В Грозном открылась ледовая арена

В Грозном открылась ледовая арена

Раиса Тимаева Ледовая арена «Ахмат» – современный спортивный объект, который призван дать новый импульс развитию зимних видов спорта в Чеченской...
Маленькими шагами уверенно к мечте

Маленькими шагами уверенно к мечте

Иман Хамдиева За каждой большой наградой стоят не только сцена и аплодисменты, но и будни: споры, поиски, поддержка и моменты, когда хочется всё...
Новая эра в спортивной истории ЧР

Новая эра в спортивной истории ЧР

Милана Итиева Совсем скоро начнется новая эра в истории спорта Чеченской Республики: состоится торжественное открытие первого современного...
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины

«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины

Раиса Тимаева В рамках реализации нацпроекта «Молодежь и дети» в Грозном и районах республики прошел масштабный фестиваль «Кросс Единства».
Образование детей – в приоритете

Образование детей – в приоритете

Иман Хамдиева В Чеченской Республике уже более 240 семей воспользовались средствами материнского капитала для оплаты образовательных услуг своих...
Лучшие в спортивном туризме

Лучшие в спортивном туризме

Лалита Дэниева В Чеченской Республике состоялись республиканские соревнования по спортивному туризму, посвященные Году единства народов России.
В Грозном открылась ледовая арена
В Грозном открылась ледовая арена
Маленькими шагами уверенно к мечте
Маленькими шагами уверенно к мечте
Новая эра в спортивной истории ЧР
Новая эра в спортивной истории ЧР
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины
Образование детей – в приоритете
Образование детей – в приоритете
Лучшие в спортивном туризме
Лучшие в спортивном туризме

ХIоттийнарш: Аболханов Хьаким, Бурчаев Хьалим

Пхийттара девлчахьана дуьйна даккхий декхарш оьгу вайна тIе. Кхин хIумма ца хилча а, вайн цIенна тIедеанчу муьлххачу диканан а, вуонан а дакъа кхочу хIоранна а. Вуьшта аьлча, дIа xIopa боккхучу когаца а, олучу дашца а, лелочуьнца а, цIийнан мах хадабо вай.

Уггаре а хьалха, диц ма де вай бусалба а, нохчий а хилар. Дала тIедехкина парзаш кхочушдарца цхьаьна нахаца лело гIиллакх хила деза  –  нохчийн къоман гIиллакх.

«ГIиллакх – ийманан ах», «ГIиллакх ялсамани чуьра ду», – олуш ду. «ГIиллакхо лайх эла во, гIиллакх дацаро элах лай во», – олуш кица а ду вайн. Бакъ хIуманаш ду уьш.

Хийла хаттар хIутту стагана хьалха, оцу йа кхечу хьоле нисвелча, ша хIун дан деза теша олий. Иэхь-бехк долуш, Далла а, нахана а хьалха хотIе хиларх кхоьруш волчунна-м муххале а. Оцу тIехь шуна гIo хиларе догдохуш вовшахтесна нохчийн гIиллакхах долу xIapa йоза. Тхайгара йаздина хIумма а дац. Халкъан бартакхоллараллин а, исбаьхьаллин литературин масалшна а, Кадыров Хожа-Ахьмадан, Хасиев Сайд-Мохьмадан, Берсанов Хож-Ахьмадан, Кагерманов Доккин, Ахмадов Мусан, иштта кхечеран а гIиллакх-оьздангаллех долчу йозанашна тIе а тийжаш, бина болх бу хIара.

Дала шайн дена-нанна а, йиш-вешина а, йуьртана а, махкана а тешаме а, хьанал а хила пурба лойла шуна!

***

Вай бусалбанаш ду. Амма, ву бахарх, хуьлуш вац бусалба. ХIора бусалба стагана тIехь ду Дала тIедехкина парзаш кхочушдар. Уьш пхиъ ду: шахIадат далор (Дела цхьаъ веш, Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) бакъвар; парз-ламазаш дар (уьш пхиъ ду); парз-марха кхабар (Рамадан бутт); закат далар (шен бахамна, даьхнина тIера); ХьажцIа вахар (даьхница а, некъаца  ницкъ кхачахь).

Iибадаташ шина декъе декъалуш ду:

1) парз дерг ду;

2) суннат дерг ду.

Парз – ахь дича, хьуна мел хуьлуш, ахь ца деш дитича, хьуна къа хуьлуш, Iазап хиндерг ду.

Парз дерг а шина декъе декъало:

парз Iайн – хIоранна тIехь долуш, цо дича бен, тIера ца долуш дерг (масала, Дала тIедиллина пхи парз, маьрша волчу стагана рузбан ламаз, шарIаца догIу духар);

парз кифаят – цхьаболчара дича, вукхарна тIера долуш дерг (деш долу докъа-ламаз йа йуьртахь молла кхайкхар санна). («Дахаран Iилма», жайна)

***

Суннат – иза ахь дича, хьуна мел а хуьлуш, ахь ца деш дитича, хьуна къа ца хуьлуш дерг ду. Амма цунна тIехула бехкбаккхар хир ду.

Суннат дерг а декъало шина декъе:

1) чIагIдина суннат;

2) дайдина суннат.

ЧIагIдина суннат – иза Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), йукъах ца дуьтуш даима шен-шен хенахь лелийнарг ду (парз-ламазашна хьалхара а, тIаьхьара а суннат-ламазаш, витур-ламазаш, гIурба дар, Iийда-ламазаш, хьакъийкъат дар).

Дайдина суннат – иза Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) наггахь кхочушдечу хьолехь дитина хилларг ду (шен хан йоцуш, деш хилла суннат-ламазаш, суннат-марханаш, кхийолу Iамалш санна).

(«Дахаран Iилма» жайна)

***

Вирд – билгалйиначу, чIагIо йина тIе а лаьцна, Далла йеш йолу Iамал йу. Парз а, Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) суннаташ а хаздеш долу, хьан иймане хьаьжжина Далла гергахъ деза а, сийлахь а ниIмат ду вирд. Устазаш бекъарехь, дин лелор чолхедаккхарехь, даздарехь йац цуьнан сийлала, Дела алсам хьехорехь йу. Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Далла уггаре а дукхайезаш йолу Iамал гуттар (даима) йеш йерг йу, и мел кIезиг йелахь а». Ахь наггахь йеш йолчу дуккха а йолчу Iамалал йеза йу шен-шен хенахь гуттар а йеш йолу кIезиг Iамал. Шен таро мел йу, соввала хьажар деза ду Iамалехь (суннатехь).

(«Дахаран Iилма» жайна)

***

Далла деш долчу Iибадатца нигат хила деза. Нигат ца деш дика Iамал йойла а дац, ойланца дина а, дагца дина а, лаамца дина а.

Баккъал а Дала диканаш, вуонаш довзийтина вайна, йуха, уьш билгалдеш, декъна хьарамчаьрга а, хьаналчаьрга а. Милла велахь а, цхьа дика хIума дан ойла хилла, и хIума кхочуш ца деш виснехь а, Лекха хилла волчу, беркате хилла волчу Дала, цо дича санна, дIайаздо цунна шена гергахь и цо дан лерина дика. Нагахь цуьнан дика хIума дан ойла а хиллехь, и хIума цо кхочуш а динехь, Дала цунна дIайаздо иттанна тIера ворхI бIенна тIекхаччалц долу дика. Цуьнан вуон хIума дан ойла (нигат) хиллехь, и цо кхочуш ца динехь, Лекха хилла волчу Дала дIайаздо цунна шена гергахь дуьззина цхьа дика. Цунна вуон хIума дан дага а деана, и цо кхочушдинехь, Дала дIайаздо цунна цхьа вуон.

«Хьадисуль Къудси» хьадис. («Дахаран Iилма», жайна)

***

Пхийттара ваьлча йукъйоьхку олуш ду вайн. Стаг бераллара волуш, къонахийн могIаршка хIоттаран билгало йу иза. Вуьшта аьлча, пхийттара ваьллачу жимхана шен цIенна а, тайпа-тукхамна а тIедогIучу муьлххачу а диканан, вуонан дакъакхочу бохург ду. ГIодайукъ йастар – шеца тIом-чIир лело йиш йоцуш, стаг воккха хиларан билгало йу.

Дукха хан йара цо ша пхийттара валаре сатуьйсу. Стага стагаца санна, деца къамел дан шена бакъо йаларе сатуьйсу – хIинца тIекхаьчна и хан.

(А. Айдамиров «Еха буьйсанаш»)

Пхийтта шо кхаьчча йоьхкуш хилла йукъ. Иза – стаг бераллара валаран, цунна тIе баккхийчеран дукъ дожаран, вуонна а, диканна а дIахIотта кийча хиларан билгало йу.

(М. Ахмадов «Нохчийн гIиллакх-оьздангалла»)

***

Нохчийчун шен цIийца, сица ду Даймохк безар. Ницкь а кхочуш, велларг а хийрачу махкахь вуьтуш Iедал дац вайн.

Шен Даймохк безар, цунна тIе цхьа кхерам хIоьттича, и ларбан кийча хилар, маьршачу хенахь цуьнан зовкхан дуьхьа хьанал къахьегар ду. ХIораммо а дагахь латто дезарг цхьаъ ду –  Даймохк ларбар, кьоман сий айар леррина хаьржинчу йа къастийначу къонахийн дакъа дац, иза xIopa а нохчичун сийлахь декхар ду.

Къонаха вехийца Даймехкан сийнна,

Даймехкан сий лардеш вала и ле.

Леи за, кхин ваха ца лууш санна,

Ленвоцчу сийлалле кховдаеш цIе!

… Терзан тIе ца дуьллу цо деши, даьхни,

Халонехь хадочохь хьуьнаран мах.

Ах дуьне мах болу шен корта буьллу,

Вайн маршо ларъечохь сагIа до шех.

(А. Сулейманов)

Даймохк – Йалсамани, нехан мохк – жоьжахати.

Нехан махкахь эла хуьлучул, шен махкахь лай хилар тоьлу.

Вина мохк мазал а мерза бу.

(Халкъан кицанаш)

***

Вай нохчий ду, нохчийн мотт мел буьйцу. Цунах кхеташ хила веза ша нохчи ву мел бохург. Цундела хIораннан а декхар ду ненан мотт Iамор а, ларбар а. Амма мотт ша-шаха Iемаш бац, ша-шаха ларлуш бац. Иза бийца беза шен чохь а, арахь а, Iамо, кхио беза оцу маттахь йолу книгаш, газеташ, журналаш дешарца.

Шен ненан мотт халкъо, сий ойуш, Iалашбахь,

Цу халкъан паргIато цхьаммо а хьошур йац.

(М. Мамакаев)

Ненан мотт цахаар шен кхерч цаларар ду,

Кхерчан да цахилар маьттаза вахарду.

(Б. Саидов)

***

Шен дош-дош доцу стаг нахана стаг ца хета. Цендела, ларамза шен багара даьллачу дашах а жоп луш, и лардеш хила веза стаг волу стаг. ВогIур ву аьллехь, шен хеннахь ван веза, дуьтур ду аьлларг дитина хила деза. Делла дош цалардар нохчийн стагана иэхь ду.

Дашо – хазво.

Дашо – вазво.

Сий цо ойу,

Сий цо дойу.

(М. Кибиев)

Дош – дош доцчуьнан дуй а – дуй бац.

(Халкъан кица)

Кхайкхинчу метте, йиллинчу ханна тIаьхьа ца вуьсуш вахар гIиллакхе ду.

(Х.-А. Берсанов)

***

Стеган тоьллачу гIиллакхех ду собаре хилар. Муьлхха а харцо, йамартло, дуьхьало ца еш, лан еза бохург дац иза. ТIедеана дика а, вуон а, собарца лан а лайна, хьекъалца тида а тидна, Делера йал а, нахера баркалла а, хьайна йуьхькIам а хинболчу агIор дIадерзор ду.

Цхьа хало тIехIоьттича, стогаллех воьхна товш вац къонаха.

Сихалло са диъна, собаро лам биъна.

(халкъан кица)

Собар а дуй хаалахь оьздангаллин гIортор,

Делахь а, товш хилац цхьаверг гуш

Кхечеран хьаштана деш собар шорта,

Шен долчу хьаштана и ца тоьуш.

(М. Сулаев. «КIанте»)

Собар – шена тIекхаьчначу муьлххачу бохамна, гIелонна, воьхна ца хьийзаш, сихаллехь, ойлайар доцуш, хиллачух нийса кхета а, маьIна дан а хьекъал кхачар ду.

(М. Ахмадов «Нохчийн гIиллакх-оьздангалла»)

Де доьхна, Iаьржачу халоно хьовзийнчохь,

Мацалло бIарздина, гIелонна кIелдуьсчохь,

Бохамна, харцонна йуьхь-дуьхьал хIиттинчохь

Собарах, стогаллех ма довла, боху цуо.

(М. Мамакаев «Даймехкан косташ»)

***

Хийла даккхийчу хьуьнаршна ницкъ лучохь а, вочух ларвечохь а ду йахь хилар. Йахь йолу стаг, шена а, шен цIийнан а, шен къоман а сий дойу долчу хIуманах ларлуш, шен цIе ларйеш хир ву. Балха тIехь а, дешарехь а, спортехь а ша цхьаннел а оьшуш ца хеташ, тоьллачаьрга нисвала гIерта йахь йолу стаг.

КIентан Йаххьий, йоьIан Иэххьий

Ма гойла дIадаьлла де!

Кхана уьш дIадовлуш делахь,

Ца вехаш, со тахна ле…

(А. Сулейманов «Дахаран генаш»)

Йахь – иза гуттар а дикачу гIуллакхан тIехь, амалшкахь (комаьршаллехь, майраллехь, и дI.кх. а) кхечул, шена гонахарчу нахал оьшуш ца хила гIерташ, мелхо а царал соввала гIертар ду. (М. Ахмадов «Нохчийн гIиллакх-оьздангалла»)

***

Нохчичун амалшкахь товш доцучех ду гIийбат дар, мотт-эладит лелор, къаьсттина божаршкахь. Йуьхь-дуьхьал цхьаъ а дуьйцуш, тIехьашха станага лер ду иза. Стагах долушдерг дийцар а лору гIийбат (цунна шена, дийцина, гIарадаккха луур доцург). Лаа олуш дац: «Хьайна хьесталуш волчух ма тешалахь, тешнабехк бийр бу хьуна».

Гуттар вуон ду, шен стагца йолчу гамонна цунна тIехь доцург кхоллар, мотт-эладита даржор. ГIийбат дар даккхийчу къинойх лоруш а ду.

Дуьхьал хеста а ма ве, тIаьхьашха а ма ле.

ДIаьвшал а инзаре вуониг – эладит.

Эладит лелочу баганан даккхий лергаш хуьлу.

Ши мотт болчу доттагIчул мостагI тоьлу.

(Халкъан кицанаш)

***

Нохчаша къобал ца деш, сийсаздечех ду къола, курхалла дар.

Къоладар дика гIуллакх дац. Бусалба динехь дихкина иза, нохчийн гIиллакхехь оьзда дац.

(А. Айдамиров «Кхолламан цхьа де»)

Къу хьалдолуш а хир вац, сутарниг верстар а вац.

(Халкъан кица)

  • 1

Письмо солдату

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1