В Грозном открылась ледовая арена

В Грозном открылась ледовая арена

Раиса Тимаева Ледовая арена «Ахмат» – современный спортивный объект, который призван дать новый импульс развитию зимних видов спорта в Чеченской...
Маленькими шагами уверенно к мечте

Маленькими шагами уверенно к мечте

Иман Хамдиева За каждой большой наградой стоят не только сцена и аплодисменты, но и будни: споры, поиски, поддержка и моменты, когда хочется всё...
Новая эра в спортивной истории ЧР

Новая эра в спортивной истории ЧР

Милана Итиева Совсем скоро начнется новая эра в истории спорта Чеченской Республики: состоится торжественное открытие первого современного...
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины

«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины

Раиса Тимаева В рамках реализации нацпроекта «Молодежь и дети» в Грозном и районах республики прошел масштабный фестиваль «Кросс Единства».
Образование детей – в приоритете

Образование детей – в приоритете

Иман Хамдиева В Чеченской Республике уже более 240 семей воспользовались средствами материнского капитала для оплаты образовательных услуг своих...
Лучшие в спортивном туризме

Лучшие в спортивном туризме

Лалита Дэниева В Чеченской Республике состоялись республиканские соревнования по спортивному туризму, посвященные Году единства народов России.
В Грозном открылась ледовая арена
В Грозном открылась ледовая арена
Маленькими шагами уверенно к мечте
Маленькими шагами уверенно к мечте
Новая эра в спортивной истории ЧР
Новая эра в спортивной истории ЧР
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины
Образование детей – в приоритете
Образование детей – в приоритете
Лучшие в спортивном туризме
Лучшие в спортивном туризме

ХIоттийнарш:

Аболханов Хьаким,

Бурчаев Хьалим

Стеган тоьллачу гIиллакхех ду собаре хилар. Муьлхха а харцо, йамартло, дуьхьало ца еш, лан еза бохург дац иза.

ТIедеана дика а, вуон а, собарца лан а лайна, хьекъалца тида а тидна, Делера йал а, нахера баркалла а, хьайна йуьхькIам а хинболчу агIор дIадерзор ду.

Цхьа хало тIехIоьттича, стогаллех воьхна товш вац къонаха.

Сихалло са диъна, собаро лам биъна.

(халкъан кица)

Собар а дуй хаалахь оьздангаллин гIортор,

Делахь а, товш хилац цхьаверг гуш

Кхечеран хьаштана деш собар шорта,

Шен долчу хьаштана и ца тоьуш.

(М. Сулаев «КIанте»)

Собар – шена тIекхаьчначу муьлххачу бохамна, гIелонна, воьхна ца хьийзаш, сихаллехь, ойлайар доцуш, хиллачух нийса кхета а, маьIна дан а хьекъал кхачар ду.

(М. Ахмадов «Нохчийн гIиллакх-оьздангалла»)

Де доьхна, Iаьржачу халоно хьовзийнчохь,

Мацалло бIарздина, гIелонна кIелдуьсчохь,

Бохамна, харцонна йуьхь-дуьхьал хIиттинчохь

Собарах, стогаллех ма довла, боху цуо.

(М. Мамакаев «Даймехкан косташ»)

Хийла даккхийчу хьуьнаршна ницкъ лучохь а, вочух ларвечохь а ду йахь хилар. Йахь йолу стаг, шена а, шен цIийнан а, шен къоман а сий дойу долчу хIуманах ларлуш, шен цIе ларйеш хир ву. Балха тIехь а, дешарехь а, спортехь а ша цхьаннел а оьшуш ца хеташ, тоьллачаьрга нисвала гIерта йахь йолу стаг.

КIентан Йаххьий, йоьIан Иэххьий

Ма гойла дIадаьлла де!

Кхана уьш дIадовлуш делахь,

Ца вехаш, со тахна ле…

(А. Сулейманов «Дахаран генаш»)

Йахь – иза гуттар а дикачу гIуллакхан тIехь, амалшкахь (комаьршаллехь, майраллехь, и дI.кх. а) кхечул, шена гонахарчу нахал оьшуш ца хила гIерташ, мелхо а царал соввала гIертар ду.

(М. Ахмадов «Нохчийн гIиллакх-оьздангалла»)

Нанас дена ма волда йахь йоцу кIант!

И вича ма кхиа де-буьйса дIадаллалц!

(«Ваша воцчу Хьоччукъин илли»)

Нохчичун амалшкахь товш доцучех ду гIийбат дар, мотт-эладит лелор, къаьсттина божаршкахь. Йуьхь-дуьхьал цхьаъ а дуьйцуш, тIехьашха станага лер ду иза. Стагах долушдерг дийцар а лору гIийбат (цунна шена, дийцина, гIарадаккха луур доцург). Лаа олуш дац: «Хьайна хьесталуш волчух ма тешалахь, тешнабехк бийр бу хьуна».

Гуттар вуон ду, шен стагца йолчу гамонна цунна тIехь доцург кхоллар, мотт-эладита даржор. ГIийбат дар даккхийчу къинойх лоруш а ду.

Дуьхьал хеста а ма ве, тIаьхьашха а ма ле.

ДIаьвшал а инзаре вуониг – эладит.

Эладит лелочу баганан даккхий лергаш хуьлу.

Ши мотт болчу доттагIчул мостагI тоьлу.

(Халкъан кицанаш)

Нохчаша къобал ца деш, сийсаздечех ду къола, курхалла дар.

Къоладар дика гIуллакх дац. Бусалба динехь дихкина иза, нохчийн гIиллакхехь оьзда дац.

(А. Айдамиров «Кхолламан цхьа де»)

Къу хьалдолуш а хир вац, сутарниг верстар а вац.

(Халкъан кица)

Къу ваьхначу кертахь къух долу.

(Х.-А. Берсанов «ГIиллакхийн хазна – ирсан некъаш»)

Стаг гIийла, эгIаза вара аьлла, цунна дашца вас яр а, шегахь ницкъ сов бара аьлла, цунна гIело яра а товш а дац. Муьлххачу а нохчичун ницкъ цуьнан верасаш хиларехь бу. Стаг атта хеташ дина зулам нохчаша дуьтуш дац. Ткъа гIийлачунна гIело яр-м ледара хIума лоруш ду.

– Герз доцчух леташ вац со, юьстахвала! – цуьнга а аьлла, ша кхечунах тасавелира Чеченский.

(I. Гайсултанов «Александр Чеченский»)

– ХIан-хIа, хьан возалла. Тхан къомана юкъахь, нохчашна юкъахь, сийсазвар ловш дац.

(I. Гайсулатнов «Александр Чеченский»)

– ХIора стаг а шен-шен тайпа-тукхам долуш, хIотта верас волуш хуьлуш ву, цундела, цхьа хIума Iоттаделча, хIоранна а дала орца а, хIотта верас а караво…

(Н. Музаев «Органан могIехь»)

Шена тIедиллина гIуллакх, кост дина ца дуьтуш, ша кхочушдан деза. Масала, цхьа хабар дIатоха аьллехь, айхьа дIаала деза, кхечуьнга тIекаренаш а ца еш.

– Жима къонах, – кхайкхира цхьаъ-м, – Мусин Къосам волчу кост дар-кха дIакхето дезаш.

Эска юхахьаьжча, цунна гира лекхочу дегIахь воккха стаг.

– Ас дIакхетор ду и КъосамгIаьрга, – олуш, сецира иза.

Дог-бIаьрг буьзна хьаьжира цунга воккха стаг.

(А. Умарова «ГIиллакх»)

Нохчийн стагехь товш яц писала, сутара хилар. Рицкъа Делера хиларх тешаш, комаьрша хила веза стаг, сагIа дина ша дIаделларг шена кхана карор дуй хууш.

Пис хиларо доккха зен дохьу.

Дукха дезаро кIезиг долчух ваьккхина.

Бен сту беллачунна бата пах ца белла

(Халкъан кицанаш)

Дерриг дюне долахь хиларх,

Хьо пис велахь, дерриг дов.

Пислакх йолчу, цо кхайкхахь а,

ХьошалгIа ма гIолахь хьо –

Эмкал йиъча санна, йазйой,

Йиъна котам йуьйцу цо.

(А. Сулейманов)

Стаг пайдабоцчу воккхучех ду иэхь дацар. Цкъа а сий хир дац иэхь доцчу стеган, хIунда аьлча цо харцдерг а дуьйцур ду, цуьнгара ямартло а ер йу, цо мотт а беттар бу, эладита а даржор ду; цо къола а дийр ду. Ткъа уьш дерриге а иэхье, стеган сий дойуш хIуманаш ду.

Иэхь дахарал а деха ду.

Иэхь доцу стаг – туьха тасаза кхача.

(Халкъан кицанаш)

Стагана вуониг дан иэхьхетаро пачхьалкхан законочул а чIогIа ларво вочух. Делахь-хIета, иэхь доцург вочух ларван хIума дац-кха.

(Х.-А. Берсанов)

 

Дош дашера даьллачохь тешнабехкаца тIехьашха тохар а, шаьлта Iоттар а мегаш дац нохчийн. КъотIалгIа вина лору иза динарг.

Габина хиира, нохчаша, тIехьшха тухий йа шаьлта Iуттий, стаг вуьйш ца хиллий.

(I. Абдурашидов «Йист йоцу дахар)

СагIа дехар иэхь ду нохчочунна.

СагIа дехар нохчаша даима а иэхье лерина! Йа цунна а, йа цуьнан ворхIе дена а ца гина сагIа доьхуш нохчи!

(А. Айдамиров «Кхолламан цхьа де»)

Ткъа Варас сагIадоьхур ду бохург хьехо а ца оьшу. СагIадехар доккха иэхь лору нохчаша. ХIинццалц схьа оцу халкъах цкъа а ца ваьлла сагIина куьг кховдош стаг.

(А. Айдамиров «Еха буьйсанаш»)

Стагехь товш яц куралла. Шен бахамах, даьхнех, духарех, куц-сибатах куралла йар иэхье лоруш ду. Куралла йан мегар ду шен халкъах, махках, шен къоман турпалхойх. Цунах тIаккха дозалладар хуьлу. «Со», «ас» бахар вайн гIиллакхашца данне догIуш дац.

Куралла йу нахах цавашар, ша нахал лакхара хетар, гIорасизчул шен ницкъ совхетар.

(Х.-А. Кадыров, М. Заурбеков. «Исламан сирлачу новкъахь»)

Кураниг Далла ца веза.

Куралла – хьекъал дацар.

Кураниг говра хаахь, цунна шен да а ца вевза.

Нехан хьаьвди тIехь дин а ма барстабе, бехачу новкъахь куралла а ма лелае.

(Халкъан кицанаш)

Со кура ву хьуна,

Йоккхачу шахьарахь тарбелча

меттамотт

Шерето кхачийна дайн ирзу ца дохккал,

Аганан иллица хьистина ненан мотт

Бицбина, дуьненахь дакъаза ца валлал.

(Хь. Аболханов)

БIешерийн дохала шен шатайпана духарш кхоьллина нохчийн къамо. Масала, зударийн – гIабали, гуьлманда, чухта, кортали; божарийн – чоа, гIовтал, верта, куй, доьхка, пезагаш.

Хийрачу нахана юкъа а, невцалгIа а, баккхийнаш болчу тезета а воьдуш товш дац коьртахь хIума йоцуш а, пхьош доцу коч йуьйхина а. Нохчийн дастаме лоруш ду духарца нахал къеста гIертар а, цунах куралла йар а, ткъа иштта чухуларчу духарца нахана юккъе валар а. Нохчийн оьздангаллин лехамашца данне догIуш дац йоцачу кучаца, коьртахь хIума йоцуш зударий лелар а.

Духарца кхечарал совала гIерташ Iедал ца хилла нохчийн. Нагахь шен елахь а, шен лулахочун йа накъостийн йоцу бедар тIейухар а товш хеташ ца хилла…

Нохчийн гIиллакхехь цхьа башхалла йу духар лелорехь: бедарна тIера цхьа башхалла йу духар лелорехь: бедарна тIера цхьа а вета йа нуьйда дIатасаза цайитар гIиллакхехь ду.

(М. Ахмадов «Нохчийн гIиллакх-оьздангалла»)

Нохчийн стеган дахарехь доккха маьIна долуш ду доттагIалла. Деца, ненаца-м хIунда дуьйцура, шен йиша-вешица а эвхьаза хьулуш дац вайн. Цундела чIогIа оьшу хьайх кхеташ, стена тIехь а дагавала йиш йолуш, тешаме доттагI хилар.

ДоттагIаллехь угаре а коьртаниг тешаме хилар ду. Вовшашка тешам байначул тIаьхьа даттагIалла духуш ду.

ДоттагIалло воккхавер шозза совдоккху, сингаттам шозза иэшабо.

Эзар доттагI вверг ваьлла, эзар сту-етт берг велла.

Девнаш йурт йохайо, хьарамалло доттагIалла дохадо.

Стаг вовза лаахь, цуьнан уьйрашка хьажа.

(Халкъан кицанаш)

ДоттагIаллаш мА хедаде –

Уьшша-м вайна оьшуш дай.

Шад ца хуьлуш, хотталац-кха,

Хадахь, доттагIаллин тай.

(А. Сулейманов «Дахаран генаш»)

Бакъдолчу доттагIаллехь хьагI хир яц, хьагI йолчу доттагIчух доттагI хир вац.

(Х.-А. Берсанов «ГIиллакхийн хазна – ирсан некъаш»)

Тахана йа селхана кхолладелла дац нохчийн хьаша-да тIеэцаран ламаст. Вайн заманахь санна, атта ца хилла хьалха вахар-вар. Гена йуьрта йа шахьара гIаш йа говрахь воьдуш, нехан йуьртахь саца везаш меттигаш дукха нислуш хилла. Вер-ваккхар хилла, чIир йукъаеъча, нехан йуьртахь хьаша лаха дезаш хилла. Иштта вайн дайша лерина лардеш, таханлерчу дийне схьакхачийна а ду хьаша-да тIеэцаран ламаст.

– Тхо чIирхой ду. Сан цIе Хасболат йу. Ткъа хIара сан кIант ву – Шахьби. Буьйса йаккха меттиг езара тхуна.

– Марша вогIийла хьо. Чоьхьавала. Хьайн цIа веана хьо.

(С. Юсупов «Хеназа хьаша»)

Вевзаш вара, вацара ца бохуш, къен-миска ца лоьруш, хене ца хьоьжуш (де-буьйса башха доцуш) тIеоьцуш ву хьаша.

ХIей нах, олий, ас мохь туху,

Корехь серлаболу чиркх.

Вевзаш вацарх ломахь наха

Даим оьцу хьаша тIе.

(А. Сулейманов «Дог дохден цIе»)

Араваьлла воьдуш, дIакхочу хьо воьдучу хьошалгIа. Салам ахь дIало хьайна дуьхьалваьллачу хIусамдега. Цо схьакховдадахь, куьг лоцу ахь. Куьг кховдоран хьалхе хIусамдегахь а, воккхачуьнгахь а йу, тIевеанчуьнгахь йа жимхехь йац. ХIусамдас неIарна тIекхаччалц, хьалха а волий, хьаша тIевуьгу, тIаккха неI дIа а йоьллий, чоьхьволуьйту. Хьешо чуьрчаьрга салам ло (вайн Iадатца и дала догIуш делахь) йа: «Дика мел дерш кху чу», – олу. «Диканца дукха вехийла хьо а, марша а вогIйла», – дуьхьал жоп чуьрчара а ло.

(М. Ахмадов «Нохчийн гIиллакх-оьздангалла»)

Хьалха заманахь хIора кертахь хьешан цIа деш хилла. Тахана а муьлххачу хIусамехь, леррина дина цIа ца хилахь а, хьеша-дена латтош цхьа чоь а, цунна Iалашбеш мотт-гIайба а хуьлу. Уггар тоьлла кхача хьешана олий латтош хилла.

Хьешана диначу цу дуьхьал оти чохь,

Кхо ког болчу жIайгIанта ша лоха лахвелла,

Пондаран кхаа пхенах маргIал пIелг ва туьйсуш,

Ойлане велира, бах, нохчийн жима кIант.

(«Нохчийн кIентан, гуьржийн кIентан илли»)

Хьалха заманахь нохчаша, цIеношца цхьана тхов кIел а доцуш, чу-ара вала цуьнан аьтто хилийта, хьешана шенна олий, цIа дугIуш хилла. Оти олуш хилла цунах.

(С.-М. Хасиев «Даймохк» газет, № 20, 2006 шо)

Масане, шен доьзалх хербина кхача хIоттош, цунна баржоза мотт буьллуш, хIусамнанас хьаша-да верзийна.

(М. Мусаев «Тапча йаьлча»)

Хьаша хIусамдена а, йуьртана а бехке ву. Массо а кепара цунна цатам хинболчух ларво иза.

Нохчийн гIиллакхехь цо жоп лора хьешан коьртах.

(А. Айдамиров «Лаьмнашкахь ткъес»)

Шен кертахь стаг ца воьйту нохчочо. Иэхь ларало иза.

(М. Мусаев. «Тапча йаьлча»)

  • 1

Письмо солдату

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1