В Грозном открылась ледовая арена

В Грозном открылась ледовая арена

Раиса Тимаева Ледовая арена «Ахмат» – современный спортивный объект, который призван дать новый импульс развитию зимних видов спорта в Чеченской...
Маленькими шагами уверенно к мечте

Маленькими шагами уверенно к мечте

Иман Хамдиева За каждой большой наградой стоят не только сцена и аплодисменты, но и будни: споры, поиски, поддержка и моменты, когда хочется всё...
Новая эра в спортивной истории ЧР

Новая эра в спортивной истории ЧР

Милана Итиева Совсем скоро начнется новая эра в истории спорта Чеченской Республики: состоится торжественное открытие первого современного...
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины

«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины

Раиса Тимаева В рамках реализации нацпроекта «Молодежь и дети» в Грозном и районах республики прошел масштабный фестиваль «Кросс Единства».
Образование детей – в приоритете

Образование детей – в приоритете

Иман Хамдиева В Чеченской Республике уже более 240 семей воспользовались средствами материнского капитала для оплаты образовательных услуг своих...
Лучшие в спортивном туризме

Лучшие в спортивном туризме

Лалита Дэниева В Чеченской Республике состоялись республиканские соревнования по спортивному туризму, посвященные Году единства народов России.
В Грозном открылась ледовая арена
В Грозном открылась ледовая арена
Маленькими шагами уверенно к мечте
Маленькими шагами уверенно к мечте
Новая эра в спортивной истории ЧР
Новая эра в спортивной истории ЧР
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины
Образование детей – в приоритете
Образование детей – в приоритете
Лучшие в спортивном туризме
Лучшие в спортивном туризме

Эмкалаш

(верблюды)

Эмкалш букъ тIехь цхьа дума болуш а йу, ши дума болуш а йу. И дуьмеш бахьана долуш, мацалла а, хьогалла а оцу гIум-аренашкахь лан дукха хала ца хуьлу царна. Цхьа дума болчу эмкалан дуьненахь лелаш цхьа цIе йу, драмадер олуш, ткъа ши букъ болчух бактриан олу.

Эмкалш, шаьш наггахь болчара бен уьш цалелийнехь а, дика йевза нохчашна, аренашкахь бехаш болчу ногIаша а, гIумкаша а лелош хилла дела. Амма уьш вуно дика йевзира Казахстанехь. Казахийн йужуш, тIехуьйшуш лелош, дукха хьолахь, йаьIна эмкалш хуьлу, ткъа пхьардарна хаьржинарш наггахь бен йужуш, тIехууш лелош ца хуьлура. Махьаран хан кхолламан баттахь хуьлу эмкалийн. Цу хенахь чIогIа кхераме йу эмкал, стечунна йуххе даха адам а ца даьхьаш. Стенаш къуьйсуш, вуно дера вовшахлета уьш. Когийн бергаш шалха а йолуш, вуно онда-кIедачу берчех кхоллаелла йу. Цундела атта лела уьш гIамарийн аренашкахь, бай-аренашкахь, тIулгашдолчохь. Буькъачу тIаргIано шелонах а, йовхонах а кIелхьарайоху уьш. Кхойтта бутт баллалц бекъа кийрахь лелайо. Цхьа иттех де даллалц шена тIаьхьа а ца лелайо. Нанас, кест-кеста тIе а оьхуш, йакхайо и шеца лела йолайаллалц. Дуьнен чу йаьллачу бекъанан букъ тIехь ши дума а, баьлла дегIа тIехь тIаргIа а хуьлу. Эмкалш наха шура йоккхуш а, жижигна йууш а йу. Вуно чомехь, хьена, дегIана пайдехь йу церан шура. Цхьа дума болу эмкалш йалх эзар шо хьалха карайерзо йолийна, дуьненчохь массанхьа йаьржина. Ши дума болу эмкалш диъ-ах эзар шо хьалха кара Iамош йаржийна дуьненахь массанхьа а. Карайерзоза йиснарш жижигна йойуш дIайаьхна. Ши дума берш йу Азин Гоби бохучу гIум-аренехь, йалх бIе йелахь, кхин сов йоцуш. Йайар вуно дера дихкина ду. Тайп-тайпа эмкалийн xIy эдеш, кIайн, кIайн-къорза эмкалш кхио хиъна адамашна. Оцу масало а хоуьйту вайна дуьненахь массо хIуманна тIехь Iилма оьшийла. Эмкалш вуно онда гIopa-ницкъ хилар бахьана долуш, мел генарчу мехкашка а оьхуш, йохк-эцар лело таро хилла. Иштта Чилла-кIадин некъ, аьлла цIе тиллина хилла (шёлковый путь) оцу некьана.

Америкехь къилба агIонан арешкахь дуьххьара эмкалш шайх схьайевлла акха дийнаташ ду ламанаш (ламы) олуш. Уьш масех тайпане йекъалуш йу шайн-шайн цIерш а йолуш. Уьш дукхах долчу къаьмнийн йукъара цIерш йу. Викунья, гуанако хIинца а акха лелаш йу. Лама а, альпако а кара Iамийна йу. Россин цхьацца йолчу гIаланашкахь зоокерташкахь хуьлу уьш, нахана йовзийта лелош.

Акха хьакхарчий

(дикие свиньи)

Акха хьакхарчий вайн мехкан хьаннашкахь дукха йу. Стечух жаргIа (свиноматка), боьршачух нал (кабан) олу. Хьакхин бергаш шалха хиларх, и нохдохучарех йац. Цо мел йуург ахьалуш бу цуьнан кийра. Цо буц а, бецан орамаш а дуу, йалта а, йелла Iуьллуш муьлха тайпа дийнат карайахь, цуьнан жижиг а дуу, дахкаделла хиларх а. Цундела бусалба дино ца магадо и йаар. Нохдохучу дийнатийн маIаш хуьлу, хьакхарчийн ца хуьлу, бергаш вукхеран санна, шалха хиларх. ЖаргIано херсеш (поросята) шайехкаш пхиъ йа, пхеаннал сов, иттанна тIекхаччалц а йо. Уьш йузо шура IаIо йуург лоьхуш, дукха къахьоьгу цо. Уьш чогIа ларйаян а деза цуьнан гIира экханех. Хьакхарчий масех тайпа йу дуьненахь.

Бегемоташ

Бегемот цIе вай тIеэцна йу. Дукхахдолчу къаьмнийн меттанашкахь лелаш цIе йу иза. Уьш мела а мармаIех тера хиларх, церан маIаш йац. Бегемот хьакхарчийн тайпанах йу боху цхьаболчу биологаша, уьш нох дохуш цахиларна а, шалха бергаш хиларна а. Бегемоташ Африкехь бен йац. Церан Iар хийистошкахь ду. Хина бухахула лела хууш йу уьш. Дийнахь хи чохь Iохку, буса йежа.

МармаIаш

(носороги)

МармаIаш вайна дика йевза, кест-кеста телевизор чохь гайтарна, книгаштIехь йийцарна, уьш йовзуьйтуш биологаша йазйина статьяш хиларна а. Цунах хьалха а, хIинца а, оьрсаша ма-аллара, носорог олу нохчаша. Наггахь Сулейманов Ахьмад волчу воьдура со. Цкъа дийнатехь лаьцна къамел хилча, цо носорог а ца олуш мармаIа элира цунах. ТIаккха ас и цIе сайн блокнот тIе дIайазйира.

Суна цунах мармаIа aлap нийса хета: цуьнан цхьа маIа нийсса шина бIаьрга йуккъехь хьаж тIехь йу, важа цул лахахь мера тIекхачале хьалайахна йу. Ши маIа йолу мармаIа Африкехь йу, ткъа цхьа маIа йерг Индехь йу. Индин мармаIа Африкехь йолчул дегIана дикка жима йу.

Дукха хьалха заманахь мармаIаш дуьненчохь массанхьа а хилла боху: Азехь, Африкехь, Европехь. Дукха мехкашкахь шайца къизалла йолчу наха, уьш йайа а йойуш, маIаш схьа а йохуш, йухкуш хилла вуно безачу мехах. Цаьрца Дала белла, адамаш вонах, шайтIанех ларден ницкъ бу бохуш. Азехь хIинца а бу боху оцу туьйранехь тешаш нах. Йу а, йац а цахууш, йисина гучуйевлларш ларйан нах орцах бовлар бахьана долуш, мелла а дебаш йу боху. Церан жижиг дууш ца хилла. Яйинарш гIира акхароша йууш хилла. Церан дегIан чкъор стомма ду, тIехь чо а боцуш. Цара буц йуу, и хьожа йохуш лоьху, хи а иштта лоьху, бIарса вуно ледара хиларна. КIорнеш цхьацца йо.

Говрин тайпа

(семейство лошадиные)

Говраш

(лошади)

Говраш дуьххьара хьалха заманахь Америка хилла йу, боху. Варраш а хилла, боху, цигахь. Цу хенахь церан догIмаш, кху заманахь шаьш йеш йолчу бекъанел хиллехь, кхин даккхий ца хилла бохуш а дуьйцу. ТIаьхь-тIаьхьа Азе а, Европе а сехьайевлла, дебаш, йаьржина уьш, Америкехь йиса а ца йуьсуш. Цул тIаьхьа догIмаш даккхий хуьлуш, шалха бергех цхьалха бергаш хуьлуш, эволюцинах чекхйийлла а боху.

Акха говраш йа тIаьхьа акхайевлла говраш цхьаццанхьа хIинца а йу. Царах мустанги олу кхечу къаьмнаша, ткъа нохчаша эмалкаш олу. Монголаша тахи олуш церан махкахь а хилла акха говраш 1946-гIа шо кхаччалц. Цу хенахь Монголехь мацалла хIоттар бахьана долуш йайина дIаевлла уьш. И говр дуьххьара Европехь йовзийтина оьрсийн талламхочо Н. Пржевальскийс. ХIетахь дуьйна Пржевальски говр аьлла дIайахана цуьнан цIе (лошадь Пржевальского). Тахаш цхьацца мехкашкахь мела а йисна, наха лелош кхобуш. Уьш дIа а хоьцуш, акха йуьйлуьйтуш, дебийта дагахь къахьоьгуш меттигаш йу. Иза чIогIа мехала гIулакх ду. Тахаш вуно товш, хаза говраш йу.

Адамаша шайн Iилманца тайп-тайпана говраш кхиийна: лекха, лоха догIмаш долуш, тайп-тайпана бос болуш, боларца а, чехкаллица а къаьсташ, виран, говран хIу эйтина, бIарзаш а кхиийна.

Чабол-дин (рысак), шатайпа тIахъаьлла дайн, беречунна луъ-луучу кепара хийца а хуьйцуш, болар долчу динах олу. Расха (скакун) идар тIех чехка долчу динах олу. ЙоргIа (иноходец), цкъа аьтту ши ког цхьаттера, йуха иштта цхьаттерра аьрру ши ког боккхуш, лела Iамийначу говрах олуш хилла. И болар кхиадо цунна бекъанан когаш говза бехка а боьхкуш, йоргIа лела Iамош. Цунна тIехь мел гена а дIасалелар дегIана атта хилла, цуьнан болар, кхийсадалар доцуш, шера хиларна. Говран кхело (кобыла) шен бекъа долу дика деш кхиайою АйгIар (жеребец), кхел шех латарх, цунна дуьхьал ца лета, цуьнан сте хилар лоруш. Алаша (кляча) ницкъ-гIора кIезиг долчу говрах олу. ЙаьIначу говрах Iаспар олу.

Пийлийн тайпа

(семейство слоновые)

Пийлаш

(слоны)

Пийл дуьненахь массо а дийнател йоккха йу, ницкъ хиларца массарел тоьлла йу, массо адамаша цхьатерра лоруш а йу, шайн-шайн махкахь и цахиларх. Иза шина тайпана йу: Африкин пийл, Индин пийл. Африкин пийлан дегI Индин пийланчул дикка доккха ду, вуьшта вовшех тера йу уьш. Африкин пийлан цIом чаккхенгахь шина декъе декъалуш ду шина пIелгах тера, лаьттара доьжна гIa, стом, буц а, иштта дитта тIера гIa, стом оцу шина пIелгаца атта схьа а оьцуш, ц1ом бага хьала а сеттош, йуу цо. Индин пийлан цIоьман чаккхенгахь пIелг цхьаъ бен бац, делахь а ша йуург оцу цхьана пIелгаца атта схьаоьцу цо.

Пийлан кIомсарш вуно мехала хилла. Царах пхьегIa, уьрсан, шаьлтанан, туьран мукъ беш хилла. Пийлан кIомсарш вуно ира, еха, стаммий йу. ЦIом вуно онда ду. Мел доккхачу диттан г1ад, цуьнца схьа а лоцуш вордан тIе а, машен тIе а диллало цуьнга.

КIорнеш шина шарахь йекха ненах, итт шарахь ненаца лела. И хан йаллалц стечара цхьаьна ларйо уьш гIираакхаройх, йиначу хенахь 90–100 кг хуьлу уьш.

  • 1

Письмо солдату

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1