Зайтемиров Сайдик
Дагардарш Iежаш
Вайна Абус Iежаш деана,
Вай уьш декъа дезаш ду.
Хьанна дукха, хьанна кIеззиг,
Цхьаъ, шиъ, кхоъ, диъ, пхиъ.
Лулахь
Вайн лулахь маса цIа ду?
Дагардеш Бож-Iела ву,
Сих-сиха галвуьйлуш ву,
Цунна дов деш баба йу.
БетагIера цхьа цIа ду,
АмагIера шолгIа цIа ду,
КхоалгIаниг АружгIера,
Йукъар дIаволуш хьо а ву.
НикIапа
Iела, цIе йолуш цхьа кIант ву,
Iелин никIапа йеха йу.
Кура дIаса лестош ву,
Тукар лоьхуш кIапа йу,
Цунна оьгIаза йахна йу.
Цхьаъ, шиъ, кхоъ, диъ дагардо,
КIапа цестира тукаро.
Йу
Йу туху зIуга, кхайкха вай,
Берийн самукъа даккха вай,
Тхоьца го йукъа хьо хьовза,
Аьрхачунна ахь йу тоха,
Цхьаъ, шиъ, кхоъ, диъ,пхиъ, ялх ворхI, бархI.
БархIалгIаниг хьо къаста тхох.
Чехкааларш
- 1. ЧIепалгаш чIийшца цIергахь даьлла.
- 2. ЧIамас ЧIебийна чIийш даьхна.
- 3. Iаьржа кегий къегина къийгаш.
- 4. Сийсара сирла седа стиглахь, стиглахь сирла седа сийсара.
- 5. Чехкка шиша схьадай, шишан чуьра шийла ша бина хи мала.
- 6. Берзан кIезана газа-гуьзулг гина, газа-гуьзалгана берзан кIеза гина.
- 7. Чиллахь шийла ша, ша шийла чиллахь.
- 8. Бераша бедарш бехйина, бедаша бераш бехдина.
- 9. Шерачу арахь шершина, ша тIе кхетта ши шинара, лазийна ша тIехь.
- 10. Чано човхийна чанан кIорни, чIом оллийна чухьаьдда чана.
- 11. Шера шаршу шипонан, шипонан шаршу шера.
- 12. Схьасеттича дIа ца сетта, дIасеттича схьа ца сетта.


