Зайтемиров Сайдик
– ХIай, Де, ахь хIун до? Ахь со дIа стенна тоьтту, со стенна ца йуьту ахь? Ткъа со дарлахь, ас хьайна хIун дийр ду хаьий хьуна.
– ДIайала суна гучура, хьо бен йуй и, со массарна оьшу?! Ас дуьнен чу серло йаржош массо адам, Iалам, дийнаташ, олхазарш самадоху. Ткъа цара шаьш самадовлуш зевне олучу иллешка ладогIний ахь? Шайн самукъа соьца долуш ца хилча цара иллеш эр дацара, ас сайн серло дуьнен чу йаржош дерриге дуьне кIайдо, серло йацахьара цхьа Iалам, адам, дийнаташ, олхазарш, йалта кхуьур дацара. Гой хьуна, со оьшу царна, кIарула Iаьржачу хьох, буьйсанах цара хIун до?
– Хьол чIогIа оьшу со адамашна, дийнаташна, олхазаршна, Iаламна. Дийнахь сарралц ахь кIаддина, хьере дина, хьайн бовхачу малхаца деттина адамаш, дийнаташ, олхазарш, Iалам ас сайн бода баржорца шайн-шайн хIусамашка берзабо уьш, цхьа хаза мерза аганан илли олуш дIабийшабо, цхьа мерза, цхьа хаза садоIу цара, баркалла бохуш хуьла уьш суна. Ткъа царна хьол со оьшу!
– Вайшимма вовше къийсарх гIуллакх хир дац, вайшимма ваьшшина ницкъ дIагайта беза.
– Сан ницкъ хьуна хууш бу-кх, соьца ца къуьйсуш эшамехь Iе.
– ХIан-хIа со эшамехь ца Iа. Цхьа хIума дийр ду вайшимма, цхьана кIирнах ас сайн ницкъ гойтур бу, вукху кIирнах ахь хьайн ницкъ гойтур бу, тIаккха вайшиннах адамашна, дийнаташна, олхазаршна, Iаламана пайдехьа дерг толамехь хир ду. Реза йуй хьо, буьйса, ас аьллачунна?
– Со реза йу! Ткъа ахь дIагайта хIинца хьайн ницкъ.
Де дIадоладелира шен ницкъ гайта. Цхьа де делира, ши де делира, кхо де делира, ткъа адамаш дийнаташ, олхазарш, Iалам кIадделлера, ницкъ оьшура, малхо доьттура. ХIора дийнахь адамаш, дийнаташ, олхазарш, Iалам хIуш санна леш лаьттара. ТIаккха цара вовшахкхетта сацам бира: «ХIан-хIа, тхуна хьо де ца оьшу, тхо ахь кIаддина, тхо ахь садаIа дуьтуш дац, тхо хIуш санна леш ду, тхуна буьйса оьшу, схьайаийта и буьйса», – тIаккха массери маьхьарий девлира. «Нийса лоь, схьайаийта и тхан буьйса», – бохуш.
Хазахетарца буьйса схьайеара.
– Де, ас хьоьга элирий, со оьшу массо хIуманна!
Де оьгIаз дахана дIадахара.
Буьйсано шен болх дIаболийра, бода баийтарца.
Цхьа де делира, ши де делира, кхо де делира... Иштта зама дIайоьдура. Адамаш, дийнаташ, олхазарш, Iалам йуха а гIайгIане дара чIогIа. Арахь, чохь кIарула Iаьржа бода бара. Адамаш, дийнаташ, олхазарш, Iалам кхуьуш дацара, даа йалта а дацара, кхеташ малх а, серло а йоцу дела. Мацалла хIоьттира, хIуш санна леш дара адамаш, дийнаташ, олхазарш, Iалам. Йуха а вовшахкхетта, массара барт беш, сацам бира. «ХIан-хIа, иштта даима буьйса вайна ца оьшу. Вай денна, буьйсанна йуккъехь машар бан беза, оцу шинне йукъахь вай массара маслаIат ца дахь вай дерриге хIаллак хир долуш ду. Схьакхайкхий вай, де а, буьйса а?».
«Кхайкха, кхайкха», – маьхьарий девлира массери а.
Схьакхайкхира дей, буьйсий, шаьш тIелаьцна бина сацам ма-барра бийцира цара.
Шу ший а оьшу тхуна, шу ший а ца хилча йиш йац тхан, тхуна де оьшу, серло, малх кхетийта.
Иштта буьйса а оьшу, бода баржош тхоьга садаIийта. Реза дуй шу, хьалха санна шайн рагI телаца?
«Реза ду, реза ду», – шинне цхьатерра мохь белира. ТIаккха массерий а маьхьарий девлира хазахетарца «Хьалха санна хаза Iийр ду-кха вай» – аьлла. Дийно, буьйсано шен-шен рагI дIалецира, хьалха санна адамаш, дийнаташ, олхазарш, Iалам денделла дIадахара, цул тIаьхьа бертахь, машарца дехаш схьадогIуш ду дей, буьйсий.
БIаьргнегIарша бина тешнабехк
– Малика, ас цхьа хаза хIума дийца хьуна.
– Дийца, сан дика доттагI, Амнат.
– Цхьана суьйренца со йара хинкоьрте йаха кечлуш, хинкоьрте ван везаш тIехьийза кIант ма ву.
– Iуьйт, гора дуьне йаI, сан доттагIа-м йац ледара!
– ХIете, (жимма качлуш), тIаккха ладогIахь, басарш, подарш хьаькхна, бIаьргнегIарш тIелатийна, сайн бIаьргнегIарш тIе.
– Собардехьа, уьш муха латадо? Со ма ца кхета.
– Цхьа хаза дехий Iедало дина ду уьш, оьрсийн маттахь аьлча, искусственни, бIаьргнегIарш тIе латадо, килей хуьлу шайн пициальни.
– Вааа, йелла йала со, кху Iедало ахчанна ца йеш хIума йац!
– ТIаккха, дуьйцуш ма йай со хьуна, вай цхьа качйелла, са-сайх йаккхий йуьйш, куьзганчу хьоьжуш, бIаьргнегIарш хазйина сайн куьцах тамаша беш, йехха лаьттина, сайн ши чилик схьаэцна хинкоьрте йоьдуш йу со. Сайга массо схьахьоьжуш ву моттуш сайн ши бIаьрг къарзийна, сайн бIаьргнегIарш гайта гIерташ со ма йай.
– Маржа дуьне йаI, жиммала йу-кх!
– Дера йу, тIаккха йоьдуш хинкоьрте кхечи со. Хинкоьртехь лаьтташ тIехьийза кIант ву. Со ма йу, хIинца-тIаккха со йеха баккхий нах бахкойтур бу ша олу хьуна, бохуш, ладоьгIуш Iаш. Вай, сан дайначу ирсана, цхьа цIеххьана чIогIа мох бели, ас халла тIелетийна бIаьргнегIарш мохо охьаэги везарна хьалхха.
Дакъаза ма йаларг, ас ца хилла уьш дика тIелетийна.
– Вайй, баба ма йала хьан!
– ТIаккха, астагIфируллахI, астагIфируллахI, Делах теш, бохуш, соьга хьоьжуш, охьаэгна бIаьргнегIаршка хьоьжуш сан тIехьийза кIант ву, Iадийча санна, хиллачух ца кхеташ. Вай и хьуна ган везара. Тхан ваша ву соьга хьоьжуш, аьлла вада бахьана лехча санна тIехьийза кIант тIапъаьлла, дIаваха. Цкъа йелха дог деа сан, йуха сайн охьаэгна бIаьргнегIарш гина са хаддаза йийли со сайх.
– Вааа, йелла йала со, ахьа-м со йелийна йий. Кхин хинкоьрте веарий хIара?
– Хинкоьрте мича веара и, цул тIаьхьа аттал тилпо ца туьйхи, тилпон лоьмар тIехь цхьана хийцинера цо.
– Хийца муха ца хуьйцу... Цул тIаьхьа-м ца дехки ахь бIаргнегIарш?
– ВаллахIи ца дехкир-кх, кхийссина цIерга дахийтир ас уьш.
Со дIавоьду
Iодика йойла хьан, марша Iойла хьо! Со хIинца хьох ваьлла дIавоьду. Хала-м ду суна хьох къаста, делахь а, сан хан чекхйели.
Вайшинна дIасакъаста дезаран сахьт тIекхечи. Хьуна ма мотталахь, со куралла йина, хьо атта хетта, хьох ца вешаш дIавоьду, йа сан хьоьга йуха кхуза ван безам бац. Лекхачу ломал лекха а, хазачу зезагал хаза а, бовхачу малхал бовха а, шерачу аренал шера а, чехкачу ойланал чехка сан ойла а, безам а бу хьуна тIекхача. Даима сан дагчохь, самаха а, гIенаха а, сан дагалецамашкахь хир йу хьуна, вайша цхьаьна йаьккхина хаза хан.
Ахьа-м сан самукъа доккхурий, хьайн хазачу озаца, мукъамехь керчачу тулгIешца, сан дог-ойла тIома йоккхуш, сан дагчу йеттарий ахьа-м хьайн исбаьхьа, йицлур йоцу безаман тулгIеш. Иштта хьайца дIа ма хьора ахь сан деган гIайгIа, бала, цамгар. И хаарий хьуна?
Сих-сиха кхочур йу хьуна сан ойланийн деган марзо. И човха ца йеш, маршаллица тIеэцалахь!
Кху метте кхочур бу хьуна сан деган доттагIий, сан дика вежарий.
Салам-маршаллица, хьайн хазачу гIиллакхца, айхьа со ма эццара, тIеэцалахь, сан деган вежарий!
Дала мукъ лахь, Iожалло собар дахь, йуха а, тIедогIучу шарахь гур ду хьуна вай, са ма гатделахь!
Ткъа Iожалло сихо йахь, хьуна тIебогIун болчу сан дикачу вежаршка хьайгара хьал-де хаийталахь. Вайшимма йаьккхина хаза хан йиц ма йелахь.
Хууш, ца хууш, масане хуьлу, ас хьайна халахетар динехь, суна къинтIера балалахь, хIай Каспин сийна хIорд! Iодика йойла хьан! Марша Iойла хьо!


