Зайтемиров Сайдик
Ма доккха дозалла ду ненанана дуьнен чохь хилар, ма доккха ирс ду-кх цуьнан йовхоно хьоьстуш хилар.
Цуьнан лелар, болар, йухь-сибат шатайпа исбаьхьа хаза хуьлу-кх. ХIора дош цхьа ша тайпа масаллица, гIиллакхе, кхетамца кхиош хуьлу. Ненанана йолчу кхана доьлху аьлча, оцу буьйсанна наб мича кхетара, са тIома долий, сихха иза ган лаьара. ХIун совгIат дийр дара-те ас, муьлха совгIат даьхьча хазахетар дара-те цунна, бохуш, ойла йеш Iуьйренга волура. Iуьйрре хьалагIеттина туькана вахана итт туьма делла йовлакх ийцира ас, кхин соьгахь ахча хиллехьара кхин дезаниг оьцур дара ас, иза а дара-кх, тхан лулахь нускал далочу хенахь, некъ лаьцча суна делла. Хазо тIоьрмиг лехна, цу чу диллина, даьхьира ассовгIат. Хазахетар совдаьлла, цуьнан ши бIаьрг коран ангали санна лепара, моьттур дара ас дерриге дуьне цунна делла. Дог хьаста, дог эца дукха хIума ца оьшу-кх. Буьйсанна туьйранаш дийцийта, гуллой, цуьнан мара хьерчаш, ладоьгIура оха, кхин цхьаъ, кхин цхьаъ бохуш, пекъар, миска ненанана хIан-хIа ца олуш, цхьа мерза наб шена тIегIоьртича а, ша мел Iалуш йацахь а, тхоьца йехха Iара. Ткъа тхуна-м цуьнан карахь-марахь наб кхетара.
Цхьа шатайпа дог токхе деш, муьлххачу а хаттарна жоп хуьлура цуьнан. Вайн шира Iадатех лаьцна а, гIиллакх-оьздангаллех лаьцна а дуккха а дуьйцура цо.
Ткъа иза тхоьга йогIучу хенахь, оха вовшашка кхаьънаш дохура. Иза дIайахарна кхоьруш, цунна йуххера дIа-м ца довлура, хIетте буьйса йоккхуш ца Iара. Буьйса йоккхуш Iехьа, оха аьлла, дехарш дича, цо хIан-хIа, невцан кертахь буьйса йоккхуш Iер гIиллакхе дац олура. И дIайоьдуш гIайгIане хуьлура тхо, делха дог догIуш, цо ша сихха йуха йогIур йу аьлча, синтем хуьлура дагна.
Ненаненан кхача а хуьлура цхьа шатайпа мерза: йетташура, тIо-берам, гIалмакх-чай, сискал, шура, кIалд-даьтта, жижиг-гала, гIабакх, чIепалгаш.
Шун дуьззий уьш тхуна хьалха йохкура цо, мел йаарх тхо дуза мича дузура.
Цхьана дийнахь со а, тхан нана а, ненананна ан иккхина аьлла, цуьнга хьажа дахара. Со чоьхьа ваьлча, шен йуххера маьнга схьалоцуш, хьалагIатта йуьйлира иза.
Божабер чу даьлча, мел жима делахь, хьала ца гIоттуш Iен йиш йац, аьлла шена гIо а дойтуш, хьалагIеттира иза. Цо гайтинарг гIиллакх дара, цунах ас а, цу чохь мел волчо а масал ийцира. Оццул шегахь вон лазар доллушехь, шен хаза гIиллакх гайтира цо. АллахI Дала дукха бахабойла, иштта дайн гIиллакхаш диц ца дайта, кегийрхошка уьш дIакховдо, йукъахь марзо латто и тайпа ненананойа, вайн къаной а.


