Зайтемиров Сайдик
Аре мел йу дIасакхиссина йара берийн корпусерчу цхьадолчу божаберийн мачаш. Берашка лагере схьадаьхкича аьллера кхетош-кхиорхочо, мачаш шай-шайн метте, терхеш тIе дIа ца нисйахь, ша аракхуьссур йу шун мачаш, аьлла. ЙоьIарийн тоба йара шайн корпусера арайаьлла.
Божаберийн корпусан йуххехула тIехбовла дезара церан. Цу тIе шаьш ма-кхеччинехь, царах цхьа йоI, тобан йукъара сехьа а йаьлла, божаберийн мачаш, схьа а оьцуш, терхеш тIе дIанисйеш йоллура. Цаьрца йолчу цхьана йоIа хаьттира: «Уьш дIа хIунда нисйеш йу ахь?» – аьлла. Кхечу йоIа жоп делира, шен ваша волу дела, нисйеш йу, аьлла.
– Йу дера, сайн вешин ког лазорна кхоьру со. Сан вешин ког лазийча, сан дог лазор ду. Иштта, массо йижарийн вежарий когаш лазорна а кхоьру со. Иштта, тIаккха церан дегнаш лазорна а кхоьру со.
Гена воццуш лаьтташ волчу, и дерриг сурт шена гинчу, бераш далош веанчо элира: «Дукха йаха хьо, хьо йу-кх йуьззина йоI а, йиша а! Ирс ду-кх хьо йиша йолчу вешин!».


