Вегиева Макка
XXI-чу бIешеран хьалхарчу итт шеран чаккхенехь дерриге дуьненахь а «селфи» ун даьржира. Воккханиг а, жиманиг а йийсаре лецира цо. Ингалсан маттахь «селфи» – «ас-суо», «сайна» бохург ду. Дуьххьара ша шен сурт даьккхинарг Корнелиус Роберт ву. 1839-чу шарахь Филадельфехь, шен цIахь даьккхина цо вай хIинца «селфи» олу сурт. Делахь а вайна йукъахь иза йаьржина 2010-чу шарахь телефонаш а, сайташ а сихачу боларца керлачу тIегIанехь йукъайовларца.
Масех шо хьалха, наха шайн дахарх лаьцна хIума чIогIа лардора, нахала ца доккхура. Амма технологин керла аьттонаш гучубевлча гучуйаьлла нехан Iердахаран кеп а. Вайна йукъахь кIезиг бац массарна а шаьш бовзийта гIерташ, шаьш муьлаш хилла дицделла, хьере хилла леларш. Уьш шайн лаамехь селфин йийсаре дахана адамаш ду. Д е г I а н м е же х и л л а дIахьоьттинчу телефоно ишттачарна тIехь латтош паччахьалла ду. Iуьйранна набарха бовллушехь, гIевланга йиллинчу телефонах катуху, соцсетешкахь хIун хьал ду хьовсу, наггахь дицлой, цу чохь дикка хан йоккхуш а нисло. Иштта дIадолу де а, оцу телефона чохь мила мичахь ву, хьаьнца ву, муха ву, хIун деш ву толлуш. Цул сов, шен суьрташ кхуьссу цара сеташкахь болчу шайна бевзаш – ца бевзаш, шаьш безаш – ца безаш болчийн бIаьрг-Iуналле. Уггаре а жигара селфеш йохурш кегийрхой бу, царна тIаьхьа бисина бац баккхийнаш а.
Селфеш дукха йаржарна, дукхах долу суьрташ а цхьатерра довлу. Цундела, цхьанначух а тера йоцу селфи йаккхархьама кегийрхоша шайн дахарна кхераме доллушехь, гIишлошна буьххье хьала буьйлуш, йа тIайн йистош схьа а ца лоцуш дIахIуьттуш, йа йогIучу цIерпоштан вагонашна тIебуьйлуш суьрташ доху. Къаьсттина, иштта даьхна суьрташ ду уггаре а дукха тамашбийраш а, нах цецбохурш а. Ткъа кегийрхоша вовшашца йохье а буьйлуш, кхерамзаллин ойла а ца йеш, шайн къоначу дахарца ловзар дукха хьолахь ирчачу тIаьхьенца чекхдолу. Уггаре а дукха бохамаш, цхьанхьа лакха буьххье а ваьлла селфи йан гIертачохь хецавелла, чувожарца хуьлуш бу. Цул тIаьхьа – некъийн бохамаш а, нека дан ца хуъушехь хи тIехь селфи йаккха гIертачохь хи буха воьдий а. Селфи йан гIерташ леш берш 16–25 шераш долу кегий нах бу.
Нагахь санна адама шен кхерамзалла лар ца йеш, шен дахарна кхераме доллушехь, цхьа харцахьарниг деш и дIакхалхахь, ша шен вер ларалуш ду. Ткъа бусалба динехь стага ша шен вер – уггаре а даккхийчу къинойх лоруш ду. Массо а хIума шен барам болуш, низамехь хила дезаш ду.
Ислам дино ца магадо шен дегIана зулам дар, куралла йар, шен диканаш, сагIанаш, ламазаш нахала дахар. Дуьненах Iехабелла керстанаш хIунда буьйцур вай. Селфин ун бусалбачу нахана йукъахь даьржина хиларал сов, цунах цхьа болх бина леларш бу. Селфица ша мел йеш йолу Iамал нахалайоккхуш, уьш реза бан гIертар нийса дац. Бусалба стеган коьрта Iалашо ша Кхоьллина-Кхиошверг реза вар йу. Бусалба стага сахиллалц ламазаш дарх, дийнна шарахь марханаш кхабарх, тIаьххьарчу шайне кхаччалц даккхий сагIанаш дахарх мискъалазарратал пайда хир бац, нагахь селфеш йеш нахалавуьйлуш велахь. АллахIана уггаре а ца йезначех йу куралла.
Вайн Пайхамара (Делера саламмаршалла хуьлда цунна) аьлла: «Аш сагIина хIума луш, шайн аьрру куьйгана къайлаха лойла». СагIа аьрру куьйгана а къайлаха далар оццул деза хилча, селфеш йеш вай делла сагIанаш хир дуй-те къобал, йа вай ишттанехьа вайн рицкъанаш хIаллакдеш хуьлий-те?


