В Грозном открылась ледовая арена

В Грозном открылась ледовая арена

Раиса Тимаева Ледовая арена «Ахмат» – современный спортивный объект, который призван дать новый импульс развитию зимних видов спорта в Чеченской...
Маленькими шагами уверенно к мечте

Маленькими шагами уверенно к мечте

Иман Хамдиева За каждой большой наградой стоят не только сцена и аплодисменты, но и будни: споры, поиски, поддержка и моменты, когда хочется всё...
Новая эра в спортивной истории ЧР

Новая эра в спортивной истории ЧР

Милана Итиева Совсем скоро начнется новая эра в истории спорта Чеченской Республики: состоится торжественное открытие первого современного...
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины

«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины

Раиса Тимаева В рамках реализации нацпроекта «Молодежь и дети» в Грозном и районах республики прошел масштабный фестиваль «Кросс Единства».
Образование детей – в приоритете

Образование детей – в приоритете

Иман Хамдиева В Чеченской Республике уже более 240 семей воспользовались средствами материнского капитала для оплаты образовательных услуг своих...
Лучшие в спортивном туризме

Лучшие в спортивном туризме

Лалита Дэниева В Чеченской Республике состоялись республиканские соревнования по спортивному туризму, посвященные Году единства народов России.
В Грозном открылась ледовая арена
В Грозном открылась ледовая арена
Маленькими шагами уверенно к мечте
Маленькими шагами уверенно к мечте
Новая эра в спортивной истории ЧР
Новая эра в спортивной истории ЧР
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины
Образование детей – в приоритете
Образование детей – в приоритете
Лучшие в спортивном туризме
Лучшие в спортивном туризме

Зайтемиров Сайдик

Бодано серло эккхош, де буьйсане йоьрзу зама йара. КIорда ца деш уьйтIахь чкъург хоьхкура ас. ХIинца-тIаккха нанас мохь туху бохуш, кхерстачу ойланал чехка хоьхкура ас сайн чкъург. ХIаваэхула, сан ненан аз хазачу, мерзачу озаца сан дагчу схьакхечира.

– Во, Мохьмад, наниниг!

– Вай, нана!

– Чувола, вайна са дайна, маьркIажа хенахь арахь ловзуш ма ца хуьлу!

– ВогIу со, кху сохьта «машен» дIа а хIоттийна.

ЦIеххьана машенийн гIовгIанаш йевлира, сигналаш а йетташ. Хиллачух ца кхеташ, цкъа машенашка хьоьжуш, йуха сайн нене хьоьжуш, цецваьлла лаьттара со. Сан деган догIа даьстича санна, йела а къежаш, нанас элира:

– Хьо ма цецваьлла, наниниг, уьш-м нускал далош йогIуш йолу машенаш йай!

– Нана, нускал иштта даладо?

– Даладо, йуьртара имам, баккхийнарш бохуьйтий, йоьIан да, йоьIан цIеранаш реза бу йа бац а хьожий. Уьш реза белахь, ден пурбанца йеха а йоьхий, машенашкахь иштта цIа йалайо. Той хиндолу де билгалдоккху.

– Нана оцу дийнах хIун до билгалдаьккхина?

– Цу дийнахь тойне керла дахар кхуллуш долу кIанттий, йоIIий декъалдан гергарнаш, йуьртахой, бевзарш богIу. Декъалбо цара кIант, нус, «Дала барт цхьаъ бойла», «Дала беркате нус йойла», олуш.

– ТIаккха нус керта ма кхаьчна, цунна тIехула кампеташ кхуьйсу, марнана охьа а хаайой, гIанта тIе хьалха жима куз тосий, несо, ша гIиллакхехь йелахь, и куз дIа а хьарчабой, йуьстаха буьллу, марнана несана мараоьккху, Iайгахь моз йа кампет кхоллуьйту, хIара мерза мерзалг санна мерза хуьлда шун дахар а, вайна йукъахь иштта марзо латтийла, олий. Дала йахайойла хьо тхуна олий, тIаккха нускал кирхьана тIехьа дIахIуттуьйту. Сонехь хуьлу и кирхьа, соне агIор, тIехьа йирзина дIахIоьттина хила йеза и. Чохь нах болуш охьахиъна Iер а, йа кхача баар а гIиллакхехь дац, дIасахьежа йа къамелаш деш Iен йиш йац, мотт кхобуш хила йеза иза. Цо мотт кхобуш шеца гIиллакх лацахь, къонахчо кIудал чохь хи да олий, несе хи доуьйтий, хи мала мегий олу, несо шега кхузза – доьазза олуьйту, тIаккха мала олу несо, мотт бостийтучо цунна ахча ло. УьйтIахь доккха ловзар до. Тойне мехкарий шаьш ца богIу, уьш той долчу гергарчеран жимачу зудчо хIоранна керта йоьдуш, ненега йеха йоьхий, йалош йу, йуха той чекхдаьлча уьш цу той долчара шен-шен цIа буьгу. Доккхачу ловзаргахь го боккхуш хелхадолу йоI, кIант!

– «Вайнах» ансабль санна бохий ахь?

–  Дера боху.

– Нана, ахь соьга лур дуй итт туьма?

– Хьо хIун дан воллу цунах?

–  Несе мотт бастийта воллу!

–  Дукха ваха хьо, наниниг, гIиллакхе хила везаш ма ву. Дера лур ду.

Нанас шен тIоьрмиг чуьра даьккхина итт туьма делира соьга.

–  КIант, кхи цхьаъ ала йицйелла со, несо цIерш кхобу марзхойн, лулахойн, ша йалочу хенахь йуьртахь хиллачу берийн цIе йаккха йиш йац цуьнан, ша йеаначул тIаьхьа дуьненчу даьллачу берийн йаккха мегар ду.

–  Нана суна хIун цIе туьллур йу-те цо?

–  Хаац, наниниг, цхьаъ йоцуш вуьтур вац, са ма гатде.

–  Нана, со вуьгур вуй ахь, аса йир йара нус декъал.

– Вуьгур ву дера.

Аьхна дайн куьг хьаькхира нанас сан коьрта тIе.

 – Нана, цигахь  кхача хуьлий?

– Хуьлу дера, со йу йайнаш тIе хIотта йаха йезаш.

–  Нана, йайнаш тIе хIунда хIутту хьо? Йайнаш лачкъа ца байта йоллу хьо?

Йелайаларца нанас элира: «Лачкъа барна-м ца кхерара со, чорпа йан йезаш йу, цу йай чохь алсам нахана баа кхача кечбан».

– Нана цигахь мерза муттанаш хуьлий?

– Хуьлу дера, бес-бесар муттанаш хуьлу, берашна шайнна хIоттийна шун хир ду, цу тIехь хир бу шуна шортта кхачанаш.

Кхане маца хир йу-те, ойланашка велира со.

 – Наниниг, вала сихха, хьо дIавуьжу хан хилла, цергаш цIан а йай, дIавуьжу бедарш тIе а йухий, дIавижа.

Улле сайн цIена бедарш йехкина, сихха сахиларе сатуьйсуш, наб кхийтира суна. Набарха суна гIан гира. Вахана со тойне дIакхаьчна, схьавола Мохьмад, марша вогIийла хьо, –  аьлла дуьхьал баьхкина баккхийнаш. Ас тIаккха кIант, нус декъалдеш. Цхьана воккхачу стага хастийра со.

–  Дукхаваха хьо, оццул жима воллушехь, гIиллакхна мел ира ву, мила ву хьо иштта гIиллакхе Iамийнарг?

– Сан нана йу-кх, – корта а айбина, доккхачу дозаллица элира ас.

Схьавола шуьне аьлла, со шуьне охьахаийра. Цу шуьнехь бес-бесар даарш дара, сан нанас ма дийццара, стоьмаш, мерза муттанаш, гарзанийн а, Iахьаран а, деман а хьовланаш, кхидолу даарш. Цхьа мерза уьш йууш воллуш, нанас мохь тоьхна самаваьккхира со.

– Вала сихха, вай тойне даха деза.

– Вайна са хилла?

– Дера хилла.

Гуттар сиха хьалагIеттира со, сайн йуххера бедарш тIейоьхна кийчча вара со цу минотехь. Тхойша тойне даха араделира, кхочу-у-ш тойне дIакхечира. Суна гIенах ма гарра шун дара хIоттийна стоьмех, муттанех дуьзна, цергех хи тесира суна, иштта баккхий нах бара, амма бацара суна дуьхьал богIуш-м, гIенах ма гарра. Делахь а, ас маршалла хаьттира, амма цхьа вацара со хезаш, ас сайна йуххехь лаьттачу кIентан дега Iадлане: «Дала декъал дойла вайн кIанттий, йоIIий, бертахь нус хуьлда», – элира сайга нанас ма-аллара. Амма кIентан дас со човхийра, баккхийчеран когаш кIелхьара дехьа довлий, шайна ловза гIо, бертахь ца хилахь и нус йу-кх вай эккхор, аьлла, со човхош дешнаш элира. Со-м дера вара сой хаста вайта дагахь. Йуха со стоьла улле вахара, цхьа мерза хьожа йара сан жимачу мерах йетталуш, иштта шена тIе со кхойкхуш бананаш йара, схьавола, Мохьмад, тхо йаа бохуш, жимма улле вахча, мерха хи дара шен эсала шакарца, соьга ша мала бохуш. Со стоьла тIекхочушшехь сан ши ност зийзош, массо дегIа меженашка шен лазар далош, буткъа, со лазош сара туьйхира суна, сан лазийначу дагна, сой тойнехь хилар, сан меца кийра бицбинера, велха а воьлхуш дIахьаьдира со, и ваши суна тIаьхьахьаьдира, хIокху агIор суна кхин ма гайталаш бохуш. Сил чIогIа ца тоьхча ца магара, иэхь ца хеташ, шайнна цу шуьне хевшина Iаш бу, тхо кегийра пекъарш лелхадина. Берашка йаийтича кхин доккха сагIа хир дара-кх церан. Тхуна дехьа жима шун хIотто ца магара, тхо ма ду цергех хи туьйсуш Iаш. Йуха нускал дало машенаш кечйеш бара, ас сайна лаппарг дийхира, дIавала суна гучура, машенашна халла тоьаш йу аьлла, со эккхийра. Со, Ахьмад цхьаьна йаьссачу машен чу хиира, цаьрца ваха дагахь. НеI йиллина чу хьаьжи цхьа йоI.

– Вайца хIара бераш-ам хир дац? Со-м ца йогIу хIокху берашца, Iели, хIара бераш арадаха сихха машен чуьра, вай-м дера дац йасле доьлхуш.

Вашас элира, меттиг хилча Iадбитча хIун дар-те? Мацах жимчохь тхо санна, витина хиллачух тера дара ваша.

– Хьо хьера-м ца ваьлла, тхо ца догIу и берийн цIоз эцна.

Дарйеллачу чано санна, пхьаьрса тIера лоьцуш, тхо аракхийсира, цу чу зудабераш ховшийра. Массо машенашна уллехула меттигаш лоьхуш лийлира тхо, амма бацара меттиг, шаьш бераш ца хилча санна, бераш гича мегаш бацара уьш. Нускал дало йахана машенаш схьакхечира. Нускул машен тIера охьадоккхушшехь тIехула кампеташ кхуьйсура, уьш схьалаца цу йукъа гIоьртира со. Стиглара дуьйна соьга хьоьжуш охьайогIуш йолу кампет, катоьхна схьалоццушехь, деаначу цхьана доккхачу куьйго сан кара кхочуш йоллу кампет дIайаьхьира. Йуха дехьара шолгIаниг лаца воллушехь веана цхьаммо сан ког хьаьшира, цо хьаьшначу когана тоьхначу лазаро вагийначу суна моьттура, сайн когана тIехула цIерпошта йоьду, бIаьргех оьгура татолах тера хиш. АстагIчу когаца дехьаваьлла лахвелира со, йуха жимма Iийча лазар дайделира, жимма бен ца хаалора. Несе хьажа чувахара со, нус-м йара гIанта тIе охьахиъна Iаш, шена тIе мох лестош, вай ма йовха йу вайна, бохуш. Сан нанас дийцина кирхьа дацара беа соне хьаьжчи. Бакъду, куза тIехь бамбица йазйина цIераш йара дегнаш дехкина, суна-м гIиллакхе ца хийтира. Схьахетарехь, цу шиннан безам бу бохург хир дара иза. Нус-м йацара тIехьа йирзина, йа мотт кхобуш. Мотт бастийта деана сайн итт туьма ас йуханехьа сайн кисана диллира, дукха сайн карахь лелийна куьйгана даьллачу хьацаро тIундинера иза. Кхин гIиллакхехь йоцчу, цо цхьана туьманах дацара дан хIума. ЦIа воьдуш, цул ас сайн меца кийра бузо пераьнгаш оьцур йай. Тхо шена йуххе даьхкича ца магара, дехьачу довлийша, со садаIа йита бохуш, моьттар дара, кхуо цхьа гектар тIера асар даьккхина. Схьахетарехь, гIанта тIе хиъна лацайеллачух тера дара. Дуьло, арадовла, бераш, несе садоIуьйту вай, кIад йелла хир йу, меца хир йу бохуш, тхо аралаьхкира, карахь шел йоккха гIаж йолуш йолчо. Со-м цецволий ойлане вуьйлура, ванах со тойне кхаьчна-те йа боксе кхаьчна-те олий, схьавогI-вогIург берех леташ ву-кха.

 Йуха жимма дехьа ваьлча, ловзар дара цхьа хаза дIахIоьттина, цхьана агIор – мехкарий, вукху агIор божарий бара хевшина Iаш. Со жима а, лоха а волу дела суна хелхабуьйлурш ца гора. Со хьалхха а вахана дIахIоьттира. Нанас ма-баххара го боккхуш хелхар-м дацара, цкъа чухьодуш, йуха махьарий буьйлура, хьовзайе олий, йуха, дIа ма йалийта, схьавола бохуш, йуха важа волура  хелха,  муш ийзош санна хелха волуш,  озош гуш муш бацара,  шайтIанашца тайна вара хаац.

 Йуха цхьана-шинна йукъахь дов а долий, хIумма доцу хIума схьалоций, массо царна тIе хьоьду, цхьа а леташ воцуш, чучча кхийсалора. Зудаберашна хьалха лаьттачу ас элира: «Цхьамма шайн коьртара йовлакх девнна йукъа кхоссийша!»

–  ДIавалахь дIа, ахь хIун дуьйцу, цу ченаш йукъа йовлакх лаа кхуссий, хьо хьера-м ца ваьлла, жима къонах, – вовшашка хьоьжуш, боьлура сох.

Схьахетарехь, сайниг санна церан наной хилла хир бац гIиллакхаш хьеха. Нанас дуьйцуш хезнера суна, мел луьра дов даьллехь а, нохчийн йоIа йа зудчо цу девнна йукъа шен коьртара даьккхина йовлакх тасахь, и дов дIадерза деза олуш. Тхан а, АхьмадагIеран а ши кIеза санна, ший а вовшех кхоьручух тера дара. Цхьа тухуш йа буй, йа мийра а бацара, хабаршца вовшийн кхеро гIертара ши кIант. Йуханехьа схьа а богIий, хелхабуьйлура, цхьа а дов ца хилча санна. Дика ду-кха, кхузахь мукъне со вуьтуш волу бохуш хазахетта валале, веанчу йукъара цхьаммо тоьхна сара балийтина, пхьарс Iовжош, муо эккхийтина, вагийра со, ведда гена дехьа иккхира. Жимма хан йаьлча ас хаьттира, ловзаран йукъахь сара карахь верг мила ву аьлла. Иза човс ву, цо низам лардо ловзаран, рогIехь хелха боху божарий. Тойна гена доцуш бIарийн дитт дара, цу тIе а ваьлла, ловзаре хьоьжуш Iара со. Йуха цхьа тиша тIелхигаш, этIна хIуманаш йолуш, кIормодаш а хьекхна, маймалех тера ловзарга цхьа-шиъ веара. Со-м дера вара уьш маймалш ду моьтташ кхеравелла. Дитта тIера чу воьссира со. Гена воцуш лаьттачу воккхачу стаге хаьттира ас, уьш муьлш бу аьлла. Уьш жухаргаш бу, иштта ловзарга богIу уьш, нехан самукъадаккха  аьлла жоп делира цо. ЧIогIа меца волуш, ца даьллачу самукъанца, со цIехьа вирзира. Ванах, со нанас Iехийна хилла-кх. Цо ма-дийццара гIиллакхаш дацара, кегийнарш гича мегаш а бацара. РагIу кIелахь нана цIа йаре ладоьгIуш лаьттара со. Йеъна нана цIа кхечира.

– Нана, ахь со стенна Iехийнера? Со кхин цхьана тойне вогIур вац.

 Ма-дарра ас нене дийцира. Ненан бос масийтта кепара хийцалора, хIумма дац, ишттаниг наггахь нисло, эзарнаш йуккъехь цхьаъ хуьлу ишттаниг бохура цо. Ненан дог дара Iийжаш, лар ца динчу гIиллакхех догура цуьнан иза.

– Нана, со хилахьара сихха воккха!

– ХIунда, хьо хIун дан воллура?

– Цара санна шунехь мерза кхача баа воллура!  Вайн дайна гIиллакхаш лардан воллура.

Шен тIоьрмиг схьа а эцна, со нанас йуьртара туькана вигира, суна йез-йезарг ийцира, амма шуьнехь йерш кхин мерза хеташ, дагара-м ца йуьйлура суна, сих-сиха цергех хи туьйсуш.

  • 1

Письмо солдату

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1