Особенности детского лагеря «Горный ключ»

Особенности детского лагеря «Горный ключ»

Иман Хамдиева Летний период играет особенно важную роль в организации отдыха, оздоровления и занятости детей и подростков. В это время акцентируется внимание на социальной...
Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики

Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики

Иман Хамдиева Для тысяч выпускников прощание со школой – один из самых волнительных и одновременно грустных моментов. В честь завершения учебного...
От прошлого к будущему

От прошлого к будущему

Школьники приняли участие в праздновании Международного дня музеев
Обучение в ЧГУ – начало большого будущего

Обучение в ЧГУ – начало большого будущего

Иман Хамдиева Чеченский государственный университет имени Ахмата Абдулхамидовича Кадырова – федеральное государственное бюджетное образовательное...
Команда из Грозного – бронзовый призер инженерного соревнования

Команда из Грозного – бронзовый призер инженерного соревнования

Иман Хамдиева В Московской области, в городе Долгопрудный, завершился финальный этап Всероссийского инженерного конкурса «Первый элемент. Модель»,...
Успешный интенсив в Грозном

Успешный интенсив в Грозном

Создали проекты – победили сомнения
Особенности детского лагеря «Горный ключ»
Особенности детского лагеря «Горный ключ»
Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики
Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики
От прошлого к будущему
От прошлого к будущему
Обучение в ЧГУ – начало большого будущего
Обучение в ЧГУ – начало большого будущего
Команда из Грозного – бронзовый призер инженерного соревнования
Команда из Грозного – бронзовый призер инженерного соревнования
Успешный интенсив в Грозном
Успешный интенсив в Грозном

ХьошалгIахь цхьаьнггара кхерам бацара. Хьешан бохам – йуьртана иэхь.

(И. Эльсанов. «Хьаша веъча цIийннана»)

Кхечанхьа нисвелча, шен аьтто баьлча, со вуьйр а волуш, ткъа хIинца, кху тхов кIел, сан коьрта тIера чо ца талхийта, шен са а лур долуш лаьттийца.

(А. Айдамиров. «Еха буьйсанаш»)

Сан дика дIаэцар йа цаэцар – иза хьан-хьайн гIуллакх ду. Ткъа, керта а веана, къамелдечу стаге ладогIар – вайн ворхIе а дех дуьйна схьайогIуш къоман оьздангалла йу.

(Н. Музаев. «Органан тогIехь»)

Шен гIуллакх, болх буьтий, шен вуон тIаьхьа тоттий, шена товш дара-дацара ца бохуш, хьешан гIуллакхе хьовсуш ду нохчийн гIиллакхца.

Дан амал долчу хIуманна бехказло йина, бита тарлуш дац хьешан лаам. Сакъера веанехь – самукъадаккха деза, лурвоьлла веанехь – ларван веза. Цо арабаьккхинчу некъан гIуллакх кхочуш ца хилча, цIийнан цIе йужу.

(Д. Кагерманов. «Орга» журнал, 1994 шо, № 2)

Хьан гIуллакх бахьана долуш, ас маршала а ца хотту долчу нахана, хаза хабар дуьйцуш, хьеста-м вели со.

(Нохчийн фольклор. Том II)

Хьаша веза ву, цуьнан лерамбан хаа деза. Амма хьешана а хаа деза шен меттиг ларйан. Вуьшта аьлча, цунна тIехь а ду билгалдолу декхарш.

Ца ваьлла бен нахехь буьйса йаккха мегар дац. Хьошалла атта дац.

Ца ваьлла хьошалгIахь ша висча, къийлавала, ийзавала оьшуш дац. ХIусамца эвхьаза хила а мегар дац.

(Х.-А. Берсанов. «ГIиллакхийн хазна – ирсан некъаш»)

ХьошалгIахь ша хIун лело догIу хаа деза стагана. Уггаре а хьалха, ша тIевоьссинчу хIусамдега ша бахьанехь дукха къа ца хьегийта хьажа веза. ШолгIа делахь, шена йеллачу ларамечу меттахь хиъна Iан веза, чу веъ-веъначуьнга шен меттиг дIа а ца кхийдош. Нагахь хIара чохь а волуш, кхин хьаша а веъна, и дIаваха араваьлча, кхунна тIехь дац цунна тIаьхьавалар. Иза хIусамдас дийр ду, ткъа хьешо хьаша новкъа воккхуш ца хуьлу.

(М. Ахмадов. «Нохчийн гIиллакх-оьздангалла»)

«Шемал, хьо имам а, шайх а ву, – элира цо курра. – Ткъа со оьзда нохчи ву. Шайн цигахь суьйлийн гIиллакхаш лелор ахь. Амма сан хIусамехь нохчийн гIиллакхийн сийдан дезар ду хьан. Нагахь и тайпа эвхьаза дош сунна шолгIа хеза-кх… Хьо милла велахь а, могуьйтур дац ас…».

(А. Айдамиров. «Калугера йийсар»)

Хьешана йуург йаларан а бу шен бехкамаш.

Бен-барса кхача схьабаларе а ца хьоьжуш, чу макхеччи хьешана «туьхий-сискаллий» (вуьшта аьлча, кийча йерриг) хьалхахIотто еза.

(С.-М. Хасиев. «Орга», № 3, 1996 шо)

Генарчу, хийрачу хьешана, шен таро йелахь, уьстагI буьйш ду вайн.

УьстагI бийна, шун хIоттийча, кортий, накхий хьешана (йа хьешех воккхачунна) хьалха дуьллу. Цо шун доладо, уьрсаца бета йуьххьера йа лерга йуххера мерцхалг доккхий. Цул тIаьхьа, цо и корта шена лахахь Iачарна хьалха дIало. Цара, шайна йез-йезачуьра йоккхуш, вукхарна хьалха дIа а луш, пхьор до цунах.

(Х.-А. Берсанов. «ГIиллакхийн хазна – ирсан некъаш»)

Йуучух кхетта, хьаша паргIатваллалц, хьешо беанчу некъах хеттарш ца до.

Кавказан ламанхошна йукъахь бIеннаш шерашкахь схьадогIу гIиллакх дохо ца лууш, уьш кхача биъна бовллалц хаттарш ца деш Iара хIусамда.

(А. Айдамиров. «Лаьмнашкахь ткъес»)

Чувеана стаг дIавоьдуш, и кех валлалц тIаьхьаволу. Хьаша кетIара дIавохуьйтуш дац. Йуьртан дозане а ваьккхина, некъан хIун аьтто нисло а хьаьжна, дIахьажо веза хьаша.

Iуьйрана шен къона хьеший новкъабаха йуьртах валлалц веара Мажа.

(I. Гайсултанов. «Александр Чеченский»)

Нохчийн дикачу гIиллакхех ду гIо-накъосталла эшначохь белхи вовшахтохар. Белхи гулбо цIа хьалахIоттош; охана, мангал-асар деш; ков-кертахь ша ца ларош долу гIуллакх деш (хьаьжкIаш тилош, тIаргIа къажбеш); хица, цIарца, латта такхарца доьзна бохамаш хилча. Уггар хьалха, белхи бой, кхочушдо баккхийчу нехан, байш кхобуш бисинчу зударийн, вуон деанчу доьзалийн хьашташ. Кхайкхича белхех вахар хIоранна а тIехь ду.

Оцу халачу замано йуха а чIагIдо вайнехан уггаре а оьздачу гIиллакхехь цхьаъ хилла дIахIоьттина долу гIиллакх – белхи. Амма цо, дуьххьалдIа адамашна балха тIехь гIодарал сов, кхочушдеш кхин дуккха а гIуллакхаш дара. Цо аьтто бора нахана, цхьаьнакхетта, къахьега, кхетош-кхио. Кхузахь аьтто хуьлура вовшашкара диканиг схьаэцарца къинхьегаман эвсаралла лакхайаккха. Кхузахь къаьстара балхана кадениг, куьйгана говзаниг, хьекъална ираниг, гIиллакхна оьзданиг.

(А. Айдамиров. «Тхан эвлахь»)

Нехан дика-вуоне ца хьийзинарг шен вуонехь ша висна.

(Халкъан кица)

ВогIуш-воьдуш гIо оьшучунна тIенисвелча (машен, ворда йоьхна, кхин некъан хьовзам хилла), гIо ца деш, тIехволуш дац вайн. Шен уьрдахь гIуллакх дина ваьлларг (хуьлда и охана дар, мангал хьакхар, йалта чудерзор…) лулахочунна жимма а гIо ца деш, тIехволуш ца хуьлу. Дика-вуон дIадерзор-м йерриге йуьртан а гIиллакх хьулу.

Стаг халонехь, балехь висча, бен а ца хеташ цуьнан бала ца кхочуш вверг стаг вац, йа адам дац.

(Х.-А. Берсанов. «ГIиллакхийн хазна – ирсан некъаш»)

Дан оьшучохь гIо цадинарг вела валарг ву.

(Халкъан кица)

Кхин ницкъ бацахь, дашца мукъане а гIо де оьшучунна.

(Халкъан кица)

***

Нехан зудчух, йоIах лаамана куьг кхетийтар а, цуьнга эвхьаза забарйар а бехке лоруш ду.

Эвларчу йоIе эвхьаза забар йина паччахьан къорза эпсар-пурстоп, зударийн гIабали а йуьйхина, хелха ваьхна, Жаьмбикан Тойсума…

(С. Яшуркаев. «Зайба»)

– Церан зулам кхочуш ца хиллехь а, дайн къонахалла Iалашйеш хьо велахь, зудчун куьгтохар дуьтуш дац вайнехан!

(Н. Музаев. «Органан тогIехь»)

Селител хьалхаваьллачу Увайса, схьа а эцна йовлакх дIакховдийра йоIе, цуьначух шен куьг ца хьакхадалийта, шина пIелгаца а лаьцна.

(М. Сулаев. «Эскинойхь»)

Вайн къоман гIиллакхехь дац шича-маьхча йа цIийнан, некъийн вовшашца захалонаш дар, шарIо иза магош делахь а.

Вайн дайша ларйеш схьайеана къоман оьздангалла ларйан декхар ду вай.

(Х.-А. Кадыров, М. Заурбеков. «Исламан сирлачу новкъахь»)

ЙоI йовзар а, цуьнга дагардийцар а хила тарло ловзаргахь, синкъерамехь, хийистехь. Лула-кула чукхайкха а тарло шена йевзина, йа йовза лиъна йоI.

Нохчийн оьздангаллица догIуш дац кIанттий, йоIIий адам доцчахь шаьш латтар.

Доцца аьлча, мацах-мацах дуьйна схьа къоначу адамашна вовшийн дагара дийца аьтто нислуш, билгалбаьлла бара хин корта.

(А. Айдамиров. «Тхан эвлахь»)

Нохчийн гIиллакхо тIедуьллу кIентан, йоьIан йукъаметтигаш тешаш болчохь хилийтар, теш воцуш цхьаьнакхетар – и уосала лоруш а, магош а ца хилла.

(М. Ахмадов. «Нохчийн гIиллакх-оьздангалла»)

ЙоI йадор халкъо магийна зуда йалоран кеп йац. ЙоI йадор иза йолчарна иэхь дар лору, уьш атта хетар санна туьду иза, цундела, йолчара йоI схьа а йоккху, цуьнан сий а дойту. Цу тIехула вер-ваккхар, даккхий девнаш хуьлуш меттигаш а хуьлу.

Вуьшта аьлча, къоман оьздачу гIиллакхашца цхьа а хьаса боцуш, зулам ду йоI йадор.

Цул иэхье хIума дац

Йахь йолуш волчунна.

(М. Дикаев)

Бехкбаккха хIоьттира, бах,

и гуьржийн жима кIант:

– Дакъаза ма вала,

хIай Юьспан ва Тойсам,

ЦIарна цIе ва йахна,

дика кIант вара хьо,

Нохчийн жима кIант ша цIера ваьлча,

Цуьнан йиша, бертаза йадийна, йало

Иэхь хIунда ца хетта

цIе йолчу хьуна?

(«Нохчийн кIентан, гуьржийн кIентан илли»)

Зуда йалоран уггаре а нийса некъ, йоIIий, кIанттий вовшашна реза делахь, йеха нах бахийтина, бертахь заахало дар ду. ЙоьIан а, кIентан а дагахь дерг хиъначул тIаьхьа, шайна и заахало мегаш делахь, кIентан дас (йа верасаша) йоьIан верасашна тIе стаг вохуьйту, шаьш и заахало дезаш хилар дIахаийти. Цаьрца дийцарш хилла, цара пурба деллачул тIаьхьа, захалонна нах бохуьйту. Иштта бертахь дина заахало шина а агIонна йуьхькIоме а, тIаьхьало йолуш а хуьлу. 

– Вайн дайша а зуда шена луучу бен маре йохуьйтуш ца хилла, – элира Товсолтас. – Нагахь Сата цу меттигна реза йелахь, со дуьхьал вац.

(Н. Музаев. «Органан тогIехь»)

Хьалха йоьхуна дахьийтина,

тIаьхьа замой бахийтина.

Цо шен йалийра ваша воцу Сайлаха.

(«Ваша воцчу Сайлахин илла»)

Хан йиллина, шен лаамехь тIаьхьахIоьттина йоI маре йахар иэхье лоруш дац нохчийн, амма йолчарна сийлахь дац иза. Иштта йалийна йоI цхьанхьа йоссо йуьгу, хIунда аьлча, да-нана реза а дина, мах-там баллалц, кIентан дола йолуш йац иза. Билггал йоьIан бертахь цуьнан арайалар хиллийла хиъначул тIаьхьа, оьздачу наха, дукха даз ца деш, заахало дой, дIадерзадо. ЦIа ца йуьгуш, кхечанхьа йоссоран кхин агIо а хилла – шен керлачу декхаршна кечйина, керлачу хIусаме иза йахийтар.

Тхан луларчу кIентан, Лечин, зуда цхьана геннарчу керта йоссийнера.

(М. Бексултанов. «Некълацар»)

Хьажал хьо, хIетахь нускал, хIинца санна, мич-миччахь а доссош ца хилла. КIентан гергарчех цхьа хьекъале, кхетаме, гIиллакхе хIусамнана йолччу бен. Шена хьалха нускало ши-кхо кIира хан йоккхуш хIусамнанас толлура нускалан гIиллакхаш. Диканаш къобалдора, цамегарш кхидIа тарлур дац, олура. Керлачу доьзалехь лело дезарг а, дита дезарг а хьоьхура. Йукъ-йукъа цига богIучу марзошца кIез-кIезиг гергарло тасало несан, уьш бевза, тIаккха шен майрачун доьзале йосса атта хуьлу цунна.

(А. Айдамиров. «Тхан йуьртахь»)

Нускал далош богIучийн некъ лоцуш ду, некъа тIе гIуркх буьллий йа муш лоций. Некъ лаьцначарна гуотаса а ца гIерташ, ахчанца гIеххьа совгIат дар оьзда лору.

– Хьада, охьайилла вайшиннан Iаса нийсса пурх некъа тIе, йуха хьуо сехьа а валий, саца, цара машен лагIйича, тIе а гIой, цара хьайна лун ахча схьаэца. Дала декъал йойла шу зуда аьллахь, виц ма лолахь… хьада хIинца, –  эххар а Деркин карара иккхира.

(М. Бексултанов. «Некълацар»)

Хан йиллина йоI йало воьдучу цушинна а йалсаманин басаршкахь гора гондахьа мел дерг. Воккхавера Мовсар, башха ловзура кийрара дог.

(В.-Хь. Амаев. «КIур гIаьттича»)

 

Нускал далош, иза схьакхочуш, шаьш кхоаца догIуш хилар геннара хаийта, кхузза топ кхуссу. ЙоI йолчу кертахь-м хьовха, иза йехачу куьпахь, кхечу йуьрта йуьгуш йелахь, иза йехачу йуьртахь топ кхоссар, машенашка цIогIа деттийтар данне гIиллакхе дац.

Нускало марзахошка мотт кхобуш ду вайн. Мотт бостуьйту сих-сиха керта хIуьттучу йуххера гергарчара а, кIентан доттагIаша а. Мотт бостуьйтучо, нускале мала хи а доуьйтий, и дIамала шена пурба доьху. Несо, аьтту куьйга куршка а лаьцна, цуьнан тIам болу агIо хи дехначуьнга а кховдош, тийначу озаца: «Мегар ду, гIоза молийла олу!», «Хи мел дезачунна езийла! Дала барт цхьаъ болуш дахар лойла!» –– олуш, хих къурд а бой, чу ахча тосий, куршка дIало мотт бостуьйтучо.

Чуеана Зезаг, кхин йист ца хуьлуш, мардена хьалха лаьттачу стоьла тIе йовха сискаллий, кIалдаьттий, гIалмакх-чай хIоттийна, йуха а йаьлла, неIарехь сецира. Стоьла тIера схьаэцначу чайнан кеда чу туьхан цинц а тесна, йуха а, баьхьана и кад цигга дIахIоттийра воккхачу стага.

– Зезаг, – элира цо, йуха несехьа а воьрзуш, – чIогIа хьагвелла-кх со, бакъо лой ахь суна хIара чай мала?

Йист ца хуьлуш, корта охьа а бахийтина, лаьттара нус.

Мегар дуй, - аьлла, йуха а бакъо йийхира цо несе.

ТIаккха а и йист ца хилча:

–  Делахь, хIун дийр ду ас, – элира Гушмазукъас, доккха са а даьккхина. – Ахь бакъо ца йелча, сан-м таро йаций-ц хIара мала, Iийр ву-кх иштта хьагалла вала…

Шен когарчу, дашо хьаса боккхуш биначу Iаьржачу тIаьрсик-кIархашка хьаьжнначохь лаьттара Зезаг.

– Алал хIинца, мегар дуй суна хIара мала: – кхозлагIа хаьттира мардас.

Йуха а жима йист ца хьулуш а лаьттина:

– Мегар ду, – элира Зезага тийначу озаца.

– Баркалла хьуна, Дала ирс долуш йойла хьо! – элира воккхачу стага.

(М. Мамакаев. «Зеламха»)

Марзошка болу шен лерам гайтаран цхьа кеп йу несо церан цIераш кхабар. Кхечу йуьрта йоI маре йаханехь, хIусамден йуьртахой берриге а марзой ларало цуьнан, йуьртахь захало делахь – тайпанан нах; цхьана тайпанна йукъахь делахь – некъенан нах. ЦIе кхобу бохуш, керла цIе тиллар нийса дац. Масала, «Зайнапах» «Хьасраъ» аларх, хийрачу стагана хуур дац цIе кхобуш хилар, ткъа «Хаза йоI», «Дика йоI», «ВашгIеран кIант» аьлча, нус хиларан билгало хуьлу.

Нанас цIе ца йоккхура цуьнан. Оьзда-м хилла хьалхалера зударий. Кхечу йуьртара йалийнарг-м дийнна йуьртана а бехке хилла…

(А. Ахматукаев. «Маьлхан дашо бIарлагIа»)

Ма бакъ даьхкинера-кх шу, Дубин-Эвлара кIант, хьо ванза хIунда хьевеллера?

(М. Юнусов. «Шовдана йистехь»)

  • 1

Письмо солдату

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1