Сан корехь акхтарго...
Сан корехь акхтарго
Мохаца хабаре даьлла,
Х1ора г1а лестадо,
Балхабеш цуьнга шен бала.
Г1ад кура х1ай акхтарг,
Сема ладег1арх, со-м кхетац.
Шабаршца, леррина
Х1ун къайле ялхайо ахьа.
Лиъна – те, д1адаха
Шех терра талл долчче, дехьа.
Моьтту – те, хир дара
Самукъне цуьнца шен дахар.
Амал дац д1ахада
Орамаш кхобучу лаьттах.
Хьан дахар ду, акхтарг,
Лаьттат1ехь ирахь мел лаьтта.
Орамех хьо хадахь,
Тосур ду, дечиг деш, ц1ерга.
Я пхьеран кара г1ахь,
Г1ант хир хьох, я хир хьох маьнга.
Сагал-буц
Хьонхало хьаяза аре
Яьккхина сагал-буц кхиъна.
Тулг1енех юьззина аре
Лесташ го, махехь х1орд санна.
Б1аьстенца малхана къежа,
Деллалой, кегийра заза.
Зазз доьжча, бос эцна къоьжа
Хетало йис 1уьллуш санна.
Хьайбанашна и буц еза.
Дарбанна ю иза пайде
Эцалуччул пайда эца,
Леладайта дарба лоьре.


