Зайтемиров Сайдик
Сийлахь сан ненан мотт, хьо-м суна аганахь дуьйна сан мерзачу нанас зевнечу аганан иллица Даймахкахула кхарставеш бовзийтина бай.
Со-м сан нанас ненан маттаца хьистина, вайн гIиллакхан агIонаш ненан маттахь йовзийтина йай. ДоттагIчуьнца доттагIалла ас сайн ненан маттаца тесна, сирлачу шовдан коьртехь йезаре дагара дуьйцуш, безам сайн ненан маттахь цуьнан дагчу дIакховдийна бай, дов даьллачу хенахь хьо дастаме буьйцуш йа кхечуьнга буьйцуьйтуш, хьоьца бегаш цхьаьнгге ас байтина баций. Ишколехь хьо безаш харжар, тIекхуьучу тIаьхьенна хьо хьехар сан дагчохь, сан цIийца хьох ийна хилар дай. Со-м Iалур вац генна дIавахана, хьо кхечу меттанех хийцина йа боьхкина. Iуьйрре хьалагIоттий, сайн хIусамехь хьо буьйций, йуха балха тIехь буьйций, сарахь цIа веача набаран тар тассалц хьо буьйцуш наб кхетий, гIан-набарха буьйцуш, хьоьца Даймехкан аренашкахула кхерсташ лелий, йуха Iуьйранна самаволий, ненан маттахь нене Iуьйре дика йарца, йуха а дIаволало-кх со хьо бийца.
Вайн ненан мотт хазачу, ширчу меттанех цхъаъ бу. Вайна хаало и эзар шерашкахь дуьйна тIулгаш, бIаьвнаш тIехь хиллачу йозанан билгалонашца, халкъан барта кхоллараллица. Ткъа хIунда ца буьйцу хьо? Со-м цецволу! Массийта эзар шерашкахь ларбеш, хазбеш вайн дайша, наноша схьабалийна хилча, ткъа вайн декхар ма ду и бийца, Iалашбан! Хьо муха Iало-те, со-м ца Iало, хьо бицбина, йуххехь хьо бийца цхьаъ ца хилча, аса-м хьо къоламца тептаре берзабо. Ткъа цу къоламо, тептаро ма мерза, ма цIена гойту вайшинна йукъахь болу безам, дог-ойла. Иштта кхойкху тилавелла, хераваьлларг ненан маттах схьакхета ша декхарийлахь хилар. Цунах къаьстина, хьан бахамаш совбаьлла, дешийлахь хьо Iенарх, хьан сий хир доций. Со-м вац хьоьха кхаьрдаш йа хьуна тIаьхьаша луьйш, со-м кхойкху хьоьга хьайн хьоме ненан мотт бийцийта. Ас-м боху хьоьга, хила ненан меттан воI, гIоьнча. Шинна йукъахь дов даьлла и шиъ чуччахьаьдча, цу шинна йукъахь машар бийриг бу-кх вайн ненан мотт. Синкъерамехь йоIе безам бахна, и къовсаме баьлча, цу йоIан дог-ойла шена тIейерзош исбаьхьа дешнаш цу йоIе кховдориг бу-кх вайн ненан мотт. Дайн гIиллакхех хаьдда, цунна гена ваьлларг, хьайн къинхетаме дашца йуха верзориг хьо бу-кх, сан хьоме ненан мотт!
Даймехкан Iаламан хазалла гойтург хьо бу-кх, сан ненан мотт! Нанна, доьзална йакъахь марзо латториг хьо бу-кха, хIай сан ненан мотт! Бабас шен туьйранашкахь ма хаза, эсала буьйцу хьо, кийрара дог стиглара Iаьршашка доккхуш, сийначу бай тIехь бай-й хьоькхучу мохо бес-бесарчу зезагийн техкар дуьйцуш болу, сан хьоме ненан мотт! Хьо-м сан дахаран гIирс бу, доIу са, буу кхача бу, дог ду, цундела теша со тIаьхьарчу тIаьхьено хьо бицбийриг цахиларх, кхин а хазлуш бацалахь хьо лепарг хилар! Сайн къамел дерзош дало лаьа хIара дешнаш:
Денна хьо хьехо
КIордор дац, ненан мотт!
Хьох лаьцна мел йаздо,
Дог ловзадуьйлу сан.
Хьо тесна ца бита
Дош ло ас, ненан мотт!
Сан йоккха чIагIо хьо,
Сан хьоме Нохчийн мотт!


