Зайтемиров Сайдик
Ахь хIунда вити со цхьалха? Стенгахь йу-те, хьо? Суна-м ца моьттура вайшиъ вовшех къаьстар ду. Суна-м цкъа а дага ца деанера и. Аса-м хьо тахана а лоьху лекхачу, сийначу стиглахь, буьйсанна тийналлехь седарчашна йуккъехь, луьстачу хьаннийн кIоргаллехь, сийначу бацалахь, кхуьучу зезагашна йукъахь, лекхачу лаьмнийн баххьашкахь, шерачу аренашкахь, хIордан гIайран гIамарлахь, текхначу бердийн йистошкахь, со иддачу лаьхьанан некъа тIехь, шовдан хина коьртехь. ХIетте а, йац-кха хьо карош.
Стенгахь йу-те, хьо? Со-м цхьана мIаьргонна хьох къаьстина Iалур волуш вацарий, хIетте Iен дийзи-кх сан хьох ваьлла. Хьо-м сан деган синтем барий, ахь-ам суна дукха дIадевлларш, керланаш довзуьйтурий. Ма цхьалха вити ахь со! Хьуна ца хаара-те, со хьох ваьлча гIайгIанехь лаьттар вуйла? Сингаттамо сан дог дIалоцур дуйла? ХIокху хазачу бIаьстенан денош, шийлачу чиллийн денойх тар ма ди ахь суна!
Цхьа де а, ши де а дIадаха, иштта, ма дукха денош дIаоьху, хIетте а йац-кх хьо карош!
ХIинца сан ойланехь, сатийсамехь, хьан сурт дуьхьал хIуьттуш виси-кх со. Кхин гур йац-те, хьо суна? ХIан-хIа, йиш ма йац сан хьоьха къаста. Сан гIайгIа, бала, дIаойбург хьо ма йу. Со-м кхоьрий, догIучу догIано хьо йашорна, хьоькхучу мохо хьо дIайахьарна, къегина схьакхеттачу малхо хьо йагорна. Стенгахь йу-те, хьо, стенгахь йу-те, хьо? Йух-йуха лохур йу ас хьо кIорда ца деш.
– ЭхI, кхаъ бу, кхаъ бу, карий, карий! Тхан кетIарчу Iожа йуххехь Iуьллуш хиллакх хьо, сан хьоме телефон! Ас-ам хIара дуьне мел ду лийхира хьо. Ткъа, хьо-м, генахь ма ца хилла!
Сан дагах кхетахь
Доккха хIума дукха хIара, хьо кху керта кхаьччахьана гIовгIа, дов ду-кх кху кертахь даима дIадоьдуш. ХIинцалц цкъа кху кертахь гIовгIа, дов хилла доцу, цхьа мерза, тийналлехь, буьйсанна стигларчу хазачу седарчаша хьоьстуш, ткъа дийнахь кхеттачу сирлачу, хазачу, бовхачу, малхо дегнаш дохдеш Iийна долу тхо. ХIара ков-керт йу-кха хьох цецйаьлла. Лулахь, кулахь, йуьртахь цхьанненца хьо тарлац-кх. Тхо-м даима лулахь, кулахь, йуьртахь массаьрци цхьа кIеда-мерза, бертахь Iийна дарий. Ахьа-м хIокху ков-керта цхьа да ван ма ца вуьту, ахьа-м хIокху ков-кертах дог йаьккхина массери. Багара ахь дIадетта дIовш кхин чекх ца дели хьа-м, иза-м хилла боккхачу, йист йочу хIордан барамехь. Буьйсанна буьйса йац хьан, дийнахь де дац хьан, и хьан гIовгIа, летар хьех, мерах даьлла суна.
Буса йа дийнахь и муцIар йац хьан тIейахана. Аса-м хьо массийтанна йукъара къастийна, хаьржинерий, суна-м хьо массарел хаза хетнерий. Ма гIалат ваьлла хилла со, ма бIаьрса дайна хиллера сан. Кийрарчу жимачу даго ма Iехийна хилла со. ХIумма дац, кхул тIаьхьа масаллин сурт хир ду-кх хьо. Дуненчохь нислуш ду ишттаниг. Ткъа и хьан дог-м хилла Iаьржачу буьйсанал Iаьржа, хьан пхенаш-м хилла цIечу дIавшех дуьзна. И хьан муцIур-м хилла гергарлонан уьйрийн тайнаш хедош. И хьан бIаьргаш-м хилла ца безамах дуьзна. И хьан когаш-м хилла дикачу дегнашна дуьхьал бевлла.
Со-м цец волу хьох, шийлачу Iаьнан чиллан деношкахь бай тIе зезагаш дийллал, дистина догIу хи серла даллал, ша бина тIулг хилла дог дашшал, йамартчу безамо дохийна, бIаьрхишца дуьра хIорд хилла лаьтташ долу дог, сирлачу ойланашка дIахеццал, буьрса, ирча дов саццал. Оццул хаза аса дийцарх, масалшца гайтарх, сан хьох лозу дог дийцарх, човхош дош аларх, хьо сох ца кхета, суна-м хьуна гIаж йетта ма ца лаара, осала вала ма ца лаара. Са-м кийрахь къинхетаме дог дай, са-м эхь-йахь дай! Кхетахь хьо сох. Хьо кхетий сох? ХIан-хIа хIун дийр ду ца кхета-кх хьо, мел дукха хьоь дийцарх, жIаьла ду-кха хьо, дIадоло хьайн бун чу гIо, хIинци цкъа жима ду-кх хьо, мацца кхетамчу догIург хир ду хьо. Меллаша бун чу дIадижа дахара Борзик.
Нус ма ду адам
– ЖимкIант, хьо хаза а ма вара, хьайна уллера чами схьакховдабехьа!
– Ас хIунда кховдош бу и хьоьга дIа, айхьа схьаэца, нус йац хьо?
(Дехьоо лаьтташ йу кIентан нана, несан марнана).
– Ойй, и хIун къамел дууу, кIант, ахь вайн несе дийриг? Нус ма ду адам! ДIавало сихха, дIакховдабе цуьнга чами! Иштта къамел деш кхин ма хазийталахь суна!
Иза вайн нус хиларх, хьо санна цхьана ден а, ненан а йоI ма йу. Хьо суна санна дукха а йезаш, ас хьо санна, мацйалархий, хьагйалархий, шелйалархий лар а йеш, цхьажимма дегIана цатам хилча, йаларна а кхоьруш, иштта вайн доьзале, вайга схьайелла ма йу иза. Вайгахь ма йу хIокху вайн несан хIусам. Вайн доьзалхо ма йу иза.
Мел хала ду шен хьомечу дех, мерзачу ненах, йижарех, вежарех, ков-кертах къаста! Эхь-бехк Дала лоьрийла, со шу дега йогIучу хенахь, сан йелхар, ма хала дара суна сайн хьомечу дех, мерзачу ненах, йижарех, дикачу вежарех къаста! Ас мерза кхача кечбича, уьш дага а богIий, кийра рицкъа мича додара! Сих-сиха къайлах цхьа воцчохь йелхара со, цIа сахьийзаш. Иштта декъаза а, къинхетаме а са ду-кх йоI, нус.
– Нана, къинтIера йалахь суна, доккха гIалат даьлла-кх соьгара. Иштта хьо а къинтIера йалахь, тхан хьоме нус Амнат.
– Дала мукъ лахь, со къинтIера йаьлла-кх хьуна, сан кIант. И санна дерг кхин ма далийталахь хьайгара, сан жиманиг!
– Вайй, жимкIант, со даиманна йу-кх хьуна къинтIера йаьлла! Суна хIумма а хала ца хетта! Дала могаш-маьрша а долуш, вовший лерам, барт а болуш, вовшийн вуон ца гуш, хIинца санна хаза, бертахь Iер-дахар лойла вайна Везачу Дала кхин дIа а!
Тхан хьехархо вара-кх
Хьалхарчу классехь доьшуш йолу Амина ишколера цIа йеана гIийла охьахиира. И гIийла хеттачу нанас шен йоIе хотту:
– ЙоI, хьо гIийла хIунда йу, хьуна хIун хилла?
– ГIийла муха ца хуьлу, урокаш чекхйевлча, оцу тхан хьехархочо сацийнера со (после уроков), дика ца Iамийна, аьлла.
– Хьоьца кхин мила вара (после уроков)?
– Тхан хьехархо вара-кх.
Хьаббор
(дагардар)
БIаьргаш хьаббо, меттиг буй,
Уьш хьаббош верг хьо ма вай.
Вада, вада меттиг буй,
Вада везарг и ма вай.
Лачкъа, лачкъа меттиг буй,
Лачкъа везарг со ма вай.
Схьагулло вай
(дагардар)
Схьагулло бераш, хIай,
Лечкъаргех ловза вай
Самукъа доккхур дай,
Цхьа бертахь ловзуш вай
Гуо гулбеш Мохьмад ву,
Дагардеш Ахьмад ву,
ДIаволуш Ахьяд ву,
ДIахьаббо Дауд ву.


