастийна  зезаг,

ХIун ала гIерта хьо  соьга? 

Даймохк

Алархьама дош ша аьлла доцуш,

Доггах  доцург йаздина а воцуш,

Гина доцурш, маттехь даржош воцуш,

Даймохк цхьаннех цкъа а хуьйцур боцуш,

Эшначохь са хьуна кхоор доцуш.

Хьан кIант ву со, беза, сийлахь Даймохк.

Мотт дIатесна буьтур боцуш Iилла,

Хьан орцана гIатта декхар хила,

ДоттагIашна дог сайн достуш сирла,

Iалам доьлуш, хьоьца воьлуш хилла,

Эшначохь са кхоо доцуш хIилла.

Хьан кIант ву со беза, сийлахь Даймохк.

Ненан марзо хуьйцур йоцуш цIийца,

Безам шалхо дагца йоцуш йийца,

Дайн гIиллакхаш Iалашдеш шайн сийца, 

ГIийлачуьнга хьажа волуш кийча,

Сайн са кхоо амал доцуш хийца,

Хьан кIант ву со беза, сийлахь Даймохк.

Бахамах сий хуьйцур доцуш цкъа а,

ДIалур йоцуш сайн бакъонаш цхьа а,

Сайн Мехкан сий лардеш даим ваха,

Диканашца туолош даккха сагIа,

Бакъ эхартахь декъал сайн са даха,

Хьан кIант ву со беза, сийлахь Даймохк.

***

КъинтIера йалалахь,

                        Нана, дохийнехь дог,

Хьо реза йоцчу кхин,

                        Нана, боккхур бац ког.

 Стигланийн, латтанийн йуккъехь,

                        хир ма йац  йукъ...

Цкъа вайшинан безам эшо,

                        даздала дукъ

Салазаш

Арахь кIорга ло диллина,

Берийн даьлла самукъа,

Салазаш схьаэцна цара,

Гу тIера чухехкало.

Вовше йохье дуьйлу ловзуш,

Цхьаннал важа эшна Iац,

ХIазарш долу салаз хьийзош,

Лай тIехь доху цхьогалаш. 

***

Кхоьру со, кхоьру со,

Сайн ненах къастарна,

Даг тIера зазаг а,

Сайн охьадожарна.

Кхоьру со, кхоьру со,

Даймахках къастарна.

Сан Нана-Нохчийчоь,

Кхин бIаьрга ца гарна.

Кхоьру со, кхоьру со,

Суо бIаьрзе висарна,

Iаламан хазалла,

И сайна ца гарна.

Кхоьру со, кхоьру со,

Йиш-вешех къаьстина,

Мерзачу марзонах,

Хаьдда суо висарна.

Кхоьру со, кхоьру со,

Ненан мотт дIатесна,

Кхетамах а ваьлла,

Кхечу маттах  хийцарна.

Кхоьру со, кхоьру со,

ДоттагIчух къаьстина,

Диканехь йа вонехь,

Вовшашна ца гарна.

Зама

ДIайоьду къоналлин и хаза зама,

ТIаьхьа хьежа вуьтуш со,

                        къурдаш  деш къаьхьа.

Ма йийла гена хьо, со кхойкху хьоьга,

Гена хьо мел йуьйлу, хета мерза.

Дас нанас хьоьстуш кхиийна зама,

Къурдаш деш дага ас, лоьцу хьо тахна.

Бераллин мерза хан, ца йеш кхин ойла,

ГIан хилла йели хьо, со хьегош гена. 

  • 1

Письмо солдату

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1