Акха гезарий
(дикие козы)
Хьех – (дикий козёл). Шуо – (дикая коза). Акха гезарщлахь стениг а, боьршаниг а къастош йоккхуш йу и ши цIе. Уьш мел лекхачу лаьмнашкахь а, лаьмнийн басешкахь а хуьлу.
Хьехан маIаш вуно онда йу, тIулгах йеттарх каг а ца луш. Уьш хье тIера дуйна хьалахьаьвзаш букъ болчу aгIop чухьаьвзина йу, лаьмнашкахь ирхнехьа, пурхнехьа а атта лела хууш. Уьш охьанехьа, кхийса а луш, мел хъаъвзина басеш хиларх, вуно атта охьайуьйлу. Шуош бIаьсте йолалучу хенахь дахка дуьйлало. Шайн буьхьигаш вуно чIогIа ларйан дезаш йу и гезарий. Нагахь буьхьиг берда йисте йаьлла хаалахь, аьрзуно, тIекхетий, бердах чукхуссу, тIаккха цо а, кхечу аьрзуша а йуу. Иштта ду-кх церан дахар, хала дахар ду-кх. Хьехан маIанел дикка йоца йу шуон маIаш, дегI а цуьнчул жима ду. Уьш Кавказехь бен ца хуьлу, боху. Хьехах сосакх а олу цхьаболчара.
Масар (серна)
Масарш Кавказехь хуьлуш йу. Цхьадолчу кхечу мехкашкахь а уьш хуьлу бохуш а дуьйцу. Уьш жимлуш хилар билгал а доккху. Масаран маIаш ирхнехьа хьалайахна йу, чаккхенгехь мелла а ворта йолчу агIорхьа чу а сеттина. Стечуьнан маIаш ца хуьлу, боьршачух къастош, цунах масар-шуо олу. Аьхка бос можа-хьаьрса хуьлу, Iай мелла а кхоьлина хуьлу. Хьаж хье тIера дуьйна кIайн ду. Уьш ломахь хьала-охьа вуно атта а, маса а лела. Цундела олу царах масарш. БIаьсте йолайелча йахка йуьйлало. Масар-шуош шайн буьхьигашца, тобанаш а кхуллуш, лаьмнийн лахарчу басеш тIе йуьссу, хьех-масарш лаьмнийн уггаре лекхачу баххьашна тIе хьалайовлу, гуьйре тIейаллац охьа а ца йуьссуш. Охьайиссича, баьччалла къуьйсуш, вовшашна карраш детта юьйлало. ТIex чIогIа латарна цхьаерг леш меттиг а нисло, хьаж а оьккхий. Суна Итон-Кхаьллан кIоштахь гина уьш леташ. Царех тоьллачун долайоьрзу мелла а масар-шуош. БIаьста, буц йолучу хенахь, йахка йуьйлало.
Iуьзгаш
(Акха уьстаг1ий)
(горные дикие бараны)
Iуьзгаш (акха уьстагIий) вайн махкахь дуккхаза гина суна лаьмнашкахь. Iуъзган уьстагI дикка хаалуш дегIана жима бу Iуьзган коьмал. Ораллин хан тIекхаччалц кой а, уьстагIий а шаьш-шаьш лела. И хан тIейеача, баьччалла къийса дуьйлало кой. Латар вуно чIогIа хуьлу, генна йуxa а дуьйлуш, чучча а уьдуш, маIаш йетташ. Иштта уьш леташ, царна цхьа чаккхарма генахь волчунна а церан вовшахйетталучу маIийн тата дIахеза. Тоьллачух баьчча хуьлу, эшнарш цунна муьтIахь хуьлий лела. Стенаш дукхахдерш цунна тIаьхьахIуьтту цу хенахь. БIаьсте йолалуш дахка дуьйлало. Койн латар вовшашна кхераме ца хуьлу, маIаш стомма а, онда а хиларна. Iай хьаннаш, коьллаш йол-йолчу басешкахь дажа охьадовлий лела, дежийла лоьхуш. Iуьзган Iахарий вуно атта караIема. Кхиийнчунна муьтIахь а хуьлу.
Вайн махкахь доцурш, кхин акха уьстагIий а ду дуьнен чохь, иштта акха гезарий а йу: Муфлон йа архар олуш болу уьстагI, Далин ломан уьстагI (горный баран Даля), лайн уьстагI (снежный баран), лайн газа (снежная коза), маж-хьех (бородатый козёл). Хьийзина маIаш йолу хьех (винторогий козёл), сероу, горал (и ши цIе дуьненахь массара а цхьаттера йоккху церан).
ГIеланийн тайпа
(семейство оленевые)
ГIела (олень)
ГIеланаш дуккха а тайпанашка декъалуш йу, масала: гIеланаш (олени), сеш (лоси), лунаш (косули), сайгIалкхаш (сайгаки). И цIерш нохчаша техкина йу, кхечеран цIерш тIеэцна йу, масала: морал, лань, лира, замбар, и. дIа. Кх. Церан боьршачух нохчаша шоьккар олу, масала: гIеланан шоьккар, лунан шоьккар. ГIелан бекъа, сен бекъа олу церан кIорнех.
ГIела (олень) вайн махкахь йац боху цхьаболчу наха. И бакъ дац. ТIом балале гIеланаш сунна а, цхьаболчу нахана а гина Черноречин хьуьнхахь а, некъана дехьа-сехьа йуьйлуш а. ХIинца и хирг хир йу уьш, тIамах къаьхкина дIа ца йахнехь. Уьш цхьанхьара йалийна кхузахь дIахецца йу бохуш дуьйцуш а дара. Цхьаболчара шайна церан тайпанаш билгалдаха ца хаарна сеш олура царех.
Сай (лось)
Сеш гIеланийн тайпана йукъадогIучех уггаpe даккхий ду, хаза ду. Аьхкенан хенахь дийнахь хьун йистошкахъ дежа, буса хьун йуккъехь дежа. Хьуьна йуккъехь гIаш а, стом а, жIаьлинускалш а дуу. Ораллин хан (брачный период) август баттахь йолало. И хан тIекхаччалц шаьш-шаьш лела сен шоьккарш (самцы) а, сте сеш а, шайн-шайн реманашка декъа а лой. Сен бекъа, ша лаца а лаьцна, кхиийначунна вуно муьтIахь хуьлу. Цунна тIаьхьа а хIуттий лела гIалахь а, йуьртахь а. Ростовски областехь гина суна иштта и лелаш. ТIехуьйшуш а, ворданах йужуш а лелош хилла уьш хьалха. БIаьста, Iай дIаевлла, маIаш тIейовлу.
Лу (косуля)
Лунаш вайн лаьмнашкахь бехачу нахана дика девза. Уьш уллехь цанаш йолчу лаьмнийн хъаннашкахъ хуьлу. ДегIана гезарел дуй те аълла хета. Толлуш дукха лелла со лаьмнашкахь. Мел улле тIенисваларх, топ ца тухура ас луна, кхечу акхарошна а ца тохалора. Иштта, хазахета дIалелар-кха. Цхьаболчу наха лун кIорнеш лоьцуш, кхиош хилла. Лаьмнийн йарташкахь суна хаалора уьш кхиболу нах. Лунаш вуно чIогIа ларлуш лела. Шаьш дежачу хенахь кой, кест-кеста дIасахьоьжуш, дежа. Шайна кхерам хаалахь, вуно сиха довду. Царна берзалой а, чагIалкхаш а теба, шайн кайаьлча, лаца а лоцу. Хьалха таллархоша а дукха дойура лунаш. ТIаьххьарчу хенахь таллархой кIезиг хилар бахьана долуш, уьш дайар лахделла бохуш, дуьйцу ломахь бехачу наха.
Лунаша буц а, диттийн, коьллийн гIаш а дуу, боъжна стом карийча, иза а буу. Iаьнан хенахь коьллийн дуткъа-кIеда генаш а дуу. Ло диллинчу хенахь, когашца до дIа а хьоькхуш, буц а, охьадоьжна, диттийн гIa а дуу оханан беттан хьалхарчу деношкахь дахка дуьйлало.
СайгIалкх (сайгак)
Казахстанехь нохчаша, оьрсаша ма-аллара, сайгак а ца олуш, сайгIалк йа сагIалкх олура. Сайна сайгIалкхаш дика йовзарна царах дош ала лаьа сунна. Нохчий махках баьхначу хенахь Джамбулски областехь йаьккхира оха дукхах йолу хан. Цигахь аренашкахь хуьлура уьш. СайгIалкхаш муьлхачу тайпанна йуькъайоьлху аьлла, билгалдаьккхина дац хIинца а. Ас-м сайга хаьттича, гезарийн тайпанна йукъайохуьйтур йара уьш, мелла a царех тера хетарна. Казахаша сайгIакх олуш хезна, аьлла цунах сайгIалкх нохчаша.
СайгIалкхаш цхьа инзаре йаккхийчу тобанашца лела Iа чекхдаллалц, дежийлаш лоьхуш. БIаьста а, аьхка a cтeнаш шаьш, боьршанаш шаьш лела. Церан кIорнеш кIира хан йаьлча наношна тIаьхьахIуьтту, цаьрца мел гена а дIаоьху, кест-кеста йакха а йекхаш. СайгIалкхаш, шайна борз хаайелча, вуно атта кIелхьарайовлу, идар дукхе-дукха чехка хиларна. Цара, Iай 40 градусал сов шело хиларх, шело атта лов, иштта аьхкенан муьлхха тов а лов. Церан чо хийцало, Iай бовханиг хьала а болуш.
Акха буланаш а, гомашаш а
(дикие буйволы и буйволицы)
Нохчийн гомаш боху дош шина дашах кхоладелла ду гома + маIаш. Ткъа була оьрсаша буйвол олучу дашах кхоладелла дош ду. Цундела зубрах була алар нийса дац, уьш цхьана тайпанна йукъайогIуш йелахь а. Дуьненахь дукхах долчу къаьмнаша тIеэцна дош ду и. Нохчаша а тIеэцна, зубар аьлла.
Дуккха эзарнаш шераш хьалха дуьйна Африкехь а, Азехь а, наха леца а лоьцуш, карайерзийна, узуш шура йоккхуш а, йужуш а, жижигна йойуш а лелийна гомашаш а, буланаш а. Мелла а тIаьхьо дуьненахь массанхьа уьш лело буьйлабелла нах. Акханаш хIинца а йолуш йу. Уьш йайар вуно чIогIа дихкина ду. Уьш, дебийта, цхьацца хьаннаш йолчу мехкашкахь дIахецна йа. ТIом балале вайн махкахь хаалора уьш.
Зубарш буланийн тайпанна йакъайагIахь а, дегIан барамца а, маIаш буланан маIанел дикка хаалуш йоца хиларца а, дегIа тIера чо буькъа, беха хиларца а къаьсташ йу. Царех мелла тера кхин цхъа тайпа а ду бизонаш олуш. Цхьана хенахъ зубарш а, бизонаш а дукха хилла массанхьа бохург санна: Европехь, Америкехь, Кавказехь. Уьш йайар кху заманахь массанхьа а луьра дихкина ду. Дебийта шайга далург деш нах а бу. Уьш Кавказан хьаннашна йукъа хецна йу, боху.


