Сила команды – в игре и характере

Сила команды – в игре и характере

На Всероссийских спортивных играх грозненские школьники продемонстрировали высокий уровень подготовки
Талант без границ

Талант без границ

В Грозном прошел региональный этап Большого всероссийского фестиваля детского и юношеского творчества
Меж двух святынь

Меж двух святынь

  Меж двух святынь Как новый пешеходный бульвар в Грозном перевернул представление о столице Чечни Диана Магомаева Едва ли в новейшей истории найдутся города, способные меняться с...
Грозный: сквозь эпохи – к новому рассвету

Грозный: сквозь эпохи – к новому рассвету

Иман Хамдиева День города – повод не просто радоваться праздничным огням и концертам, а оглянуться назад и увидеть, какой долгий и непростой путь...
Чеченские школьники соревнуются в лёгкой атлетике

Чеченские школьники соревнуются в лёгкой атлетике

Милана Тамаева В Чеченской Республике проходят муниципальные этапы спартакиады по лёгкой атлетике среди обучающихся общеобразовательных организаций. В октябре победители...
Бульвар имени Ахмата-Хаджи Кадырова: новое пространство для детства и семейного отдыха в Грозном

Бульвар имени Ахмата-Хаджи Кадырова: новое пространство для детства и семейного отдыха в Грозном

Пока взрослые любуются архитектурой нового района, дети осваивают свой город: покоряют горки, взбираются по канатным лестницам и находят друзей на...
Сила команды – в игре и характере
Сила команды – в игре и характере
Талант без границ
Талант без границ
Меж двух святынь
Меж двух святынь
Грозный: сквозь эпохи – к новому рассвету
Грозный: сквозь эпохи – к новому рассвету
Чеченские школьники соревнуются в лёгкой атлетике
Чеченские школьники соревнуются в лёгкой атлетике
Бульвар имени Ахмата-Хаджи Кадырова: новое пространство для детства и семейного отдыха в Грозном
Бульвар имени Ахмата-Хаджи Кадырова: новое пространство для детства и семейного отдыха в Грозном

Зайтемиров Сайдик

Iуьйранна малх схьакхетта, малхо шен зIаьнарш дуьнене йаржо зама йара, кIант Iуьйрре хьала гIеттина уьйтIа ваьлча. УьйтIахь набарха ваьлла дIасахьоьжучу кIантана цхьанхьа «маьу, маьу», – бохуш цициган мохь хезира. Кевнал арахьаьдира кIант, йуха жимма лахо ваьлча цунна гира инзаре ирча сурт, ши ког боцуш йуханехьа болар дан гIерташ йолу цициган кIорни. КIант цициган кIорнина йуххе вахана дIахIоьттича, эсала хьастадаларца, гIо доьхуш санна хаалора цо кIанте.

 – Ваййй, нана ма йала хьан! Мичхьа йу-те, хьан нана? ХIинцца схьайогIур йу хьан нана, хьуна ижу лаха йахана хир йай иза! – бохуш хьоьстура кIанта цициган кIорни. КIанта дуьйцучух ша кхеташ санна, йуха а шех къа хоьтуьйтуш  хьесталора цициган кIорни.

Дикка цигахь лаьттира кIант ладоьгIуш.

– ХIан-хIа, схьайан ца йоллу хьан нана, йа хьо лоьхуш, кара ца йеш хила тарло, йа хьуна ижу лоьхуш, цхьана экхано лаьцна хила тарло. Доло, вайша цхьаьни Iийр ду, – аьлла шен караэцна шайга йигира цо и цициган кIорни. Сихха чувахана шура, бепиг схьа а эцна, жимачу кеда шура йоьттина, цу чу бепиг аьтта кIорнина хьалха хIоттийра цо и кад. Цкъа а шена йаахIума ца гича санна, чехка кедах тасайелира кIорни.

  – Нана ма йала хьан, суна ца гинехь, хьо-м мацалла леш ма хилла! ХIинццалц иштта Iуьйре самаволуш воцу со, ма дика хилла, со гIеттина хилла! Ахь хьайн шура, бепиг даа, ас хьуна цхьанхьа бен бийр бу, аьлла вахана кIанта шайн божлина йуххехь цициг-кIорнина цхьа меттиг тойира. ТIаккха и кIорни кара а эцна, ша цунна тобинчу метте охьайиллира, «садаIа хьайна», аьлла. КIант шайн чу вахара, чохь да а, деваша вара, ткъа нана, шен могшаллина  санаторе йахана цIахь йацара. 

– Дада, Ваша, де дика хуьлда шун! – кIанта маршалла хаьттира.

– Диканца дукха вехийла хьо а!

– Дада, ваша, ас тахана лечура цициган кIорни кIелхьара ма йаьккхина, ши ког боцуш, мацалла йоьлхуш, шена гIо доьхуш лаьтташ ма йара и кIорни! Ас и вайга схьайалийна кхаба, цунна чохь Iен меттиг тобина.

Дас кIантана тIе мохь хьаькхира:

  – Хьо хьераваьлла, сакхт йолу цициган-кIорни кхобу? Йуххехь Iачу вашас кхин тIе тодира дас бохург, сихха дIакхосса иза, аьлла.

Со-м вашас гIо доккхур ду моьттуш вара, амма сан дена чул башха вашин кийрахь ца хиллера къинхетаме дог.

  – Дада, ваша, соьга кхабийтахьара аш и кIорни, цуьнан нана йац, вай санна дог хьаста, цхьа йиш-ваша дац, къа ма ду цуьнан! – аьлла дийхира кIанта.

Дас кхин чIогIа мохь хьаькхира кIантана тIе.

    – Ас гIожах воккхур ву хьо, воло чехкка дIадига иза, хIара тIоьрмиг бу хьуна! – аьлла кIанте тIоьрмиг кховдийра дас.  КIентан жимачу йуьхь тIера горгийн, даккхий хин тIадамаш охьаэгара, ткъа шен дех кийрара аз далийта ца вахьара кIант.

КIорнина йуххе вахана, цунна тIе дай куьг хьоькхуш, велха а воьлхуш элира цо: «Суна къинтIера далалахь, сан нана цIахь йелахьара, цо вайшинна гIо дийр дара». КIорни меллаша схьаэцна тIоьрмиг чу йиллина, кевнах аравелира кIант. ЦIеххьана кIантана дагадеара шай цIенна гена йоццуш  кIорнина чохь Iен меттиг йан. ЦIера аннаш, хьостамий, жIов йохьуш схьавеана, цунна дукха хаза чохь Iен меттиг йира кIанта. Цул тIаьха хIора Iуьйранна, суьйранна шура, бепиг дохьуш вогIура кIант, кIорни йолче и йузо.

Цхьана дийнахь, цIеххьана Iаьржа бода хIоттош мархаш йаьхкира, чIогIа догIа туьйхира, массо меттера нуьцкъала Iовраш охьахьаьдира.

Ярикх-Су инзаре доккха деара. КIантана шен кIорни дагайеара, иза шен меттера арайаьлла ма хилахьара, бохуш сингаттаме вара кIант. ДогIа цкъа ца деача санна сецира, арахь йийкхира. Сихонца шен кIорни йолчу дIахьаьдира кIант, амма кIантана кIорни а йа и лаьттина меттиг ца гира. Гуо баьккхина тогIий мел йу лийхира цо кIорни, амма мел цо и лехарх ца карийра цунна иза. ТIаккха велха ийзош ша-шега лен вуьйлира кIант: «Шен нана тIе кхаьчна цуьнца дIайахана хир йу кIорни, йа со санна волчу цхьана къинхетамечу кIанта кIелхьара йаьккхина хила тарло».

Йуьрта-АгIарара охьайогIучу Iовраша дIайаьхьнера кIанта кIорнина кечйина меттиг шен кIорница. Доккхачу Ярикх-Сух дIакхеттера кегийра Iаьмнаш а, Iовраш а.

Нана санаторера цIа йеара. КIанта дийцира шен нене хилларг. Ткъа нанас шен кIант хьаьстира: «Нани къинхетаме дог ду иза», – аьлла. Нанас шен кIентан дог паргIат даккха элира: «Хи доккха деача йуьстах кхийсина чIерий лахьо гулло дуккха адам, цара кIелхьарайаьккхина шайна кхаба дIайигна хир йу хьан кIорни».

Хазахетарца доккха са доккхуш кIанта элира: «ТIаккха и кIорни йоккха хилча гур йу-кх суна!».

  • 1

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

Письмо солдату

Для участников СВО

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1