В Грозном открылась ледовая арена

В Грозном открылась ледовая арена

Раиса Тимаева Ледовая арена «Ахмат» – современный спортивный объект, который призван дать новый импульс развитию зимних видов спорта в Чеченской...
Маленькими шагами уверенно к мечте

Маленькими шагами уверенно к мечте

Иман Хамдиева За каждой большой наградой стоят не только сцена и аплодисменты, но и будни: споры, поиски, поддержка и моменты, когда хочется всё...
Новая эра в спортивной истории ЧР

Новая эра в спортивной истории ЧР

Милана Итиева Совсем скоро начнется новая эра в истории спорта Чеченской Республики: состоится торжественное открытие первого современного...
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины

«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины

Раиса Тимаева В рамках реализации нацпроекта «Молодежь и дети» в Грозном и районах республики прошел масштабный фестиваль «Кросс Единства».
Образование детей – в приоритете

Образование детей – в приоритете

Иман Хамдиева В Чеченской Республике уже более 240 семей воспользовались средствами материнского капитала для оплаты образовательных услуг своих...
Лучшие в спортивном туризме

Лучшие в спортивном туризме

Лалита Дэниева В Чеченской Республике состоялись республиканские соревнования по спортивному туризму, посвященные Году единства народов России.
В Грозном открылась ледовая арена
В Грозном открылась ледовая арена
Маленькими шагами уверенно к мечте
Маленькими шагами уверенно к мечте
Новая эра в спортивной истории ЧР
Новая эра в спортивной истории ЧР
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины
Образование детей – в приоритете
Образование детей – в приоритете
Лучшие в спортивном туризме
Лучшие в спортивном туризме

Зайтемиров  Сайдик

Талламан болх йазбаран Iалашо: дешархойн хаарш таллар а, Iамийнарг тIечIагIдар а, Iамийначу декъах теманаш кхоччуш дешархошна Iаьммий хьажар а, Iамийна йаьлла теманаш цара тIе муха эцна хьажархьама беш бу.

Дешархойн гIалаташ алсам доьвлехь хьехархочун хаьа цара Iамийна теманаш кхоччуш тIеэцна ца хилар, ткъа дешархоша гIалаташ ца дилийтинехь кхоччуш тIе эцна йаьлла хиларан билгало йу. Цу дийнахь дешархочунна шовкъ ца хила тарло, хIора хьехархо психолог хила веза, хьехархочунна хаа деза хIинцалц дика йазйеш волчу дешархочо цу дийнахь ледар йазйина волчу дешархочуьнца къамел дарца, тIаьхьа кхиа веза  хьехархо.  Дешархочун цу дийнахь хIун хало (проблем) хила. ХIинцалц дешархочо доккхуш хиллехь 5 йа 4, цо тахана талламан балха тIехь 2 даьккхина нислахь, дешархочунга йуха йазйайта мегар ду, хIунда аьлча вай лекхахь ма аларра дешархочун цу дийнахь шовкъ ца хила тарло, сиркхо кхетна хила тарло. Ишттачу дешархочунга йуха кхин текст йазйайта мегар ду.

Талламан луш йолу текст маьIница йогIуш вовшашца уьйр йолуш хила йеза. ХIора классан луш йолу талламан белхан текст барамаш (норманаш) ларбеш хила йеза, хIора классан шен барам (норма) бу. Масала: 2-чу классан хьалхара ах шо чекхдолуш 20–25 дош. КхоалгIа чийрик (четверть) чекхдолуш 25–30; шо чекхдолуш 30–40 дош хила деза, церал совнаха текстехь дош хила мегар дац.

Талламан болх хьалхарчу йа шолгIачу дарсехь (урокехь) бан беза, хIунда аьлча ши дарс (урок) дIайаьллачул тIаьхьа дешархой кIадло. Дешархошка хьехархочо талламан болх хилале хьалхарчу дийнахь хауьйту. Хьалхе кечам байта беза дешархошка хьехархочо. Мегар дац вуочу агIор шовкъ йа хало йан, ткъа цхьаболу дешархой кхерабала тарло. Гуттар дешархошка и йазйан дог доуьйтуш къамел дан деза хьехархочо.

Уггар мехала ду болх беш йолу дешархойн партанаш кийча хилийтар, оьшуш йоцу хIуманаш партанаш тIера дIайахар а, оьшуш йерг кийча хилийтар. Дарс долалучу хенахь хьехархочо талламан болх йазйаран Iалашо хауьйту. Хьехархочо талламан белхан тептарш дIадоькъу, дешархоша шайн тептарш дIадоьлли  цу дийнахьлера терахь а, талламан болх а дIайазбо. Хьехархочо сих а ца луш, литертурни аларан бакъонаш ларйеш, дIайоьшу талламан белхан текст. Дешархоша дика ладугIу.  Ша йешна ваьлча, хьехархочо дешархошца дошаман болх бо (массо а дашех кхетта хилар къаста до). Цул тIаьхьа хьехархочо дIайоьшу хIора предложени цхьацца а йоьшуш, пунктуаци а ларйеш. ХIора предложени хьехархочо кхузза йоьшу, предложени хала йелахь дешнийн цхьанакхетаршца йоьшу, лахарчу классашкахь а:

а) дуьххьара предложени йоьшуш, дешархоша ладугIу;

аь) шолгIа йешча дешархоша дIайазйо;

б) кхоалгIа йешча дешархоша предложени толлу.

Хьехархочо дика хезаш, къастош йеша йеза текст, хьехархо классан стоьла йуххехь ирахь латта веза. Талламан болх йазбечу хенахь, хьехархо классачухула волавелла лела мегар дац. Текст йоьшучу хенахь дешархоша муха йазйо хьежа мегар дац, цо дешархойн ойла йохайо. Динна текст йешна ваьлча, дешархой йазйина боьвлча, йуха дуьххьара дуьйна текст толлуш дIайоьшу, соцунгIа а йеш. Дешархоша йукъахь дисна дош йа элп дIайаздо нагахь санна диснехь.  Цул тIаьхьа, жима са а доIий, дешархоша шаьш йазйинарг толлу, шайн гIалат диснехь иза нисдо.

Цул тIаьхьа дешархоша кхоччушдо тIедиллар. Хьехархочо церан варианташ, муьлха тIедиллар  муьлхачу вариантехь ду къастадо. Луш долу тIедиллар программица а, хьалха Iамийна теманашца а догIуш хила деза. Масала, вай Iамийна «цIердош», цIердашах лаьцна хила деза вай луш долу  тIедилларш. Хьалхарчу предложенехь подлежащи караде, цунна буха цхьа сиз хьакха. И цхьа тIедиллар ду. Масала: «Арахь шийла мох хьоькху». Дешархоша подлежащи карадой кIел сиз хьокху.

ШолгIа тIедиллар: шолгIачу предложенехь классийн гайтам гайта. «ЙоI тайнигах ловзу», йоI зудрийн класс ю, и. дI. кх. ТIедилларш кхааннал сов хила йиш йац.

Текстана йукъахь хила тарло Iамийна йоцу орфограммаш, уьш  кхаа дешнал сов хила  йиш йац. Кхаанал сов хилахь и текст талламан балхана мегар йац. Iамийна йоцу орфограммаш хьехархочо хьалхе уьн тIе  дIайазйина хила йеза, царах дешархой кхетабо.

Тептарш схьагулдина даьлча хьехархочо дешархошка хотту, хIун халонаш тIехIиттира? Сихха хьехархочо кхетабо дешархой кхетта боцучу орфограммех. Цу дийнахь хьехархочо толлу талламан болх, йуха кхана тIейогIучу урокехь хьехархочо гIалаташ тIехь болх бо. Хьехархочо дукха бита мегар бац таллман болх ца толлуш, хIунда аьлча цу берийн дукха ца лаьтта, шайн гIалаташ доьвла хаа лаьа ойла.

Талламан белхан норманаш а, оценкаш йехкаран  бакъонаш а

5 (пхиъ) дуьллу гIалаташ а нисдарш а доцуш, вовшах хоттарш нийса а, хаза а йазйинехь.

4 (диъ) дуьллу кхааннал сов гIалат  доцуш, болх цIена йазбинехь.

3 (кхоъ) дуьллу  диъ-ворхIор орфографически а, графически а гIалаташ даьхначу балхана.

2 (шиъ) дуьллу ворхIаннал сов гIалат делахь, болх вон (боьхна) белахь.

Талламан балхана тIехь гIалаташ ца лору

а) хьалхалерчу йа хIинцалерчу классехь Iамийна йоцучу бакъонаш цу йуккъехь нисйеллехь,  и гIалат ца лору.

аь) дифтонгашца дешархоша дош йаздинехь и гIалат ца лору.

б) предложенехь хьалхара дош дешархочо доккха йаздинехь, ткъа дешархочунна дицделла цулла хьалха чекхйаьлла  предложенина тIехьа тIадам билла и гIалат ца лору.

в) маьIница догIуш дешархочо и дош кхиниг йаздинехь, маьIна дохаш дацахь, иза а гIалат ца лору.

Талламан белхан цхьа гIалат лору

а) цхьатерра ши нисдар, цхьа гIалат лору.

аь) ши пунктуацин гIалат делахь

б) цхьа дош йух-йуха цхьа гIалат шинне даш тIаьхь даьккхинехь.

  • 1

Письмо солдату

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1