В Грозном открылась ледовая арена

В Грозном открылась ледовая арена

Раиса Тимаева Ледовая арена «Ахмат» – современный спортивный объект, который призван дать новый импульс развитию зимних видов спорта в Чеченской...
Маленькими шагами уверенно к мечте

Маленькими шагами уверенно к мечте

Иман Хамдиева За каждой большой наградой стоят не только сцена и аплодисменты, но и будни: споры, поиски, поддержка и моменты, когда хочется всё...
Новая эра в спортивной истории ЧР

Новая эра в спортивной истории ЧР

Милана Итиева Совсем скоро начнется новая эра в истории спорта Чеченской Республики: состоится торжественное открытие первого современного...
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины

«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины

Раиса Тимаева В рамках реализации нацпроекта «Молодежь и дети» в Грозном и районах республики прошел масштабный фестиваль «Кросс Единства».
Образование детей – в приоритете

Образование детей – в приоритете

Иман Хамдиева В Чеченской Республике уже более 240 семей воспользовались средствами материнского капитала для оплаты образовательных услуг своих...
Лучшие в спортивном туризме

Лучшие в спортивном туризме

Лалита Дэниева В Чеченской Республике состоялись республиканские соревнования по спортивному туризму, посвященные Году единства народов России.
В Грозном открылась ледовая арена
В Грозном открылась ледовая арена
Маленькими шагами уверенно к мечте
Маленькими шагами уверенно к мечте
Новая эра в спортивной истории ЧР
Новая эра в спортивной истории ЧР
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины
Образование детей – в приоритете
Образование детей – в приоритете
Лучшие в спортивном туризме
Лучшие в спортивном туризме

ХIусамдас, хIусамнанасвовшийнцIершйохушдацвайн, наханайукъахь-ммуххалеа.

Кхинатовшцахуьлушенйиша-вашадолчохьзудчо, стагавовшийнцIершйахар.

Наггахь, сайн сагатделча, хIокху зудчуьнга (наха Макка олу кхунах, ас-м Байсари а, ЦIахьпату а, Пурстоп а – сайн сакъерадаларе терра йоккху цу кхааннах цхьаъ) йуург а кечйойтий – … дахнарш а хьехош, хан йоккху охашимма цхьаьна.

(М. Бексултанов. «Наггахь, сайн сагатделча»)

Зудчо шен цIе йоккхуш хезна Товсолта вогIавелира ша волччохь: доккхачу дийнахь бен йоккхуш ца хуьлура зудчо майрачун цIе.

(М. Сулаев. «Эскинойхь»)

Марзойн цIераш ва кхобу вайн

хьоме несарий,

Марзойн цIераш ва йохуш,

шаьш кхойкхуш ма лаьтта.

Ма доккха де ду-кха таханалера де

дикачу кIенташна

Бохуш, ле ма елира и Дадин Альбика.

(«Дади-Юрт йаккхаран илли»)

 

Шена бехке нах болчохь шен хIусамненаца эвхьаза ца хуьлу хIусамда: цуьнан цIе йоккхий, хаттар-тидар а ца до, и хьехош хабар а ца дуьйцу, цуьнга ала дезарг а кхечуьнгахула олу.

Бикату, шен Iусамех бIарг кхетча, Арснакъина (шен мардена) ца хазийта, меллаша йистхилира:

– ХIей! Со чуйужу хьуна, валахьа чехкка со дIалаций!

Iусамина и хезира. Цо, шен дена ша гойла а хьоьжуш, тIевеана, ший а куьг лаьцна, Арснакъина тIера шен бIаьрг а ца боккхуш, Бикату хьалаозийра.

(С. Бадуев. «Iадат»)

Шен беран куьг лаьцна йа караэцна воьдуш товш дац стаг. Нана уллехь йоцуш, ца ваьлла дацахь, шеца машенахь дIасадига а ца оьшу бераш.

Нохчийн боьршачу стагана иэхь ду, нахана а гуш, шен бер ги доьллича.

(А. Айдамиров. «Кхолламан цхьа де»)

Чохь стаг а волуш дас шен доьзалхо хьестар-м хьехо а ца оьшура, ур-атталла, нахана йуккъехь шен доьзалхочун цIе йоккхуш а ца хозуьйту дас.

Нохчийн гIиллакхехь осалалла лору нахана йукъахь да а, кIант а вовшашна мараэккхар, бIаьргех хи далар. Мел йехачу ханна къаьсташ велахь а, мел йехачу ханна къаьстина, цхьаьнакхеттехь а…

(А. Айдамиров. «Лаьмнашкахь ткъес»)

Шен доьзална напха латто дезарг а, цунах жоп дала дезарг а да ву. ХIусамненаца дIасакъаьстинера аьлла, доьзал дIатосуш дац нохчийн. ТIехь да вацахь (кхелхинехь йа могшаллица доьзна шен доьзалан доладан ницкъ болуш вацахь), доьзалх долу жоьпалла уллерчу верасашна тIехь дуьсу. Ненахой йишин берех жоьпалле бац.

Зударийн а, божарийн а цIера гIуллакхаш шен-шен бакъо йолуш ду. Диг, жIов айина лелаш зуда а ца тов, кад-Iайг дадийна лелаш стаг а ца тов.

Бож-Iела. Сан ворхIе да а ца лелла хи кхоьхьуш, со а лелар вац.

(I-Хь. Хамидов. «Бож-Iела»)

Ша кертахь цкъа дечиг доккхуш йоллуш, говрахь тIехволучу нохчичо, охьа а воьссина, и дечиг даккхар йуха а дагадеара цунна.

(Зударша дечиг доккхуш цахиларан билгало йу иза).

(М. Сулаев. «Эскинойхь»)

Дикачу несо, Iуьйранна чохь гIуллакх дар мардай, марнаний Iачуьра доладо. Хи дохьуш а, хьалха царна дохьу, йуург а цкъа хьалха баккхийчарна йуьллу.

Сан цIийнадас хIума йуур йацара, цкъа хьалха шен нанна охьа ца йиллича.

(Ш. Окуев. «ТIаьххьара верас»)

Да волчохь кIант вистхилар, жимачо воккхачун дешнаш кегдар, шегий-шегий алийта бохуш, хьалхалелхар, воккхачуьнгара йа тхьамдера пурба доцуш, вистхилар, къамелехь «со», «ас» бахар вайн оьздангаллица догIуш хIуманаш дац.

Товш дац, дош дашера даьллачохь, собарх воьхна, стаг атта хеташ, цунна тIе мохь хьекхар («Хьо – пис», «Стаг вац хьо», «НеIалт хуьлда хьан ворхIе дена», иштта кхин а), нанас шен доьзална сардамаш дехар («Дукха мавахарг», «ХIай къутIа», «Дала дIаэцарг»). Доьзалшкахь а, уьйрашлахь а лардан деза лергана хаза жирга дош.

Туьран чевнна муо бина, меттан чевнна муо бина бац.

Дукхалер дети делахь, цалер деши ду.

Шина балдах арадаллалц хьан лай ду дош, арадели – хьо цуьнан лай ву.

(Халкъан кицанаш)

Бовваьлла, шен цIа-цIе долуш, децIенна, йуьстах Iаш волу кIант, ша Iуьйранна араволуш а, суьйранна чувогIуш а шен да-нана долчухула вер ву. КIентан декхар а, цуьнан оьздангаллин билгало а йу иза, шен доьзална масал а ду.

Да вижна вара. Йукъ ца йостуш, эцца йуххе болчу шен доьзална тIе ца воьдуш, буса веънехь а, де делахь а, да волчу чувогIура Зовра. Наб кхетта велахь, цунна йуххе дIа а хIуттий, Iадда лаьттара, иза самаваллалц. Сама ма ваьлла, циггахь хIара дов доьжнера нахалахь, и дов иштта дIадерзийра, цхьана хьенеха и элира, вукхо важа элира олий, и долу хIума дийца а дуьйций, цуьнан самукъа а доккхий, вало, дIа а гIой, йукъ дIайаста хьайн, паргIатвала, цо аллалц, шен чу а цо воьдура.

(Хь. Яхьяев. «Хьеший»)

Шен доьзалхо дуьнен тIе ваьлча, цхьана кIиранах, дех-ненах ийзалуш, царна пебетташ лела беран да.

Йага ша волчу ханъйаьллачу хенахь, буьйса йаккха веана ша аьлла, схьахIоьттича, кхийтира Мушу цуьнан бахьанах.

– ТIаккха? КIант йа йоI? – хаьттира цо.

– Суна-м хаац.., – доккха садаьккхира Йагас.

(Х. Бурчаев. «ЦIетиллар»)

Телевизор чухула йа газетехула дас-нанас шен доьзалхо декъалвар товш дац, иштта гIиллакхе дац хIусамда, хIусамнана вовшийн декъалдарца нахаладийлар а.

– Цкъа ладогIахьа соьга. Хьуна бегIийла хIума хетий, хьайн цIарах берийн нана ахь декъалйар? – хаьттира газетан белхахочо.

– Ца хета, нагахь иза ледара хIусамнана хилча-м. Ткъа сан зуда хасто а, декъалйан а хьакъ ма йу, – шениг дуьйцура Iелас.

– Дера, вайн дайшна осала хетта хIума ду и дан-м. Бакъду, хьайн зудчун сий цу кепара айба хьо гIерташ велахь, нохчийн гIиллакх дохош хIума а ду, – олуш, къамел хадийра вукхо.

(М. Арсанукаев. «Со цIахь вацара»)

Нохчийн доьзалехь стаг (да велахь – да, и вацахь – кIант) доьзалан а, цIийнан а да ву. Цунна тIехь ду цIа дIахIоттор, чохь оьшург латтор, докъарца-дечигца кхачойар, валар-висарца, йахарца-йалорца дерг листар, нахаца йолу йукъаметтигаш лелор. Вуьшта аьлча, лан хала а, жоьпалле а, ницкъ оьшуш а гIуллакхаш божарша дан дезаш ду. Уггаре коьртаниг – стагана тIехь ду шен цIийнан сий лардар.

ИбрахIим жима вара доьзалан дукъ тIелаца. Амма да кхелхинчул тIаьхьа воккханиг хIара вара, цундела шен вежаршний, йижаршний ден меттана хила декхар дара цуьнан.

(С.-Хь. Нунуев. «Гезгмаша»)

Доьзалан андо (чIагIо) ден дош лардарехь йу. Нийса кхиийначу нохчийн доьзалехь дас аьлларг дIай, схьай ца хьийзош, берашна товш делахь а, дацахь а, дуьззина кхочушдан дезаш ду. Дас аьлларг цадар доьзална иэхь ду.

Цо аьлларг кхочушхила дезара: и доьзалан да вара.

(М. Сулаев. «Товсолта ломара дIавоьду»)

Боьршачу стагана иэхье ду бина мах бохор, цундела, лаьттан дакъа, машен, бежана, кхин механа йеза хIума оьцуш, мах зударшца беш ца хуьлу. Куьг куьйгах тухуш, теш лоцуш, беш хуьлу мах.

Шен доттагI волчу гIала вахара Йага.

– Вайшимма бина мах боха ца бича ца болу. Дагахь а доцуш декхаре вахна со. Ас хьайгара квартира оьцуш делла ахча сихха йухадерзо деза ахь, – элира цо.

– Ой, и муха хир ду? Со-м цу тIера гIеххьа ахча дохка а ма кхиъна. Цу тIе а, бина мах иштта атта бохо ма ца мега, – цецваьллера Шовхал.

– Со, хьоьца забарш йеш, хан йайа йиш йолуш вац. Вайшинна йукъа вас а ца йулуьйтуш, сан ахча охьадиллал, – кIоршаме элира Йагас.

(Хь. Бурчаев. «Дашо чIуг»)

Диканехь, вуонехь йуург божаршний, зударшний шайн-шайна йуьллуш ду вайн.

– Хьайн хIусамнана а ца кхойкху ахь шуьне? – хаьттира хьешаша.

– Тхан гIиллакхехь дац и. Зударша кхечу цIа чохь гIайгIа бер шайна йуучунна, – аьлла, и хаттар дIахадийра Мусас.

(С. Магомаев. «Генара хьеший»)

Да волчохь хевшина а Iийр бац, цуьнца цхьаьна шуьне а хуьйшур бац доьзалш. Дега хата луург ненехула хотту бераша. Ненехула дега аьлча, шайн муьлхха хьашт кхочушхирг хиларх тешаш а, шайгара цхьа а вуониг далийта дех кхоьруш а, дена товр доцург шайгара далийта иэхь хеташ а хила беза доьзал.

Дикачу хIусамнанас доьзалца цIийнда а хийшор вац, хьелашца сту а бузор бац олу.

(Нохчийн фольклор. Хьалкъан тидамаш)

Дега ма ала, нана йукълелайе

(Халкъан кица)

Хьамзат, ахь ца йуу соьца? – мохь туьйхира Межеда куьйгаш дила сени чу ваьллачу вешин кIанте.

– Ас-м цхьаъ дийр дара, хьайн хIума йаахьа, – шена хаа а хууш, цуьнца цхьаьна шуьне хиъна вацара Хьамзат. Нохчийн гIиллакхехь дацара воккхачу стагца цхьаьна охьахууш, иза цаларар санна дара и.

(I. Дадашев. «Лаьмнашка некъ»)

Суна дага а ца догIу, со цунна хьалха хиъна Iийна йа айса хьалхахь хIума йиъна а. Дена ца дезара и тайпа хIума.

(М. Бексултанов. «Дика ду-кх хьо волуш»)

Шен цIийнан баккхийнаш (да, ден ваша, воккхахволу ваша) йа шена бехке нах болчохь, церан пурба доцуш, вистхилар а, цхьаннан къамелана йукъалелхар а, и муха элира ахь бохуш, йух-йуха хеттарш дар а гIиллакхехь дац.

БойсагIаран ша кIант – ТахIир а, Къаим а – дех тера волуш, дегIана цул воккха вара ший а. Ший а ткъе итт шарал тIехваьллехь а, да волчохь вистхуьлуш а ца хезара.

(И. Эльсанов. «ЦIегIачу декхнийн боьлак»)

Деэшна кIелвисча йа воккхахилча, шен стеган дола цадар иэхье лоруш ду нохчийн. Ден-ненан доладар доьзалехь жимачунна тIехь дуьсу (кIенташлахь – жимачунна). Шен доьзалхо воцуш стаг велахь, цуьнан Iуналладар верасашна тIедужу.

– Эс-с-с! – ца йешира Элиса. – Ма ахь тIехтоха хIума дацар-кха и. Хьан да вацара ткъа байлахь висна шен вешин кIант берийн цIийне дIавелларг?!

Жовзан, дуьхьал ала хIума доцуш, цкъа цIийлуш, тIаккха макхлуш лаьттара.

(С. Хасиев. «Эвхьазло»)

ХIума йуучохь йа автобус тIехь вовшашна тIера ахча луш ду вайн. Цхьана могIарера цхьа накъостий белахь, хьалха нисвеллачо ло, зударех божарша ло. Воккхачу стаге йа зудче, бехкечу стаге мах болуьйтур бац. Ахь лой, ас лой бохуш, нахана йукъахь гIовгIанаш йар хаза дац, деллачун сагIа а хир ду, бекхам бан луучунна цул тIаьхьа бекхам бан меттиг йогIур йу.

– Хьажахьа, мел осала гайти-кх ша тахана хьан доттагIчо Мовсара, – ша чоьхьа ма-йелли, дIадолийра зудчо.

– ХIун хилла? – ладуьйгIира майрачо.

– Автобус тIехь тхо схьадогIуш цхьаьна нисделира. Шена со ца го сурт хIоттийна, шех ахча дIа а делла, охьавоьссир-кха иза.

– Кисанахь ахча доцуш хилла хир ву иза, – доттагI бехказваккха гIоьртира Йага.

– Вевзара суна-м иза, кисанахь туьма доцуш стаг аравер а вац, – ша бохучунна тIера йуха ца йолура зуда.

(Хь. Бурчаев. «БIаьрмециг»)

  • 1

Письмо солдату

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1