Зайтемиров Сайдик
Урокан цIе: «Мукъаза аьзнаш тI, хI, гI, кI»
Урокан Iалашо: нохчийн меттан шатайпана мукъаза аьзнаш берашна довзийтар, уьш йозанехь шалхачу элпашца билгалдахийтар хаийтар; йоза шардар; Iамийнарг карладаккхар; гIиллакх-оьздингаллехь кхетош-кхиор.
Урок дIайахьар
- 1. Догдаийтаран мур
- 2. ЦIера болх таллар
– Муьлха шардар дара шуна цIахь кхочушдан делларг?
– Тхуна деллера шардар 144, агIо 64.
– Муха кхочуш дира аш и шардар?
Шардар 144, агIо 64
- 3. ЦIена йаздаран минот
ДIайеша байт:
Хьаша веъча аравалий,
Ахь маршала хатталахь,
Кертахь, арахь сихха лахий,
Шайн дега кхаъ баккхалахь.
– Хьаша бохучу дашна хьалха муьлха элп хеза вайна?
– Ткъа тахана вайга хьошалгIа муьлха элп деана?
– «Хь хь» деана.
– Мукъа ду и йа мукъаза ду?
– Мукъа ду?
– ХIунда ду и мукъаза?
– Багахула олучу хенахь хIаваана новкъарло хуьлу, хецна дIа ца алало и.
– Маса меженах лаьтта «Хь» элп?
– Кхаа меженах лаьтта.
(Хьехархочо йаздаран бакъонаш керлайохуш, дIайаздеш уьн тIехь гойту. Дешархоша тептарш тIе дIайаздо)
- 4. Урокан Iалашо йовзийтар
ХIетал-металш
ЦIен ленаш долу кIайн говраш.
(ГIезаш)
– ХIара хIун йу? (ГIезаш йу)
– Муьлха аз ду дашна хьалха? (ГI)
– Аз «ГI» муьлхачу элпаца билгалдо? (ГI)
– Маса хьаьрк ду цуьнан? (Шиъ)
– Муьлха ши хьаьрк ду уьш? (Г, I)
– Кхин муха ду иза? (Шалха)
– ХIунда ду иза шалха? (Г, I лаьтташ долу дела)
– И ши хьаьрк вовшах тоьхча хIун аз кхоллала цунах? (ГI)
Воккхачу дадин дуткъа доьхка.
(ТIай)
– ХIара хIун йу? (ТIай ду)
– Муьлха аз ду дашна хьалха? (ТI)
– Аз «ТI» муьлхачу элпаца билгалдо? (ТI).
– Маса хьаьрк ду цуьнан? (Шиъ)
– Муьлха ши хьаьрк ду уьш? (Т, I)
– Кхин муха ду иза? (Шалха)
– ХIунда ду иза шалха? (Т, I лаьтташ долу дела)
– И ши хьаьрк вовшах тоьхча хIун аз кхоллало цунах? (ТI)
– Алал массара «ТI»
Некъаца а ца доьду, шена тIаьхьа лар а ца йуьту.
(ХIордакема)
– ХIара хIун йу? (ХIордакема ду)
– Муьлха аз ду дашна хьалха? (ХI)
– Аз «ХI» муьлхачу элпаца билгалдо? (ХI)
– Маса хьаьрк ду цуьнан? (Шиъ)
– Муьлха ши хьаьрк ду уьш? (Х, I)
– Кхин муха ду иза? (Шалха)
– ХIунда ду иза шалха? (Х, I лаьтташ долу дела)
– И ши хьаьрк вовшахтоьхча хIун аз кхоллала цунах? (ХI)
– Алал массара «ХI»
Йоьдуш-йеса, йогIуш-йуьзна.
(КIудал)
– ХIара хIун йу? (КIудал йу)
– Муьлха аз ду дашна хьалха? (КI)
– Аз «КI» муьлхачу элпаца билгалдо? (КI)
– Маса хьаьрк ду цуьнан? (Шиъ)
– Муьлха ши хьаьрк ду уьш? (К, I)
– Кхин муха ду иза? (Шалха)
– ХIунда ду иза шалха? (К, I лаьтташ долу дела)
– И ши хьаьрк вовшах тоьхча хIун аз кхоллала цунах? (КI)
– Алал массара «КI».
– Ткъа, бераш, тахана вайн урокан тема хIун йу аьлла хета шуна?
– Тахана вай урокан тема «Мукъаза аьзнаш тI, хI, гI, кI» йу аьлла хета.
– Бераш, аш нийса боху, вай тахана урокан тема йу «Мукъаза аьзнаш тI, хI, гI, кI».
- 5. Керла тема хьехар
а) бакъо таллар.
Шардарехь къасторан хьаьркийн тидам бар
– ДIадеша 146 шардаран тIедиллар.
– Муха кхочуш дан деза вай и шардар?
– ТI, хI, гI, кI элпашна кIел сиз хьокхуш дIайаздан дезаш ду.
– Муьлха мукъаза шалха элпаш ду могIанашкахь?
– Муьлха аз ду «ГIоза» боху дашна хьалха? (ГI)
– Аз (ГI) муьлхачу элпаца билгалдо? (ГI)
– Маса хьаьрк ду цуьнан? (Шиъ)
– Муьлха ши хьаьрк ду уьш? (Г, I)
– Кхин муха ду иза? (Шалха)
– ХIунда ду иза шалха? (Г, I лаьтташ долу дела).
– И ши хьаьрк вовшахтоьхча хIун аз кхоллало цунах? (ГI)
– Алал массара «ГI».
(Уьн тIехь кхочуш до. Цул тIаьхьа дешархоша шайн тептаршна тIе дIайаздо.)
(Иштта кхин диснарш толлу).
- 6. СадаIаран минот.
Жима Ваха гIотту
Мало йоцуш хьала.
Мел хан йаьлла, хотту,
ТIаккха йо зарядка.
- 7. Iамийнарг тIечIагIдар
Тобанашкахь болх
Мила ву говза.
– Бераш, вай хIинца тобанашкахь болх бийр бу. ТIадамийн метта дайна элпаш, дIаязде шайн тобанера дешнашкахь.
1-ра тоба:
…уш (хIуш)
...ала (гIала)
...аз (гIаз)
...аг (кIаг)
…ажа (кIажа)
…о (тIо)
…илдиг (тIилдиг)
…аваъ (хIаваъ)
2-гIа тоба:
…оз (хIоз)
...ара (кIара)
...ум (гIум)
...айдарг (кIайдарг)
…ай (тIай)
…улгаш (тIулгаш)
…абакх (гIабакх)
…усам(хIусам)
3-гIа тоба:
…уьрцIаьлдиг (хIуьрцIаьлдиг
...ант (гIант)
...ац (кIац)
...орни (кIорни
…утакх (гIутакх)
…ам (тIам)
…аргIа (тIаргIа)
…оа (хIоа)
4-гIа тоба:
…орд (хIорд)
...архаш (кIархаш)
...ан (гIан)
...ант (кIант)
…адам (тIадам)
…аьрсиг (тIаьрсиг)
…ад (гIад)
…ордакема (хIордакема)
ХIора тхьамдано шаьш девлча, шайн тобано йаздина дешнаш схьадуьйцу.
– Муьлха шалха мукъаза элпаш дихкина аш?
Шаьш бен болх
– ДIадеша шардар 145, агIо 65.
– Муха кхочуш дан деза иза?
– Мукъаза элпашна кIел сиз хьокхуш кхочуш дан деза и шардар.
– Мукъаза шалха элпаш дуй кицанашкахь? (Ду).
– Муьлханаш ду уьш? (ХI ду)
– Нийса боху, хIинца шайн тептаршна тIе дIайазде и шардар.
- 8. Рефлекси
-ХIун керланиг девзи шуна тахана урокехь?
-ХIун хазахийти шуна тахана урокехь?
- Вай хIоттийна Iалашо кхочуш хилла аьлла хетий шуна?
- ТIейогIу урок муха хила лаара шуна?
- Шайна урок хазахеттехь самукъане смайлик хьалаайба, шайна урок хаза ца хеттехь гIайгIане смайлик хьалаайба.
- 9. Урокан жамI дар
-Муьлха шалха мукъаза элпаш шайца долу дешнаш девзи шуна тахана урокехь?
-Муха кхолладелла шалха мукъаза азнаш?
- 10. ЦIахь бен болх
Шардар 148, агIо 66.
– ТIера схьайазде шардар, шалха мукъаза элпашна кIел сиз хьакха деза. Iамае бакъо
агIо 62.
Ша шен урокан мах хадор (Самоанализ урока)
Урок цIе: «Мукъаза аьзнаш тI, хI, гI, кI»
Ас сайна хьалха хIиттийна Iалашонаш йара (йукъарадешаран ардам: предметни,
метапредметни, регулитивни, коммуникативни, личностни).
Нохчийн меттан шатайпана мукъаза аьзнаш берашна довзийтар, уьш йозанехь шалхачу элпашца билгалдахийтар хаийтар. Йоза шарда р,Iаминарг карладаккхар, гIиллакх-оьздингаллехь кхетош-кхиор.
Иштта урокан оьшу гIирс бара: мукъаза аьзнаш тI, хI, гI, кI лаьцна кечйина презентации, компьютер, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, къоламаш, тептарш, урокан жамI даран гIирс.
Маршалла хаттарца дIайолийра ас сайн урок. Цул тIаьхьа дешархоша цIахь бина болх талларца, хаттарш луш церан болх теллира.
Класс тобанашка йийкъира, цIераш техкина хIора тобанна.
Хьалха Iамийнарг тIечIагIдеш, тобанашках болх бира. Урок чекхйаллалц бохург санна, дешархошна йукъахь дIабаьхьира самукъне а, къовсаме а болх.
Къовсам дIаболийра урокан цIе йаккхийта кечдинчу хIетал-металшца. Цул тIаьхьа дешархоша сан гIоьнца бакъо теллира. Бакъонах кхетам белла, и кхетам тIечIагIбеш кхочушдира шардар.
Жигара, лехаме а белхаш бинчул тIаьхьа, дешархошца дIайаьхьира садаIаран минот.
Ас дешархошца йийшира гIиллакхах лаьцна байт, цул тIаьхьа дешархоша шайна девзаш долу гIиллакхаш дийцира.
Урокехь Iамийнарг тIечIагIдеш, ас дешархошна тобанашкахь бан болх белира. Шаьш девлча, хIора а тобано шаьш болх муха кхочуш бина дийцира.
Цул тIаьхьа, ас царна шаьш бен болх белира. Дешархоша дуьйцура шаьш муха кхочуш дира шардар.
Рефлекси йайтарца, билгалдаьккхира шайна керла девзинарг, пайдениг, шайна самукъане хетарг.
Урокан жамI деш, ас берашка хаттарш делира. Берийн жоьпашка ладоьгIча, хаалора ас сайна хьалха хIиттийна йолу Iалашонаш кхочуш йина хилар.
Цул тIаьхьа, ас мах хадийра бераша бинчу белхан, хIоранна йогIу оценка а йуьллуш.
ТIаьххьара, урок йерзош, цIахь Iамо бакъо йелира, кхочушдан шардар делира. Шардаран тIедиллар довзуьйтуш, муха кхочушдан деза дийцира.


