Зайтемиров Сайдик
1. ХIетал-метал хаийла хьуна:
Дехьа ваьлчи соьга хьоьжу,
Сехьа ваьлчи соьга хьоьжу.
Даима пенах летта лаьтташ,
Дац и цкъа а меттах хьовш.
2. ХIетал-метал хаийла хьуна:
Цергаш йуккъехь Iовшу со,
Цара цоьстий, дору со,
Чкъор межено хьарчадо,
Дилха матто ткъа чу хьо.
3. ХIетал-метал хаийла хьуна:
Сан ден йу и хIусам нана,
Йишин, вешин йу иза нана,
Алал, доттагI, мила йу сан?
4. ХIетал-метал хаийла хьуна:
Тхоьга йеъна кхаьчна
Йац и хIусамнана,
Амма хуьлу бедарш
ЦIена, йекъа, ховха
Эшац тесахь керчо,
Пеша тIехула кхезо.
5. ХIетал-метал хаийла хьуна:
Коьртах кхетахь цо лазаво,
Когаш кIел нислахь керча ког
Дадас чирана оьцу схьа,
Гена ас къовсу кхосса дIа.
6. ХIетал-метал хаийла хьуна:
Цхьана гIожах тасайелла,
Цхьана нанас кхиош йу.
Горула горга, чомехь мерза,
Стиглара охьа кхийза йелла,
Шуьга ладоьгIуш латта тхо.
7. ХIетал-метал хаийла хьуна:
Тхан кетIа кхечи Iаьржа стаг,
Сихонца нанас дийши дIа.
Дикка лаьттина ваха цIа,
Ткъа нанас дехи тхо сама.
8. ХIетал-метал хаийла хьуна:
Шегахь Iилма долуш ву,
Бераш кхето хууш ву.
Массо цунна цхьатерра ву,
Гамо шеца йоцуш ву.
Барт ийгIинехь машар бан,
МаслаIтана кийча ву.
Дийнахь, буса болх беш ву,
Цо хьоьгу къа хьанал ду.
9. ХIетал-метал хаийла хьуна:
БIаьстен йуьххьехь со схьабогIу,
Со гинчунна самукъа долу,
Дийнна шарахь ца йеш мало,
Суна тIаьхьа бераш дуьйлу,
Царна со сиха гена болу,
Бецан аре ас кхин лоху.
10. ХIетал-метал хаийла хьуна:
Геннарчу хьуьнхахь кхуьуш бу.
Ло дIатоьттуш боккхуш бу
Дарба шеца долуш бу.
Бууш чомехь иза бу,
Хьожа чIогIа йогIуш бу
Хаал хьайна и хIун йу?
11. ХIетал-метал хаийла хьуна:
Охьахиъча и сох кхета,
ХьалагIеттича сох волу,
Амма дац со меттах хьовш,
Цо дIадуьгу со шена луъучу.
12. ХIетал-метал хаийла хьуна:
Бага гIеттош висна со,
ДегI малоне даьлла,
Массо адам тийна Iа
Нанас боху...
13. ХIетал-метал хаийла хьуна:
Нанас боху хьалагIатте,
Вала сиха мале…
Жоьпаш
Сурт; Жижигъохьург; Десте; Бедарш йуьтту машен; ТIулг; Кемсаш; Буьйса, де; Хьехархо; Полла; Хьонка; ГIант; Вижа дIа; Чай.


