В Грозном открылась ледовая арена

В Грозном открылась ледовая арена

Раиса Тимаева Ледовая арена «Ахмат» – современный спортивный объект, который призван дать новый импульс развитию зимних видов спорта в Чеченской...
Маленькими шагами уверенно к мечте

Маленькими шагами уверенно к мечте

Иман Хамдиева За каждой большой наградой стоят не только сцена и аплодисменты, но и будни: споры, поиски, поддержка и моменты, когда хочется всё...
Новая эра в спортивной истории ЧР

Новая эра в спортивной истории ЧР

Милана Итиева Совсем скоро начнется новая эра в истории спорта Чеченской Республики: состоится торжественное открытие первого современного...
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины

«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины

Раиса Тимаева В рамках реализации нацпроекта «Молодежь и дети» в Грозном и районах республики прошел масштабный фестиваль «Кросс Единства».
Образование детей – в приоритете

Образование детей – в приоритете

Иман Хамдиева В Чеченской Республике уже более 240 семей воспользовались средствами материнского капитала для оплаты образовательных услуг своих...
Лучшие в спортивном туризме

Лучшие в спортивном туризме

Лалита Дэниева В Чеченской Республике состоялись республиканские соревнования по спортивному туризму, посвященные Году единства народов России.
В Грозном открылась ледовая арена
В Грозном открылась ледовая арена
Маленькими шагами уверенно к мечте
Маленькими шагами уверенно к мечте
Новая эра в спортивной истории ЧР
Новая эра в спортивной истории ЧР
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины
Образование детей – в приоритете
Образование детей – в приоритете
Лучшие в спортивном туризме
Лучшие в спортивном туризме

Зайтемиров  Сайдик

Дешархойн сатийсам хуьлу йаздархошца цхьаьнакхета. Церан лаам хуьлу уьш ган а, церан къамеле ладогIа а, церан дахарх а, кхоллараллах лаьцна хаттарш дала. Иштта йаздархошца цхаьнакхетаро дешархойн литературе а, нохчийн матте а болу безам лакхабоккху. Цундела мехалла ду кест-кеста дешархойн йаздархошца цхьаьнакхетар.

Нохчийн меттан хьехархочо а, дешархоша а дика кечам бан беза йаздархо ишколе кхайкхале хьалха. И кечам хьехархочо дешархошца цхьаьна бар чIогIа мехала ду, хIунда аьлча, дешархошна чIогIа хазахета иштачу цхьаьнакхетаршкахь дакъалоцуш, цул сов, церан дешаре а, нохчийн матте а, шаьш кхиа шовкъ кхоллало.

Хьехархо дешархошца дагаволуш хила веза, дешархошна шен дог дIадиллина. Масала: пенан газет муха кечдича хаза а, дика а хир дара-те бохуш, дешархошка хаттарш луш, цаьрга ойла йойтуш. ТIаккха церан ойла дика тIейоьрзур йу. Самукъадаларца болх бийр бу цара. Хьехархочо дешархошка хатта деза: «Шуна муьлхачу йаздархочун произведенеш хазахета, муьлха билгалйаьккхина схьаоьцур йара аша?» – аьлла. ТIаккха дешархоша сихха жоп лур ду хазахетарца шайн йевза а, йеза а произведени къасторца. Хьехархочо ша къастийна произведени йала мегар дац, хIунда аьлча шайна ца йевзачу произведенина дешархойн ойла тIейахийта хала хир ду хьехархочунна. Цундела дешархойн дагчу хьаьжжина, царах дагаволуш, цаьрца цхьаьна къасто йеза хьехархочо произведени. Цул тIаьхьа, хьехархочо хаийта деза дешархошка, шун таро хир йу йаздархочуьнга хаттарш дала, цунах дага довла а. Хьехархочо ша кечдина дешархошка хаттарш далийта мегар дац. Дешархоша шаьш ойла йина, шайн дагара хила деза луш долу хаттарш.

Хьехархочо дешархошца кечамбо пенан газет кечдарца. Цу газета тIе йаздархочун дахар а, кхолларалла а йазйеш, цуьнан шайна йевзачу произведенийн цIераш йазйеш. Иштта йаздархочун суьрташ дохку. Цул тIаьхьа, хьехархочо дешархойн гIоьнца презентаци кечйо интерактивни у тIехь гайта. Презентаци кечйо йаздархочун дахарх а, кхоллараллех лаьцна а, цуьнан произведенин кийсаках лаьцна а дуьйцуш, иштта йаздархочун киншканийн суьрташ а, йаздархочун суьрташ а гайтарца.

Дешархоша шаьш шайн куьйгашца кечдина совгIаташ хила деза йаздархочунна дIавоьдуш дала. Уьш деза а, мехала а совгIаташ хетар ду хьешана шена делча. И совгIат хила тарло муьлхха куьйгаца бина болх, масала: йаздархочун диллина сурт, цуьнан произведенеш тIехь йолу жима газета, журнал йа зезагаш кехатца дина и. дI. кх. Иштта хьехархочо дешархошна дуьйцу нохчаша хьаша-да тIе муха лоцуш хилла. Нохчашна хьаша даима сийлахь хиллий хоуьйтуш, хьеше болу ларам муха хила беза гойтуш.

Дешархоша хьехархочун гIоьнца шун хIотто кечам бан беза. Дешархошка дIахоуьйту хьехархочо нохчийн къоман даарш кечдан дезий. И даарш кечдарца дешархошна девза вайн къоман шира даарш, уьш муха кечдан деза. ТIаккха цу дешархойн балхе безам кхуьу.

Хьехархочо дешархой шарахь цкъа-шозза бигна а, библиотеке бига беза. Царна цу библиотекехь карор йу йаздархочун киншканаш, журналаш. Иза чIогIа мехала болх хир бу, хIунда аьлча, дешархошна йевзаш йоцу йаздархочун киншканаш йевза библиотекехь, уьш йеша шовкъ, безам кхоллало церан. Цул тIаьхьа дешархоша хьехархочун гIоьнца йаздархочун киншканийн, газетийн, журналийн гайтам вовшахтоха кечамбо.

Хьехархочо йаздархочуьнга хаам беш ала деза дешархошна мел мехала ду йаздархочо дешархошна байташ а, дийцарш йаздаран а бакъонаш йийцар. Йазйеш йолу произведенеш бакъо толош, харцо эшош, дог-ойла дикачу агIор хила йезийла а хоуьйтуш. Иштта цара дукха киншканаш йеша йезийла хаийтар.

Йаздархочун байташ тIехь даьхна иллеш дешархоша дIааларца церан безам кхуьур бу иллешка, вала тарло царех илланча а, йиш лакхархо а. Цундела мехала ду илли алар, йиш лакхар. Иштта сценка хIотто мегар ду йаздархочун произведени йукъара цхьа кийсикан дакъа къастийна. Иштта йаздархошца цхьаьнакхетаро, вай лекхахь ма аллара, вай тIекхуьучу тIаьхьенан нохчийн матте а, литературе а, къоман ламасташка а безам кхиабо. Уьш тара бала гIерта йаздархочух. Царах вала а тарло йаздархо. Цундела сих-сиха хила деза иштта цхьаьнакхетарш ишколашкахь дIахьош.

  • 1

Письмо солдату

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1