Зухайраева Камета
Вайн Мехк-Дас, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана
шен омрица 2023-гIа шо «Нохчийн меттан шо» аьлла билгалдаккхар бахьана долуш, Соьлжа-ГIалин А.М.Цебиевн цIарахчу №9 йолчу йукъардешаран ишколехь дIадаьхьира «Ненан мотт – Даймехкан хазна» цIе йолу цхьаьнакхетар.
Цигахь коьрта хьеший бара Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон, Соьлжа-ГIалин Байсангуровски кIоштан префектурин, Парламентан аппаратан векалш.
Дешаран а, Iилманан а министран заместитела Зубхаджиев Вахин Мохьмад-Iелас шен вистхиларехь декъалвира цхьаьнакхетаран массо а декъашхо Нохчийн меттан денца а, Нохчийн меттан шарца а. Цо билгалдаьккхира, хIокху тайпа цхьаьнакхетарш мехала хилар а, нохчийн матте, гIиллакх-оьздангалле цара безам кхиош хилар а.
ДIайаханчу хенахь хилла Iер-дахар гойтуш гIирс вовшахтоьхнера ишколан белхахоша, дешархоша а, кечдинера дуккха а нохчийн даарш. «Нохчийн меттан тоьлла хьехархо – 2023» къовсаман региональни этапан толамхо – нохчийн меттан, литературин хьехархо йолчу Шаипова Хьавас кечдинера хьешашна «Нохчийн кIентий», «Сан Даймохк» цIераш йолу эшаран совгIаташ. Къоначу йаздархочо Минцаев Iальвис хьешийн тидаме йиллира ша йазйина йолу стихотворени «Хьозий, йозий». Иштта хьехархоша Хациев Зураба, Шаипова Хьавас а гайтира нохчийн оьзда хелхар. Хелхаршца, иллешца, эшаршца дIадерзийра цхьаьнакхетар.


