Зайтемиров Сайдик
– Во, Амнат? Чохь дуй шу?
– Дера ду-кх, чоьхьа йала! Марша йогIийла хьо!
– Делера салам маршалла хуьлда! Дика догIийла шуьга!
– Диканца дукха йехийла хьо а!
– Дийцахьа хIун ду вайгахь, Амнат, хьуна дика ма хаьара йуьртахь лела эладита.
– Делахь дац суна хууш-м цхьа а эладита. Цкъа вистхилла кIант, йуха вистхуьлуш вац соьга.
– Ой, и хIун ду, соьга санна дIовш ца детташ, эсала йистхила мегаш ма ду хьо!
– Кхин эсала со йистхилахь чиллахь бай тIе зезаг дера ма ду. ХIара сан аз ду аьлла хета-кх суна бехкениг, боьршачу стеган санна, стомма ма дай хIара сан аз, сох кхера а лой бовду хаац уьш.
– Делахь бац церан бехк. Ас, Амнат, аьлла хьоьга мохь тоьхча, вай, аьлла хьо йистхилча, вайн Делора йара со, хьо Хьамид ву моьттуш.
– Хьайн мотт цаста оцу хьан цергаша, хьуна даима ма моьттуу цхьа лартIехь доцург. ЛадогIахь йуха цкъа соьга, селхана сарахь баккъалла цхьа эсала качйелла, йуха-йуха куьзгана хьоьжуш, басар-подар сайна тIе доьттина, керла эцна «Айфон» иттолгIа, цхьа куруо, сайн цхьаьна куьйга кара лаьцна, вукха куьйга чийлакаш лаьцна, шовдан коьрте йоьдуш йара со, йуххехь саций-кх цхьа тамашийна, инзаре хаза «Камри» машен.
– ТIаккха, хьо гирий цунна?
– Собардехьа, цкъа дуьйцуш ма йу со хьоьга. ТIаккха со гина, соьга безам бахана хиллера кIента-м. Хьанора хиллера, кIантана бацалахь зезагашна йуккъехь уггар хаза зезаг къасто хуур долуш, чу воьссина кIант, мел хаза товш вара алахь, хаьнтIехь тапча йара, шиъ телефон йара. ТIаккха соьга эли-кх цо: «ХIей хаза зезаг, хьо довза а, деза а мегар дуй?». Ва со ган йезар хьуна тIаккха качйелла, охьатаьIна сайн «Айфоне» хьежа йола йелла.
– Хьажахьа, мелла саьхьара хилла йоI!
– Лела хаа ма дезий! Алахь, ма лечкъабехьа эхь хеташ, хьайн эсала хаза бIаьргаш дIа. Алахьа, цIе муха йу хьан, хIай, хаза зезаг? Амнат йу-кх. Сан аз хезна кхеравелла, вай, хьуна гина делара цуьнан вадар, дIаиккхина машен неIарх летта, тIам ца карош, йуха халла неI йиллина, машен чу хиъча ши бIе газ тIе йелла дIаэккхийтина цо машен. Моьттура дара хьуна со цунна тIаьхьа хьаьдда йогIу. Суна оьшуш вара хIара кIилло.
– Дера хIете-кх, цIа тIе лаьцна Iен маре хилла ма дац и. ЙоIа-м йу говза.
– Йу дера, ас масийтта ишкол йаьккхина. ЛадогIахь, сийсара сарахь телефон туху соьга цхьаммо, мила ву алахь...
– Алий йалахь, сагатдо ахь!
– Цхьа жима аз долш кIант ву-кх. Соьга боху-кх, суьйре дика хуьлда хьан! Ас эли-кх, Далла везийла хьо а! Йуха соьга боху, ваши, бехка ма биллалахь, нийса ца кхетта сан, аьлла дIайайи. Ваши хьаха дера ву хIара, Ваши тов.
– ХIоаш мукъане мийлахь, аз хаза хуьлу, дуткъа хуьлу ма алар, и артисташ ма бу уьш муьйлуш, церан лотокаш йу ма боху цхьа чоь йуззина.
– Ма бакъ дацар иза, хIоаш-м хаац суна, котам чорпа тIехь мийлина ас.
– Доллучулла хазаниг дийца ас хьуна, тахана Iуьйрре банке йахана со, цу чохь кIант ву шен компьютер тIехь болх беш, жима кор ма дай, оцу чу корта ца боккхуш ас эли-кх:
– Хьажахь кIант, Алиханова Амнати счет тIе ахча даьлли хьажахь. Соьга боху оцу кIанта: «Хьажахь, ваши, Амнат ша тIейаийтахь». Ас бах тIаккха цуьнга, со ма йу и Амнат. Ваши, сан хьога бегаш беш Iа хан йац, Амнат ша схьайаийта, боху.
– Ваа, йелла йала со! И ду хаза!
– Йуха сай корта теттина цу корехула чу бахайтина, со ву-кха хIара Амнат эли-кх ас. Вайй, цхьа цецваьлла иза, цуьнан йуьхь-сибат ган дезара хьуна. Соьга хьожуш паспорте хьожуш. Йуха корехула ара соьга сайн корта баккхалой, алахь, халла ши лерг тIетта теттина сехьам баьккхира ас.
– Йеккъа концерт йу-кха хьо! Шек дIа ма йала хьо! Ас дуьйцур ду хьуна захало.
– Баккъалла бохий ахь? Мила ву? Мичара ву? Хьенан ву?
– Собар, собар, ахь хIун до? Мила ву, мичар ву, хьенан ву боху хан хьан дIайаьлла. Хьайн шерашка а, хьайн озе а хьажа, ладогIа.
– И-м ду.
– Со кхоьруш, хала Iаш йу кхузахь.
– ХIун бахара ахь?
– Аса-м хьай шек дIа ма йала бахара, хIинца уггаре ду боху маре нислуш ду-кх хьуна.
– Хаза вуй, лекхачу дегIахь вуй и?
– Вац дера, хазалла лоьху хан дIайаьлла хьан ца элира ас хьоьга. Хазаниг кхечо шена дIавуьгу, цкъа а, цхьаммо вуьгур воцург дика ма ву хьуна. Ткъа лекхачух хIун до ахь? Хьо цуьнга бойнаш хьалаохкийта-м ца йоллу? Ахь йелчи бен йуург йоьхур йолуш вац хьуна, ахь мел дов дарх, духьал летар вац хьуна.
– Мотт мукъане хаьий цунна?
– Хаьа дера иштта-м хьаха ву иза говза, хьекъале, цIеххьана дукха тIе ма йерзалахь. Жимма хаза олуш Iехаве, и божарий-м бу, аьлчу дашах деши хеташ. Шек дIа ма йалахь, хьан гIовгIанал чIогIа гIовгIа хира йац шун кертахь.
– Вайй, Дала дог хьостийла хьан, суна ма дезза, маре нислуш ма ду суна! Нана йуй цуьнан?
– Махкал арахь (заграницехь) йу.
– Ваша вуй?
– Иза а цигахь нана кхобуш ву.
– Ткъа йиша йуй?
– Марехь йу.
– Уллохьа-м йац.
– Йац дера, Францехь йу-кх.
– Стаг молуш-м вац-те цуьнан?
– Вац, шек дIа ма йалахь, и мелла ваьлла, вай дуьненахь вац иза. Кхин хIумма дисний хьан хатта, дагахь балам болуш.
– Дац, со реза йу алахь!
– Собарде, кIант реза ван ма веза вай.
–Телефон туху ас. Алло, де дика хуьлда хьан!
– Далла йезийла хьо а!
– Хьайна захало дийца аьллер-кх ахь, хьуна захало дийца цхьа дика йоI карийна суна.
– ЙоIе йист хиллий хьо?
– Дера хилла, ша реза йу боху.
– Хаза товш йуй и?
– Йу дера, хьо санна хаза товш йу хIара. Шуьшиъ ший а хазанаш лоьхуш ду, цкъа ший а куьзгана хьажахьара.
– Иза йалош шовдан коьрте ца йогIу хьо?
– Мегар ду, дукха ца Iаш йогIу тхойша.
– Собар де, цкъа кечлой со.
– Пхи минот хан йу-кх хьуна. Сиха лелалахь. И дIа воьдий хаац.
– ДIа-м дера вохуьйтуьйла дац. Со кийчча йу.
– Йелла йала со, хьайн цергаш тIера басар дIа даккха, хье тIера тушь дIадаккха.
– Хьан бехк бу-кх уьш хилар, со сихйина йолу.
– Цкъа соьга дика ладогIал! Варийлахь, йист ма хилалахь, хьайна эхь хета моттийта, корта охьатаIабе. Ас лур ду хьан меттана жоьпаш. Хьо кхеттий, ладугIуш йуй хьо соьга?
– ДIогарниг-м вац иза?
– Ву, охьатаIахь, гур ву хьуна и очкарик?
– Йелла йала со, куьзганаш ду цуьнан?
– Ду дера, хьан дай боьршачу стеган аз. Шек дIа ма йалахь, уьш малхах ларлуш долу куьзганаш ду.
– КIайн хуьлу уьш?
– Хуьлу дера, уьш бес-бесара хуьлу, дезахь цIен хуьлу. ОхьатаIа, тIекхочуш йу вайша.
– Марша догIийла шу!
– Делера салам маршалла хуьлда!
– Ахь пурба лахь тхойша дистхира дара.
– Пурба ду, хIара чIогIа эхь хеташ йу, соьга уллера дIа ма йала боху.
– ХIокху шовдан коьртехь, хазаллех лепа хьан нур. ЦIе муха йара хьан зезаг?
– Амнат йу кхуьнан цIе?
– Эхь ма хетахь, мел хан йу хьан, Амнат?
–Ткъе пхийтта шо ду, боху. Тхойша сиха йу, чийлакаш хих дуьзи тхан.
– Реза вуй хьо?
– Ву дера, йеха нах бохкуьйтур бу ас, оршот буса вайга дIайуьгур йу.
– Дала мукъ лахь, йала, схьаэца хьайн ши чийлак, хьо-м, йала-йелла дIа йели. Iадика йойла хьан!
– Iадика Дала йойла.
– Ваа, цига дIакхаьчча, йистхила ца йеза со?
– Ца йеза мотт кхобуш Iе.
– Ой, мотт бастийтича йистхила ца йеза со?
– Ца йеза, кIезиг ду, кхин дуккху лахь, йистхир йу ала, дуккха куьйгаш лестаде.ТIаккха шайн боцу аьттоне хьоьжуш, шай писалла, мотт ца бастуьйтуш, цара хьо бакъдуьнене хьажор йу.


